Сура Юсуф
PDF —
111 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Юсуф pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Юсуф pdf Нохчийн — Дахьа Сура Юсуф Гочдар. Юсуф (Meccan) 111 Аят.

Related



Сура Юсуф
111 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
Алиф-лам-ра . ХIорш къегинчу жайнин аяташ ду.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
Баккъалла а, Оха доссийна и Къуръан 1аьрбийн /маттахь/‚ шу хьекъале хила там бара.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
Оха дуьйцу хьоьга уггар хаза хабарш хьоьга ваьхьица хIара Къуръан даийтарца, цул хьалха хьо цахуучарах хиллехь а.
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
Хьахаде: Йусуфа ма элира шен дега /ЙаIкъубе/: "Дада‚ суна ги цхьайтта седа а‚ малх а‚ бутт а‚ суна ги уьш сайна сужуд деш" .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
Цо (ЙаIкъуба) элира: "ХIай сан жима к1ант , и хьайна гинарг ма дийцалахь хьайн вежаршка – мекарло йийр ю хьуна цара. Баккъалла а, шайтIа адамна билгала мостагI ма ду.
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Иштта хьан Кхиош-Кхобучо хоржур волуш ву хьо‚ хьуна Iамор долуш ду Цо хилларш тидан‚ Шен ниIмат хьуна кхочушдийр долуш ду Цо‚ ЙаIкъубан доьзална а‚ Ша хьалха хьан дайшна ИбрахIимна а‚ Исхьакъна а кхочушдина хиларе терра. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург хууш верг а ву‚ Шегахь хьекъалалла дерг а ву".
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
Йусуфехь а‚ цуьнан вежаршкахь а делилаш ма хилира хоттучарна.
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Цара ма элира: "Йусуф а‚ цуьнан ваша а дукхабеза вайн дена вайл‚ ткъа вай цхьа тоба ма юй‚ баккъалла а, и вайн да билггалчу тилар чохь ву-кх.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
Вē Йусуф я /кхечу генарчу/ меттиге дIакхосса – шун ден юьхь шуна тIейоьрзур ю‚ цул тIаьхьа дика къам хир шу" (тōба дийр ду аш-тIаккха гечдийр ду шуна Дала).
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
Царах олучо элира: "Ма вē Йусуф‚ гIу чу кхосса и – дIабоьлхуш болчарах цхьаболчара схьавоккхур ву‚ шаьш деш хиллехь" /и гIуллакх де/.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
Цара элира: "ХIай тхан да! Ахь хIунда ца вуьту Йусуф тхох тешна‚ тхо цунна хьехамчаш ма дуй!
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
Ваийтахь и тхоьца кхана – самукъадоккхур шена‚ ловзур шена‚ оха и Iалашвийр ма ву".
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
Цо (ЙаIкъуба) элира: "Сан сагатлур ма ду аш и д1авигча‚ со кхоьру и барзо ваарна, аш цуьнан терго а ца еш".
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
Цара элира: "И барзо ваахь – тхо цхьа тоба ма юй‚ тIаккха тхо, баккъалла а, эшнарш хир ма дара".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
ТIаккха цара и д1авигча‚ церан барт хилира и гIу чу кхосса. Оха хаийтира цуьнга (Йусуфе) ваьхьица: ахь дуьйцур ма ду цаьрга и цара динарг, царна и дагахь а доцуш.
ﭤﭥﭦﭧﭨ
Уьш баьхкира шайн да волчу сарахь, белха а боьлхуш.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Цара элира: "Х1ай тхан да! Тхо дахара /довдарехь я Iад кхоссарехь/ къийса а луш, Йусуф тхешан хIуманашна уллохь витира оха‚ тIаккха и барзо виира. Хьо тхох тешар волуш-м вац, тхо бакълуьйш хиллехь а".
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
Уьш баьхкира цуьнан (Йусуфан) куча тIехь харц цIий а долуш. Цо (ЙаIкъуба) элира: "Шайн синоша цхьа вониг хаздина шуна. Собар ду-кх хаза дерг. Дела ву-кх Шега гIо дēха хьакъ верг /кху/ аш хIотточу сурта тIехь".
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
Цхьа лелаш йолу тоба еара‚ цара вахийтира шайн хи кхоьхьуш верг‚ цо шен ведар охьадахийтира- элира: "Кхаъ бу! ХIара кIант ву!" Цара (Йусуфан вежарша) хьулдира и (Йусуфан гIуллакх – и шайн ведда лай ву аьлла), цунах йохка-эцаран хIума а йина. Дела хууш верг ма ву цара лелош дерг.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Цара (вежарша) воьхкира и кIеззигчу мехах – цхьа массийта дирхIамах . Цунах уьш хилира кIеззиг хIуманах тоам бечарах.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
Мисрарчу и эцначо шен зудчуьнга элира: "Хазделахь цуьнан Iар‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай ваьшна кIант вийр ву цунах". Иштта Оха чIагIвира Йусуф лаьтта т1ехь‚ цунна хилларш тида Iамадархьама а. Дела Шен гIуллакха тIехь толам боккхуш ву‚ делахь а, дукхах болчу нахана ца хаьа-кх.
ﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
Иза г1еметтах1оьттича , Оха цунна хьекъалалла а‚ Iилма а делира. Иштта (хаза) бекхам бо Оха дикачарна.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
Иза (Йусуф) шен х1усамехь волу зуда и Iехо гIоьртира‚ цо неIарш дIакъевлина‚ элира: "Схьавола!" Цо (Йусуфа) элира: "Дала ларвойла! Баккъалла а, иза (хьан майра) сан эла ву‚ цо сан Iар хаздина ‚ баккхийбийр бац зуламхой".
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
Цуьнан оцуьнга (Йусуфе) безам бахнера, ткъа цуьнан а оцуьнга (зудчуьнга) безам бахнера, шен Кхиош-Кхобучуьнгара делил ца гинехьара /зина дийр дара цо/. Иштта /дира Дала/ цунах вониг а‚ боьханиг а дIадаккхархьама. Баккъалла, и Тхан цIенчу лех ву.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
И ший а хьалхадāла къуьйсуш, неIаре сихделира‚ цо (Зулейхас) цуьнан (Йусуфан) коч ятIийра тIехьахула‚ неIарехь и шиъ т1е1оттабелира цуьнан (Зудчун) элана . Цо (Зулейхас) элира: "ХIун бекхам бу хьан доьзална вониг луучунна: я и набахти чу ца воьллича‚ я лазош долу Iазап бен (ца дича)?"
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Цо (Йусуфа) элира: "И гIоьртира со Iехо". Цуьнан (Зулейхин) гергарчарах цхьана тешо тешалла дира: "Нагахь санна цуьнан коч хьалхахула яьттIа елахь – и бакъ ю‚ ткъа иза харцлуьйчарах ву.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
Нагахь санна цуьнан коч тIехьахула яьттIа елахь – и харц ю‚ ткъа иза бакълуьйчарах ву".
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
Шена цуьнан коч тIехьахула яьттIа гича‚ цо (майрачо) элира: "Шун (зударийн) мекарлонах ду-кх хIара‚ баккъалла а, шун мекарло еза-йоккха ю-кх.
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Йусуф‚ хьо дIаверза хIокхунах . Ткъа ахь /х1ай Зулейха/ хьайн къинна /дуьхьал/ гечдар деха‚ баккъалла а, хьо галъяьллачарах хили".
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎ
ГIалахь зударша элира: "Элан зуда цхьа къонах (шен лай) шеца Iехо гIиртира‚ цуьнга болу безам ч1ог1а дагчу бахна цуьнан. Баккъалла а, вайна ма го и билггалчу тилар чохь хилар".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
Шена церан мекарло хезча‚ цо царна тIе /цхьаъ/ вахийтира. Царна д1атевжийлаш а кечйира‚ царах хIоранга урс а делира ‚ тIаккха элира /Йусуфе/: "Гучувала царна!" Шайна и гича, цара и вазвира‚ шайн куьйгаш хедийра‚ элира: "Дала лардойла! ХIара адам а дац! ХIара сийлахь малик ду!"
