PDF —
29 Аят Medinan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Фатхь pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Фатхь pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Фатхь Гочдар. Сура Аль-Фатхь (Medinan) 29 Аят.



29 Аят · Medinan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖ
48:1 Баккъалла а, Оха белира хьуна /х1ай Мухьаммад/ къегина толам
ﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
48:2 гечдархьама хьуна Дала хьан хьалхайахана ледарлонашна‚ тIаьхьахилларг а‚ кхочушдархьама Шен ниIмат хьуна тIехь‚ нисвархьама хьо нийсачу новкъа‚
ﭧﭨﭩﭪﭫ
48:3 Цо хьуна деза гIо дархьама а.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
48:4 Иза ву муъма нехан дегнашка синпаргIато йоссийнарг уьш совбовлийтархьама шайн иймана тIе а ийманца. Делан ду стигалийн а‚ лаьттан а эскарш. Хилира Дела хууш верг‚ хьукма /нийса/ деш верг а.
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
48:5 /И хьукма до Дала/ Ша чубахийта муъма божарий а‚ муъма зударий а /церан Далла деш долу 1ибадат а, Делан новкъахь шайн синошца а, шайн бахамца а къахьегар а бахьанехь/ шайн бухахула хиш а оьхуш долчу бошмашна‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ‚ уьш къинойх ц1анбан а. Иза хилира Далла гергахь сийлахь-боккха толам.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
48:6 Iазап дан а шаьш Делах боьха ойланаш йеш болчу (хьуна керстанашна тIехь толам хир бац‚ бохуш) мунепикъ божаршна а‚ мунепикъ зударшна а‚ Делаца накъостий лоьцучу божаршна а‚ Делаца накъостий лоьцучу зударшна а. Царах /го беш/ хьаьрчар ду вониг (Делан 1азап). ОьгIазвахана царна Дела‚ неIалт аьлла царна‚ Цо кечйина царна жоьжахати. Вон хили-кх /церан/ дIадоьрзийла!
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
48:7 Делан ду стигалийн а‚ лаьттан а эскарш. Хилира Дела веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
48:8 Баккъалла а, Оха вахийтина хьо /х1ай Мухьаммад/ теш хилла /къематдийнахь нахана т1ехь/‚ кхаанча хилла /муъма нахана ялсаманица/‚ кхерамча хилла /цатешачарна 1азапаца/
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
48:9 шу тешийта Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ аш цунна (элчанна) гIо дан а‚ аш иза лара а‚ аш Цунна (Далла) тасбихь дан Iуьйренца а‚ суьйренца а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
48:10 Баккъалла а, шаьш хьоьца, дуй боуш, чIагIо йинарш – Делаца, дуй боуш, чIагIо йинарш бу. Делан куьг церан куьйгаш тIехь ду . И /ч1аг1о/ йохийнарг – Цо йохош ю шена‚ кхочушйинарг Делаца шен хилла ваIда – Цо цунна лур ю сийлахь-йоккха ял.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
48:11 Хьоьга эр ду кхелхаш лелачу Iаьрбех бухабисинчара : "Тхо совцийна тхан бахамо а‚ тхан доьзало а‚ гечдар дехахь тхуна". Цара олу маттаца дагахь доцург. Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Хьан дола дийр дара шуна Далла дуьхьал цхьанна а хIуманца‚ Цунна шуна цхьа зен лиъча я шуна цхьа пайда лиъча? ХIаъ‚ хили Дела аш дийриг сов дика хууш.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
48:12 ХIетте а, шу моьттуш дара, элча а‚ муъма нах а шайн доьзална тIе цкъа а боьрзур бац аьлла. Иза хаздина шун дегнашкахь. Шуна моьттура вон хIума. Вон къам хили-кх шу".
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
48:13 Делах а‚ Цуьнан элчанах а цатешнарг – баккъалла а, Оха кечйина керстанашна жоьжахати.
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
48:14 Делан ду стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Гечдо Цо Шена луучунна‚ Iазап а до Цо Шена луучунна. Хили Дела т1ех гечдийриг а‚ къинхетаме верг а.
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
48:15 Эр ду бухабуьсучара шу хIонсана тIе доьрзучу хенахь и эца: "Тхо а диташ шайна тIаьхьах1итта". Уьш лууш бу шаьш хийца Делан дош. Ахь āла /цаьрга, х1ай элча/: "Цкъа а тхуна тIаьхьахIуьттур дац шу. Иштта аьлла Дала хьалха". ТIаккха цара эр ду: "ХIаъ‚ тхуна хьагI йеш ду-кх шу". ХIаъ‚ уьш хилира ца кхеташ кIеззиг /х1уманах/ бен.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
48:16 Цу кхелхаш лелачу Iаьрбех бухабуьсучаьрга ахь āла: "ТIаьхьа шу кхойкхур ду чIогIа ницкъ болчу къоме (цуьнца тIом бан)‚ цаьрца аш тIом бийр бу‚ я уьш /шайн лаамехь Далла/ муьт1ахь хир бу. Шу муьтIахь хилахь /Делан омранна/, Дала хаза ял лур ю шуна. Шу дIадерзахь шаьш хьалха дIа ма-дирззи‚ Цо лазош долчу Iазапца Iазап дийр ду шуна".
