Сура Аль-Хьажж
PDF —
Built right in your browser — download starts automatically
Сура Аль-Хьажж pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Хьажж pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Хьажж Гочдар. Аль-Хьажж (Medinan) 78 Аят.
Related
- Аль-Хьажж ГочдарНохчийн
- Аль-Хьажж mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Хьажж

ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
ХIай нах! Кхера шайн Кхиош-Кхобучух. Баккъалла а, сахьт дēгар доккха-деза хIума ду.
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
Оцу дийнахь‚ шуна шайна гуш‚ массо а /бер/ дакхош ерг йицлур ю ша дакхийначух‚ охьабуьллур бу шен /кийрахь/ мохь болчо шен мохь /хеназа/‚ хьуна гур бу нах бехна – бехна бац уьш‚ делахь а, Делан Iазап чIогIа ду.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг /цхьа а/ Iилма доцуш‚ ша тIаьхьахIуттуш верг х1ор аьрхадаьллачу шайтIанна .
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Цунна (шайтIанна) язделла шеца доттагIалла лелийнарг ша тилор а ву‚ цIеран Iазапе дIанисвийр а ву‚ аьлла.
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
ХIай нах! Шу хиллехь юха дендина /гIовторах/ шекона чохь – Оха шу кхоьллина поппарах ‚ тIаккха тIадамах ‚ тIаккха цIийнан улхах ‚ тIаккха жижиган кийсаках‚ кеп йолуш долчух а‚ кеп йоцуш долчух а шуна билгалдаккхархьама /Тхо ницкъ болуш дуйла/. Оха дIанисдо /шу/ беран цIийна чохь Тхайна ма луъу цIе тоьхна хан тIеккхаччалц‚ тIаккха Оха арадоху шу бер хуьлий‚ тIаккха шу тIекхиархьама шайн ницкъина . Шух леш верг а ву‚ шух /къанваларца/ уггар сийсазчу дахарна тIеверзош верг а ву‚ шена /дуккха а х1уманаш / хууш хиллачул тIаьхьа хIумма а ца хаийтархьама. Хьуна го латта дакъаделла . Оха шена тIе хи доссийча, и деттало ‚ деста‚ /цуьнца/ кхуьу массо а хаза шишша тайпа /яраш/.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
Иза ду – Дела хиларна бакъдерг‚ Цо денбийриг хиларна белларш‚ Иза хиларна массо а хIуманна тIехь ницкъберг.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
/Иза ду/ – сахьт догIург хиларна‚ цу чохь шеко яц‚ Дела хиларна, денбина, гIовтор болуш кешний чохь берш.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг‚ шегахь Iилма а доцуш‚ нийса некъ а боцуш‚ нуьре долу жайна а доцуш.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
/Куралла ярца/ шен лаг дIагIертош Делан новкъах /нах/ тилабархьама. Цунна дуьненахь а сийсазалла ю‚ Оха Iовшуьйтур ду цуьнга къематдийнахь цIеран Iазап.
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
/Цуьнга эр ду/: "И ду хьан шина куьйго хьалхадаьккхинарг бахьанехь а‚ Дела цахиларна а зуламаш дийриг лешна".
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
Нахах ву ша Далла Iибадат деш верг уьраллин юьхьига тIехь волчух тера: шех кхиъча диканиг, цуьнца паргIатволу иза‚ шех питана (бāла) кхиъча, шен юьхь тIе дIавоьрзу и /цатешарна тIе/ – дуьне а‚ эхарт а дайина цо. Иза билггала эшам бу-кх!
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
Цо кхойкху Дела воцучуьнга‚ шена зен ца дечуьнга‚ шена пайда ца бечуьнга. Иза ду-кх генара тилар!
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
Цо кхойкху шена /хуьлучу/ пайданал шена зен герга долчуьнга– ма вон эла ву-кх‚ ма вон накъост ву-кх /цо лаьцнарг‚ Дела а витина/!
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
Баккъалла а, Дала чубохуьйтур бу ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а бошмашна‚ шайн бухахула хиш оьхуш йолчу. Баккъалла а, Дала до Шена луург.
ﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙ
/Шен элчанна/ Дала дуьненахь а‚ эхартахь а гIо дийр дац моьттуш хилларг – цо муш дIатосийла тхов тIе ирхкхазвала, тIаккха хададойла /шен лаг/‚ тIаккха хьожийла шена‚ дIадехьний-те цуьнан мекарлос и оьгIазвохуьйтург .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
Иштта доссийра Оха и /Къуръан/ билгала аяташ хилла‚ Дела хиларна а нисвеш Шена луург /нийсачу новкъа/.
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ жуьгтийн динехь берш а‚ сабиинаш а ‚ насараш а ‚ цIеран гIуллакх деш берш а‚ /Делаца/ накъост лаьцнарш а... Баккъалла а, Дала къастор ду царна юккъехь къематдийнахь. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь теш ву.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
Хьуна ца го Далла сужуд ма дой стигланашкахь волчо а‚ лаьттахь волчо а‚ малхо а‚ батто а‚ седарчаша а‚ лаьмнаша а‚ дитташа а‚ дийнаташа а‚ нахах дукхаболчара а? Дукхаболчарна Iазап хьакъ хилла. Дала сийсазвинарг‚ милла велахь а‚ – ма вац цунна сий айдан цхьа а. Баккъалла а, Дала до Шена луург.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
ХIокху шина мостагIчо шайн Кхиош-Кхобучуьнгахь къийсира . Цатешнарш – царна бедарш хадор ю цIарах ‚ церан кортошна тIе дуттур ду ц1ийдина хи.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘ
Дāгор ду цуьнца церан гайш чохь дерг а‚ чкъор а.
ﯙﯚﯛﯜﯝ
Царна (Делах ца тешаш хиллачарна) аьчкан чхьонкарш ю (кечйина цигахь – жоьжахатехь).
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Царна цу /жоьжахати/ чуьра бāлахьēгарх арабовла мел лии‚ цу чу юхаберзор бу уьш /эр ду/: "Iовша шайна цIеран Iазап!"
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
Баккъалла а, Дала чубухкур бу ийман диллинарш а‚ дика Iамалаш йинарш а /ялсаманин/ бошмашна‚ шайн бухахула хиш оьхуш йолчу‚ хазбина хир бу уьш цу чохь дашочу чIагаршца а‚ жовхIаршца а‚ церан духар цу чохь хир ду дари.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
Уьш нисбина /дуьненахь/ дашах хазачуьнга /Къуръанах/‚ уьш нисбина хастамечу новкъа .
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
Баккъалла а, цатешнарш а‚ шаьш /нах/ дIатоттуш берш а Делан некъах а‚ Дезачу маьждигах а ‚ Оха ша нахана цхьанисса /сийлахь/ хилийтина долчу шена чохь волчунна а‚ арара /зиярате/ веъначунна‚ цу чохь зуламца бакъдолчух д1ахьавзар /Делах цатешар/ дезаш верг а – Оха Iовшуьйтур ду цаьрга лазош долу Iазапах.
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
Хьахаде: Оха билгалъяьккхира ИбрахIимна /Хьаьж/цIийнан меттиг, олуш: "Ма лаца Соьца накъост цхьана а хIуманца‚ цIанде Сан цIа го боккхучарна а /т1аваф деш/‚ хIоьттина лаьттачарна а‚ рукIе баханчарна а‚ суждане баханчарна а.
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Кхайкха нахалахь хьаьжалла : уьш (муъма нах) богIур бу хьуна гIаш а‚ х1ор эзачунна тIехь а‚ шаьш йогIуш хилла йолчу х1ор туьпара боьрара
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
Тешалла дан шайна пайданашна ‚ Делан цIе хьехаян а цхьана билгалчу деношкахь‚ Цо шайна рицкъина деллачу бежанна тIехь. Даа цунах‚ дааде бāлахоьгучунна а, пекъарна а.
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
ТIаккха дIайохийла цара /Хьаьж дехкарца/ шайн боьхаллаш (гIурбан бежна динчул тIаьхьа корта баша я ларга, маIарш теда…)‚ кхочушдойла шайн нузарш ‚ гобоккхийла Ширчу ЦIийнна ".
