Сура Аль-Кахьф
PDF —
110 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Кахьф pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Кахьф pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Кахьф Гочдар. Аль-Кахьф (Meccan) 110 Аят.



Сура Аль-Кахьф
110 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
Хастам бу Далла‚ Ша Шен лега жайна доссийначу‚ цу чохь (Къуръан чохь) нийса доцург ца далийна Цо .
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Нийса хилла долу /жайна ду иза/, цунах /цатешачарна/ кхерам хилийта Шегара чIогIачу ницкъаца‚ шаьш диканаш деш болчу муъма нахана кхаъ баккхийта царна хаза ял хиларца.
ﯸﯹﯺﯻ
Уьш цу чохь гуттар лаьтташ.
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
Кхерам таса шаьш аьллачарна: "Дала доьзалхо лаьцна".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
Царна цуьнца цхьа а Iилма дац‚ церан дайшна а (ца хилла и). Инзаре доккха хили церан багахула долург (доккха къа хиларан) дашца. Харцдерг бен ма дац цара олуш дерг.
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
Хьо хила мега /х1ай Мухьаммад/ хьайн дог дохош церан ларшца (уьш бахьанехь сингаттаме а хилла)‚ халахеташ хIокху хабарех а уьш ца тийшича.
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Оха лаьтта тIехь мел дерг хаздина цунна (лаьттана), уьш зерхьама: муьлха ву-те Iамалца уггар диканиг?
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
Оха хуьлуьйтур ю цу тIехь мел йерг декъа латта (т1ехь х1умма а йоцуш).
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
Я хьо моьттуш вара-те и хьехан а‚ ракъиман а дай Тхан аяташна /юккъехь/ тамаше хIума хилла?
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
Хьахаде /цаьрга, хIай Мухьаммад/: цхьа къонахий д1а ма лечкъира хьеха чу‚ цара элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ Хьайгара къинхетам лолахь тхуна‚ атта делахь тхуна тхан гIуллакхехь нисдалар".
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
Оха церан лергаш д1акъевлира хьеха чохь масийтта шарна .
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
ТIаккха Оха уьш денбира (самабехира) Тхайна хаархьама /нахана гучудоккхуш/, шина тобанах муьлханиг ю цара яьккхина хан дика ягаръеш.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
Оха дуьйцу хьоьга церан хабар бакъдолчуьнца. Баккъалла а, уьш къонахий бара шайн Кхиош-Кхобучух тешна‚ Оха совбехира уьш нийсачу некъаца.
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
Оха чIагIдира церан дегнаш, уьш хьалагIевтича. Цара элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ стигланийн а‚ лаьттан а Эла ву Хьо‚ оха кхойкхур ма дац И воцчу Деле, – тIаккха оха гIалат дерг эр ма дара!
ﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈ
ХIокху тхан къомо Иза воцург /кхин/ деланаш лаьцна. Цара деънехьара царна тIехь билгала делил! Мила ву ткъа вуно зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллинчул?"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
"Шу царах а‚ цара, Дела а витина, Iибадат дечух а дIакъаьсти‚ хьеха чу дIаловчкъийша – шуна баржор бу шун Кхиош-Кхобучо Шен къинхетамах /къинхетам/‚ Цо шуна аьтто бийр бу шун г1уллакхашкахь ".
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Хьуна го, малх схьакхетачу хенахь церан хьехана аьтту агIорхула дIахьаьвзаш, дIабузучу хенахь – царах дIатуьлуш аьрру агIорхула, уьш цуьнан (хьехан) парг1атчу меттигехь а болуш. Иза Делан делилех ду. Дала нисвеш верг – иза нийса верг ву‚ Дала тилавала вуьтуш верг – хьуна цкъа а карор ма вац цунна нийса некъ хьоьху г1оьнча.
