Сура Ар-Рахьман pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Ар-Рахьман pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ар-Рахьман Гочдар. Сура Ар-Рахьман (Medinan) 78 Аят.
Related
- Сура Ар-Рахьман ГочдарНохчийн
- Сура Ар-Рахьман mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Ар-Рахьман

ﭷﭸ
55:1
Сов къинхетаме верг.
ﭹﭺﭻ
55:2
Цо Iамадина /Шен пайхамарна/ Къуръан.
ﭼﭽﭾ
55:3
Цо кхоьллина адам.
ﭿﮀﮁ
55:4
Цо Iамадина цунна (адамна) хаар.
ﮂﮃﮄﮅ
55:5
Малх а‚ бутт а /Цуьнан/ хьесапца /дIасалелаш/ бу.
ﮆﮇﮈﮉ
55:6
Седа а‚ дитт а /Цунна/ сужуд деш ду.
ﮊﮋﮌﮍﮎ
55:7
Стигал – Цо иза аййина‚ мийза-терза дIахIоттийна
ﮏﮐﮑﮒﮓ
55:8
шуьга харцо ца яйта /терзанца/ озарехь.
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
55:9
Озар-дустар хIоттаде нийсонца‚ эша ма де терза!
ﮛﮜﮝﮞ
55:10
Латта а дIадаржийна Цо /Шен/ Iаламна!
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
55:11
Цунна (лаьтта) тIехь стоьмаш схьабовлу‚ кедалгаш долу хурманан дитт а /схьадолу/.
ﮥﮦﮧﮨﮩ
55:12
Ча-гIад долу буьртигаш а, хаза хьожа йолу баццаш а /схьайолу лаьттах/.
ﮪﮫﮬﮭﮮ
55:13
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо ?
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
55:14
Цо кхоьллира адам бекъачу поппарх, кхийра пхьегIа санна (поппаран пхьегIа санна).
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
55:15
Цо кхоьллира жин кIур ца болучу (цIеначу) цIерах.
ﯝﯞﯟﯠﯡ
55:16
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﯢﯣﯤﯥﯦ
55:17
Шина малхбален а Дела ву Иза‚ шина малхбузен а Дела ву.
ﯧﯨﯩﯪﯫ
55:18
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﭑﭒﭓﭔ
55:19
Цо паргIатбитира Ши хIорд /дуьра берг а‚ теза берг а/ вовшашца цхьаьнакхета.
ﭕﭖﭗﭘﭙ
55:20
Царна шинна юккъехь дуьхьало ю, уьш вовшашна тIе ца кхийда.
ﭚﭛﭜﭝﭞ
55:21
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﭟﭠﭡﭢﭣ
55:22
Схьадолу цу шина /хIордах/ луълуъ а‚ маржан а.
ﭤﭥﭦﭧﭨ
55:23
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
55:24
Цуьнан ду хIордачухула дIасалела кеманаш, лекхачу лаьмнех тера.
ﭰﭱﭲﭳﭴ
55:25
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﭵﭶﭷﭸﭹ
55:26
Массо а цу /лаьтта/ тIехь верг хIаллакьхир ву.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
55:27
Юьсур ю Шегахь сийлахьалла а‚ коьмаьршалла а долчу хьан Кхиош-Кхобучун юьхь .
ﮁﮂﮃﮄﮅ
55:28
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
55:29
Цуьнга доьху стигалшкахь а‚ лаьттахь а болчара. Х1ор дийнахь Иза гIуллакхехь ву.
ﮒﮓﮔﮕﮖ
55:30
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﮗﮘﮙﮚﮛ
55:31
ТIаьхьа мукъадер ду Тхо шуна, хIай ший а деза лерш .
ﮜﮝﮞﮟﮠ
55:32
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
55:33
ХIай жинийн а‚ адамийн а гулам! Шайна магахь, стигалийн а‚ лаьттан а дозанашна дехьадовла‚ довлал! Шу довлалур-м дац цхьана бакъонца а бен.
