Сура Аль-Имран
PDF —
Built right in your browser — download starts automatically
Сура Аль-Имран pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Имран pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Имран Гочдар. Аль-Имран (Medinan) 200 Аят.
Related
- Аль-Имран ГочдарНохчийн
- Аль-Имран mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Имран

ﭑﭒ
Алиф-лам-мим .
ﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
Аллах1 /цхьа Дела/ ву‚ кхин дела вац И бен‚ Ша дийна ву‚ гуттар лаьтташ ву /Шен лейн гIуллакхаш кхочушдеш/.
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
Цо хьоьга диссийна хьакъ-бакъ а долуш‚ шел хьалха хилларг бакъдеш а долу жайна (Къуръан). Цо доссийна/Мусага/ Таврат а, / Iийсага / Инжил а
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Хьалха нийса некъ хилла долу нахана‚ Цо доссийна Фуркъан . Баккъалла а, Делан аятех ца тешаш берш – царна ма ду чIоIа Iазап. И Дела ма ву ша веза верг – бекхаман да.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
Баккъалла а, и Дела ма ву Шех хIумма а къайлаер йоцуш, лаьттахь а, стиглахь а.
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
И ву шу кепе дерзийна беран цIа чохь (ненан кийрахь) Шена ма луъу‚ кхин дела вац И бен‚ Ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву И.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
И ву хьоьга жайна доссийнарг‚ цуьнах ду хьикмате аяташ – уьш (хьикматенаш) жайнин нана ю‚ кхидерш – цхьатерранаш ду . Амма шайн дегнашкахь дIатовжар дерш – уьш тIаьхьахIуьтту цу чуьра (Делан сибат) цхьана х1уманех тардеш долчарна питана лоьхуш а‚ уьш даста гIерташ а. Уьш даста ма ца хаьа Далла Шена бен. Шаьш Iилманчохь кIаргбеллачара олу: "Тешна тхо цунах‚ дерриге а ду тхан Кхиош-Кхобучуьнгара". Ойла-м ца йо шайн хьекъал долчара бен.
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
/Олу ийман диллинчара/: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ Ахь тхан дегнаш дIа ма товжаделахь , Айхьа тхо нисдинчул тIаьхьа‚ Хьайгара къинхетам лōлахь тхуна‚ баккъалла а, Хьо ма ву /шортта/ луш верг‚
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
Тхан Кхиош-Кхобург‚ Хьо ма ву нах гулбийр берг шегахь шеко йоцчу /къемат/ денна ‚ баккъалла а, Дала ца йохайо ваIда ".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
Баккъалла а, цатешнарш – церан бахамо а‚ церан доьзало а Делера (Цуьнан Iазапах) х1умма а хьалхабохур ма бац уьш. Уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран ягориг.
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
ФирIавнан доьзалан Iадатах терра‚ царал хьалха хиллачеран Iадатах терра: харцдира цара Тхан аяташ – Дала схьалецира уьш шайн къинош бахьанехь. И Дела таIзар дарехь чIогIа ма ву.
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
Ахь āла цатешначаьрга: "Эшор а ду шу‚ жоьжахатина чу лохкур а ду шу". – Ма вон мотт бу-кх иза.
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
Шуна делил дара-кх вовшашна дуьхь-дуьхьал яхна хиллачу шина тобанехь: цхьа тоба тIом беш Делан новкъахь‚ важа – цатешаш ерг. Царна уьш гуора шайл шозза алсам бIаьргаца . Дала чIагIво Шен гIоьнца Шена луург. Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу бIаьрсадолчарна.
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
Нахана хазбина безам зударшка а‚ кIенташка а‚ тIеттIа гулдинчу дешига а‚ детига а‚ васт долчу говрашка а‚ даьхнига а‚ ялтига а – иза дуьненан дахаран бахам бу‚ ткъа Далла гергахь ма ю хаза дIавоьрзийла .
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Ахь āла: "Ас дийций шуна цул диканиг?" /Делах/ кхоьруш болчарна шайн Кхиош-Кхобучунна гергахь бошмаш ю‚ бухахула хиш а оьхуш‚ гутаренна а цу чохь хир бу уьш‚ цIена зударий а бу‚ Делера реза хилар а ду. И Дела гуш ма ву Шен леш‚
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
Шаьш олуш болу: "Тхан Кхиош-Кхобург! Оха, баккъалла а, ийман диллина‚ Ахь гечделахь тхан къинош‚ Ахь хьалхадахалахь тхо цIеран Iазапах"‚ –
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
Шаьш собаре болуш‚ бакъдерг дуьйцуш‚ Далла муьтIахь болуш‚ /дикчу аг1ор/ харжаш еш‚ гечдар доьхуш сатасале.
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
Дала тешалла дина цхьа а дела цахиларна‚ И Ша бен‚ маликаша а‚ Iилма долчу наха а дина /тешалла/‚ нийсонна тIехIоьттина воллуш ву Иза‚ кхин дела вац И бен‚ Ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву Иза.
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
Баккъалла а, дин Далла гергахь ислам ду. Шайга жайна делларш бекъа ца белира шайга Iилма деъначул тIаьхьа бен вовшашна юккъехь хьагI кхоллаяларца. Делан аяташ харцдеш милла велахь - Дела ма ву хьесап дарехь сиханиг.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
Цара хьайца къийсахь‚ ахь āла: "Ас муьтIахь йина сайн юьхь Далла‚ суна тIаьхьахIоьттинчо а йина". Ахь āла шайга жайна деллачаьрга а‚ бодане болчаьрга а: "Шу хиллий муьтIахь ?" Уьш муьтIахь белахь‚ тIаккха уьш нийсачу новкъахь бу‚ уьш дIаберзахь – хьуна тIехь дIакхачор бен дац. И Дела ма ву Шен леш гуш верг.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
Баккъалла а, Делан аяташ харцдеш берш‚ цхьа а бакъо йоцуш пайхамарш бойуш берш, нāхах шайга нийсо е олурш бойуш берш – царна ахь кхерам тасалахь лазош долчу Iазапца.
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
Уьш ма бу шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а - царна гIоьнчий /хир/ ма бац!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
Хьуна ца гина и шайга Жайнин цхьа дāкъа делларш – уьш Делан Жайне кхайкхича вовшашна юккъехь хьукам дан‚ царах цхьа тоба дIайоьрзу‚ дуьхьал а хуьлуш.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
Иза ду цара олу дела: "/Жоьжахатин/цIаро схьалоцур дац тхо цхьа масийтта денна бен". Шаьш шайн динехь харц кхуллуш долчо чIогIа тилийна уьш.
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
Муха хир ду Оха уьш гулбинчу хенахь шегахь шеко йоцчу /къемат/ денна‚ массо а синна ша карадиначуьнца бекхам бича‚ шайна цхьа а зулам а дийр доцуш?
