Сура Марьям pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Марьям pdf Нохчийн — Дахьа Сура Марьям Гочдар. Сура Марьям (Meccan) 98 Аят.
Related
- Сура Марьям ГочдарНохчийн
- Сура Марьям mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Марьям

ﭑﭒ
19:1
Каф-хIа-йа-Iайн-сод .
ﭓﭔﭕﭖﭗﭘ
19:2
Шен лех Закариййах хьан Кхиош-Кхобучо /бина болу/ къинхетам хьехор /ду хIара/.
ﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
19:3
Хьахаде! Иза кхайкхира шен Кхиош-Кхобучуьнга къайлаха.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
19:4
Элира: "Сан Кхиош-Кхобург (сан веза Дела)! Баккъалла, сан даьIахкийн г1ора дайна /со къанваларца/‚ /сан/ корта къоьжалло д1алаьцна‚ со ца хилира Хьоьга кхайкхарехь‚ /веза/ Дела‚ декъазниг (Ахь сан доIина жоп ца луш ца вуьтура со – жоп лōхьа суна хIинца а).
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
19:5
Со кхоьру сол тIаьхьа буьсучу сайн гергарнаш бахьанехь /цара Хьан дин дIатасарна/‚ зуда а хили сан бер ца хуьлуш‚ лōхьа суна Хьайгара /дика/ доьзалхо.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
19:6
Сан ирс оьцур цо‚ ЙаIкъубан доьзалан ирс а оьцур цо‚ Ахь хилийталахь иза‚ со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ /Хьо шена/ реза волуш".
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
19:7
"ХIай Закариййа! Оха хазахетарца кхаъ боккху хьоьга кIант варца‚ шен цIе Йахьйа йолчу. Ца хилийтина Оха цул хьалха и цIе ерг".
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
19:8
Цо элира: "Со Кхиош-Кхобург‚ муха хир вара суна кIант?! Сан зуда а бер ца хуьлуш ма ю‚ со а воккхаллехь дукха тиш велла а ма ву".
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
19:9
Элира /Делан малико/: "Иштта аьлла хьан Кхиош-Кхобучо: "И Суна /дукха/ атта ду‚ хьалха хьо а ма кхоьллина Ас‚ хьо хила а ца хиллашехь".
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
19:10
Цо (Закариййас) элира: "Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ цхьа билгало хилийтахь суна!" Элира: "Хьуна билгало ю-кх ахь нахе кхаа буьйсанна къамел цадар, хьо /и дан/ могуш а волуш".
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
19:11
ТIаккха шен нах болчу аравелира иза михьраба чуьра‚ цо цаьрга хаийтира ишар ярца: "Тасбихь делаш /Далла/ Iуьйранна а‚ суьйранна а".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙ
19:12
/Дала элира/: "ХIай Йахьйа! Д1алаца жайна (Товрат) нуьцкъала (цуьнан чулацамах а кхеташ, цо бохург а деш)!" Оха белира цунна дика кхетам и жима кIант воллушехь.
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
19:13
Тхайгара (Оха делира цунна нахах) къахетар а‚ цIеналла а . И хилира /Делах/ кхоьруш а,
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
19:14
дена-нанна дика а; и вацара /нахана/ ницкъ беш верг а‚ Iеса верг а.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
19:15
Салам-маршалла ду цунна и дуьнен чу ваьллачу дийнахь а‚ и лийр волчу дийнахь а‚ и юха /гIаттийна/ денвийр волчу дийнахь а.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
19:16
Ахь хьахае жайни (Къуръан) чохь Марйам. Шен нах болчура и д1аяхара малхбалехьарчу меттиге.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
19:17
ТIаккха цо лецира шений, царний дуьхьал кирхьа . Оха дахийтира цунна тIе Тхан Са ‚ и тарделира цунна нийса долчу адамах.
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
19:18
Цо (Марйама) элира: "Со Къинхетам болчуьнца /Делаца) ларло хьох‚ хьо /Делах/ кхоьруш велахь ".
