Сура Ас-Сажда
PDF —
30 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Ас-Сажда pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Ас-Сажда pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ас-Сажда Гочдар. Ас-Сажда (Meccan) 30 Аят.



Сура Ас-Сажда
30 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒ
Алиф-лāм-мūм .
ﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
/Х1окху/ жайнин (Къуръанан) доссадар, шена чохь шеко йоццуш‚ Iаламийн Дегара ду.
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
Я цара (мушрикаша) олу: "Цо (Мухьаммада) кхоьллина /харцдерг/ ду иза"? ХIаъ‚ иза бакъдерг ду хьан Кхиош-Кхобучуьнгара хьоьга нахана (Къурайшашна а, кхечарна а) кхерам тасийтархьама‚ хьол хьалха шайга цхьа а кхерамча веана воцучарна‚ уьш нийсачу новкъа бевр бацара-те?
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
Дела ву Ша стигланаш а‚ латта а, цу шинна юккъехь мел дерг а кхоьллинарг ялх дийнахь ‚ тIаккха дIанисвелира Иза Iарша тIехь. Ма вац шуна Иза воцург цхьа а доладийриг а‚ цхьа а гIодаккхархо а - аш ойла ца йо-те?
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
Цо /дерриге а/ г1уллакхашна т1ехь урхалла до стиглара лаьтта тIе‚ тIаккха уьш (г1уллакхаш) Цунна тIе юха хьалакхочу /цхьана/ дийнахь‚ шен барам эзар шо долуш аш (адмаша) дагардечу кепара.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
Иза ву хьуламехь дерг а, гучахь дерг а хууш верг. Веза верг а‚ къинхетаме верг а /ву Иза/.
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
Иза ву Ша мел кхоьллинарг исбаьхьа йина, адам кхолла волавелла Иза поппарах.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
ТIаккха цуьнан (Ẳдаман) т1аьхье хилийтира Цо ладам боцчу (цхьа к1еззигчу) хинан тIадамах .
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
ТIаккха Цо иза нисвира (х1ор меже шен-шенан метте а х1оттош)‚ Цо Шен сих /са/ диллира цу (Ẳдаман дег1а) чу, Цо делира шуна лерса а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а. Ма кIеззиг ду-кх аш шукур дийриг!
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
Цара (мушрикаша) элира: "Тхо дайча лаьтта чохь ‚ тхо керлачу кхолларехь хир дуй (юхадендийр дуй)?" ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-Кхобучуьнца цхьаьнакхетарх ца теша.
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
Ахь āла /х1ай Мухьаммад, оцу мушрикашка/: "Долуьйтур ду шу са эцаран малико ‚ ша шуна тIе хIоттина долчу‚ тIаккха шайн Кхиош-Кхобучунна тIе шу дIадерзор ду.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
Хьуна гуш белхьара и къинош динарш шайн кортош охьатаIийна шайн Кхиош-Кхобучунна хьалхахь /олуш/: "Тхан Кхиош-кхобург‚ гина тхуна‚ хезна тхуна‚ юхадерзадехь тхо /дуьнен чу/ – дика Iамал йийр яра оха‚ тхо /хIинца/, шеко йоццуш, тешна ду".
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
Тхайна лиънехьара, Оха лур бара хIор синна шен нийса некъ‚ делахь а, бакъхили-кх Соьгара дош: "Юзаза юьтур ма яц Ас жоьжахати жинех а, нахах а - /царах Далла 1еса хиллачарах/ массарах а".
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
Iовша /Iазап/ хIокху шайн /къемат/ денна дуьхьалкхетар аш дицдарна - /тахана/ Оха шу а дицдина. Iовша гуттаренан Iазап шаьш /дуьненахь/ лелош хилларш бахьанехь.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
Баккъалла а, тешаш бу Тхан аятех, шайна уьш дагадаийтича, сужуде оьгуш берш‚ шайн Кхиош-Кхобучунна хастам барца тасбихь деш берш‚ шаьш кура а ца бовлуш.
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
Церан /ийман диллинчеран дог1мийн/ агIонаш ийало /буьйшачу/ меттанашкара ‚ шайн Кхиош-Кхобучуьнга кхойкху цара (Цуьнан Iазапах) кхерарца а‚ (Цуьнан къинхетаме) догдахарца а‚ Оха шайна деллачу рицIкъех /дикачу агIора/ харжаш йо цара.
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
Ца хаьа цхьанна синна‚ хIун ю шайна (ийман диллинчарна) хьулйина бIаьргашна езачарах шаьш /дуьненахь/ йина хиллачу /дикачу/ Iамалшна дуьхьал.
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘ
Ткъа муъма стаг хилла песикъ стагах тера? Цхьатерра бац уьш /Далла гергахь /!
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – царна т1етовжийлин бошмаш ю‚ хьешана санна кечйина йолу цара йина хилла Iамалш бахьанехь.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
Ткъа песикъ хилларш а – церан т1етовжийла /жоьжахатин/ цIе ю. Царна цу чуьра арабовла мел лии а, – цу чу юхаберзор бу уьш‚ цаьрга эр ду: "Iовша шайна цIеран Iазап‚ шаьш и (1азап) харцдеш хилла долу".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
Оха Iовшийтур ма ду цаьрга /дуьненан/ дайн Iазап /эхартан/ доккхачу Iазапал хьалха, юхабоьрзур бацара-те уьш /къинош дечуьра/.
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
Ткъа мила ву т1ех зуламе шен Кхиош-Кхобучун аяташ шена дагадаийтинчул т1аьхьа а царах дIавоьрзуш волчул? Баккъалла а, Тхо къинош диначаьргара бекхам оьцур берш ма ду.
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
Оха деллера Мусага жайна (Таврат) – хьо ма хилалахь шеконехь /хьо/ цуьнца цхьаьнакхетарх . Оха хилийтира цунах (Тавратах) нийса некъ Исраилан кIенташна.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
Оха хилийтира царах (Исраилан к1ентех) куьйгалхой (хьаькамаш)‚ Тхан омраца /кхиболу нах/ нисбеш болу, /оцу дарже уьш кхечира/ шаьш собаре а, Тхан аятех ч1ог1а тешаш хиларна.
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо къастор ду царна юккъехь къематдийнахь церан шегахь хилпало хилларг.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
Ткъа Оха царал хьалха хIаллакйина т1ех дукха тIаьхьенаш хиларо а нис ца бо-те уьш нийсачу новкъа? Уьш (ца тешаш берш) д1асалелаш ма бу церан /йисина йолчу/ гIишлошкахула! Баккъалла а, цу чохь /Тхо бакъхиларан/ делилаш ду-кх! Царна ца хеза-те?
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
Царна ца гина-те Оха д1алоллу хи (дог1а а дой) /дакъаделлачу/ лаьтта тIе‚ цуьнца (дог1анца) ялта арадолуьйту (кхиадо) Оха – цунах ма дуу церан бежнаша а‚ цара шаьш а?! Царна ца го-те?
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
Цара (дин харцдечара) олу: "Маца хир бу /шуна/ толам /тхуна тIехь/, шу бакълуьйш хиллехь?"
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Ахь āла: "Толаман дийнахь пайда бийр бац цатешачарна церан иймано‚ уьш тIаьхьа а тоттур бац" /тōба дан/.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
ДIаверза царах‚ хьоьжуш Iелахь‚ уьш бу хьуна хьоьжуш Iеш.

Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers