Сура Аль-Хьаккъа pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Хьаккъа pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Хьаккъа Гочдар. Сура Аль-Хьаккъа (Meccan) 52 Аят.
Related
- Сура Аль-Хьаккъа ГочдарНохчийн
- Сура Аль-Хьаккъа mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Хьаккъа

ﮯﮰ
69:1
Бакъхилла доьжнарг .
ﮱﯓﯔ
69:2
ХIун ду и бакъхилла доьжнарг?
ﯕﯖﯗﯘﯙ
69:3
Стен хаийтина хьоьга /хIай Мухьаммад/‚ хIун ду и бакъхилла доьжнарг?
ﯚﯛﯜﯝﯞ
69:4
Самудаша а‚ Iадаша а харцдира тухуш дерг .
ﯟﯠﯡﯢﯣ
69:5
Амма самудаш а - уьш хIаллакбира /чIогIаллица/ дозанах беллачу мохьаца.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
69:6
Ва амма Iадаш а – ткъа уьш хIаллакбира инзаре нуьцкъалчу т1ех шийлачу мехаца.
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
69:7
Цо /нуьцкъалла/ балийтира и царна ворхI буса а‚ бархI дийнахь а тIеттIа. Хьуна гур бара нах оцу дийнахь /хIаллакбина/ дIасакхиссина‚ даьсса дисна (чохь хара йолу) хурманан диттан гIаддаш санна.
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
69:8
Цхьа а бухадисар гой хьуна царна?
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
69:9
Веара ФирIавн‚ цул хьалха мел верг а‚ муътафикаташ а /баьхкира/, къа деш.
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
69:10
Цара Iесалла йира шаьш Кхиош-Кхобуш волчу Делан элчанна – тIаккха уьш схьалецира т1ех чIогIа долчу схьалацаро.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
69:11
Оха хи дозанах даьлча, дихьира шу лелаш долчуьнца (кеманца).
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
69:12
Иза хилийтархьама шуна хьехам‚ тидаме долчу лерге тидаме эцийтархьама а.
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
69:13
Сур лекхча цхьана лакхарца‚
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
69:14
Латта а дIадаьхьча‚ лаьмнаш а /айдича/‚ царах, аьтта, х1ур бича цхьана атарца -
ﭼﭽﭾﭿ
69:15
Оцу дийнахь дог1ур ду данза ца даьлларг (къематде).
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
69:16
Стигал йедар ю‚ оцу дийнахь хир ю иза ледаръяьлла (ч1аг1о йоцуш),
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
69:17
Маликаш хир ду цуьнан йисташкахула. Хьо Кхиош-Кхобуш волчун Iарш хьур ю оцу дийнахь бархIаммо шайна т1ехула.
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
69:18
Оцу дийнахь шу хIоттор ду /кхиэлна/ хьалха‚ цхьа а хьуллеш хуьлу хIума хьулделла хир дац шух.
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
69:19
Амма шен жайна шега аьтту (бакъахьара) куьйга делларг‚ цо эр ма ду /ч1ог1а хазахетта/: "ХIей‚ схьадуьйла! Деша сан жайна!
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
69:20
Баккъалла а, со моьттуш ма вара /цхьана дийнахь/ сан хьесап суна дуьхьалкхетар дуйла".
ﮨﮩﮪﮫﮬ
69:21
Иза хир ву ша реза волчу дахарехь.
ﮭﮮﮯﮰ
69:22
Лекхачу бешахь.
ﮱﯓﯔ
69:23
Шен стоьмаш гергахь болуш.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
69:24
/Эр ду цаьрга/: "ГIоза даа‚ гIоза мала шайна /дуьненан/ дIадаханчу деношкахь шаьш хьалхадаьккхинарг /бахьанехь/ ".
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨ
69:25
Ва амма шен жайна шега аьрру (харцхьара) куьйга делларг‚ цо эр ма ду: "ЭхI! И сан жайна соьга ма деллехьара!
ﯩﯪﯫﯬﯭ
69:26
И сан /ч1ог1а суна дуьхьал долу/ хьесап хууш ца хиллехьара со.
ﯮﯯﯰﯱ
69:27
Эх1! И сан /дуьненахь/ валар хиллехьара тIаьххьара‚ /со юха ден ца веш/.
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
69:28
Со кIелхьар ца ваьккхи сан бахамо.
ﯸﯹﯺﯻ
69:29
ХIаллакьхили соьгара сан долахь мел хилларг (сан уьйраш а, сан хьал а)".
ﯼﯽﯾ
69:30
/Делан омра догIур ду/: "Схьалаца иза! ДIавехка иза!
ﯿﰀﰁﰂ
69:31
Т1аккха жоьжахати чу д1авига иза.
ﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
69:32
ТIаккха шен яхалла кхузткъе итт дол йолчу зIенах вихкина, д1алалла иза".
ﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑ
69:33
Баккъалла а, иза вацара сийлахь-воккхачу Делах тешаш.
ﰒﰓﰔﰕﰖﰗ
69:34
Мискачунна даа хIума дала /кхечарна/ дагадоуьйтуш вацара иза.
ﰘﰙﰚﰛﰜﰝ
69:35
Вац цунна тахана кхузахь цхьа а доттагI.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖ
69:36
Даа хIума дац, диларш бен.
ﭗﭘﭙﭚﭛ
69:37
Уьш дуур дац, гIалатбевллачара бен.
ﭜﭝﭞﭟﭠ
69:38
ХIан-хIа! Ас дуй боу шуна гуш долчух,
ﭡﭢﭣﭤ
69:39
шуна гуш доцучух а:
ﭥﭦﭧﭨﭩ
69:40
баккъалла а, иза сийлахьчу элчанан дош ма ду (Делера цо дуьйцуш).
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
69:41
ШаIиран дош ма дац иза‚ кIеззиг ду-кх шу тешаш дерг.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
69:42
Бозбуунчин дош а ма дац иза‚ кIеззиг ду-кх аш ойла еш дерг.
ﭻﭼﭽﭾﭿ
69:43
Iаламийн Дегара доьссина ду иза (Къуръан).
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
69:44
Цо Тхох аьллехьара цхьацца (Оха аьлла доцу) дешнаш,
ﮆﮇﮈﮉ
69:45
Оха схьалаьцна хир вара иза аьтту (бакъахьара) куьйга ‚
ﮊﮋﮌﮍﮎ
69:46
ТIаккха хадийна хир бара цуьнан деган пха .
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
69:47
Шух цхьа а хир ма вацара, цунах иза духатухуш.
ﮖﮗﮘﮙ
69:48
Баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу-кх /Делах/ кхоьруш болчарна.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
69:49
Баккъалла а, Тхо хууш ду-кх шух /дин/ харцдеш берш буйла.
ﮠﮡﮢﮣﮤ
69:50
Баккъалла а, иза (Къуръан) г1айг1а ю-кх цатешачарна. (Цуьнга ийман диллинчарна хир долу ниIматаш гина пошме хир бу керстанаш къематдийнахь).
ﮥﮦﮧﮨ
69:51
Баккъалла а, иза хьакъ-бакъдерг ду-кх!
ﮩﮪﮫﮬﮭ
69:52
Сийлахь-воккхачу хьуо кхиош-кхобуш волчу хьан Делан цIе хастае! (Массо а вочу сибатех ц1анве Иза).
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