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
48:17 БIаьрса доцучунна къа дац‚ астагIа волчунна а къа дац‚ цомгуш волчунна а къа дац /гIазоте ца бахча/. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг – Цо вохуьйтур ву иза бошмашка ‚ шайна бухахула хиш оьхуш долчу‚ дIавирзинарг /Делан динах/ – Цо Iазап дийр ду цунна лазош долчу Iазапца.
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
48:18 Резахили Дела муъма нахана, цара шаьш хьуна тешаме хир ду аьлла, дош луш дитта кIел ‚ Цунна хиира церан дегнашкахь дерг. ТIаккха Цо йоссийра синпархато царна‚ Цо совгIат делира царна герга хир болчу толамца а,
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
48:19 дуккха а хIонсашца а‚ цара шаьш оьцур йолу. Хилира Дела веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а.
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
48:20 Дала ваIда йира шуна дуккха хIонсаш – аш уьш оьцур ю. Цо сихдира шуна хIара /хIонс/‚ айдира нехан куьйгаш шуна тIера‚ муъма нахана билгало хилийта /царна гIо хила/‚ Цо шу нисдан нийсачу новкъа.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
48:21 Кхин /хIонсаш а хир ю/ шуна шена тIехь ницкъ кхочур боцу , Дала го бина царна (Далла хаьа уьш шун хир юйла). Хилира Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш.
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
48:22 Шуьца тIом бича цатешначара – цара /шуна шайн/ баккъаш берзор бу. (Уьш юхабевр бу ) – тIаккха царна карор вац цхьа а доладийриг а‚ гIоьнча а.
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
48:23 Делан Iадат ду иза‚ хьалха а лелла долу. Хьуна цкъа а карор ма бац Делан Iадатна хийцам.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
48:24 Иза ву церан куьйгаш айдинарг шуна тIера‚ шун куьйгаш /айдинарг а/ царна тIера Маккин БатIнехь Цо шуна царна тIехь толам беллачул тIаьхьа . Хилира Дела аш дийриг гуш.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
48:25 Уьш цатешнарш бу‚ шу духатуьйхира цара Дезачу маьждигах‚ гIурбанна дойу бежана кхебира, сацийна, шен меттиге дIакхачарх. Муъма божарий а, муъма зударий а ца хиллехьара /Маккин охIлах/, шуна шаьш бевзаш боцу /шуна пурба лур дара Макка йоккхуш тIом бан/. ХIинца – аш царна зулам дийр дара‚ /тIаккха/ цаьргара къа хьерчар дара шух, ца хууш. /Иза хилира/ Дала Шен къинхетам чу вахийтархьама Шена луург. Уьш /Маккахь бисна хилла бусалбанаш/ къаьсташ хиллехьара, Оха Iазап дина хир дара царах (Маккин охIлах) цатешначарна лазош долчу Iазапца.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
48:26 Цатешначара хилийтира шайн дегнашкахь нуьцкъала оьгIазло‚ жехIал заманан оьгIазло – тIаккха Дала Шен синпаргІато йоссийра Шен элчанна тIе а‚ муъма нахана тIе а‚ /сийдарца/ хаьржира царна /Делах/ кхераран дош. Уьш хилира цунна (Делан къинхетамна) вунō хьакъ цуьнан (Маккин) охIлал . Дела хили массо а хIума хууш верг.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
48:27 Бакъдира Дала Шен элчанна гIан бакъдолчуьнца: шу гIур ма ду Дезачу Маьждига чу‚ Дала мукъалахь‚ кхерам боцуш‚ шайн кортош даьшна‚ /мекхаш‚ кхин чоьш/ дацдина‚ шу кхоьрур дац. Цунна хиира шуна цахуург‚ Цо хилийтира /шуна/ иза доцург гергара толам а.
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
48:28 Иза ву Ша вахийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъонан динца а иза толийта массо а динал. Кхачо хилла Делаца теш хилар.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
48:29 Мухьаммад – Делан элча ву‚ цуьнца берш чIогIа бу керстанашна тIехь‚ къинхетаме бу вовшашна юкъахь. Хьуна го уьш гораоьхуш‚ сужуд деш, шаьш лоьхуш Делера /Цунна Iибадат дарца/ къинхетам а‚ резахилар а. Церан билгалонаш шайн яххьашкахь ю – сужуд даран асар /ду иза/. Иза ду хьуна церан масал Таврата чохь. Церан масал Инжила чохь тера ду цхьана ялтех: цо зазадоккху‚ цара цунна /тоьдуш‚ нисдеш/ гIо до‚ тIаккха иза чIагIло‚ нисло шен гIода тIехь, цецбохуш ялта дуьйш берш‚ царна керстанаш оьгIазбахийта . Дала ваIда йина, Ша царах ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял лур ю аьлла.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers