Сура Аль-Аъла pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Аъла pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Аъла Гочдар. Сура Аль-Аъла (Meccan) 19 Аят.
Related
- Сура Аль-Аъла ГочдарНохчийн
- Сура Аль-Аъла mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Аъла

ﮟﮠﮡﮢﮣ
87:1
/Массо а Шеца хила там боцчу вочу сибатех/ ц1анъе хьан вунō лекха волчу Кхиош-Кхобучун цIе !
ﮤﮥﮦﮧ
87:2
Ишттаниг ву Иза Ша кхоьллина‚ /массо а хIума шен-шен меттиге/ дIанисйина волу‚
ﮨﮩﮪﮫ
87:3
ишттаниг а ву Иза, Ша /массо а х1уманан/ барам бина‚ /адам/ нийсачу новкъа диллина волу‚
ﮬﮭﮮﮯ
87:4
ишттаниг а ву Иза, Ша /шун бежнашна/ дежийлаш схьадаьхна волу.
ﮰﮱﯓﯔ
87:5
Цо хилийтина царах /сенъеллачул тIаьхьа/ якъаелла, Iаржъелла яраш.
ﯕﯖﯗﯘ
87:6
Оха хьуна /хIай Мухьаммад/ доьшур ду /Къуръан/‚ хьуна дицлур дац иза
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
87:7
Далла лиънарг бен! Баккъалла а, Иза хууш ву гучохь дерг а‚ къайлахь дерг а.
ﯤﯥﯦ
87:8
Оха атта дийр ду хьуна аттадолчунна /тIаьхьахIотта хьо/.
ﯧﯨﯩﯪﯫ
87:9
Хьехам бе /Къуръанца/‚ хьехамо пайда бахь / бийр бу аьлла хьайна хетачунна/!
ﯬﯭﯮﯯ
87:10
Т1елоцур бу хьуна /и хьан хьехам - Къуръан/ /Делах/ кхоьруш волчо.
ﭑﭒﭓ
87:11
Цунах хийрвер ву хьуна т1ех дакъазаваьлларг.
ﭔﭕﭖﭗﭘ
87:12
Иза ву хьуна вогур волуш йоккхачу цIергахь.
ﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
87:13
ТIаккха иза лийр а вац цигахь /1азапах парг1ат а волуш/, вехар а вац /ирсечу дахарехь/.
ﭠﭡﭢﭣﭤ
87:14
Ваккхийвийди /закат луш/ ша цIанвелларг‚
ﭥﭦﭧﭨﭩ
87:15
ша Кхиош-Кхобуш волчун цIе хьехийнарг‚ тIаккха ламаз динарг.
ﭪﭫﭬﭭﭮ
87:16
ХIетте а, аш дуьненан дахар хоржу /эхарт а дуьтий/!
ﭯﭰﭱﭲ
87:17
Ткъа эхарт дика а‚ мелхō а бухадуьсуш ма дара!
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
87:18
Баккъалла а, хIара ду-кх хьалхалерчу жайнашкахь дерг а‚
ﭹﭺﭻﭼ
87:19
ИбрахIиман а‚ Мусан а жайнашкахь дерг а.
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







