Сура Аль-Вакиъа pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Вакиъа pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Вакиъа Гочдар. Сура Аль-Вакиъа (Meccan) 96 Аят.
Related
- Сура Аль-Вакиъа ГочдарНохчийн
- Сура Аль-Вакиъа mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Вакиъа

ﮃﮄﮅﮆ
56:1
Ша хилаза ца долург хилча‚
ﮇﮈﮉﮊ
56:2
И хилар харцдеш цхьа а /са/ ма хир дац.
ﮋﮌﮍ
56:3
/Дукхахберш/ цо охьатаIор бу‚ /дукхахберш/ хьалабохур ма бу.
ﮎﮏﮐﮑﮒ
56:4
Латта ластийча, ласторца‚
ﮓﮔﮕﮖ
56:5
лаьмнаш даржийча, даржорца‚
ﮗﮘﮙﮚ
56:6
/царах/ хилча дIасаяьржина чан.
ﮛﮜﮝﮞ
56:7
Шу а хилча кхаа декъе декъаделла:
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
56:8
аьтту куьйган дай – муьлш бу и аьтту куьйган дай?
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
56:9
аьрру куьйган дай – муьлш бу и аьрру куьйган дай?
ﮫﮬﮭ
56:10
/ийманца дуьненахь/ хьалхабевлла хилларш – хир бу /ял шайна яларца къематдийнахь/ хьалхабевлла берш.
ﮮﮯﮰ
56:11
Уьш хир бу /Далла/ гергахь
ﮱﯓﯔﯕ
56:12
ниIматийн бошмашкахь.
ﯖﯗﯘﯙ
56:13
Хьалхарчарах цхьа тоба‚
ﯚﯛﯜﯝ
56:14
тIаьхьарчарах цхьа кIеззиг берш.
ﯞﯟﯠﯡ
56:15
/Деших‚ жовхIарех/ тегначу маьнганаш тIехь хир бу (уьш).
ﯢﯣﯤﯥ
56:16
Царна тIетевжина‚ вовшашна дуьхьалбирзина.
ﭑﭒﭓﭔﭕ
56:17
Царна /гIуллакх деш/ тIехьийзар бу гуттар къона кегийрхой
ﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
56:18
стаканашца‚ кIудалшца‚ /чагIаран/ шовданан кадаца –
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
56:19
кортош лозур дац церан цунах‚ бехар а бац уьш.
ﭢﭣﭤﭥ
56:20
Стоьмаш хир бу царна шаьш хаьржинчух‚
ﭦﭧﭨﭩﭪ
56:21
хьозанан жижиг хир ду царна шайна дукхадезачух‚
ﭫﭬﭭ
56:22
Iаьржа‚ баккхий (хаза) бIаьргаш болу мехкарий а хир бу‚
ﭮﭯﭰﭱ
56:23
нуьцкъала Iалашдечу луълуъах тера болу –
ﭲﭳﭴﭵﭶ
56:24
цара деш хиллачун /хазачу/ бекхаман дуьхьа ду иза.
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
56:25
Царна хезар дац цу чохь (ялсаманехь) даьсса хабарш а‚ къинош дина бохуш, бехкаш а –
ﭾﭿﮀﮁﮂ
56:26
деккъа "Салам!" "Салам!" олу дош бен.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
56:27
Аьтту куьйган дай – муьлш бу и аьтту куьйган дай?
ﮉﮊﮋﮌ
56:28
КIохцалш доцчу лотос диттийн юккъехь хир бу /уьш/‚
ﮍﮎﮏ
56:29
тIетта стоьмех дуьзначу тIалхь дитташна юккъехь /хир бу/‚
ﮐﮑﮒ
56:30
дехха даьржинчу IиндагIехь хир бу‚
ﮓﮔﮕ
56:31
гуттар оьхучу хинна юккъехь хир бу‚
ﮖﮗﮘ
56:32
дуккха а стоьмашна юккъехь хир бу‚
ﮙﮚﮛﮜﮝ
56:33
Шаьш царах хадор боцчу‚ духатухур боцчу‚
ﮞﮟﮠ
56:34
хьалаайбинчу маьнганаш тIехь.