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
19:19
Цо (Джабраил-малико) элира: "Со хьан Кхиош-Кхобучун элча ду‚ хьуна цIена кIант вала деана".
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
19:20
Цо (Марйама) элира: "Муха хир ву суна кIант! Сох стаг а ца хьакха - велла‚ со нахаца лелаш а ца хилла".
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
19:21
Цо элира: "Иштта аьлла хьан Кхиош-Кхобучо: "И суна атта ду". И (Iийса-пайхамар дуьнен чу вāлийтар) хуьлуьйтур ду Оха нахана делил а‚ Тхайгара къинхетам а. И гIуллакх кхочушхилладаьлла ду".
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
19:22
И цунах берах йисира‚ тIаккха и цуьнца д1аяхара генарчу меттиге.
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
19:23
Бер даран лазаро и ялийра хурман диттан гIад долчу. Цо элира: "Елла елахьара со хIокхул хьалха (х1ара хьал х1оттале), – йицъелла яьлла хир яра со (нахана)!"
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
19:24
Цо (1ийсас я Джабраил малико) цуьнга кхайкхира цунна кIелара: "ГIайгIане ма йожа‚ хьан Кхиош-Кхобучо хьуна бухахь /хин/ татол хилийтина.
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
19:25
Ластаде хьайна т1е хурманан диттан гIад‚ хьуна т1еоьгур ю мадъелла хилла хурманаш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
19:26
Яа а яа‚ мала а мала‚ йоккха а йе! Хьайна адамех милла а гахь‚ āла: "Ас Къинхетаме волчуьнга нузар дина (цхьанга а) йист хир яц аьлла‚ со тахана йист хир яц цхьанна адаме ".
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
19:27
ТIаккха и еара цуьнца (бераца) шен нах болчу‚ /шен карахь/ иза а дахьаш. Цара элира: "ХIай Марйам‚ ма тамашийна хIума ду ахь динарг!"
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
19:28
"ХIай ХIарунан йиша! Хьан да ма ца хилла вон стаг‚ хьан нана а ма ца хилла нахаца лелаш".
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
19:29
Цо (Марйама) цуьнгахьа (шен кIантехьа) ишар йира (цуьнга хатта аьлла). Цара (цуьнан гергарчу наха) элира: "Тхо муха дист хир ду аган чохь долчу бере?"
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
19:30
Цо (жимчу беро - Iийсас) элира: "Со Делан лай ву. Цо соьга жайна (Инжил) делла‚ Цо сох пайхамар а вина.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
19:31
Цо со беркате вина, миччахь со велахь а. Соьга весет дина Цо ламаз а‚ закат а (кхочушде, аьлла), со дийна мел ву,
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
19:32
Сайн нанна дика хилар а (весет дина Цо). Ца хилийтина Цо со /нахана/ куралла еш верг а‚ декъазниг а.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
19:33
Салам-маршалла ду суна дуьнен чу ваьллачу дийнахь а‚ лийр волчу дийнахь а‚ юха /гIаттийна/ денвийр волчу дийнахь а!"
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
19:34
Иза ву и - Iийса‚ Марьяман кIант, бакъдолчун дашца (олу Ас цунах дерг)‚ цара (жуьгташа а, насараша а) шена чохь шеко еш долчу.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
19:35
Далла томехь дац (Шена) цхьа а доьзалхо лāца. Вонах цIена ву Иза. Ша цхьа гIуллакх кхочушдеш‚ Цо цуьнга олу: "Хила!" – иза хуьлу.
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
19:36
" Баккъалла а, АллахI – Дела сан Кхиош-Кхобург а ву‚ шун Кхиош-Кхобург а ву‚ Цунна Iибадат дейша. ХIара бу и нийса некъ" .
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
19:37
Царна юккъерачу тобанашна юкъахь хилпалонаш хилира: боккха бāла бу ца тешаш хиллачарна деза-доккхачу /къемат/ дийнахь гур долчух.
ﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑ
19:38
Ма билггала хезар ду царна, ма къеггина гур ду царна шаьш Тхуна тIедаьхкинчу /къемат/ дийнахь! Амма зуламхой тахана билгалчу тилар чохь ма бу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
19:39
Д1ахьеде цаьрга баланан /къемат/ дийнах лаций гIуллакх кхочушхилла даьлла хир долчу, ткъа уьш (кху дуьненахь) г1айг1а-бала а а боцуш‚ ца тешаш а болуш.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
19:40
Баккъалла а, Оха верасаллина оьцу латта а‚ цунна тIехь мел берш а (адмаш а‚ жинаш а…). Тхуна тIе юхаберзор болуш бу уьш.
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
19:41
Хьахаве жайнахь (Къуръан) чохь ИбрахIим. Баккъалла а, иза хилла т1ех бакълуьйш верг а‚ пайхамар а.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
19:42
Хьахаде! Цо аьллера шен дега: "Дада‚ ахь Iибадат хIунда до шайна /х1умма а/ хезаш доцчарна‚ шайна /х1умма а/ гуш доцчарна‚ шаьш хьо цхьана а хIуманах кIелхьарвоккхур воцчарна (ц1ушна)?
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
19:43
Дада‚ соьга деана Iилманах хьоьга цадеънарг‚ суна тIаьхьахIотта – ас нийсачу новкъа вуьгур ву хьо.
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
19:44
Дада‚ шайтIанна Iибадат ма дехьа. Баккъалла а, шайтIа Къинхетам болчунна (Далла) Iеса хилла.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
19:45
Дада‚ со кхоьру Къинхетам болчуьнгара Iазап хьох хьакхадаларна – тIаккха хьо шайтIанан гергарниг хир ма ву".
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
19:46
Цо (ИбрахIиман дас) элира: "Ткъа хьо д1акъехка сан делех‚ хIай ИбрахIим? Хьо ца сацахь (тхан деланаш йемал бечура)‚ ас, тIулгаш тоьхна, вийр ма ву хьо. Д1авала суна гучура цхьана еххачу ханна!"
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
19:47
Цо (ИбрахIима) элира: "Салам-маршалла ду хьуна. Ас гечдар доьхур ду хьуна сайн Кхиош-Кхобучуьнга. Баккъалла а, Иза хилла соьца дукха дика.
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
19:48
Шух а‚ аш‚ Дела а витина‚ шена Iибадат дечух а дIакъаьста со. Сайн Кхиош-Кхобучуьнга доьху ас‚ со ца хила тарло сайн Кхиош-Кхобучунна Iибадат дарца декъазниг".
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
19:49
Иза царах а‚ Дела а витина‚ цара шена Iибадат дечух а дIакъаьстича‚ Оха цунна совг1атна велира (к1ант) Исхьакъ а‚ (к1ентан к1ант) ЙаIкъуб а – (царах) хIораннах вира Оха пайхамар.
ﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋ
19:50
Оха делира царна Тхан къинхетамах /даьхни а‚ доьзал а/‚ Оха хилийтира царна лаккхара бакъдолу хьехабар .
ﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗ
19:51
Хьахаве жайнахь (Къуръан чохь) Муса. Баккъалла а, иза вара /Дала Шена/ къастийнарг‚ иза вара элча а‚ пайхамар а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘ
19:52
Оха цуьнга кхайкхира ламанан аьтту агIорхьара‚ гергавалийра иза къайлахчу къамелана.
ﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
19:53
Оха Тхайн къинхетамах /совг1атна/ велира цунна шен ваша ХIарун, пайхамар а хилла.
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
19:54
Хьахаве жайнахь (Къуръан чохь) ИсмаIил. Баккъалла а, иза вара (ша йина) ваIда бакъйеш верг‚ и вара элча а‚ пайхамар а.