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
Хьуна моьтту уьш сема бу‚ ткъа уьш наб йеш бу‚ Оха берзабо уьш аьтто агIор а‚ аьрру агIор а /латте церан дог1маш ца даийта/. Церан жIаьла, шен ши ког а баржийна, неIсагIехь ду. Царна тIекхиънехь, – юхавер вара хьо ведда‚ т1ехдер ма дара хьан царах кхерар.
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
Иштта денбира (самабехира) Оха уьш, цаьрга вовшашка хаттийтархьама. Царах олучо элира: "Мел лаьттира шу (оцу хьолехь)?" Цара элира: "Тхо лаьттира цхьана дийнахь я дийнан декъахь ?" Цара элира: "Шун Кхиош-Кхобург дика хууш ву шу мел лаьттинехь а. Аш вахийта шайх цхьаъ хIокху кехаташца гIала. Лохийла цо уггар цIена кхача – цунах рицкъ дохьийла цо шуна‚ сема хуьлийла иза‚ цхьаьнга ма хоуьйтийла цо шух дерг.
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Баккъалла а, уьш шуна тIенислахь, цара тIулгаш деттар ду шуна‚ я шу духадерзор ду шайн дине – тIаккха цкъеллига цкъа а даккхийдер дац шу!"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
Иштта Оха царна тIе /нах/ нисбалийтира, царна хаийтархьама Делан ваIда бакъ юйла‚ сахьт– цу чохь шеко йоцийла (къематде х1уттур хиларна). Церан гIуллакхехь вовшашца галморзахбевлира уьш. Элира (цхьаболчара): "ГIишло йе царна тIехула (хьехана гонахула). Церан Кхиош-Кхобург дика хууш ву царах дерг". Церан гIуллакхна тIехь тоьллачара элира: "Царна тIехь маьждиг (ламаз ден меттиг) дийр ду вай".
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Цара эр ду: "Кхоъ ву (уьш)‚ церан доьалгIаниг – церан жIаьла ду". Олу /цхьа кхечара/: "Пхиъ ву (уьш)‚ церан йолхалгIаниг – церан жIаьла ду"‚ гучахь доцург хаа гIерташ. Олу /вукхара/: "ВорхI ву‚ церан борхIалгIаниг – церан жIаьла ду". Ахь āла: "Сан Кхиош-Кхобург дика хууш ву церан терахь (уьш маса хиллехь)‚ уьш ца бевза кIеззигчарна бен". Цаьрца ма къийса билгалдолчуьнца бен. Царах лаьцна х1окхарах цхьаьнга ма хетта.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
Ахь аллане а ма алалахь цхьана хIуманна тIехь: "Ас дийр ду иза кхана,
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
Далла лаахь"‚– олуш бен. Хьайн Кхиош-Кхобург дагаваийталахь хьуо вицвелча‚ āлалахь: "ХIокхул а нийсачунна герга вахийта мега со сайн Кхиош-Кхобучо".
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
Шайн хьеха чохь уьш лаьттира кхаа бIе шарахь‚ /кхин/ исс /шо/ т1етуьйхира царна (шерашна).
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
Ахь āла: "Дела дика хууш ву уьш мел лаьттира‚ Цуьнгахь ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле". Ма дика гуш ву Иза (ган мел дезарг)! Ма дика хезаш ву Иза (хаза мел дезарг)! И воцург цхьа а доладийриг ма вац царна‚ Ша бечу сацамехь цхьаьнга а накъосталла ца дойту Цо .
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
Ахь дийца (Iамаде) хьайга ваьхьица деллачу хьайн Кхиош-Кхобучун жайнах. Вац Цуьнан дешнаш хуьйцуверг‚ хьуна цкъа а карор яц Цунна Шена т1е йоцург дIавада меттиг.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Хьо собаре хила шайн кхиош-кхобучу Делан юьхь езаш, Цуьнга Iуьйранна а, суьйранна а кхойкхучаьрца (Цунна 1ибадат дечаьрца). Хьан ши бIаьрг дIа ма боьрзийла царах, хьуна дуьненан хазалла езаш. Хьо муьтIахь ма хила Оха шен дог Тхо хьехорна гIопал динчунна а‚ шен дезаршна тIаьхьахIоьттинчунна а‚ – цуьнан гIуллакх эрна хилла.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
Ахь āла: "Бакъдерг ду шун Кхиош-Кхобучуьнгара. Шена лиънарг тешийла‚ шена лиънарг керста хуьлийла". Баккъалла а, Оха кечйина зуламхошна /жоьжахатин/ цIе‚ цуьнан пенаша гобийр бу царах. Цара гIо дехахь‚ царна гIо дийр ду хица‚ ша лалийначу эчигах тера долчу, яххьаш а ягаеш. Ма вон малар ду-кх! Вон хилла /церан/ чуг1ойла (жоьжахати)!