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
Ахь āла: "ХIай Дела‚ паччахьалла Хьайн дōлахь долуш волу‚ Хьайна луучунна ло-кх Ахь паччахьалла‚ Хьайна луучуьнгара схьадоккху Ахь паччахьалла‚ Хьайна луург вазво Ахь‚ Хьайна луург сийсазво. Хьан карахь ду-кх диканаш. Баккъалла а, Хьо ма ву массо а хIуманна т1ехь ницкъ берг.
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
Буьйса денна чу йохуьйту Ахь‚ де буьйсанна чу дохуьйту Ахь‚ веллачух дийнаверг схьавоккху Ахь‚ дийнаволчух велларг схьавоккху Ахь‚ рицкъ ло Ахь Хьайна луучунна цхьа а хьесап доцуш".
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
Муъманаха ма лоьцийла цатешарш г1оьнчий /кхечу/ муъма нахана дуьхьал. И динарг вац Делера /цхьанна а/ хIуманна тIехь ‚ шу царах (керстанех) кхеранне а кхоьруш дацахь. (Шайна кхераме делахь – лаца). Дала шу лардо Шеца. Деле ма ду дIадерзар.
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓ
Ахь āла: "Аш хьулдахь а шайн дегнашкахь дерг‚ гучудаккхахь и – Дела и хууш ву. И хууш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг. И Дела массо а хIуманна т1ехь ницкъ кхочуш ма ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
Оцу дийнахь массо а синна шена хьалхахь карор ду ша дина диканиг. Ша динчу вочунна а, шена а юккъехь генара хан (йоккха юкъ) хуьлийла луур дара цунна. Дала лардо шу Шеца. И Дела къинхетаме ву лешца".
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
Ахь āла: "Шу Дела везаш делахь‚ суна тIаьхьахIитта – Далла дезар ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо шун къинош"‚ – и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
Ахь āла: "МуьтIахь хила Далла а‚ элчанна а". Уьш дIаберзахь (ахь шайга кхойкхучуьнгара) - Далла ца беза цатешарш.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
Баккъалла а, Дала хаьржира Āдам а‚ Нухь а‚ ИбрахIиман доьзал а‚ Iимранан доьзал а Iаламел ,
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
Цхьаберш вукхеран зуьррет а долуш‚ и Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву.
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
/Ахь хьахаде цаьрга, х1ай Мухьаммад/ Iимранан зудчо аьллера: "Сан Кхиош-Кхобург‚ ас Хьуна нузар (нигат) дина-кх, сайн кийрахь дерг, массо а хIуманах паргIат а даьккхина , къобалдехьа соьгара. Баккъалла а, Хьо хезаш верг а‚ хууш верг а ву-кх".
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
Ша бер дина яьлча /цо/, элира: "Сан Кхиош-Кхобушверг‚ аса-м йоI йина".- И Дела дика хууш ма ву‚ цо мила йина.- "Боьршаниг ма ца хуьлу стениг санна. Ас цунна цIе тиллина Марьям‚ ас иза а‚ цуьнан зуьррет а Хьоьца лардо, т1улгаш детташ, эккхош долчу шайтIанах".
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖ
Дала т1еийцира цуьнан и хазчу къобалдарца. Хаза а, цIена а кхиира Цо и (Марьям)‚ цуьнан доладар тIедиллира Закарийна. И йолчу михьраба чу ма-велли‚ Закарийна цунна (Марьямна) хьалхахь рицкъ карадора. Цо олура: "Марьям‚ хIара мичахьара ду хьуна?" Цо (Марьяма) олура: "ХIара Делера ду. Баккъалла а, и Дела рицкъ луш ма ву Шена луучунна, хьесап доцуш".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
Цигахь дийхира Закарийс шен Кхиош-Кхобучуьнга. Цо элира: "Сан Кхиош-Кхобушверг‚ лōхьа суна Хьайгара цIена зуьррет‚ баккъалла а‚ Хьо ма ву (Хьайга) дехар хезаш".
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
Цуьнга кхайкхира маликаша‚ и ламазна хIоьттина михьраба чохь а волуш: "Дала кхаъ боккху хьоьга Яхьъяца (и ц1е йолу к1ант валарца)‚ ша Делан Дош бакъдеш, ша эла а, ша вочух ларлуш волу къонах а ‚ ша дикачарех пайхамар а хир волчу".
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
Цо элира: "Сан Кхиош-Кхобушверг‚ мичара хир ву суна кIант? Со воккха а ма хилла‚ сан зуда а ма ю бер ца хуьлуш". Цо (Дала) элира: "Иштта Дала до Шена луург".
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
Цо (Закарийс) элира: "Сан Кхиош-Кхобушверг‚ цхьа делил хилийтахь суна". /Дала/ элира: "Хьан делил ду хьо нахе кхаа дийнахь вист цахилар ишарца бен‚ хьан Кхиош-Кхобушверг хьехаве дуккха а‚ хаставе И сарахь а‚ Iуьйранна а".
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
Маликаша аьллера: "ХIай Марьям‚ баккъалла а, Дала хаьржина хьо‚ Цо цIанйина хьо‚ Цо хьо хаьржина (массо а) Iаламийн зударел (хьан кийрара, боьрша стаг хьакхавелла а воцуш, к1ант дуьнен чу вер волуш).
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
ХIай Марьям‚ муьтIахь хила хьайн Кхиош-Кхобучунна‚ сужуд а де‚ гор а х1отта горх1уьттучаьрца ".
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
Иза ду хьуламан хабарех, шаьш хьуна хоуьйтуш долчу. Хьо вацара уьш болчохь‚ цара шайн къоламаш кхуьссуш‚ муьлхачо дола дийр ду Марьяман‚ хьо вацара уьш болчохь цара къуьйсучу хенахь.
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
Маликаша аьллера: "ХIай Марьям‚ баккъалла а, Дала кхаъ боккхуш бу хьуна Шегара Дашца - шен цIе Хьаьхнарг ‚ Марьяман кIант Iийса а йолуш (доьзалхочуьнца)‚ ша дуьненахь а‚ эхартахь а сий долуш хинволчу‚ ша /Далла/ гергарчарех хинволчу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘ
Нахаца хабар дуьйцур ду цо агана чохь а‚ воккха хилча а, дикачарех хир ву иза".
ﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
Цо )Марьяма( элира: "Сан Кхиош-Кхобург, мичара хир ву сан доьзалхо‚ сох /цхьа а/ адам хьакха- делла а ца хилча?" Элира /маликаша/: "Иштта Дала кхуллу Шена луург. Шена цхьа гIуллакх т1ехь сацам хилча‚ Цо ōлу цуьнга: "Хила!" – И хуьлу".
