Сура Аль-Иншикъакъ pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Иншикъакъ pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Иншикъакъ Гочдар. Сура Аль-Иншикъакъ (Meccan) 25 Аят.
Related
- Сура Аль-Иншикъакъ ГочдарНохчийн
- Сура Аль-Иншикъакъ mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Иншикъакъ

ﭣﭤﭥﭦ
84:1
Стигал етIича‚
ﭧﭨﭩﭪ
84:2
шен кхиош-кхобуш волчу Далла муьтIахь хилла‚ /и Далла муьтIахь хилар цунна/ хьакъ хилча.
ﭫﭬﭭﭮ
84:3
Латта дIадаржийча /нисдича, тIехь мел йолу хIума дIа а яьккхина/‚
ﭯﭰﭱﭲﭳ
84:4
шена тIехь (чохь) мел дерг дIакхоьссина‚ ша даьсса дисча‚
ﭴﭵﭶﭷ
84:5
шен кхиош-кхобуш волчу Далла муьтIахь хилла, /и Далла муьтIахь хилар цунна/ хьакъ хилча /х1уттур ду къематде/.
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
84:6
ХIай адам! Баккъалла а, хьо, хьайн Кхиош-Кхобучунна тIе даха къахоьгуш ду къахьегарца (даларна тIе даха я Далла)‚ хьо Цунна дуьхьалкхетар ма ду (я айхьа йинчу Iамална – диканиг елахь а‚ вониг елахь а).
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
84:7
Амма и шен тептар шега шен аьтту куьйга дIаделларг –
ﮇﮈﮉﮊﮋ
84:8
тIаьхьа цунна хьесап дийр ду аттачу хьесапца /миза-терза узуш/‚
ﮌﮍﮎﮏﮐ
84:9
шен цIийнан охIланна тIе иза д1авоьрзур ву, хазахеташ.
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
84:10
Амма и шен тептар шега шен букъа т1ехьахула дIаделларг –
ﮘﮙﮚﮛ
84:11
тIаьхьа цо кхойкхур ду хIаллакхиларе /делла дIадалар атта дара цунна/‚
ﮜﮝﮞ
84:12
чудер ду (къинош дина адам) (егаш йолчу) жоьжахатина.
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
84:13
Баккъалла а, иза (адам) дара шен доьзалехь хазахеташ /дуьненахь долуш/.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
84:14
Баккъалла а, цунна моьттура ша /шен Кхиош-Кхобучунна тIе/ цкъа а юхадоьрзур дац.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
84:15
ХIетте а‚ иза кхиош-кхобуш волу Дела ма хилла цунах дерг гуш.
ﯔﯕﯖﯗ
84:16
ХIан-хIа! Дуй боу Ас /малх дIабузуш я малх схьакхеташ/ стигал цIийяларх‚
ﯘﯙﯚﯛ
84:17
/дуй боу Ас/ буьйсанах а‚ цо гулдечух а,
ﯜﯝﯞﯟ
84:18
баттах а /дуй боу Ас/, и буьзча /боккха хилла/:
ﯠﯡﯢﯣﯤ
84:19
шу хьаьвзар ма ду цхьана хьолера кхечу хьоле .
ﯥﯦﯧﯨﯩ
84:20
ХIун ду-те царна уьш ца теша?
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
84:21
Шайна тIехь Къуръан доьшуш, сужуд ца дан?
ﯲﯳﯴﯵﯶ
84:22
ХIаъ! И ца тешаш хилларш /дин/ харцдеш бу-кх.
ﯷﯸﯹﯺﯻ
84:23
Дела дика хууш ву цара шайгахь хьулдинарг .
ﯼﯽﯾﯿ
84:24
Кхаъ баккха царна лазош долчу Iазапца‚
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
84:25
ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш боцучарна – царна хир ю хедар йоцу ял!
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