ﯔﯕﯖﯗﯘ
55:34
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
55:35
Шуна шинна тIе йоуьйтур ю /кIур боцчу/ цIеран алу а, кIур а. ГIо дийр дац шуна шинна.
ﯢﯣﯤﯥﯦ
55:36
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
55:37
Стигал йедича /къематдийнахь/‚ иза юьсур ю цIиелла, басар санна.
ﯮﯯﯰﯱﯲ
55:38
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
55:39
Оцу дийнахь шен къинах хоттур ма дац адаме а‚ жине а .
ﯼﯽﯾﯿﰀ
55:40
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
55:41
Къинош динарш бевзар бу шайн билгалонашца а‚ схьалоьцур бу кIужалшца а‚ когашца а.
ﭑﭒﭓﭔﭕ
55:42
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
55:43
ХIара ю и жоьжахати, къинош летийначара ша харцъеш хилла йолу.
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
55:44
Цара гонаш бохур бу цунна а, цIийдинчу хинна а юккъехула.
ﭣﭤﭥﭦﭧ
55:45
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
55:46
Шен Кхиош-Кхобучунна хьалха хIоттарх кхийринчунна /ялсаманин/ ши беш хир ю.
ﭮﭯﭰﭱﭲ
55:47
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﭳﭴﭵ
55:48
Гаьннаш долуш /ю и ши ялсаманин беш/.
ﭶﭷﭸﭹﭺ
55:49
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﭻﭼﭽﭾ
55:50
Цу чохь оьхуш ши шовда хир ду.
ﭿﮀﮁﮂﮃ
55:51
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
55:52
Цу шина /ялсамани/ чохь хIор стоьмах ши тайпа бу.
ﮊﮋﮌﮍﮎ
55:53
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
55:54
Уьш (дика Iамалш йинарш) хир бу маьнгана тIе тевжина‚ /цу маьнганийн/ чоь езадарех йина йолуш. Цу ялсамани чохь /стоьмаш/ баха гергахь хир бу.
ﮚﮛﮜﮝﮞ
55:55
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
55:56
Цу /ялсамани/ чохь бIаьрг оьзда мехкарий хир бу‚ шайх царал хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу.
ﮩﮪﮫﮬﮭ
55:57
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﮮﮯﮰﮱ
55:58
Шаьш якъут а‚ маржан санна хир бу уьш.
ﯓﯔﯕﯖﯗ
55:59
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
55:60
Ткъа диканан бекхам дика а бен дуй?
ﯞﯟﯠﯡﯢ
55:61
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﯣﯤﯥﯦ
55:62
И шиъ йоцург кхин ши беш хир ю.
ﯧﯨﯩﯪﯫ
55:63
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﯬﯭ
55:64
ТаьIна баьццара босахь /хир ю и ши беш/.
ﯮﯯﯰﯱﯲ
55:65
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﯳﯴﯵﯶ
55:66
Царна чохь хи кхуьссуш ши шовда хир ду.
ﯷﯸﯹﯺﯻ
55:67
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﯼﯽﯾﯿﰀ
55:68
Царна чохь стоьмаш хир бу‚ хурма а‚ нар а хир ю.
ﰁﰂﰃﰄﰅ
55:69
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﭑﭒﭓﭔ
55:70
Царна чохь дика‚ хаза мехкарий хир бу.
ﭕﭖﭗﭘﭙ
55:71
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﭚﭛﭜﭝﭞ
55:72
Iаьржа бIаьргаш болуш‚ хьажар лоцу долу мехкарий хир бу четаршкахь.
ﭟﭠﭡﭢﭣ
55:73
ТIаккха шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
55:74
Шайх царал хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу.
ﭫﭬﭭﭮﭯ
55:75
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
55:76
Шаьш тIетевжина болуш баьццарчу гIайбаний‚ хазаллех буьззинчу кузашний а.
ﭷﭸﭹﭺﭻ
55:77
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
55:78
Беркате хилла Шегахь сийлахьалла а‚ комаьршалла а долчу хьан Кхиош-Кхобучун цIе.
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