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
Цо 1амор ду цунна )Iийсана( йоза а‚ хьекъалалла а, Таврат а‚ Инжил а.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
Элча (вийр ву Дала цунах) Исраилан кIенташка", /ша олуш:/ "Со веана шуьга шун Кхиош-Кхобучуьнгара делилаца‚ ас кхуллу шуна поппарх хьозан суьртехь хIума, х1уп олу цу чу – хуьлу хьоза Делан пурбанца‚ ас тавийр ву бIаьрса доцург‚ бурс цамгар ерг а‚ белларш а денбийр бу Делан пурбанца‚ ас дуьйцур ду шуна аш юучух а‚ аш шайн цIеношкахь Iалашдеш долчух а лаьцна. Баккъалла а, цу чохь делил ду шуна ‚ шу муъманах делахь.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
Бакъдан /веана со/ сол хьалха хилла Таврат‚ хьанал дан шуна /Таврата чохь/ хьарам хилла долчех цхьадерш ‚ – со веана шуьга шун Кхиош-Кхобучуьнгара делилашца – Делах кхера‚ суна муьтIахь хила.
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Баккъалла а, и Дела сан Кхиош-Кхобург а ву‚ шун Кхиош-Кхобург а ву‚ Цунна Iибадат дейша – и бу нийса некъ", /Iийсас эр ду и дешнаш/.
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
Iийсас шена цаьргара цатешар хааделча‚ элира: "Муьлш бу сан гIоьнчий Делехьа?" Хьаварийша элира: "Тхо ду Делан гIоьнчий‚ Делах тешна тхо‚ ахь тешалла де тхо муьтIахь дерш (бусалбанаш) ду‚ алий.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
Тхан Кхиош-Кхобург! Тхо тешна-кх Ахь доссийначух‚ тхо тIаьхьахIиттина элчанна – Ахь дIаязде тхо тешалла динчаьрца".
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
/Цатешачара/ мекарло йира ‚ /церан мекарлонна дуьхьал/ Дала а йира мекарло. /Мекарлона дуьхьал/ Дела мекарло дика еш ву.
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
Дала аьллера: "ХIай Iийса‚ Ас хьо д1акхалхо ‚ Сайна герга хьалавоккху (сица а, дег1аца а)‚ цIанво хьо цатешачарех (хьо пайхамар хиларх). Со латто воллу хьуна тIаьхьахIиттинарш цатешачарна тIехь къематде даллалц. ТIаккха Суна тIе хир ду шун д1адерзар. Ас кхел йийр ю шуна юкъахь‚ аш хилпало еш хиллачунна тIехь.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
Ткъа цатешнарш – Ас царна Iазап дийр ду чIогIачу Iазапца дуьненахь а‚ эхартахь а – ма хир бац-кх царна гIоьнчий".
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
Амма ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а - царна шайн кхоччуш ял дIалур ю Цо. Далла ца беза зуламхой.
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
И ду Оха хьуна доьшуш дерг аятех а‚ хьекъале хьехамах а.
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Баккъалла а‚ Iийсан масал Далла гергахь Āдаман масалх тера ду: Цо и кхоьллира лаьттах‚ тIаккха элира цуьнга "Хила!" – и хилира.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
Бакъдерг ду и хьан Кхиош-Кхобучуьнгара – хьо ма хилалахь шеко ечарах.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
Хьайга хаам беъначул тIаьхьа цунах лаьцна хьайца къуьйсуш болчаьрга āла: "Дуьло‚ кхойкху вай тхан кIенташка а‚ шун кIенташка а‚ тхан зударшка а‚ шун зударшка а‚ тхоьга тхайга а‚ шуьга шайга а‚ тIаккха доIанаш дер вай‚ Делан неIалт аьр вай харцлуьйчарна".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
Баккъалла а, хIара ду бакъдолу хабар. Вац цхьа а дела‚ ша АллахI (цIе йолу и цхьа Дела) а бен. Баккъалла а, и Дела ша веза верг а‚ ша хьекъале верг а ву.
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
Уьш дIаберзахь (ахь дуьйцург къобал ца деш) – и Дела хууш (гуш) ву боьханиг лелош берш.
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
Ахь āла: "ХIай жайнин охIла‚ дуьйла тхуна юкъахь а‚ шуна юкъахь а цхьаъ долчу дашна тIе: "Iибадат дийр дац вай цхьана Далла бен‚ Цуьнца накъост лоцур вац вай цхьана а хIуманца‚ и Дела а витина, вайх цхьаболчара вукхарах делий лоьцур бац". Уьш дIаберзахь, аш āла: "Аш тешалла де тхо /Далла/ муьтIахь дерш хиларна".
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
ХIай жайнин охIла‚ аш хIунда къуьйсу ИбрахIиман хьокъехь? Таврат а‚ Инжил а ма ца доссийна цул тIаьхьа а бен - аш ойла ца йо?
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
ХIай шу, ма ду къийсамехь хилларш шайгахь Iилма долчохь а /Мусан а, Iийсан а гIуллакхашкахь/. ХIунда къуьйсу аш шайгахь Iилма доцучух муххале а? И Дела хууш ву‚ шу ца хууш ду.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
Ца хилла ИбрахIим жуьгти а ‚ насари а – и хилла цIена тешаш верг а ‚ муьтIахь верг а ‚ и ца хилла мушрикех а.
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
Баккъалла а‚ ИбрахIимца там болу нах бу – цунна тIаьхьахIиттина хилла берш а‚ хIара пайхамар а ‚ тешаш берш а. И Дела ма ву тешаш болчеран вали (доттаг1).
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
Лиира жайнин охIланах цхьана тобанна шу тило (нийсачу некъах)‚ тилор-м дац цара шаьш бен - ам царна и ца хаало-кх.
ﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
ХIай жайнин охIла‚ аш хIунда харцдо Делан аяташ‚ шайна хуушехь /уьш бакъ дуйла/?
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
ХIай жайнин охIла‚ хIунда вовшахъэдо аш бакъдерг харцдолчуьнца‚ бакъдерг хьулдеш ду шу, шайна хуъушехь.
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
Жайнин охIланан цхьана тобано (жуьгтийн динехь хиллачара вовшашка) элира: "Шу теша тешначаьрга доссийна долчух дийнан юьххьехь‚ харцде цуьнан /дийнан/ чакхенгахь /диссинарш/‚ уьш /бусалбанаш/ дIаберза тарло /шайн динах/.
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
Шу ма тешалаш шайн динна тIаьхьахIуттуш волчух бен ". Ахь āла: "Нийса некъ бу Делан нийса некъ " – "Шуьга деллачух тераниг кхечуьнга дала /там бац Дала/‚ я шуьца къуьйсу цара шун Кхиош-Кхобучун гергахь ?" Āла: "Баккъалла а, дозалла Делан карахь ду‚ И луш ву и Шена луучунна". И Дела Шегахь шортта /доллу х1ума/ долуш а ву‚ хууш а ву.
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
Шен къинхетамца къаставо Цо Шена луург‚ и Дела Шен сийлахь-доккха дозалла долуш ву!