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Цо (Зулейхас) элира: "И ву-кх шуна аш суна ша бахьанехь бехкаш дехкинарг! Со и Iехо ма гIоьртира – и чIагIвелира. Ас шега омра деш дерг цо ца дахь‚ набахти чу вуллур ву и‚ и хир ву сийсаза болчарах".
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
Цо (Йусуфа, Деле доьхуш) элира: "Со кхиош-кхобуш волу Дела‚ набахти дукхахо еза суна цара со шена (къинна) тIекхойкхучул‚ церан мекарло Ахь сох дIа ца яккхахь‚ со царна тIевоьрзур ву – тIаккха со жехIал нахах хир ма ву".
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
Шен Кхиош-Кхобучо жоп делира цунна‚ цунах дIаяьккхира церан (зударийн) мекарло. Баккъалла а, Иза хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
Шайна делилаш гинчул тIаьхьа , церан ойла хилира и цхьана ханна набахти чу волла.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
Цуьнца цхьаьна набахти чоьхьавелира ши къонах. Цу шиннах цхьаммо элира: "Суна суо го айса чагIар доккхуш". Вукхо элира: "Суна суо го сайн коьрта тIехь айса кхаллар кхоьхьуш‚ и олхазарша дууш. Дийца тхуна и тидарх . Баккъалла а, тхуна хьо го дикачарах".
ﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑ
Цо элира: "Шушинна тIе шуна баош болу кхача кхочур ма бац ас шуна цуьнан тидарх дуьйцуш бен и шуьга кхачале. И ду шуна сан Кхиош-Кхобучо суна Iамийначух. Ас дитина ша Делах цатешачу‚ ша эхартана керста долчу къоман дин.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
Со тIаьхьаваьзна сан дайн ИбрахIиман‚ Исхьакъан‚ ЙаIкъубан динна. Тхан ца хилла цхьана а хIуманца Делаца накъост лацар. И Делан комаьршаллах ду тхуна а‚ нахана а. Делахь а, дукхахболчу наха баркалла ца олу.
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
ХIай сан набахтин ши накъост! Тайп-тайпана деланаш бу дика я Ша цхьаъ волу‚ нуьцкъала волу АллахI-Дела ву?
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
И воцчунна аш шайна Iибадат дийриг еккъа цIерш ма ю‚ аш шаьш а, шун дайша а техкина йолу‚ цаьрца цхьа а делил Дала доссийна ма дац. Хьукма Делан бен ма дац. Цо омра дина, Шена бен Iибадат ма де‚ аьлла. И ду нийса дин‚ делахь а, дукхахболчу нахана ца хаьа-кх.
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
ХIай сан набахтин ши накъост! Шушиннах цхьамма шен элана чагIар малор ду‚ ткъа важа ирхъуллур ву‚ цуьнан коьрта т1ера /меженаш/ олхазарша йуур ю. Кхочушхили гIуллакх‚ аш шех лаьцна хоьттуш долу".
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
Цо элира шена царах кIелхьарвер ву хетачуьнга: "Хьайн элана гергахь со хьахавелахь". ШайтIано дицдалийтира цунна шен эле и хьахавар. ТIаккха и висира набахти чохь цхьа масийтта шарахь .
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
/Мисран/ паччахьо элира: "Суна го ворхI берстина етт ворхI озачара бууш‚ ворхI баьццара кан‚ кхиберш - бакъабелла. ХIай элий! Тидал суна сан гIан, шаьш гIенаш туьдуш хиллехь".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
Цара элира: "Вовшах ийна гIенаш дара уьш-м. Тхо /иштта/ гIенаш тида хууш дац".
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
Цу шиннах кIелхьараваьллачо элира‚ цхьа хан яьлча дагадеара цунна: "Ас дуьйцур ду шуна иза тидарх‚ со вахийта /г1енаш туьдург вало/".
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
"Йусуф! ХIай бакълуьйш верг! Сацам бе тхуна /гIан тидарца/ ворхI берстинчу аттах‚ ворхI озачо шаьш бууш болчу‚ ворхI баьццарчу кенах а‚ кхиболчу бакъабеллачарах а. Со юхаверза магара нахана тIе‚ царна хаа а магара".
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
Цо (Йусуфа, г1ан туьдуш) элира: "ВорхI шарахь тIеттIа аш дика ялта дуьйр ду‚ шаьш чудерзийнарг – диталаш иза кенашкахь , шаьш дуур долу /цхьа/ кIеззиг доцург.
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
ТIаккха цул тIаьхьа ворхI хала (шо) догIур ду: цара дуур ду аш царна хьалха кечдинарг, аш Iалашдер долчух /цхьа/ кIеззиг доцург.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
ТIаккха цул тIаьхьа цхьа шо догIур ду‚ шена чохь нахана алссам догIа дог1ур долуш‚ шена чохь цара (наха) доккхур долуш /чаг1ар а, мутт а, даьтта а/" .
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
Паччахьо элира: "Суна тIевалаве иза (Йусуф)". Шена тIевахийтинарг веъча‚ цо (Йусуфа) элира: "Хьада, юхаверза хьайн элана тIе‚ хатта цуьнга: "ХIун бāла бу шайн куьйгаш хедийнчу зударийн (х1ун хилира щайн куьйгаш хедийначу зударех)? Баккъалла а, сан Кхиош – Кхобург церан (цу зударийн) мекарлонаш хууш ма ву".
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
Цо (эло) элира /зударшка/: "ХIун гIуллакх дара шун‚ шу и Йусуф Iехо гIертар?" Цара элира: "Дала лардойла! Тхуна ца хии цунах цхьа а вониг". Элан зудчо элира: "ХIинца гучадаьлла бакъдерг. Со гIоьртира и Iехо‚ и бакълуьйчарах ву.
ﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏ
Иза /олу ас/ – цунна хаархьама ас шена къайлаха тешнабехк бина цахилар, Дела а вуйла нис ца еш тешнабехк беш болчеран мекарло.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
Ас цIан ца до сан са‚ баккъалла а, сино вониг хьоьху сан Кхиош-Кхобучо къинхетам бинарг доцург‚ баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург сов гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву ".
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
Паччахьо элира: "Суна тIевалаве иза. Ас сайна /гIоьнча/ вуьтур ву иза". Цуьнца шен къамел хилча‚ цо элира: "Хьо тахана тхуна гергахь чIогIа верг а ву‚ тешаме верг а ву".
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
Цо (Йусуфа) элира: "Со махкан хазнашна тIехIоттаве‚ со Iалашдийриг а ву‚ хуург а ву".
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Иштта чIагIвира Оха Йусуф махкахь‚ шена луучохь ваха охьа а хууш. Тхан къинхетамах кхиаво Оха Тхайна луург‚ дикачеран ял ца эшайо Оха.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Ткъа баккъалла а, эхартан ял тоьлуш ма ю ийман диллинчарна‚ /Делах/ кхоьруш хиллачарна.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
Йусуфан вежарий баьхкира‚ и волчу чоьхьа бевлира уьш‚ цунна уьш бевзира‚ царна иза ца вевзира.
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Ша уьш шайн гIирсаца кечбинчул тIаьхьа‚ цо элира: "Шайн ден агIорхьара /кхечу нанас вина/ волу шайн ваша валаве суна тIе. Шуна ца го: ас нийса кхочушбо барам‚ со шена /шу/ тIедуссучарах диканиг ву.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
Аш суна и ца валавахь – шуна барам бац сан гергахь ‚ суна герга ма дуьйлалаш".
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
Цара (Йусуфан вежарша) элира: "Оха шен дегара, Iехийна, валор ву иза. Баккъалла а, оха /кхочуш/дийр ду".
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Шен ялхошка цо (Йусуфа) элира: "Церан хIуманаш шайн кираний чу дIаехка: шайн доьзална тIебирзича, царна уьш йовза мегара‚ уьш юха схьа бан мегара".
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
Шайн дена тIе юхабирзича, цара элира: "ХIай дада! /КIан/ барам духатоьхна тхох‚ и тхан ваша ваийта тхоьца – барам бийр бу оха‚ тхо цунна лардархой хир ду".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
Цо (ЙаIкъуба) элира: "И шух тешна вуьтур варий ас‚ хьалха цуьнан ваша шух тешорах терра? Дела ву-кх дика лардархо. И ву-кх уггар къинхетаме верг".