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
19:55
Иза хуьлура шен доьзална омра деш ламазций (ламаз де, олуш)‚ закатций (закат ло, олуш)‚ и вара шен Кхиош-Кхобучунна гергахь шена /Иза/ реза верг (Дела цунна реза вара).
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
19:56
Хьахаве жайнахь (Къуръан чохь) Идрис . Баккъалла а, иза вара т1ех бакълуьйш верг а‚ пайхамар а.
ﮂﮃﮄﮅ
19:57
Оха хьалаваьккхира иза лакхарчу меттиге .
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
19:58
Уьш бу Āдаман зуьрретах болу Оха Нухьаца (кемана т1ехь) лелийначарах а‚ ИбрахIиман а‚ Исраилан а зуьрретах а‚ Оха шаьш нисбинчарах а‚ хаьржинчарах а болчу пайхамарех Дала шайна ниIмат делларш. Шайна Къинхетам болчун аяташ дешча, гуорабоьлхура уьш, сужуд а деш, белха а боьлхуш.
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
19:59
Царал тIаьхьа цхьа тIаьхье еара ша ламаз дуьтуш‚ /дег1ан/ шовкъашна тIаьхьахIуьттуш. Т1аьхьа т1екхуьур бу уьш эшамна ,
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
19:60
(царах) тōба динарш а‚ ийман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а боцурш. Уьш ялсамани чу гIур бу‚ царна цхьа а зулам хир дац,
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
19:61
Iаднан бошмашна чу‚ Къинхетам болчо Шен лешна /цара и шайна/ гуш а йоцуш /цунна 1амал ярна/ лур ю аьлла йолу. Баккъалла а, Иза вара Шен ваIда кхочушхир йолуш (Дала йина ва1да кхочушхир ю).
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
19:62
Царна цу чохь деса къамел хезар дац‚ "Салам - маршалла" бен‚ цу чохь царна шайн рицкъ хир ду Iуьйранна а‚ суьйранна а.
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
19:63
И ялсамани ю Оха ирсана луш Тхан лех /Делах/ кхоьруш хиллачарна.
ﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚ
19:64
"Тхо охьа ца дуьссу хьан Кхиош-Кхобучун омраца бен. Цуьнан ду вайн хьалхахь дерг а‚ вайн тIехьахь дерг а‚ оцарна юккъехь дерг а. Ца хилла хьан Кхиош-Кхобург вицлуш ".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
19:65
Стигланийн а‚ лаьттан а‚ царна юккъехь мел долчун а Кхиош-Кхобург ву иза‚ Цунна Iибадат де‚ Цунна Iибадат дарна тIехь собар а де. Хьуна вевзий Цуьнан цIерхо ?
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
19:66
Адамо олу: "Со велча, тIаьхьа денвина аравоккхур ву?"
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
19:67
Ойла ца йо-те адамо Оха ша кхоьллина хиларх хьалха – и хIумма ма яцара?
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
19:68
Хьан Кхиош-Кхобучух дуй боу /Ас/‚ Оха гулбийр ма бу уьш а‚ шайтIанаш а‚ тIаккха жоьжахатина гонаха балор ма бу, горх1оьттина.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
19:69
ТIаккха Оха схьавоккхур ма ву хIор тобанах Къинхетам болчунна дуьхьало ярца уггар чIогIа верг .
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
19:70
ТIаккха Тхо дика хууш ду шаьш цу чохь бāга там берш.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
19:71
Шух ма вац цу чу гIуш верг бен. Хьан Кхиош-Кхобучун и хилла сацам боллуш кхочушхилларг.
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
19:72
ТIаккха Оха кIелхьарбохур бу шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш‚ зуламхой буьтур бу Оха цу чохь горабахана.
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
19:73
Шайна билгала долу Тхан аяташ дешча‚ цатешачара элира ийман диллинчаьрга: "/Вайх/ шиннах муьлха тоба ю дика бахамца‚ вовшашца цхьаьнакхетарца хаза?"
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
19:74
Мел хIаллакйина Оха царал хьалха тIаьхьенаш‚ оцарал вуно хаза йолуш хьолаца а‚ гарца а!
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
19:75
Ахь āла /хIай Мухьаммад/: "Милла хиллехь а тилар чохь‚ Къинхетамболчо яхйо цунна хан /балане ца лоцуш/ и шена ваIда йинарг: /дуьненан/ Iазап‚ я сахьт шен б1аьргий хьалха х1отталц – тIаккха хуур ду царна‚ мила ву вон верг меттигаца‚ уггар ледар верг эскарца".
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
19:76
Совбоху Дала нисбалагIертарш нийсачу некъаца. Бухаюьсуш йолу дика Iамалш тоьлу хьан Кхиош-Кхобучун гергахь мēлаца‚ тоьлу духадерзор долчуьнца а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙ
19:77
Хьуна гирий и Тхан аятех цатешнарг? Цо элира: "Суна лур ма бу бахам а‚ доьзал а".
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
19:78
Къайлахдолчунна т1екхиъна-те иза, я Къинхетамболчуьнгара ваIда эцна-те цо?
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
19:79
ХIан-хIа! Оха яздийр ду цо бохург‚ яхйийр ю цунна Iазапан хан яхйарца.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
19:80
Оха схьаоьцур ду ирсана цо бохург (цуьнан бахам а, цуьнан доьзал а и х1аллаквинчул т1аьхьа)‚ Тхуна тIе вогIур ву иза цхьа /даьхни а‚ доьзал а боцуш/.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
19:81
Цара лаьцна Дела воцург /кхин/ деланаш‚ шайна царах сий хилархьама.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
19:82
ХIан-хIа! Церан Iибадатна керстаналла дийр ду цара‚ царна мостагIий хир бу царах /къематдийнахь/.
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
19:83
Хьуна ца хиъна‚ Оха шайтIанаш дахийтина керстанашна тIе цара уьш луьйра къиношна тIекхойкхуш (уьш царна хаздеш)?
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
19:84
Сих ма ло царна. Оха царна дагардеш ду /денош/ дагардарца .
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
19:85
Оцу /къемат/дийнахь Оха гулбийр бу /Делах/ кхоьрурш Къинхетамболчунна тIе тIехевшина .
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
19:86
Оха д1алохкур бу къинош динарш жоьжахате гIаш .
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
19:87
ШапаIатан да хир вац ша Къинхетамболчуьнгара ваIда эцнарг а бен.
ﮮﮯﮰﮱﯓ
19:88
Цара элира: "Къинхетамболчо доьзалхо лаьцна /шена/"
ﯔﯕﯖﯗﯘ
19:89
Ирча хIума деана аш .
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
19:90
Стигланаш этIарна герга ду цунах ‚ латта дадарна‚ лаьмнаш доьхна дегарна /герга ду/
ﯣﯤﯥﯦﯧ
19:91
Цара Къинхетамболчунна доьзалхо кхайкхар бахьанехь.
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
19:92
Оьшуш дац Къинхетам болчунна доьзалхо лāца.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
19:93
Массо а стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг ма вац Къинхетам болчунна тIе лай хилла вогIур волуш бен.
ﯺﯻﯼﯽﯾ
19:94
Цо церан хьесап дина‚ багарбина уьш багарбарца.
ﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
19:95
Уьш массо а Цунна тIе богIур бу къематдийнахь шаьш-шаьш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
19:96
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – царна Къинхетамболчо безам хуьлуьйтур бу.
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
19:97
Баккъалла а, Оха атта дина и (Къуръан), хьан маттахь хьоьга /Делах/ кхоьручарна цуьнца кхаъ баккхийта‚ луьрачу къомана цуьнца кхерам тасийта.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
19:98
Мел хIаллакйина Оха царал хьалха тIаьхьенаш! Хаалой хьуна царах цхьа а‚ я хезий хьуна церан тата а?
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