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
Жайнин охIланах ву ахь шена цхьа къинтIар делча‚ шех тешна‚ иза хьоьга юхадерзош верг‚ царах ву ахь шех тешна‚ шега цхьа динар делча а‚ иза хьоьга юха ца дерзош верг а‚ хьо шена тIехIоьттина лаьттича бен. Иза ду цара олу дела: "Тхуна бодане нахалахь некъ бац". Далла т1ехь харцдерг олу цара, шайна хуъушехь.
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
ХIаъ‚ ша делла дош кхочушдинарг а, ша /Делах/ кхийринарг а (шех бина тешамна ямарт цахилларг а – уьш бу нийсачу новкъахь) – баккъалла а, цу Далла ма беза /Шех/ кхоьруш берш.
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
Баккъалла а, Делан ваIданах а‚ шайн дуйнех а кIеззиг мах эцнарш (дуьненан бахам бахьанехь уьш дохадеш)‚ эхартахь дāкъа ма дац царна‚ Дела цаьрга вистхир ма вац‚ цаьрга хьожур ма вац Иза къематдийнахь‚ цIанбийр ма бац Цо уьш‚ царна лазош долу Iазап а ма ду.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮ
Баккъалла а, царах ма ю цхьа тоба шайн меттанашца хуьйцуш /Делан/ жайна‚ иза шуна /Делан/ жайнах ду моттийта. Ма дац и /Делан/ жайнах. Цара олу: "И Делера ду", ма дац и Делера. Уьш олуш бу-кх Далла т1ехь харцдерг‚ шайна хуъушехь.
ﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Адамна там бац Дала шега жайна а‚ хьукам а‚ пайхамаралла а делча‚ āла нахе: "Шу хила сан леш‚ Дела а витий". Мухха делахь а‚ там бу цара āла: "Шу хила шаьш жайна /нахана/ Iамош хиларца‚ шаьш иза /шайна/ 1амадеш хиларца кIорггера Iеламнах".
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
Цо шуьга омра дан там бац маликех а‚ пайхамарех а деланаш леца‚ аьлла. Ткъа цо шуьга омра дийр ду, ма теша, аьлла‚ шу муьтIахь хиллачул тIаьхьа?
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
Дала барт бира пайхамаршца: "ХIара Ас шуьга делларг ду жайнах а‚ хьекъалаллах а. ТIаккха вогIур ву шуьга элча‚ шуьгахь дерг бакъдеш волу. Шу билггала тешар ду цунах‚ аш цунна гIо а дийр ду". /Дала/ элира: "Аш чIагIдирий‚ ийцирий аш цунна тIехь Сан ваIда?" Цара элира: "ЧIагIдина оха". Элира /Дала/: "Тешалла де‚ Со а ву шуьца тешалла деш болчарех".
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨ
Цул тIаьхьа юхабевлларш – уьш ма бу песакъаш .
ﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Ткъа Делан дин /Ислам/ дуьтий, кхин дин лоьху цара (жайнин ох1лано)? Цунна (Далла) муьтIахь ма ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг, шена лууш а‚ ца лууш а‚ Цуьнга уьш дIаберзор болуш а ма бу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮ
Ахь āла: "Тешна ду тхо Делах а‚ тхоьга доссийнчух а‚ ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а‚ Исхьакъе а‚ Я1къубе а‚ цуьнан берашка доссийначух а‚ Мусага а‚ Iийсага а, /кхечу/ пайхамаршка а шайн Кхиош-Кхобучуьнгара деллачух а. Царах цхьа а къаста ца во оха‚ тхо Цунна (Далла) муьтIахь ду".
ﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Ислам доцург /кхин/ дин дезаш верг – къобалдийр дац иза цуьнгара‚ эхартахь иза эшначарех ма ву.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
Муха нисдийр ду Дала шаьш ийман диллинчул тIаьхьа а, /Мухьаммад/ элча бакъхиларан тешаллаш гинчул т1аьхьа а, шайга билгалонаш еъначул т1аьхьа а керстаналла дина долу къам? Цу Дала нис ма ца до зуламе къам.
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
Уьш бу шайна бекхам Делан а‚ маликийн а‚ массо а нехан а неIалт дерш.
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
Гуттар лаьттар болуш бу уьш цу /не1алта/ чохь. Ойур дац царна тIера Iазап‚ тIаьхьа а тоттур бац уьш‚ –
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Цул тIаьхьа тōба динарш а, тIаккха дика Iамалш йинарш а бен. Баккъалла а‚ и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ма ву.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
Баккъалла а, шаьш ийман диллинчул тIаьхьа ца тешаш хилларш‚ тIаккха цатешарца совбуьйлуш берш – церан тōба къобалдийр ма дац. Уьш ма бу тилбелларш.
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
Баккъалла а, /Мухьаммад элча хиларна/ инкарло йинарш‚ /т1аккха оцу/керстаналлина т1ехь белларш – царах цхьаьнгара а д1аоьцур ма дац латта дуьззина деши‚ нагахь санна цара делча а. Царна лазош долу Iазап ма ду. Ма бац царна гIоьнчий.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
Цкъа а мела кхочур бац шуна, аш сагIина луш йолу х1ума шайна езачух елча а бен. Аш сагIина луш йолу хIума – баккъалла а, Дела и хууш ма ву.
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Массо а кхача хьанал хилла Исраилан кIенташна ‚ Исраила шен дегIана ша хьарам бина боцург‚ Таврат доссале хьалха. Ахь āла : "Таврат дохьуш дуьйла‚ деша и, шаьш бакълуьйш делахь".
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Цул тIаьхьа Далла тIехь харцдерг кхоьллинарш – уьш бу зуламхой.
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
Ахь āла: "Бакълийна Дела‚ шу тIаьхьахIитта ИбрахIиман миллатана‚ ша бакъ-цIена тешаш хилла волчу. Ца хилла и /Делаца/ накъост лоьцучарех".
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
Баккъалла а, нахана /1ибадат дан/ хIоттийна хилла долу дуьххьарлера цIа - ду Баккатехь дерг: беркате а‚ нийса некъ а ларалуш массо а Iаламашна.
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
Цу чохь билггала аяташ ду: ИбрахIиман меттиг . Цунна чоьхьа ваьлларг маьрша хилла. Нах Далла декхар бу хьаьжалла дехка‚ шайн некъаца ницкъ кхачахь . Милла а тешаш вацахь – и Дела цхьа а 1алам ца хилча а волу.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
Ахь āла: "ХIай жайнин охIла‚ шу хIунда ца теша Делан аятех‚ и Дела теш ма ву аш деш долчунна тIехь?"
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
Ахь āла: "ХIай жайнин охIла‚ аш хIунда дIатоьтту Делан некъа тIера ийман диллинарг? Шу ду лууш и гамбан‚ шу шаьш ма дуй /цунна тIехь/ тешаш". Ма вац и Дела тергал ца деш аш деш дерг.
ﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐ
ХIай ийман диллинарш‚ шу шайга жайна деллачеран /цхьана/ тобанна муьтIахь хилахь‚ цара д1адерзор ду шу керстаналлина тIе, аш ийман диллинчул тIаьхьа.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
Шу муха хуьлу ца тешаш – шуна тIехь доьшуш Делан аяташ ма ду‚ шуна юккъехь Цуьнан элча ма ву? Милла велахь а, Делаца чIагIвелларг – нисвелла и нийсачу новкъа.
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
ХIай ийман диллинарш‚ кхера Делах хакъ-бакъ кхерарца‚ шу дала ма лойла Цунна муьтIахь долуш бен.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
ЧIагIло Делан муьшца массо а. Шу декъа ма ло. Дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат: шу ма дара мостагIий – шун дегнаш кIаддийра Цо‚ шух хилира Цуьнан ниIматца вежарий . Шу ма дара цIеран ора йисттехь – Цо шу цунах кIелхьарадехира. Иштта билгалдо Дала шуна Шен аяташ – шу нисдала тарлора.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
Шух хуьлийла уммат‚ ша дикане кхойкхуш‚ диканиг хьоьхуш‚ вочух /нах/ духатухуш. Уьш бу баккхийбийр берш.
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
Шу ма хилалаш шайга билгалонаш еъначул тIаьхьа бекъабеллачарех а‚ шайн барт цахиллачарех а тера. Царна – деза-доккха Iазап ду.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
Оцу /къемат/дийнахь /Далла муьт1ахь хиллачу муъманехан/ яххьаш кIайлур ю‚ /Далла инкарло йинчу керста нехан/ яххьаш Iаржлур ю. Амма шайн яххьаш Iаржъелларш /кхуьссур бу жоьжахати чу‚ цаьрга хоттур ду/: "Ткъа шу ца тийши шайга ийман /ийманан 1аламаташ/ деъначул тIаьхьа а? Iовша Iазап, шаьш ца тешаш хиларна!"
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
Ткъа шайн яххьаш кIайъелларш – Делан къинхетамна чохь (ялсаманехь) хир бу. Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.
ﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
Уьш Делан аяташ ду, Оха дуьйцу хьуна уьш бакъдолчуьнца. И Дела ма вац зулам лууш Iаламна (ша кхоьллинчу цхьанна хIуманна).
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
Делан долахь ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Деле дIадоьрзу гIуллакхаш.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
Шу хилла нахана юкъадаьллачех уггар дика уммат: диканиг хьоьхуш‚ вочух /нах/ духатухуш‚ Делах тешаш. Жайнин охIла тешна хиллехьара‚ царна дика хир дара. Царах тешарш а бу‚ царах дукхахберш песакъаш ма бу.
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
Цара шуна данне а зен дийр дац‚ цатам бахь бен. Шух латахь а – шайн баккъаш берзор бу цара шуна (эшна бухабевр бу уьш)‚ тIаккха царна гIо дийр дац.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
Царна тIекхоьссина сийсазалла‚ уьш миччахьа хиллехь а‚ Делера ва1дийца а ‚ нахера ва1дийца а уьш бацахь. Делера оьгIазаллина тIекхиира уьш‚ тIекхоьссира царна мискалалла . Иза – уьш хилла хиларна Делан аятех ца тешаш‚ байа хьакъ боцуш‚ пайхамарш бойуш. Иза – цара Iесалла ярна а‚ уьш дозанех бевлла хиларна а ду.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
Цхьатерра бац уьш. Жайнин охIланах ю цхьа /нийса/ хIоьттина йолу тоба: цара Делан аяташ доьшу буьйсанан заманчохь, цара сужуд до /Далла/.
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
Уьш тешаш бу Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а‚ диканиг хьоьхуш бу‚ вочух /нах/ духатухуш бу‚ сихлуш бу уьш дика хIуманаш дан – уьш бу дикачарех.
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Цара дина диканиг – керстадийр дац и царна (къобал ца деш дуьтур дац), и Дела ма ву бевзаш /Шех/ кхоьруш берш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
Баккъалла а, цатешнарш – церан бахамо а, церан доьзалша а царах хIумма а духатухур дац Делера. Уьш бу /жоьжахатин/ цIеран дай, уьш цу чохь даима лаьттар бу.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
Гергарчу /дуьненан/ дахарехь цара (керстанаша) йина харж тера ю шеца чIогIа шело йолчу махах, шайна зулам динчу нехан ялтина хьекхна болчу - цо и хIаллакдина. Дала зулам ца дина царна, мухха делахь а, шаьш зулам деш бу уьш шайна.
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
ХIай ийман диллинарш! Аш ма леца шайн /даггара/ доттагIий, шаьш доцурш. Шун гIуллакхаш дохо жигара хуьлу уьш, шуна халонаш хуьлийла лаьа царна. ОьгIазалла гучуяьлла церан багахула, церан дегнаша хьулдинарг кхин а доккха ду. Аяташ билгалдаьхна Оха шуна, шу хьекъале хиллехь.
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
ХIай шу! Уьш безаш ду шу, царна шу ца деза. Шу теша массо а жайнах. Шуна дуьхьалкхетча‚ цара олу: "Тхо ийман диллина ду ". /Шаьш шух/ дIатилча, шайн пIелгех цергаш юьхку цара оьгIазлонца. Ахь āла: "Са дала шу шайн оьгIазаллица. И Дела хууш ма ву дегнашкахь дерг".
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
Шух диканиг кхетча, цо вон до царна, шуна вон хилча, цунах баккхийбе уьш. Аш собар дахь, шу Делах кхерахь, церан мекарлоно хIумма а зен дийр дац шуна. И Дела цара деш дерг дерриге а чулоцуш ма ву .
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
/Ахь дагадаийта, х1ай Мухьаммад/: хьо 1уьйранна ара ма велира хьайн доьзал болчуьра /т1еман кечамна/ , муъманах тIамна дIанисбеш, ткъа Дела хезаш верг а, хууш верг а ма ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
Шух шина тобанна дагчу еара осалалла (кхерабелла тIамах юхабовла ойла хилира церан), лиира дIасадаржа . И Дела ма ву церан гIоьнча. Далла тIетевжийла муъманах.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
Дала гIо ма дира шуна Бадрехь, шу ледара долуш . Делах кхера‚ шу хила мегара шукур деш.
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
Ахь олура муъманахе: "Шуна тоам ца хуьлу шун Кхиош-Кхобучо шаьш чIагIдича охьадоссийначу кхаа эзар маликаца?"
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
ХIан-хIа! Аш собар дахь‚ шу /Делах/ кхерахь‚ шуна тIе сихонца уьш (мостагIий) летача, шун Кхиош-Кхобучо чIагIдийр ду шу пхеа эзар маликаца‚ Iаламаташ долчу .
