Сура Къаф
PDF —
Built right in your browser — download starts automatically
Сура Къаф pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Къаф pdf Нохчийн — Дахьа Сура Къаф Гочдар. Къаф (Meccan) 45 Аят.
Related
- Къаф ГочдарНохчийн
- Къаф mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Къаф

ﭑﭒﭓﭔﭕ
Къāф . Сийлахь долчу Къуръанора /хьо Делан элча ма ву/.
ﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
ХIетте а‚ ма цецбевли уьш шайга шайн юккъера кхерамча варах‚ керстанаша элира: "ХIара тамаше хIума ду:
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
вай делча‚ вайх поппар хилча‚ /вай дендийр ду бохург/ – иза дукха генара духадерзар ду".
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
Тхуна хиира, х1ун лаьтто схьадоккху царах (церан дог1мех) – Тхоьгахь Iалашдеш долу жайна ма ду.
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Цара харцдира бакъдерг (Къуръан) иза шайга деъначул тIаьхьа‚ тIаккха уьш дукха кегаделлачу гIуллакхехь бу-кх.
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
Уьш ца хьовсу шайна тIехула /лаьттачу/ стигале‚ муха хIоттийна Оха иза /цхьа а бIогIам а боцуш/‚ муха хазйина‚ цуьнан цхьа а Iуьрг а ма дац.
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
Латта а даржийна Оха‚ цу чохь дихкина Оха лаьмнаш‚ цу чохь ялийтина Оха массо а хазчу шиннах /ораматаш/.
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
Гар а‚ хьехам а хилла /хилийтина Оха уьш/ массо а /Тхуна тōбанца/ т1евоьрзачу лена .
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
Оха доссийра стигалара беркате хилла долу хи (дог1а)‚ цуьнца Оха ялийтина бошмаш а‚ ялтин буьртиг а.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
Деха (лекха) хурманан дитташ‚ шайн тIеттIа (мог1аршца) стом а болуш.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
/Делан/ лешна рицкъ а хилла. Цуьнца (догIанца) Оха денбина белла болу мохк. Иштта /хир/ ду /шун кешнаш чуьра/ арадовлар а.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
Харцдира /бакъдолу дин/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ Рассан дайша а‚ Самудаша а‚
ﯤﯥﯦﯧﯨ
Iадаша а‚ ФирIавно а‚ ЛутIан вежарша а‚
ﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
Айкатан дайша а‚ ТуббаIан къомо а. /Цара/ массара а харцбира элчанаш – бакъ хилира Сан / царна кхерам тасарца / йина ва1да.
ﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
Ницкъ ца кхочуш дисира Тхо хьалха кхолларехь /стигалш а‚ латта а/? ХIаъ‚ уьш шеконехь бу керлачу кхолларх (денбарх).
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
Оха кхоьллира адам‚ Тхуна хаьа цуьнан сино кхуьссу васвасалла. Тхо герга ду цунна /шен/ логан пхенал а.
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
ТIеоьцу /стаго дийриг/ шино тIеоьцучу /малико/, аьтту агIор а, аьрру агIор а, /шаьш/ хевшина долуш .
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
Цхьа а дош олуш ма дац цо, шена гергахь кийча волу тергал деш верг волуш бен (дIаяздеш малик).
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
Валаран къахьо еара /эхартан гIуллакх/ бакъ хиларца. Иза дара хьо шех водуш (кхоьруш) верг.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
Сур лекхира – иза ду ша /Дала керстанашна Iазап дийр ду аьлла/ ваIда йина де.
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
Деара массо а са шеца дIалоллург а‚ теш а волуш (шеца маликаш а долуш).
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Хьо хиллера хьокхунах гIопал волуш /тидаме ца оьцуш/ – Оха айдира хьан /бIаьргаш/ тIера кирхьа – тахана хьан бIаьрса ира хилира .
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
Элира цуьнан накъосто (цунна тIехIоьттинчу малико): "ХIара ду соьгахь /хьуна/ кечдинарг" – /жоьжахатин Iазап/.
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
/Омра хир ду/: "Аш шиммо (тIехIоьттинчу маликаша) кхосса жоьжахати чу массо а нуьцкъала /дуьхьал хилла/ волу керста.
ﮨﮩﮪﮫﮬ
Диканах /нах/ духатухуш хилла волу‚ дозанах ваьлла хилла волу‚ /динехь нахе/ шеко йойтуш хилла волу.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘ
Иза ву ша Делаца кхин дела хилийтинарг‚ аша шиммо (омра шина малике ду) кхосса иза чIогIачу Iазапа чу".
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
Цуьнан накъосто элира: "Тхан Кхиош-Кхобург! Ас ца тилийна иза‚ амма иза ша хили-кх генарчу тилар чохь".
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
Элира /Дала/ : "Аш ма къийса Суна гергахь. Ас хьалха /дуьненахь/ бахийтира шуна Сайн кхерам.
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
Дош хуьйцур дац Суна гергахь. Со вац зуламаш дийр долуш Сайн лешна".
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
Оцу дийнахь Оха эр ду жоьжахатига: "Хьо юьзний?" Цо эр: "Кхин сов буй ?" /чубахка/.
ﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
Гергаялийра ялсамани, /Делах/ кхоьручарна гена йоцуш.
ﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
ХIара ду шуна хир ду аьлларг – х1ор /тōба дарца/ Далла тIе воьрзучунна‚ /дин/ Iалашдечунна,
ﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕ
Къинхетаме волчух кхоьруш хиллачунна, Иза шена гуш воццушехь‚ Ша /Далла тIе/ доьрзучу дагца веана волчу.
ﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜ
ЧугIо цунна машарца (маьрша)! ХIара ду гуттаренан де.
ﰝﰞﰟﰠﰡﰢﰣ
Царна шайна мел дезарг ду цу чохь. Тхоьгахь тIетоха а ду.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
Мел /дукха/ хIаллакйина Оха царал хьалха тIаьхьенаш‚ уьш царал ницкъаца вунō чIогIа а йолуш. Уьш дIасаидира махкахула‚ юй техьа /валарх/ кIелхьарбовла меттиг?
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮ
Баккъалла а, цу чохь хьехам бу-кх шен дог долчунна‚ я ша лерг диллинчунна /ладогIа/, ша теш а волуш.
ﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Оха кхоьллира стигалш а‚ латта а‚ цу шинна юккъехь мел дерг а ялх дийнахь‚ Тхох ца хьакхаделира цхьа а кIаддалар.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
Ахь собар де цара дуьйцучунна тIехь /х1ай элча/‚ тасбихь де хьуо Кхиош-Кхобург хасторца малх схьакхетале а‚ дIабузале а.
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Буьйсанах а – тасбихь де Цунна‚ сужданийн (ламазийн) тIаьхьа а .
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
ЛадогIа оцу дийнахь кхойкхучун (Исрафил-маликан) кхайкхаре (сур лакхаре стигална) герга йолчу меттера (Байт аль- Макъдисера) .
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
Оцу дийнахь царна хезар бу мохь (Исрафил-малико шолгIа зурма локхуш юха денбар) бакъдеш. Иза арадовлу де ду /кешнашкара/.
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
Баккъалла а, Оха денбо‚ Оха болуьйту‚ Тхуна тIе ду дIадерзар а.
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
Оцу дийнахь латта дōдур ду царах, /уьш/ сихлуш /шаьш кхойкхучунна тIе/. Иза гулдар Тхуна атта ду.
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
Тхо дика хууш ду цара олург. Хьо вац царна тIехь ницкъ бийриг. Хьехам бе Къуръанца Сан кхерамах кхоьруш волчунна.
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







