Сура Ан-Наджм pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Ан-Наджм pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ан-Наджм Гочдар. Сура Ан-Наджм (Meccan) 62 Аят.
Related
- Сура Ан-Наджм ГочдарНохчийн
- Сура Ан-Наджм mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Ан-Наджм

ﭑﭒﭓﭔ
53:1
Седах /дуй боу Ас/, иза /лакхара/ охьабужуш:
ﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
53:2
некъах д1а ца тили шун накъост (Мухьаммад-пайхамар)‚ гал а ца вели.
ﭛﭜﭝﭞﭟ
53:3
Цо ца дуьйцу шегара /шена дезарг/-
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
53:4
иза деккъа ваьхьий ду, цуьнга дIахоуьйтуш долу /Дала/.
ﭦﭧﭨﭩ
53:5
Иза (Мухьаммад-пайхамар) Iамийна ша ницкъаца чIогIа долчо ,
ﭪﭫﭬﭭ
53:6
Ша хазачу куьцехь долчо. Иза (Джабраил-малик) нийсса дIахIоьттира .
ﭮﭯﭰﭱ
53:7
Ша лекхачу анахь долуш.
ﭲﭳﭴﭵ
53:8
ТIаккха иза гергахилира /Мухьаммад-пайхамарна адамийн куьцехь/‚ кхин тIех гергадера /элчане ваьхьий дахьаш/.
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
53:9
Иза хилира /гергахь/ шина Iадан барамехь‚ я кхин а герга.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
53:10
Иштта ваьхьий дахьийтира Цо Шен лега‚ Ша дахьийтинарг.
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
53:11
Харц ца лийра дог /пайхамарна/ цунна гинчух .
ﮈﮉﮊﮋﮌ
53:12
Ткъа аш къуйсу цуьнца (пайхамарца) цунна гиначуьнца?
ﮍﮎﮏﮐﮑ
53:13
Цунна (Мухьаммад- пайхамарна) иза гира кхин а охьадоссарехь (кхин цкъа дуссуш).
ﮒﮓﮔﮕ
53:14
Чаккхенан /дозанан / лотос- диттана гергахь.
ﮖﮗﮘﮙ
53:15
Цунна гергахь ю /ялсаманин/ чугIойлан беш.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
53:16
/Мухьаммад-пайхамарна гира и дитт ша тамаше/ х1умнаша хьулдечу хенахь.
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
53:17
ДIа ца тилина /пайхамаран/ бIаьрса‚ дозанах ца даьлла .
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
53:18
Цунна гира шен Кхиош-Кхобучун даккхийчу аятех /аяташ/ .
ﮭﮮﮯﮰ
53:19
Аш дийцал суна Ал-латах а‚ Ал-Iуззах а,
ﮱﯓﯔﯕ
53:20
кхин кхозлагIа Манатах а. /Буй церан Делан санна ницкъ?/
ﯖﯗﯘﯙﯚ
53:21
Ткъа шуна божабераш ду‚ Цунна зудабераш ду?
ﯛﯜﯝﯞﯟ
53:22
Иза декъаза дāкъа ма ду.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
53:23
Уьш еккъа цIерш ю, аша а‚ шун дайша а техкина йолу. Дала цхьа а бакъо ца йоссийна /царах лаьцна/. Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бу деккъа шайн мотталуш долчунна а‚ /шайн/ дегнашна дезачунна а. Цаьрга ма беана шайн Кхиош-Кхобучуьнгара нийса некъ.
ﯼﯽﯾﯿﰀ
53:24
Я адамна шена дезарг ду?
ﰁﰂﰃﰄ
53:25
Делан ю тIаьхьарниг (эхарт) а, хьалхарниг (дуьне) а.
ﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘ
53:26
Маса малик ду стигалшкахь, шайн шапаIаташа хIумма а кIелхьардохур доцуш, Дала Шена луучунна пурба делчий бен‚ Иза резахилчий бен!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
53:27
Баккъалла а, эхартах цатешачара йоккху маликех зударийн цIе .
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
53:28
Цуьнца цхьа а Iилма ма дац церан. Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бу деккъа моттарна. Ткъа моттаро хIумма а хуьйцур дац бакъдолчух.
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
53:29
Хьо дIаверза /х1ай элча/ Тхан хьехамах юхаваьллачух‚ дуьненан дахар бен шена ца дезаш волчух.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
53:30
Иза ду церан Iилманах кхиаран дарж. Баккъалла а, хьо Кхиош-Кхобург (хьан Дела) – Иза ву дика вевзаш Шен некъах тилавелларг а, Иза ву дика вевзаш ша нисвелларг а.
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
53:31
Делан ду стигалшкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг Цо бекхам бархьама вон хиллачарна цара диначуьнца‚ Цо бекхам бан дика диначарна уггар дикачуьнца.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
53:32
Ишттанаш бу уьш, шаьш генабовлуш къинойх даккхийчарах а‚ боьхучух а, кегийнаш бен /ца долуьйтуш шайгара/. Баккъалла а, хьо Кхиош-Кхобург Шегахь шортта гечдар долуш ву-кх. Иза дика хууш ву шух дерг шу Ша лаьттах кхуллучу хенахь а‚ шу шайн нанойн кийрахь хIу долчу хенахь а. Шаьш цIан ма де – Цунна дика вевзаш ву /Делах/ кхоьруш верг!
ﯢﯣﯤﯥ
53:33
Дийцал /хIай Мухьаммад/ цу /ийманах/ юхаваьллачух .
ﯦﯧﯨﯩ
53:34
КIеззиг /сагIа/ делира цо‚ тIаккха юхаозавелира /сагIа лучух/.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
53:35
Ткъа цуьнгахь ду те къайленан Iилма, цунна ган а гуш?
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
53:36
Я цуьнга ца дийцина те Мусан хьарчоршкахь (Таврата чохь) дерг?
ﯸﯹﯺﯻ
53:37
ИбрахIиман а /хьарчоршкахь дерг/‚ ша кхочушдина хилла волчу /шена Дала тIедихкинарш/
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
53:38
/Цуьнга ца дийцина те/: хьур бац хьочо кхечун мохь аьлла‚
ﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈ
53:39
дац адамна ша къахьегнарг бен‚ аьлла‚
ﰉﰊﰋﰌﰍ
53:40
цуьнан къахьегар тIаьхьа гур ду аьлла‚
ﰎﰏﰐﰑﰒ
53:41
тIаьхьа хир бу цунна сов нийса болу бекхам аьлла‚
ﰓﰔﰕﰖﰗ
53:42
хьо Кхиош-Кхобучуьнга ю /хьан/ чаккхе аьлла‚
ﰘﰙﰚﰛﰜ
53:43
баккъалла а, Иза ву воьлуьйтург а‚ /Иза ву/ воьлхуьйтург аьлла,
ﰝﰞﰟﰠﰡ
53:44
баккъалла а, Иза ву волуьйтург а‚ /Иза ву/ денвийриг аьлла‚
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖ
53:45
баккъалла а, Цо кхоьллина шишша – боьрша а‚ стен а аьлла
ﭗﭘﭙﭚﭛ
53:46
/цхьана/ тIадамах, иза кхетча /ненан кийрахь долчу беран цIа чу/‚ аьлла,
ﭜﭝﭞﭟﭠ
53:47
Цунна тIехь кхин цхьа кхоллар (белларш денбар) ду аьлла,
ﭡﭢﭣﭤﭥ
53:48
баккъалла а, Иза ву аьлла‚ (адам) хьоле деш верг а‚ /цуьнга рицкъаца/ кхачо йойтуш верг а ,
ﭦﭧﭨﭩﭪ
53:49
баккъалла а, Иза ву Сириус цIе йолу седа Кхобург (цуьнан Дела) аьлла,
ﭫﭬﭭﭮﭯ
53:50
баккъалла а, Иза ву аьлла, Ша хIаллакбинарг хьалхалера Iадаш а,
ﭰﭱﭲﭳ
53:51
Самудаш а‚ /цхьа а/ буха ца витира /царах/‚
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
53:52
Нухьан къам а хьалха. Баккъалла а, уьш хилира вунō зуламе а‚ вунō дозанех бевлла а.
ﭿﮀﮁ
53:53
Муътафикат а, хьалаяьккхина, охьатуьйхира Цо.
ﮂﮃﮄﮅ
53:54
Д1ахьулйира иза (Лут1ан къоман юрт) ша д1ахьулйечо (даккхий т1улгаш дийгира стиглара).
ﮆﮇﮈﮉﮊ
53:55
Хьан Кхиош-Кхобучун муьлхачу ниIматаца къуьйсу ахь /хIай адам/?
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
53:56
ХIара (Мухьаммад-пайхамар) кхерамча ву, хьалхалерчу кхерамчех волуш.
ﮑﮒﮓ
53:57
ТIекхечи цIеххьана тIекхочург (къематде).
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
53:58
Ма вац цунна Дела воцург (и царна ца дойтуш) сацон верг.
ﮛﮜﮝﮞﮟ
53:59
Ткъа цу хабарх а цецдовлу шу?
ﮠﮡﮢﮣ
53:60
Доьлу шу? Ца доьлху шу?!
ﮤﮥﮦ
53:61
Ма г1опал ду шу (шайга дуьйцург тидаме ца оьцуш, хан эрна йойуш)!
ﮧﮨﮩﮪﮫ
53:62
Аш Далла сужуд де‚ /Цунна/ Iибадат а де!
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