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
И ца дина Дала шуна кхаъ хилла бен‚ шун дегнаш ийманца чIагIдархьама а бен. Толам бац ша веза волчу‚ хьукам нийса деш волчу Делан гергара бен.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
/И дина Дала/ ца тешаш болчеран цхьа агIо хадорхьама я уьш сийсазбархьама – дог диллина бухбевр бу уьш.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
/Оцу/ гIуллакхах хIумма дац хьуна: я гечдер Цо царна‚ я Iазап дер – уьш зуламхой бу.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а‚ Шена луучунна гечдо Цо‚ шена луучунна Iазап до. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
ХIай ийман диллинарш! Ма даа риба т1ех алсамдаккхарца. Делах кхера – шу даккхийде тарло.
ﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
Шу кхера цIерах‚ цатешачарна кечйина йолчу.
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
Шу муьтIахь хила Далла а‚ элчанна а - шух къинхетам бан тарло.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
Шу сихло шайн Кхиош-Кхобучуьнгара гечдаре а‚ ялсамане а‚ шен шоралла стигланаш а‚ латта а /санна/ йолчу‚ /Делах/ кхоьруш болчарна ша кечйина йолчу.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
Ишттанаш бу уьш‚ шаьш сагIа доккхуш аьттонехь а‚ халонехь а‚ оьгIазло юхатухуш‚ нахана къинтIерабовлуш. Цу Далла беза дика берш.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
Ишттанаш а бу уьш‚ шаьш цхьа вон къа дича я шаьш шайна зулам дича, Дела дагавогIуш‚ шайн къиношна гечдар доьхуш. Мила ву ткъа гечдийр долуш къиношна ша Дела воцург? Шаьш динчунна (къина) тIе юха ца боьрзу уьш, хаа а хууш.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Уьш бу шайн бекхам шайн Кхиош-Кхобучуьнгара гечдар а‚ бошмаш а берш‚ шайн бухахь хиш оьхуш йолчу‚ царна чохь уьш гуттар а хир болуш. Ма хаза ял ю и Iамал ечарна!
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
Шул хьалха а дIадахна /шуна т1ех1уьттуш дерш санна долу/ хилларш. Шу лела лаьттахула‚ хьовса, муха хилла /дин/ харцдинчеран чаккхе!
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
ХIара хаам бу нахана‚ нийса некъ а бу‚ хьехам а бу /Делах/ кхоьручарна.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
Шу ледара ма довла /гIазот дан/‚ шу сингаттаме ма хила /Ухьудехь эшарна/ – шу лакхахь хир ду /керстанашна тIехь толам баккхарца/, шу /баккъалла а, /муъманах хиллехь.
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
Шуна чов хилча – нахана а хилла чов, цунах терра. И денош Оха хьийзадо нахана юккъехь ‚ Далла бовзархьама (нахана гучубохуш) ийман диллинарш‚ шун юккъера гIазотан ял ерш хилийтархьама а. Цу Далла ца беза зуламхой.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
Дала /къинойх/ цIанбархьама ийман диллинарш, хIаллакбархьама цатешарш.
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
Шуна моьттира шаьш ялсамане гIур ду Далла бовзале шух къахьегнарш а, Цунна бовзале собар динарш а?
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
Шу ма дарий дала лууш /гIазотехь/ цунна (г1азотана) дуьхьалкхетале хьалха‚ и /далар/ гира шуна‚ шу хьоьжуш долуш (ткъа хIинца юхадовлу шу?).
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
И Мухьаммад ма вац элча бен. ДIабахана цул хьалха а элчанаш. Иза велча я вийча – шаьш хиллачу /цатешаре/ юхадоьрзур ду шу? Юхавирзинарг милла велахь а‚ цхьана а хIуманца Далла зен ца до цо. ТIаккха мēла лур бу Дала баркалле болчарна.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
Ца хилла синна далар Делан лаамца бен‚ шен йозанца тоьхна хан йолуш бен. Милла велахь а дуьненан ял езаш – Оха ло цунна цунах‚ милла велахь а эхартан ял езаш – Оха ло цунна цунах. ТIаккха мела лур бу Оха баркалле болчарна.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
Мел дукха пайхамаршца цхьаьна тIемаш бина /Делан новкъахь/ ч1ог1а Далла тешаме хиллачу муъманаха. Халчу ца даьккхира цара шайна Делан новкъахь хилла долу цатаме дерг‚ ледара ца бевлира уьш‚ к1ел ца бисира /мостагIчунна/. Цу Далла беза собаре берш
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Церан дош ца хилла деккъа алар бен: "Тхан Кхиош-Кхобург‚тхуна гечделахь тхан къинош‚ тхан гIуллакхехь /тхоьгара яьлла/ тхан тIаламазалла а, чIагIбелахь тхан когаш ‚ толам лолахь тхуна ца тешаш долчу къомана тIехь" /тхоьца къийсамехь долчу къомана т1ехь/ .
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
Дала елла царна дуьненан ял‚ ткъа ма хаза ю эхартан ял. Цу Далла беза диканиг деш берш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
ХIай ийман диллинарш! Цатешачарна шу муьтIахь хилахь‚ цара шу юхадерзор ду /шайн дине/ – тIаккха шу дIадоьрзур ду /ийманах/ эшна.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
ХIаъ! Дела ву шун гIодоккхург. И ву г1одоккхучарах уггаре а диканиг.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Оха кхуьссур ма бу цатешачеран дегнашка кхерам‚ цара шайга йоссийна /цхьа а/ бакъо йоцуш, Делаца накъост лацарна. Церан хIусам – /жоьжахатин/ цIе ма ю. Ма вон ю-кх зуламхойн чугIойла!
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
Дала бакъйина шуна Шен ваIда ‚ аш и /цатешарш/ бойуш Цуьнан пурбанца‚ шу ледара довллалц‚ гIуллакхехь вовшашца къийссалц‚ шу Iеса хиллалц‚ шуна дезаш хилларг (толам) Цо шуьга гайтинчул тIаьхьа. Шух дуьне дезаш верг а ву‚ шух эхарт дезаш верг а ву. ТIаккха шу дIатеттира Цо царах ‚ шу зерхьама. Шуна къинтIеравелира Иза. И Дела Шен комаьршалла йолуш ма ву муъманахана т1ехь.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
Шу хьала девдира цхьаьнге а юха ца хьовсуш‚ кхечарна юккъехь элча шуьга кхойкхуш волуш. Сингаттамна т1е а сингаттам белира Цо шуна‚ шу г1айг1ане ца хилийтархьама шайна ца хиллачунна (хIонсана) а, шуна /нах байарца а, эшарца а/ хиллачу бохамна а. И Дела сов дика хууш ву аш дийриг.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
ТIаккха Цо йоссийра шуна гIайгIанал тIаьхьа паргIато – наб озор . Шух цхьа /иймана т1ехь ч1аг1ъелла/ тоба хьулйира цо. Вукху /мунепикъийн/ тобанан синтем байира шайн синоша : царна хетара Делах лаьцна бакъдоцург‚ жехIал замананчохь хеташ хилларг /хетара царна/. Цара олура: "Оцу гIуллакха т1ехь хIумма а дуй вайна?" Ахь āла: "ГIуллакх дерриг Делан ду". Хьулдеш бу уьш шайгахь хьуна шаьш гучу ца доккхург . Олу цара /шайга/: "Тхуна хиллехь гIуллакхах /цхьа/ хIума‚ кхузахь дойур дацара тхо". Ахь āла: "Шу 1ийна хиллехьара шайн цIенош чохь‚ /шух/ бийшина Iохккучарна /церан Дāла тоьхна 1ожалла т1екхаьчнехь/ тIебогIур бара шайна тIом бар яздина берш, Дāла зерхьама шун кийрахь дерг‚ /къинойх/ цIандархьама шун дегнашкахь дерг . И Дела хууш ма ву кийрахь дерг”.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
Баккъалла а, шух /Ухьудехь тIамах/ юхабевлларш /бусалбанийн а керстанийн а/ ши тоба дуьхьалкхеттачу дийнахь‚ – шайтIано тилийна уьш цхьадолчу цара динчу /вон/ хIуманца. Дела къинтIеравелира царна. Дела ша гечдеш а‚ /Шена 1еса хиллачунна та1зар дан сих ца луш/ собаре а ву.
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
ХIай ийман диллинарш! Шу ма хила цатешачаьрга тера, шаьш олуш хилла болчу шайн вежаршка, уьш йохк-эцарна я гIазотана арабевлча: "Тхуна гергахь лаьттинехь лийр а бацара‚ бойур а бацара уьш". Цунах Дала церан дегнашкахь боккха сингаттам бийр бу. И Дела денбеш а ву‚ болуьйтуш а ву. И Дела аш дийриг гуш ма ву.
ﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓ
Шу дайахь Делан новкъахь, я /цигахь кхечу бахьаница/ лахь – Делера гечдар а ‚ къинхетам а беза хир бу цара гулдеш долчул /дуьненан бахамал/.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘ
Шу лахь а‚ я дайахь а – Далла тIе гулдийр долуш ду шу.
ﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Делера къинхетамца хилира хьо /х1ай Мухьаммад/ цаьрца кIеда. Хьо кIоршаме‚ дог дера хиллехьара‚ хьуна гонахьара дIасабаьржира бара уьш /хьан накъостий/. КъинтIеравала царна‚ гечдар а деха царна, дагавала царах гIуллакхехь. Ахь айхьа сацам бича, Далла тIетовжа. Далла беза /Шена/ тIетевжинарш.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
Дала шуна гIо дахь – шуна тIехь толамхо вац. Цо шу гIо ца деш дитахь – мила ву Цул тIаьхьа шуна гIо дийр дерг? Далла тIетовжийла муъманах!
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
Ца хилла пайхамар хIонс къайлайоккхур йолуш . И къайлаяьккхинарг ша къайлаяьккхинчуьнца вогIур ву къематдийнахь. ТIаккха хIор синна шена карадеъначуьнца бекхам бийр бу – царна зулам дийр дац.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘ
Дела резахиларна тIаьхьахIваьзнарг тера вуй техьа Делан оьгIазаллина к1елнисвеллачух, шен д1аверзар жоьжахати хир йолчу?! Ма ирча ю и кхочу йолу меттиг!
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
Уьш тайп-тайпана бу Далла гергахь /ялсамане гIур берш а, жоьжахате гIур берш а/. И Дела гуш ву цара деш дерг.
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
Дала боккха къинхетам ма би муъманахах царалахь шайна юккъера элча а вахийтина‚ цо царна Цуьнан аяташ дуьйцуш‚ уьш цIанбеш‚ жайна а‚ хьекъалалла а царна Iама а деш, хьалха уьш билггалчу тиларчохь хиллехь а.
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓ
Я шайна эшам хилча , аш а ма бира эшам /Бадрехь мостагIчунна/ шозза алссам, аш элира: "ХIара мичара ду?" Ахь āла: "Иза шуьгара шайгара ду ". Баккъалла а‚ Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
Ши тоба дуьхь-дуьхьал кхеттачу дийнахь шуна хилла болу эшам Делан лаамца бу‚ цу Далла /Шех/ тешна хилларш /нахана гучубохуш/ бовзархьама.
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
Цунна бовзархьама шалхолелораш а‚ шайга аьлча: "Схьадуьйла‚ тIом бе Делан новкъахь‚ я дIалелхабе /мостагIий/"‚ аьлларш: "Тхуна тIом бан хууш хиллехьара‚ тхо шуна тIаьхьахIуьттур дара". Уьш цатешарна герга бара оцу дийнахь ийманна /герга/ хиллачул‚ меттанашца дуьйцуш шайн дегнашкахь доцург. И Дела дика хууш ву цара хьулдеш дерг.
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
Уьш бу шаьш /гIазоте ца боьлхуш/, чохь хевшина а 1ийна шайн вежарех лаьцна аьлла хилларш: "Оха бохург динехьара‚ бойур бацара уьш". Ахь āла: "Духатоха шайх далар (Iожалла)‚ шу бакълуьйш хиллехь".
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
Ахь ларране а ма ларалахь Делан новкъахь белларш белла. Дийна бу уьш – шайн Кхиош-Кхобучун гергахь /Цо шайна/ рицкъ а луш.
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Дала Шен комаьршаллах шайна деллачуьнца баккхийбеш бу уьш‚ шайх ца кхуьуш /г1азотехь ца леш/ тIаьхьа бисинчарна кхаъ боьхуш бу уьш царна кхерам ца хилийта /эхартахь/ а‚ уьш сингаттаме ца хилийта а /дуьненахь бухадуьсучух/.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
Кхаъ боьхуш бу уьш Делера ниIматца а‚ комаьршаллица а‚ Дала цаяйъаре муъманехан ял /дог дохуш бу уьш/.
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
Уьш бу Далла а‚ элчанна а жоп делларш ‚ шайна чов хиллачул тIаьхьа. Царах диканиг диначарна а, /Делах/ кхийринчарна а сийлахь-йоккха ял ю.
ﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
Ишттанаш бу уьш, шайга наха аьлла: "Нах бу шуна го биллина‚ царах кхера". Цо уьш алсамбехира ийманца. Цара элира: "Тхан кхачо ю – Дела‚ дика векал а ву И".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
Делера ниIматца а‚ дозаллица а юхабирзира уьш‚ зено ца лецира уьш‚ Дела реза хиларна тIаьхьахIиттира уьш. И Дела Шегахь сийлахь-доккха дозалла долуш ву.
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
И шайтIа дара шен доттагIашка /керстанашка/ шуна кхерам туьссуьйтуш‚ ма кхера царах‚ Сох кхера‚ шаьш тешаш хиллехь.
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
Хьо сингаттаме ма войла цатешарехь сихбеллачара. Цара данне а цхьана а хIуманца зен дийр дац Далла. Дела лууш ву царна /ялсаманин/ дāкъа ца дан эхартахь. Царна деза доккха Iазап хир ду.