ﮡﮢﮣﮤ
56:35
Баккъалла а, Оха кхиийна уьш кхиорца‚
ﮥﮦﮧ
56:36
Оха хилийти уьш йоI-цIена ,
ﮨﮩﮪ
56:37
шайн марош дукхабезаш‚ цаьрца цхьанахенара.
ﮫﮬﮭ
56:38
Аьттачу куьйган дайшна /хир бу уьш/.
ﮮﮯﮰﮱ
56:39
/Уьш бу/: хьалхарчарах цхьа тоба‚
ﯓﯔﯕﯖ
56:40
кхечарах цхьа тоба.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
56:41
Аьрру куъйган дай – муьлш бу и аьрру куьйган дай?
ﯝﯞﯟﯠ
56:42
Уьш хир бу цIе еттачу махехь‚ цIийдинчу хи чохь‚
ﯡﯢﯣﯤ
56:43
сов Iаьржачу дохкан IиндагIехь‚
ﯥﯦﯧﯨﯩ
56:44
ша шийла доцчу‚ ша /дегIана/ там беш доцчу.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
56:45
Баккъалла а, уьш ма бара оцул хьалха /дуьненахь/ зовкх хьоьгуш.
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
56:46
Уьш бара, къар ца луш, доккха къа деш.
ﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
56:47
Уьш бара олуш: “Тхо делча‚ тхох поппар а‚ даьIахкаш а хилча, тхо юха дендийр ду?
ﰀﰁﰂ
56:48
Я тхан хьалхалера дай /денбийр бу/?”
ﰃﰄﰅﰆﰇ
56:49
Ахь āла /цаьрга, х1ай элча/: “Баккъалла а, хьалхалеранаш а‚ тIаьхьарнаш а
ﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
56:50
гулбийр ма бу билгалчу /къемат/ дийнан тоьхначу ханна.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖ
56:51
ТIаккха, баккъалла а, аш‚ хIай тиладелларш‚/бакъдерг/ харцдийнарш‚
ﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
56:52
дуур ма ду заккъум диттах /стоьмаш/‚
ﭝﭞﭟﭠ
56:53
юзор ма ю цунах /шайн/ гайш‚
ﭡﭢﭣﭤﭥ
56:54
цунна тIе /аш/ мер ма ду цIийдинчу хих.
ﭦﭧﭨﭩ
56:55
/Аш/ мер ма ду хьагъеллачу эмкалан малар.”
ﭪﭫﭬﭭﭮ
56:56
Иза (даар) ду царна кечдийнарг бекхаман дийнахь.
ﭯﭰﭱﭲﭳ
56:57
Оха кхоьллина шу‚ аш хIунда бакъ ца до /юхадендар къематдийнахь/?
ﭴﭵﭶﭷ
56:58
Шуна ца гина, шаьш хIу тосуш ?
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
56:59
Аш кхуллуш ду иза /адам/ я Тхо ду кхуллурш?
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
56:60
Оха билгалдаьккхира шуна юккъехь валар‚ Тхо тIаьхьадуьсур дац
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
56:61
шу хийца шух терачарах‚ шу кхио шуна ца хуучу кепара.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
56:62
Шуна девзира-май дуьххьарлера кхоллар‚ аш ойла хIунда ца йо?
ﮗﮘﮙﮚ
56:63
Шаьш дуьйш дерг (ялта) гиний шуна?
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
56:64
Шу ду и /лаьттах/ кхуьуьйтуш, я Тхо ду и кхуьуьйтурш?
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
56:65
Тхуна лиънехьара‚ Оха екъа яр хуьлуьйтур яра цунах‚ шу цецдевлла дуьсур ма дара‚ /олуш/:
ﮨﮩﮪ
56:66
"Баккъалла а, тхо декхарна кIел ма диси.
ﮫﮬﮭﮮ
56:67
ХIаъ‚ тхо хIумма а доцуш ма диси".
ﮯﮰﮱﯓﯔ
56:68
Шуна гиний шаьш молуш долу хи?
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
56:69
Аш даийтина иза мархина юккъера, я Тхо ду и доуьйтурш?
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
56:70
Тхуна лаахьара, Оха и дуьра хилийтина хир дара /шуьга мала ца луш/‚ баркалла хIунда ца олу аш?
ﯤﯥﯦﯧﯨ
56:71
Шуна гиний цIе‚ шаьш латаеш йолу?
ﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
56:72
Аш кхиийна цуьнан дитт , я Тхо ду и кхиош дерш?
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
56:73
Оха хилийтина иза /жоьжахатин цIе/ дагайоуьйтург а‚ яьссачу арахь болчарна пайда оьцу хIума а хилла (царна нах 1аш болу меттиг йовзуьйтуш).
ﯶﯷﯸﯹﯺ
56:74
Хьайн сийлахь-воккха волчу Кхиош-Кхобучун цIе хастае (И массо а вочу х1уманех ц1анвеш)!
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
56:75
ТIаккха Ас дуй боу седарчий дIадузучу меттигах.
ﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
56:76
Баккъалла а, и дуй‚ шуна хаахьара‚ беза-боккха ма бу!
ﭑﭒﭓﭔ
56:77
Баккъалла а, иза сийлахь Къуръан ма ду
ﭕﭖﭗﭘ
56:78
Iалашдинчу жайни чохь.
ﭙﭚﭛﭜﭝ
56:79
Цунах хьакха ца ло цIена берш бен.
ﭞﭟﭠﭡﭢ
56:80
Доьссина ду иза Iаламийн Дегара.
ﭣﭤﭥﭦﭧ
56:81
И хабар а ца лоруш ду шу?
ﭨﭩﭪﭫﭬ
56:82
Шайна рицкъ даларна /Далла шукур дар/ шаьш /цуьнан/ ни1мат (дин) харцдар хуьлуьйту аш?
ﭭﭮﭯﭰﭱ
56:83
И (са арадолуш) къамкъарге кхаьчча‚
ﭲﭳﭴﭵ
56:84
цу хенахь шу хьоьжуш долуш, /шуна и юхачудерзо мегар ма дацара/,
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
56:85
Тхо вунō гергахь ду цунна шул‚ делахь а шуна ца го.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
56:86
Шу ца хиллехьара /къематдийнахь/ шайгара бекхам оьцуш‚
ﮄﮅﮆﮇﮈ
56:87
аш духадерзор дара и /са/, шаьш бакъ луьйш хиллехь?
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
56:88
Амма иза хиллехь /Далла/ гергарчарах‚
ﮏﮐﮑﮒﮓ
56:89
/тIаккха цунна/ ду садаIар‚ дог парг1атдалар а‚ ниIматийн бошмаш а.
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
56:90
Амма иза хиллехь аьтту куьйган дех –
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
56:91
тIаккха салам ду хьуна аьтту куьйган дайшкара.
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
56:92
Амма иза хиллехь /дин/ харцдиначарах‚ тилабеллачарах –
ﮨﮩﮪﮫ
56:93
Цунна хир ду хьошалгIа тIелацар цIийделлачу хих‚
ﮬﮭﮮ
56:94
жоьжатехь вагар а.
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
56:95
Баккъалла а, иза хьакъ-бакъдерг ду-кх!
ﯖﯗﯘﯙﯚ
56:96
Ахь хастае хьайн сийлахь-воккхачу Кхиош-Кхобучун цIе (И массо а вочу х1уманех ц1анвеш)!
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