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика 1амалш йинарш а, – баккъалла а, Оха эшор ма яц хаза Iамал йинчун ял.
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
Уьш бу шайна Iадн (ялсаманин) бошмаш йерш‚ шайн /когаш/ бухахула хиш оьхуш‚ хазбийр бу уьш цу чохь дашо х1азаршца‚ цара тIедухур ду атласан а, деза дарийн баьццара духар а‚ цу чохь шаьш маьнгешна тIетевжина лаьтташ. Ма дика мēла бу-кх! Хаза хили (церан) чуг1ойла (ялсамани)!
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Масална валаве царна ши стаг . Цу шиннах цхьанна Оха кемсийн ши беш хилийтина‚ цу шинна (бешана) го бира Оха хурманашца‚ цу шинна юккъехь ялта хилийтира.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
Шина а бешо шайн даар делира‚ цунах (стоьмех) хIумма а ца телхира. Царна юккъехула хи дигира Оха.
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
Цунна хилира стоьмаш, тIаккха цо шен накъосте элира, и шеца къамел деш а волуш: "Сан хьайчул алсамо бу бахам а‚ со хьол сийлахьо ву накъостий хиларца а".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
И шен беша велира‚ шена зулам деш а волуш‚ цо элира: "Суна ца моьтту цкъеллига цкъа а дIаер ю /хIара беш/.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
Суна ца моьтту сахьт хIуттур ду. Со сайн Кхиош-Кхобучуьнга дIаверзавахь, суна кароза дуьсур ма дац дIаверзарца цул диканиг".
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Элира цуьнга цуьнан /бусалба/ накъоста, ша цуьнга къамел деш волуш: "Ахь керстаналла до ткъа хьо кхоьллинчунна поппарх‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха хьо Ша нисвина волчу /онда/ стаг а хилла?
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
Делахь а, сайх лаьцна аьлча‚ Иза АллахI ву – сан Кхиош-Кхобург‚ сайн Кхиош-Кхобучуьнца цхьа а накъост лоцур вац аса-м!
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Хьуо хьайн беша вахча‚ ахь аьллехьара: "МашаАллахI! Делаца бен ницкъ ма бац". "Хьуна со гуш велахь хьайл ледаро хьолаца а‚ доьзалшца а,
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
сан Кхиош-Кхобучо суна дала а мега хьан бешал а диканиг‚ доссадан цуьнан (хьан беша) тIе стиглара хьесап – тIаккха цунах шера а меттиг хуьлуш (лаьттаца д1ашарйина)‚
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
я цуьнан хи (лаьттах) д1ахудуш‚ хьан цкъа а ницкъ кхочур боцуш и карадан".
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
Гобира цуьнан стоьмех (х1аллакхиларо) ‚ и волавелира шен куьйгаш вовшех детта, ша цунна (бешана) харж ярна‚ ткъа иза (беш) шен бух тIехь еса йолуш. Цо олу: "Ас ца лаьцна хиллехьара сайн Кхиош-Кхобучуьнца цхьа а накъост!"
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
Ца хилира цунна /гIоьнчийн/ тоба, ша цунна гIо деш Дала динчунна дуьхьал. И ша ца хилира шена гIо далуш!
ﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Цигахь гIо – хьакъ волчу Делан ду. И ву дика верг мēла баларца а‚ дика верг /хаза/ тIаьхье хилийтарца а.
ﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗ
Дāладе царна масална дуьненан дахар: Оха стиглара доссийна хи (дог1а) санна ду иза – цунах ийра лаьттан ораматаш. Т1аккха царах дакъаделла асарш хилира, шаьш мехаша д1аса а даржадеш . Хилира Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
Бахам а‚ кIентий а – дуьненан дахаран хазалла ю. Бухадуьсуш долу диканаш тоьлу хьан Кхиош-Кхобучун гергахь мēлаца а‚ тоьлу догдахарца а.
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
Оха лаьмнаш дуьйладолуьйтучу (д1а-схьадаржочу) /къемат/ дийнахь‚ хьуна гур ду латта шарделла. Оха схьагулбийр бу уьш (берриге а)‚ бухавуьтур вац царах цхьа а.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
Хьан Кхиош-Кхобучун хьалха д1ахIиттор бу уьш мог1ара: шу даьхкина Тхо долчу, Оха шу дуьххьара ма-кхоллара. Шуна-м моттара Оха шайна /Тхуна дуьхьалкхетаран/ хан юьллур яц‚ аьлла.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
Охьадуьллур ду тептар (адамаша дуьненахь мел йина дика а, вон а 1амал д1аязйина долу)‚ тIаккха хьуна гур бу къинош динарш цу чохь долчух кхоьруш‚ шаьш олуш: "Ма бāла бу вайна! Х1ун ду х1окху тептарна? Цо -м буха ца дитина жиманиг а‚ я доккханиг а тергал ца деш!” Царна карийра шаьш /дуьненахь долуш/ динарг (шайна) хьалхадиллина. Зулам ца до хьан Кхиош-Кхобучо цхьанна а.
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
Дагадаийта! Оха ма аьллера маликашка: "Сужуд де Āдамна". Цара сужуд дира, Иблис доцчо – и дара жинех‚ цо ла ца дуьйг1ира шен Кхиош-Кхобучун омране. Ткъа аш лоцу иза а‚ цуьнан зуьррет а доттагIий‚ Со а вуьтий‚ – уьш шуна мостагIий ма-бу?! Ма вон бу-кх зуламхошна /шаьш бина/ хийцам!
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨ
Ас уьш стигланаш а‚ латта а кхолларан а ‚ уьш шаьш кхолларан а‚ тешаш ца хIиттийна. Со ца хилира /и Сан халкъ/ тилош берш гIоьнчий лоцург а.
ﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
Оцу /къемат/дийнахь Цо эр ду: "Кхайкха аш шаьш Сан накъостий бу‚ бохуш‚ чIагIбеш хиллачаьрга!" Уьш кхайкхира цаьрга. Цара оцарна жоп ца делира‚ Оха хилийтира царна юккъехь хIаллакхилар (жоьжахати бахийтар).
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
Гира къинош диначарна /жоьжахатин/ цIе‚ царна хиира шаьш цу чу кхочур дуйла‚ ца карийра царна цунах дIасахьовзийла .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
Оха /къастош/ далийна хIокху Къуръан чохь нахана массо а тайпа масал. Адам хилира вуно дукха хIуманашца къуьйсуш.
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
Цхьа а дуьхьало ца йина нахана /Делах/ теша шайга нийса некъ беъча‚ шайн Кхиош-Кхобучуьнга гечдар деха а – цаьрга хьалхалерачийн масал даро бен‚ я шайна хьалха Iазап х1оттаро бен.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
Оха ца бохкуьйту элчанаш кхаъ боккхуш а‚ кхерам тосуш а бен. Цатешачара харцдолчуьнца къуьйсу бакъдерг кIелдитархьама. Сан аяташ а‚ шайна кхерам теснарг а сийсазадеш тIелаьцна цара.
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
Мила ву сов зуламе, шена шен Кхиош-Кхобучун аяташ хьехийча‚ царах юхаваьллачул а‚ шен куьйгаша хьалхадаьккхинарг (ша дуьненахь дина хилларг) дицдийначул а? Баккъалла а, Оха церан дегнаш т1е кирхьа тесна – тIаккха уьш цунах (Къуръанах) ца кхета‚ церан лергаш чу /йиллина/ къоралла. Ахь уьш нийсачу новкъа кхайкхича а‚ цкъа а нислур бац уьш.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
Хьан Кхиош-Кхобург гечдийриг ву‚ /Шегахь/ къинхетам (боккха) болуш. Царна /дуьненахь/ карадиначунна Цо уьш /Iазапе я бāлане/ лоьцуш белахьара‚ царна Iазап сихдийр дара Цо. Царна тоьхна хан ю‚ цул тIехбевлла бовда меттиг цкъа а карор ма яц царна.
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
И ярташ - Оха хIаллакйира уьш ‚ цара зулам дича‚ уьш хIаллакбаран хан йиллира Оха.
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Дагадаийта! Мусас аьллера шен г1уллакххочуьнга : "Со соцур вац ши хIорд вовшахкхетачу меттиге кхаччалц‚ я лелар ву еххачу заманахь".
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
И шиъ /ши хIорд/ вовшахкхетачу меттиге кхаьчча‚ царна шайн чIара бицбелира‚ ткъа иза болабелира х1орда чухула некъ бан, лаьтта бухахула санна.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
ТIаккха шаьш - шиъ /оцу меттигах/ чекхваьлча‚ цо элира шен г1уллакххочуьнга: "Схьаба вайна вайн кхача. Вай лайна хIокху вайн некъехь хало".
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
Цо (Мусаца хиллачу кIанта) элира: "Хьажахь! Вай тарх йолчу къайладевлича, суна бицбелира чIара‚ шайтIано а бен суна и биц ца балийти‚ суна и дага а ца бойтуш‚ ткъа цо шен некъ цхьа тамаше кепара хIорда чу баьхьира".
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
Цо (Мусас) элира: "И дара вайна дезаш хилларг". ТIаккха и шиъ шайн лорах юхавирзира.
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Цу шинна карийра Тхан лех цхьа лай‚ Оха шена Тхайгара къинхетам белла волу‚ Оха шена Тхайгара Iилма Iамийна волу .
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
Мусас цуьнга элира: "Хьуна тIаьхьахIуттий со‚ хьоьга суна Iамабайта хьайна Iамийначух нийса некъ?"
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
Цо (Хидзара) элира: "Хьан ницкъ кхочур бац соьца собаре хила.
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
Муха хир ву хьо собаре хьо шех 1илманца т1е ца кхиъначуьнца?"
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
Цо (Мусас) элира: "Хьуна карор ву со‚ Дала мукъалахь‚ собар деш‚ хьуна Iеса хир вац со омра кхочушдарца".
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
Цо элира: "Хьо суна тIаьхьахIоттахь‚ соьга ма хатталахь цхьана а хIуманах лаций‚ ас хьуна шех дерг д1адийццалц".
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
ТIаккха и шиъ (Муса а, Хидзар а) д1аволавелира. Шаьш шиъ кеманна тIе хиъча, цо (Хидзара) цунна (кеманна) Iуьрг даьккхира. Цо (Мусас) элира: "Iуьрг даьккхи ахь цу т1ера нах хи буха бахийтархьама? - Цхьа ирча хIума ма ди ахь!"
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
Цо элира: «Ас ца элира, хьан ницкъ кхочур бац соьца собаре хила?»
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
Цо (Мусас) элира: "Ахь суна бехк ма билла со вицваларна‚ даз ма де суна /х1ара/ сан гIуллакхах".
ﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖ
ТIаккха и шиъ кхин д1аволавелира (д1авахара) цхьана кIантана т1е1оттаваллалц. Цо (Хидзара) и вийра. /Мусас/ элира: "/Ванах/ ахь цIена са дий-кха, сина дуьхьал а доцуш ! Ма вон хIума ди-кха ахь!"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
Цо элира: "Ас ца аьллера хьоьга хьан ницкъ кхочур бац соьца собаре хила?"