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Ийман а доьхкина, цатешар эцначара данне а /цхьана а/ хIуманца зен дийр дац Далла. Царна лазош долу Iазап хир ду.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
Цатешачарна ма моьттийла Оха шаьш латтор шайна диканна ду, Оха уьш латтош бу къиношца алсамбовлийтар- хьама. Царна сийсаза долу Iазап хир ду.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
Ца хилира и Дела муъманах буьтуш шу долчу хьолехь /тешамениг а, мунепикъ а иэвелла/‚ боьханиг цIенчух къаста ца веш . Ца хилира и Дела шу кхиадеш къайленна тIе‚ мухха делахь а, Дала хоржу элчанех Шена луъург. Тешалаш Делах а‚ Цуьнан элчанех а. Шу тешахь а‚ шу /Делах/ кхерахь а – шуна сийлахь-йоккха ял ю.
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕ
Дала Шен комаьршаллех /шайна/ деллачунна тIехь писалла лелочарна ма моьттийла и шайна дика ду. И мелхо а царна вон ду, къематдийнахь и цара кхоийнарг церан логах хьарчор ю. Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а ирс. И Дела аш дийриг дика хууш ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
Далла хезира олучара аьлла долу дош: "Дела пекъар ву‚ тхо хьоле ду". Оха дIаяздийр ду цара аьлларг а‚ цара, хьакъ доцуш, пайхамарш байар а. Оха эр ду: "Iовша жоьжахатин Iазап" .
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
Шун куьйгаша кечдинарг бахьанехь ду иза /Iазап/. И Дела зулам деш ма вац лешна.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
Ишттанаш а бу уьш, шаьш аьлла: "Дала барт бина тхоьца‚ тхо элчанах тешар дац аьлла, цо саг1а даийтталц, ша дууш цIаро". Ахь āла: "Шуьга баьхкира сол хьалха билгалонашца элчанаш‚ аш аьлла долчуьнца а – уьш хIунда байира аш‚ шаьш бакълуьйш делахь?"
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
Хьуо цара харцвича /и тидаме ма эца/‚ хьол хьалха а элчанаш харцбина. Билгалонашца баьхкина бара уьш: зубуршца а‚ нуьре долчу жайница а.
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
Массо а сино (массо а адамо, джино, малико, дийнато) Iовшур ма ду далар (1ожалла). Шуна /кхоччуш/ лур ю шун ял къематдийнахь. Т1аккха жоьжахатина, гена а ваьккхина, ялсамане вахийтинарг – и ву толам баьккхинарг. Дуьненан дахар ма дац Iехаваран хIума бен.
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
Шу зуьйр ма ду шун бахамехь а‚ шаьшкахь а , шуна хезар ма ду шул хьалха шайга жайна деллачаьргара а‚ мушрикашкара халахетарш. Аш собар дахь‚ шу /Делах/ кхерахь – баккъалла а, и ду-кх чIогIачу гIуллакхех.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
Дала барт бира жайна деллачаьрца: аш билгалдоккхур ду нахана ‚ аш хьулдийр дац и аьлла. И дIатесира цара шайна тIехьа‚ цунах кIеззиг мах ийцира цара. Ма вон хIума ю-кх цара оьцург!
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
Хьуна ма мотталахь и шаьш деъначуьнца (динчуьнца - Делан некъах нах д1атилош) баккхийбеш берш‚ шаьш дина доцучуьнца наха шаьш хесто лууш берш‚ хьуна ма мотталахь уьш Iазапах кIелхьарабевр бу‚ - царна лазош долу Iазап ду.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла ‚ и Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
Баккъалла а, стигланаш а‚ латта а кхолларехь‚ буьйса-де хийцадаларехь билгалонаш ма ю хьекъал долчарна.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
Ишттанаш бу уьш шаьш Дела хьехавеш дIахIиттина а‚ охьхевшина а‚ шайн агIонашна тIехь а‚ ойла еш бу уьш стигланаш а‚ латта а кхолларан (олуш): "Тхан Кхиош-Кхобург‚ Ахь кхоьллина ма дац хIара эрна‚ Хьо хаставо оха‚ ларделахь тхо /жоьжахатин/ цIеран Iазапах.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘ
Тхан Кхиош-Кхобург‚ баккъалла а, Ахь цIерга воьллинарг, Ахь сийсазвинарг ву-кх иза. Зуламхошна ма бац гIоьнчий.
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Тхан Кхиош-Кхобург‚ тхуна хезира цхьа кхойкхуш верг , ша /нах/ иймане кхойкхуш: ийман дилла шайн Кхиош-Кхобучуьнга, бохуш‚ тIаккха Оха ийман диллира. Тхан Кхиош-Кхобург‚ Ахь гечделахь тхуна тхан къиношна‚ цIанделахь тхо тхан вочу Iамалех‚ тхо далийталахь дикачаьрца.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Тхан Кхиош-Кхобург‚ Ахь тхуна даийталахь Айхьа хьайн элчанашка доуьйтур ду аьлларг‚ сийсаза ма делахь тхо къематдийнахь‚ баккъалла а, Ахь ца йохайо – кх ваIда."
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Жоп делира царна шаьш Кхиош-Кхобучо: "Ас эшор ма яц йинчун Iамал‚ и стаг велахь а, я зуда елахь а‚ – шу вовшех ду. ДIакхелхинарш ‚ шайн цIеношкара арабаьхнарш‚ Сан новкъахь шайна халонаш хилларш‚ шаьш тIом бинарш‚ шаьш тIам тIехь белларш – цIанбийр бу Ас уьш шайн вочу Iамалех‚ бухахула хиш лелаш долчу бошмашка бохуьйтур бу Ас уьш, – мēла бу и Делера. И Дела Шегахь хаза мēла болуш ма ву".
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
Хьо Iеха ма войла и цатешнарш махкахь дIай-схьай леларо.
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
КIеззиг хIума ду иза. ТIаккха уьш чуг1он болу меттиг жоьжахати ю. Ма вон товжийла ю иза.
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
Мухха делахь а‚ шайн Кхиош-Кхобучух кхоьруш болчарна бошмаш ю‚ шайн бухахула хиш оьхуш‚ гуттар а хир бу уьш цу чохь, – Делан гергара хьешашна /хаза/ кечдар ду иза. Далла гергахь дерг дика ду дика Iамал йиначарна.
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
Баккъалла а, жайнин охIлех ву Делах тешаш верг‚ шуьга доссийначух а‚ шайга доссийначух а тешаш верг‚ Далла муьтIахь а волуш. Делан аяташ ца духку цара кIеззигчу мехах. Царна шайн ял ма ю шайн Кхиош-Кхобучун гергахь. И Дела сиха ма ву хьесап дарехь.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
ХIай ийман диллинарш! Шу собаре хилалаш , шу собарехь яхье довлалаш , чIагIлолаш вовшашца ‚ Делах кхералаш - декъалхила тарло шу.
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