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
/ГIуллакх иштта ду/. Делан хьурматаш даздеш верг – и цунна шена дика ду шен Кхиош-Кхобучунна гергахь. Хьанал дина шуна бежанаш /даа/‚ шуна тIехь доьшуш доцурш. Генадовла цIуйн (жа1арийн) рижсах‚ генадовла харц дашах
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
Далла тIедирзинарш а хилла‚ Цуьнца накъост лаьцнарш ца хуьлуш. Ткъа Делаца накъост лоцург - и тера ву стиглара воьжначух‚ тIаккха олхазарш схьалоцуш‚ я мехо генарчу меттиге дIавуьгуш волчух.
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
/ГIуллакх иштта ду/. Делан Iедалаш даздеш верг‚ – баккъалла а, иза дегнаш /Делах/ кхерарх ду.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
Шуна цаьргахь (г1урбанна далош долчу бежнашкахь) пайданаш бу цIетоьхна хан тIекхаччалц (шура а, т1арг1а, т1ехаа г1ирс а – шайна пайда эца урс хьаккхалц)‚ тIаккха церан /урс хьакха хьанал йолу/ меттиг Ширчу ЦIийнан гергахь ю .
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
ХIор умматана а Iибадат даран кеп хилийтина Оха цаьрга Делан цIе яккхийта Цо шена рицкъина деллачу даьхнин бежанна тIехь. Шун Дела цхьа Аллах1 - Дела ву‚ Цунна муьтIахь хила. Ахь кхаъ баккха муьтIахь болчарна.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
Уьш бу Дела хьахавича, шайн дегнаш кхоьруш берш‚ шайна тIедеъначу вочунна собар деш берш‚ ламаз хIоттадеш берш‚ Оха шайна деллачу рицкъех /Дела реза волчу новкъа/ харжаш еш берш.
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
И ерстана эмкал хилийтина Оха шуна Делан дин гучудоккхучу билгалонех‚ шуна цу чохь диканиг ду. Хьехае царна тIехь‚ цхьана могIара хIоьттинчу хьолехь‚ Делан цIе. Уьш шайн агIонашна тIедегча ‚ даа царах‚ дааде доьхучунна а ‚ ца доьхучунна а . Иштта Оха муьтIахь дина уьш (бежанаш) шуна‚ – шу хир дацара-те баркалла олуш.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
Далла ца кхочу церан жижиг а‚ церан цIий а‚ делахь а, Цуьнга кхочу шуьгара /Делах/ кхерар. Иштта Цо уьш (бежанаш) муьтIахь дина шуна аш Дела вазвархьама Цо шу /нийсачу новкъа/ нисдарна. Ахь кхаъ баккха дикадечарна.
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌ
Баккъалла а, Дала ларбо ийман диллинарш. Баккъалла а, Далла ца веза массо а тешнабехк беш верг, /Делан ни1матна/ ша т1ех инкарло еш волу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
Магийна шайца тIом беш болчарна /тIом бан/‚ царна зулам дина хиларна. Баккъалла а, Дела царна (цу бусалбанашна) гIодарна тIехь ницкъ болуш ву‚
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
Шайн цIеношкара арабаьхна болчу‚ цхьа а бакъо йоцуш‚ деккъа цара аларна: "Тхан Кхиош-Кхобург Аллах1-Дела ву". Дала нах вовшашца ларбеш ца хиллехьара, йохийна хир яра /насарийн мозг1арийн/ Iибадат ден меттигаш а‚ килсаш а‚ /жуьгтийн/ ламазан меттигаш а‚ маьждигаш а‚ шайна чохь дуккха Делан цIе хьехош йолу. ГIо данза дуьтур ма дац Дала Шена /гIуллакхна/ гIо деш волчунна. Баккъалла а, Дела ницкъ берг ма ву, веза верг а ма ву.
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
Уьш бу Оха шаьш лаьттахь чIагIбича‚ ламаз хIоттош берш‚ закат луш берш‚ диканиг де‚ аьлла‚ омра деш берш‚ вочух /нах/ духатухуш берш. Делан ю гIуллакхийн чакхе.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
Хьо цара харцвахь, – харцбина царал хьалха Нухьан а‚ Iадийн а‚ Самудийн а къаьмнаша ‚
ﮡﮢﮣﮤﮥ
ИбрахIиман къомо а‚ ЛутIин къомо а,
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
Мадйан дайша а . Харцвира Муса а. Ас ханна тIаьхьатеттира ца тешаш берш. ТIаккха Ас схьалецира уьш . Муха хилира Сан цаларар /уьш шайна Iазап дарца/!
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
Маса юрт хIаллакйина Оха‚ шаьш зуламе хилла йолу! Уьш шайн буха тIехь яьсса ю. Маса шовда даьсса дисина! Маса йоьгIна гIала /яьсса йисина/!
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
Лаьттахула ца лела уьш ? – хир дара царна дегнаш‚ шайца цара ойла еш‚ я лергаш‚ шайца цара ладугIуш. БIаьрса дац бIаьрзе – кийрахь долу дегнаш ду бIаьрзе!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
Хьо сихво цара Iазапаца . Дала йохор яц Шен ваIда. Цхьа де хьан Кхиош-Кхобучун гергахь эзар шо санна ду аш дагардечух.
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
Маса юрт /ханна/ тIаьхьатеттира /Iазап ца деш/ Ас‚ уьш зуламе а йолуш?! ТIаккха схьалецира уьш Ас‚ Суна т1е ду тIекхачар .
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "ХIай нах! Баккъалла а, со шуна билгала д1ахоуьйтург ву-кх".
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
Ийман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а – царна гечдар а‚ сийлахь рицкъ а ду.
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
Тхан аяташна дуьхьал, уьш дохо г1ерташ къахьегнарш – уьш жоьжахатин дай бу.
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
Оха ца вахийтина хьол хьалха цхьа а элча а‚ цхьа а пайхамар а цо сатуьйсучу хенахь цуьнан сатийсамийн чу шайтIа ца оьккхуш‚ тIаккха Дала дIадоккхуш бен шайтIано кхоьссинарг. ТIаьхьа Дала хьукам дойтур ду Шен аяташка. И Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
/И ду/ шайтIано кхоьссинчух питана хилархьама шайн дегнашкахь цамгар йолчарна‚ шайн дегнаш къиза долчарна. Баккъалла а, зуламхой генарчу мостагIаллина чохь ма бу.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Iилма деллачаьрга хаийтархьама‚ иза хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдерг хилар‚ цунах тешийла уьш‚ мукIар хуьлийла Цунна церан дегнаш. Баккъалла а, Дела ма ву нисбеш верг ийман диллинарш нийсачу новкъа.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
ДIатилар бац цатешнарш цунах шеконехь латтарх‚ шайна тIе цIеххьана сахьт кхаччалц‚ я шайна тIе Iахар дийнан Iазап кхаччалц.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
Паччахьалла оцу дийнахь Делан ду‚ Цо хьукам дийр ду царна юккъехь. Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – ниIматан бошмашкахь хир бу.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдинарш а – уьш бу шайна сийсаза долу Iазап хир дерш.
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Делан новкъахь дIакхелхинарш ‚ тIаккха байинарш я белларш – даланза дуьтур ма дац царна Дала хаза рицкъ. Баккъалла а, Дела – И ву-кх рицкъ лучарах уггар диканиг.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
Цо чубухкур ма бу уьш шаьш шайна реза долчу чугIойлина (ялсамани чу). Баккъалла а, Дела ма ву хуург а‚ дукха собаре верг а /царна Iазап ца деш/.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
Иштта ду иза. Милла велахь а /муъма нахах/ ша шена /керстанаша/ динчул /царна/ таIзар а дина‚ тIаккха шена /цара юха а/ зулам дина – данза дуьтур ма дац цунна Дала г1о. Баккъалла а, Дела къинтIераволург а ву‚ гечдийриг а ву.
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
И /гIо ду/ Дела хиларна буьйса денна чуялош‚ де – буьйсанна чудалош ‚ Дела хиларна хезаш верг а‚ гуш верг а.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
И /гIо ду/ Дела – Иза хиларна бакъдерг‚ И витина, цара /шега/ кхойкхург – и хиларна харцдерг‚ Дела – Иза хиларна лекха верг а‚ воккха верг а.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
Хьуна ца го Дала доссийна стиглара хи – тIаккха лаьтта хуьлу сенделла. Баккъалла а, Дела ву /Шен лешна рицкъ даларехь/ дика кхеташ верг а‚ /церан дегнашкахь долу х1уманах сиха догдиллар/ дика девзаш верг а.
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Баккъалла а, Дела – И ву хьоле верг а‚ хастаме верг а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
Хьуна ца хиъна Дала шуна болх бойтуш хилар лаьттахь мел долчуьнга а‚ кемане а – лела и хIорда чухула Цуьнан омраца. Цо сацайо стигал лаьтта тIе йожарх‚ Шен пурбанца а бен. Баккъалла а, Дела нахана диканиг лууш верг а (и йоллу х1ума шуна муьт1ахь ярца)‚ къинхетаме верг а ву.
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
И ву шуна дахар делларг‚ тIаккха долуьйту Цо шу‚ тIаккха /юха/ дендийр ду. Баккъалла а, адам – ч1ог1а керста ду-кх .
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
ХIор умматана Оха хилийтина Iибадат ден меттиг‚ цара шена Iибадат а деш . Хьоьца ма къуьсийла цара гIуллакхехь. Хьан Кхиош-Кхобучуьнга кхайкха /уьш/. Баккъалла а, хьо /х1ай Мухьаммад/ нийсачу новкъахь ма ву.
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
Цара хьоьца къийсахь‚ ахь āла: "Далла дика хаьа аш деш дерг.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
Дала хьукам дийр ду шуна юккъехь къематдийнахь шуна шегахь хилпало хиллачохь".
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
Хьуна ца хаьа Дела хууш вуйла стиглахь а‚ лаьттахь а мел дерг? Баккъалла а, иза /Лавхь махьфуз/ жайни чохь ду. Баккъалла а, иза Далла атта ду.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Цара Iибадат до‚ Дела а вуьтий‚ Цо шеца цхьа а делил ца доссийнчунна‚ шайна шех лаьцна цхьа а Iилма доцучунна. Ма вац зуламхошна цхьа а гIоьнча!
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌ
Шайна тIехь Тхан билгала долу аяташ дешча‚ хьуна хаало цатешачеран яххьашкахь инкарло. Лата кийча бу уьш шайна тIехь Тхан аяташ доьшучаьрца. Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Ас дуьйций шуна цул вочух? – ЦIе ю, Дала цатешначарна ваIда йина йолу‚ ма вон тIекхачар ду-кх!"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
ХIай нах! Масал далийна‚ ладогIа цуьнга. Баккъалла а, Дела а витина‚ аш /шега/ кхойкхучо цхьаьллига цхьа моза а кхуллур бац‚ уьш цунна гулбелча а. Мозано шайгара цхьа хIума яьккхича, – иза цуьнгара юха ца яккхало царна. Ледара ваьлла лоьхург а ‚ шегара лоьхург а .
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Цара ца вазвира Дела ша вазван ма-веззара. Баккъалла а, Дела нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Дала хоржу маликех а /пайхамаршка/ элчанаш‚ нахах а /нахе элчанаш/. Баккъалла а‚ Дела хезаш верг а ву‚ гуш верг а ву.
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
Цунна хаьа царал хьалха хилларг а‚ царал тIаьхьа хиндерг а. Деле д1адоьрзу гIуллакхаш.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
ХIай ийман диллинарш! РукуIе гIо‚ суждане гIо‚ Iибадат де шайн Кхиош-Кхобучунна‚ диканиг де – шу даккхийден там бу.
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
Къахьега Делехь ша къахьега ма-деззара‚ Цо шу хаьржина‚ ца йина шуна динехь цхьа а хало‚ шун ден ИбрахIиман миллатах /ду и шун дин/‚ Цо (Далла) аьлла шух бусалбанаш хьалха а‚ хIокху /Къуръан/ чохь а‚ элча шуна тIехь теш хилийтархьама‚ шу а тешаш хилийтархьама нахана тIехь. Ламаз хIоттаде‚ закат ло‚ Делаца чIагIло. И ву шун вали – дика вали а ву‚ дика гIоьнча а ву.
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