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
Цо (Мусас) элира: "Нагахь санна ас хьоьга хIокхул тIаьхьа хIума хаттахь, суна накъосталла ма де: соьгара бехказло ю хьуна".
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
ТIаккха и шиъ д1аволавелира (кхин дIавахара) цхьана юьртарчу нахана тIекхаччалц. Цара цу нахе яахIума йийхира, ткъа уьш цу шинна хьошалла дан реза ца хилира. Цу шинна карийра (гира) цигахь т1ехарца боллу пен – цо (Хидзара) иза д1анисбира. Элира /Мусас/: "Хьайна лиънехь, цунах мах оьцур бара ахь".
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
Цо элира: "Х1ара суний‚ хьуний юкъара д1акъастар ду . Ас туьдур ду хьуна хьан собар дан ницкъ ца кхаьчнарг:
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
кеманах дерг – иза хIорда т1ехь болх беш болчу мискачу нехан дара. Суна лиира иза дохо – царна тIехьахь лаьтташ вара паччахь‚ массо а /доьхна доцу/ кема ницкъаца схьадоккхуш.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
Ткъа кIант – цуьнан да-нана муъма нах бара‚ тхо кхоьрура цо царна г1ело ярна /Делан/ дозанех валарца (Дала бохург цадарца) а‚ керста хиларца а.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
Тхуна лиира церан Кхиош-Кхобучо цу шинна , хийцина‚ цул диканиг /доьзалхо/ лойла‚ цIена а‚ къинхетамца мелла а герга а волуш .
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
Ткъа пен‚ и бара гIалахь волчу шина кIентан - боберан. Цунна (оцу пена) бухахь цу шиннан хазна яра. Цу шиннан да вара дика Iамал йолуш стаг. Хьан Кхиош-Кхобучунна лиира и шиъ г1еметта а х1оттийтина‚ цу шинга шайн хазна схьаяккхийта хьан Кхиош-Кхобучуьнгара къинхетамца. Иза ас ца дина сан лаамехь. И ду хьан шена тIехь собар дан ницкъ ца кхечнарг тидар".
ﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋ
Цара хьоьга хоьтту Ши маIа йолчун хьокъехь. Ахь āла: "Ас дуьйцур ду шуна цунах лаьцна хабар".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
Баккъалла а, Оха чIагIвира иза (Зуль-Къарнайн) лаьттахь‚ белира цунна /шен лааме кхача/ массо а хIуманан некъ (ницкъ, 1илма).
ﭜﭝﭞ
Цхьана новкъа вахара иза.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
Малхбузе кхаьчча‚ цунна карийра (хааделира) и (малх) дIабузуш 1аьржа хоттан /довхачу/ шовдана чу‚ цунна уллохь цхьа нах карийра цунна. Оха элира: "Х1ай Ши маIа ерг (Зуль-Къарнайн)! Я Iазап дийр ду ахь (царна)‚ я царна диканиг дийр ду ахь ".
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
Цо (Зуль-Къарнайна) элира: "Зулам динарг милла велахь а, – цунна Iазап дийр ду оха. ТIаккха шен Кхиош-Кхобучунна тIе д1аверзор ву иза – т1аккха Цо Iазап дийр ду цунна, ирча Iазап.
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Ткъа ийман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а милла велахь а – цунна бекхамна мелхо хазаниг хир ду (ялсамане). Оха цуьнга эр ду Тхан омранах атта дерг".
ﮖﮗﮘﮙ
Т1аккха цхьа (кхин) новкъа вахара иза.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
Малх схьакхетачу меттиге кхаьчча‚ цунна (Зуль-Къарнайнна) карийра и схьакхеташ цхьана нахана т1ехула‚ Оха шайна цуьнан (маьлхан) дуьхьал цхьа а дуьхьало ца йинчу .
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
Иштта дIалецира Оха цуьнгахь дерг хаамца .
ﯓﯔﯕﯖ
ТIаккха цхьа /кхин/ новкъа вахара иза.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
Шина /ламанан/ дуьхьалонна юккъе кхаьчча‚ цунна карийра царна бухахь /кхечу нехан/ къамелах кхета герга боцу нах.
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Цара элира: "ХIай Ши маIа ерг! Баккъалла а, Яъжуж а‚ Маъжуж а боьханиг даржош бу лаьттахь. Оха хьуна – харж йой (мах лой)‚ ахь тхуна а‚ царна а юккъехь дуьхьало йийриг?"
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
Цо элира: "Сан Кхиош-Кхобучо со шена чохь чIагIвинарг дика ду (шун хьолал). Суна ницкъаца гIо де‚ йийр ю ас шуна а‚ царна а юккъехь чIагIо.
ﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛ
Ло суна эчиган г1орзанаш (кескаш)". Ша уьш шина ламанан йистошкахь нисйича (церан юкъ юьзча)‚ цо элира: "/ЦIе/ марсаяккха!" Цо цунах цIе хилийтича (и эчиг ц1аре дерзича)‚ элира: "Схьало соьга‚ ас цунна тIе лалийна ц1аста дуттур ду ".
ﰜﰝﰞﰟﰠﰡﰢﰣﰤ
Ницкъ ца кхечира царна цунна тIе бовла а‚ ницкъ ца кхечира царна цунна Iуьрг даккха а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
Цо элира: "ХIара сан Кхиош-Кхобучуьнгара къинхетам бу. Сан Кхиош-Кхобучун ваIда еъча‚ Цо лаьттаца д1анисйийр ю иза . Сан Кхиош-Кхобучун ваIда бакъ хилла".
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Оха буьтур бу уьш оцу /къемат/ дийнахь вовшашна тIетт1а- бетталуш. Зурма (Исрапил малико, къематде х1уттуш) локхур ю‚ Оха уьш (Дала мел кхоьллина садолу х1ума) гулбийр бу берриге а (бекхамна).
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
Оцу дийнахь цатешачарна ма ярра гойтур ю Оха жоьжахати.
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
Уьш бара шайн бIаьргашна дуьхьал парду долуш Со хьехорах /уьш херабохуш/‚ уьш бара ладогIа ницкъ ца кхочуш.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
Цатешначарна моьтту-те шаьш‚ Со воцург‚ Сан леш гIоьнчий лоьцур бу? Оха кечйина жоьжахати цатешачарна чохьбахка.
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
Ахь āла: "Ас бийций шуна Iамалашца уггаре дукха шайна эшам хилларш‚
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
дуьненан дахарехь шайн къахьегар /эрна/ дайина хилларш, шаьш дика болх беш бу а моьттуш?"
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
Уьш бу шаьш шайн Кхиош-Кхобучун аяташна а‚ Цунна Шена а дуьхьалкхетарна керстаналла динарш. Эрна хилла церан Iамалш‚ хIоттор дац Оха царна къематдийнахь терза .
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
И - царна бекхам бу жоьжахати, шаьш керстаналла дарна а‚ Сан аяташ а‚ Сан элчанаш беламе барна а.
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а – царна хир ю Фирдавсан бошмаш чохьIайла –
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
цу чохь гуттаренна а буьсур бу уьш‚ церан меттана (цу бошмийн) (кхин шайна) хийцам ца безаш.
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "ХIорд сан Кхиош-Кхобучун дешнашна шекъа хилча а, – хIорд кхачалур бара сан Кхиош-Кхобучун дешнаш кхачадалале‚ цунах тераниг Оха алссам деъча а /кхин хIорд хилийтича а/".
ﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜﰝ
Ахь āла: "Со адам ду шу санна‚ суна ваьхьица хаийтина шун Дела цхьа Дела вуйла. Шен Кхиош-Кхобучунна дуьхьалкхетаре дог дохуш хиллачо – дика Iамал йойла‚ шен Кхиош-Кхобучун Iибадат дарехь цхьа а накъост ма лоцийла цо".

Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers