Сура Аль-ГӀаши pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-ГӀаши pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-ГӀаши Гочдар. Сура Аль-ГӀаши (Meccan) 26 Аят.
Related
- Сура Аль-ГӀаши ГочдарНохчийн
- Сура Аль-ГӀаши mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-ГӀаши

ﭽﭾﭿﮀﮁ
88:1
Хьоьга деъний /хIай Мухьаммад/ дIалоцучун хабар?
ﮂﮃﮄﮅ
88:2
Цхьа яххьаш оцу дийнахь сийсаза хир ю‚
ﮆﮇﮈ
88:3
къахьоьгуш ‚ кIадъелла‚
ﮉﮊﮋﮌ
88:4
йовхачу цIергахь йогуш‚
ﮍﮎﮏﮐﮑ
88:5
шайна цIийдинчу хьостера хи малош.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
88:6
Даар хир дац царна кIохцалх бен.
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
88:7
Цо барстор бац /уьш/‚ мацаллах хьалхабохур а бац.
ﮠﮡﮢﮣ
88:8
Цхьа /кхин/ яххьаш хир ю оцу дийнахь ниIмат хьоьгуш,
ﮤﮥﮦ
88:9
шаьш /дуьненахь йолуш Далла гIуллакхдарехь/ къахьегарна реза йолуш,
ﮧﮨﮩﮪ
88:10
лекхачу бешахь /ялсаманехь хир ю уьш/.
ﮫﮬﮭﮮﮯ
88:11
Царна хезар дац цу чохь даьсса хабарш.
ﮰﮱﯓﯔ
88:12
Цу чохь оьхуш шовда хир ду.
ﯕﯖﯗﯘ
88:13
Цу чохь айдина маьнгеш хир ду.
ﯙﯚﯛ
88:14
Охьадехкина кедаш хир ду.
ﯜﯝﯞ
88:15
МогIанехь дехкина гIайбеш хир ду.
ﯟﯠﯡ
88:16
Даржийна кузаш а хир ду.
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨ
88:17
Уьш ца хьовсу эмкале‚ иза муха кхоьллина ю?
ﯩﯪﯫﯬﯭ
88:18
Стигале‚ иза муха айина ю?
ﯮﯯﯰﯱﯲ
88:19
Лаьмнашка‚ уьш муха доьгIна ду?
ﯳﯴﯵﯶﯷ
88:20
Лаьтте‚ иза муха даржийна ду /тодина, нахана пайда эца/?
ﯸﯹﯺﯻﯼ
88:21
Хьехам бе /хIай Мухьаммад/! Хьо, баккъалла а, хьехамча ма вуй!
ﯽﯾﯿﰀ
88:22
Хьо царна тIе хIоттийна хьаькам ма вац.
ﭑﭒﭓﭔﭕ
88:23
Ша дIавирзинарг /хьехамах/‚ керстаналла динарг а воцучунна /хьехам бе/.
ﭖﭗﭘﭙﭚ
88:24
Цунна Дала Iазап дийр ду вунō доккхачу Iазапца.
ﭛﭜﭝﭞ
88:25
Баккъалла а, Тхуна тIе церан дIадерзар хир ду.
ﭟﭠﭡﭢﭣ
88:26
ТIаккха, баккъалла а, Тхуна тIехь церан хьесап хир ду.
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