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
Шайн киранаш схьадиллича‚ царна карийра шайн хIуманаш шайга юхаяийтина. Цара элира: "ХIай дада! ХIун лоьху вай? Вайн хIуманаш юхаяийтина вайга! Вайн цIийнан охIла а кхобур яра юучуьнца‚ тхан ваша а Iалашвийр вара‚ алсамбоккхур бара оха барам цхьана эмкална . И барам атта бу-кх".
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
Цо (ЙаIкъуба) элира: "Ас ванне а воуьйтур ма вац и шуьца‚ аш суна Делаца чIагIо ца яхь, шаьш суна схьавалор ву иза‚ аьлла‚ шайх цхьа хIума ца хилахь". Цара шена дуй биъча‚ цо элира: "Дела ву-кх вай дуьйцучунна векал (теш)".
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
/ЙаIкъуба/ элира: "ХIай сан кIентий! Цхьана неIарехула чу ма гIолаш. Тайп-тайпана неIаршкахула чу гIолаш. Шу хIумма кIелхьардаха ца ло суна Делера. Хьукма Цуьнгахь бен дац. Цунна тIетевжина со. Цунна тIетевжийла шаьш тевжаш берш".
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
Уьш чу баьхкича, шайн дас шайга омра динчухула, и ца хиллера царах Делера хIумма кIелхьарадаккха‚ деккъа ЙаIкьубан шегахь цхьа хьашт бен – цо и кхочушдира. Баккъалла а, и Iилма долуш верг ву Оха шена Iамийначунна. Делахь а, дукхахболчу нахана ца хаьа-кх.
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎ
Уьш Йусуф волчу чу баьхкича‚ цо шен ваша шена тIеийцира‚ элира: "Баккъалла а, со хьан ваша ву. Ахь са ма хьийзаде цара деш хиллачуьнца".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
Ша царна кечбинчул тIаьхьа церан кечам‚ шен вешин мохьа чу кад биллира цо. ТIаккха кхойкхучо кхайкхира: "ХIай ковра (къепал)! Шу къуй ду!"
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
Цара (вежарша) элира‚ шаьш царна тIебаьхкина: "ХIун яйна шун?"
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
Цара элира: "Паччахьан кад байна тхан‚ и схьабеъначунна цхьана эмкалан мохь бу. Ас дош ло цунна тIера".
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
Цара (вежарша) элира: "ВаллахIи‚ шуна ма-хаъара‚ тхо лаьттахь вониг дан даьхкина ма дацара‚ къуй ма дацара тхо".
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
Цара элира: "ХIун бекхам хир бу цуьнан‚ нагахь санна шу харцлуьйш хиллехь?"
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
Элира /вежарша/: "Цуьнан бекхам – шен мохьа чохь и карийнарг – и ша ву цуьнан бекхам. Иштта бекхам бо оха зуламхошна".
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
И волавелира /яйна хIума лаха/ церан киранашкара шен вешин киранал хьалха‚ тIаккха и /кад/ схьабаьккхира цо шен вешин киранна чуьра. Иштта хIилла 1амийра Оха Йусуфна. Шен ваша схьалоцийла (бухасацойла) дацара цуьнан /иштта а бен/ паччахьан динехь , Далла лиъча а бен. Тхайна луург даржашкахь лакхавоккху Оха. Массо шегахь Iилма долчунна тIехь а (цул сов) Iилма дерг ву (Далла т1екхаччалц – Иза ву массо а х1ума Шена хуург).
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Цара элира: "Цо лачкъийна белахь‚ хьалха цуьнан вашас а лачкъийра". И шегахь хьулдира Йусуфа‚ царна гучу ца даьккхира‚ элира /ша-шега/: "Шу ду-кх /тхол/ вуно вочу хьолехь. Дела дика хууш ву-кх аш х1оттош долу сурт".
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
Цара элира: "ХIай веза эла! Цуьнан да ву воккха къена стаг‚ тхох цхьаъ бухасацавехьа цуьнан метта‚ тхуна хьо дикачарах гуш ма ву".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
Цо элира: "Дала лардойла оха тхешан хIума шегахь карийнарг бен сацацаварх! ТIаккха тхо зуламхой хир ма дарий".
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
Шаьш цунах дог диллича‚ вовшашца дагабуьйлуш шаьш бисира уьш. Царах воккхачо элира: "Шуна хаьий шайн дас шайга Делаца ч1аг1о яйтина хилар‚ аш хьалха Йусуфан хьокъехь ледарло ялийтира. Со хIокху лаьттара (махкара) дIаг1ур вац сан дас суна пурба лахь бен‚ я Дала суна хьукма дахь бен. Иза хьукма дечарах диканиг ву.
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Шу юхадерза шайн дена тIе‚ аш āла: "Дада! Хьан кIанта къола дина‚ оха тешалла дина ма дац тхайна хууш хиллачух бен‚ тхо ца хилла къайлах дерг 1алашдеш а (тхуна ца хаьа къайлах дерг).
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
Хатта хьайна тхо хиллачу юрте а‚ тхо шеца даьхкинчу ковре а. Баккъалла а, тхо бакълуьйш дерш ма ду-кх".
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
Цо (ЙаIкъуба) элира: "ХIаъ! Шун синоша цхьа гIуллакх хаздина шуна. Собар ду-кх /суна/ т1ех дика. Дала уьш берриге а схьабало мега суна. Баккъалла а, Иза – хууш верг а ву‚ хьукма /нийса / деш верг а ву-кх".
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Царах дIавирзира иза‚ элира: "Ма лазам бу-кх соьгахь Йусуф бахьанехь". Сингаттамна кIайбелира цуьнан б1аьргаш. И сатухуш вара.
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Цара (ЙаIкъубан гонахь болчара) элира: "ВаллахIи‚ Йусуф вуьйцучура хьо соцур ма вац хьуо цомгуш хиллалц я хIаллакхиллалц".
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
Цо (Йа1къуба) элира: "Ас Деле балхабо сайн бāла а‚ сайн гIайгIа а‚ суна хаьа Делера шуна цахуург а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
ХIай сан кIентий! ГIо‚ т1екхиалаш Йусуфах а, цуьнан веших а /хиллачунна/. Делан къинхетамах дог ма диллалаш. Делан къинхетамах дог дуьллур ма дац /Делах/ цатешачу къомо а бен".
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
Шаьш и (Йусуф) волчу баьхкича‚ цара элира: "ХIай веза эла! Тхо а‚ тхан /цIийнан/ охIла а г1айг1ано лаьцна. Тхо даьхкина цхьа кIезг-мезг /йохка/ хIуманаш йохьуш – кхачам боллуш барам лохьа тхуна‚ сагIа а лохьа тхуна. Дала ял лур ма ю сагIа лучарна".
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Цо (Йусуфа) элира: "Шуна хиъний‚ шаьш хIун дира Йусуфана а‚ цуьнан вешина а‚ шаьш жехIал долуш?"
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
Цара элира: "Баккъалла а, хьо вуй Йусуф?!". Цо элира: "Со Йусуф а ву, хIара сан ваша а ву. Дала къинхетам бина тхох. Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш верг а‚ собар деш верг а /декъал ву-кх/. Баккъалла а, Дала ца эшайо дикачеран ял".
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
Цара элира: "ВаллахIи‚ Дала тхол вазвина хьо‚ тхо хилла-кх гIалатдевлларш!"
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
Цо элира: "Бехк ца боккху шуьга тахана. Дала гечдийр ду шуна. Иза уггаре къинхетаме верг ма ву.
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
Дуьло‚ д1аг1о хIара сан коч а эций, сан ден юьхь т1е таса и – бIаьрса юхадогIур ду цуьнан. Берриге шайн доьзал балош, суна тIе дуьйла".
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Ковра (къепал) араяьлча ‚ церан дас (ЙаIкъуба) элира: "Баккъалла а, Йусуфан хьожа йогIуш ву-кх со‚ аш со Iовдал ма ларахьара".
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Цара элира: "ВаллахIи‚ хьайн хьалхалерчу тилар чохь ву-кх хьо!"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
Кхаъ боккхург веъча, цо и (Йусуфан коч) тесира цуьнан (ЙаIкъубан) юьхь т1е – цуьнан бIаьрса юхадеара‚ цо элира: "Ас ца аьллера шуьга: суна Делера шуна цахуург а хаьа".
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
Цара (Йусуфан вежарша) элира: "Тхан да! Тхан къиношна (Деле) гечдар дехахьа тхуна‚ тхо хилла-кх гIалатдевлла".
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
Цо элира: "ТIаьхьа доьхур ду ас сан Кхиош-Кхобучуьнга шуна гечдар. Баккъалла а, Иза – сов гечдийриг а ву‚ сов къинхетаме верг а ву".
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
Уьш Йусуф волчу чубаьхкича‚ шен да-нана марадоьллира цо‚ элира: "Чоьхьа довла Мисра‚ Дала мукъалахь‚ маьрша (цхьа а кхерам а боцуш)!"
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
Шен да-нана паччахьан г1анта т1е /шена улло/ хьалабехира цо‚ уьш цунна /сий деш/ сужуде бахара. Цо элира: "Дада‚ хIара ду-кх суна хьалха гинчун (г1енан) тидар‚ сан Кхиош-Кхобучо бакъдина иза‚ соьца дика хили Иза– со араваьккхи набахти чуьра‚ шу схьадалийна гIум-арара шайтIано суна а, сан вежаршна а юкъа дов тесначул тIаьхьа. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург тIех тIекаре ву-кх Шена луучуьнца. Иза хууш верг а ву‚ хьукма /нийса / деш верг а ву".
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
(Т1аккха Деле до1а дан вуьйлира Йусуф): "Со Кхиош-Кхобуш волу сан Дела‚ Ахь паччахьалла а делла суна‚ хилларш-хиндерш (г1енаш) тида а Iамийна Ахь со. Стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг – Хьо ву-кх сан доладийриг дуьненахь а‚ эхартахь а. Ахь со валийталахь бусалба (Хьайна муьт1ахь) а волуш‚ Ахь со тохалахь дикачарах!"
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
И хьуламехь долчу хабарех ду‚ Оха хьоьга /хIай Мухьаммад/ хоуьйтуш ваьхьица. Хьо вацара цаьрца цара шайн гIуллакхна т1ехь барт беш, шаьш /Йусуф шен дех д1акъасто / мекарло еш болуш.
ﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
Дукхахболу нах, хьуна мел лиъча а, тешар бац /Делах/.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
Ахь цаьрга цу тIехь мах ца боьху. Иза беккъа хьехам бу–кх Iаламашна!
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
Стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дукха Iаламатех тIехбовлу уьш‚ царах дIабоьрзуш /ойла а ца еш/!
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Царах дукхахберш Делах ца теша, шаьш /Цуьнца/ накъост лоцуш а бен.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Уьш тешна бу-те шайна тIе Делан Iазапан шаршу т1екхуллург цахиларх‚ я цIеххьана шайна тIе сахьт х1оттарх‚ шайна хаа а ца луш?
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
Ахь āла: "ХIара бу сан некъ‚ ас Деле кхойкху‚ билгала долчу Iилманна тIехь ву со а‚ суна тIаьхьахIоьттинарг а‚ вочух цIена ву и Дела‚ со ма вац /Делаца/ накъост лоцучарах".
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
Хьол хьалха а ярташкарчу нахах божарий бен ца бахийтира Оха ‚ шайга ваьхьица Оха хаам луш. Ткъа уьш ца лелара лаьттахула‚ уьш ца хьаьвсира‚ муха хилла шайл хьалха хиллачеран тIаьхье? Эхартан цIа тоьлуш ма ду /Делах/ кхийринчарна. Шу хьекъале ца хуьлу?
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Элчанаша дог диллинчул т1аьхьа‚ царна шаьш харцбина бевлла моьттинчул т1аьхьа‚ Тхан гIо догIура цаьрга‚ кIелхьарбовлура Тхуна /к1елхьарабаха/ луурш. Тхан ницкъ бухатухур ма бац къинош динчу нахах.
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
Царах лаьцна дийцар чохь хьехам хилла хьекъал долчарна. И хилла дац кхоьллина хабар – и ду шел хьалха хилларг бакъдар а‚ массо а хIуманан къастадар а‚ нийса некъ а‚ къинхетам а тешаш болчу нахана.

Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers