Аль-Бакара · 257/286
Гочдар Дешар — Аль-Бакара
ٱللَّهُ وَلِيُّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ يُخۡرِجُهُم مِّنَ ٱلظُّلُمَٰتِ إِلَى ٱلنُّورِۖ وَٱلَّذِينَ كَفَرُوٓاْ أَوۡلِيَآؤُهُمُ ٱلطَّٰغُوتُ يُخۡرِجُونَهُم مِّنَ ٱلنُّورِ إِلَى ٱلظُّلُمَٰتِۗ أُوْلَٰٓئِكَ أَصۡحَٰبُ ٱلنَّارِۖ هُمۡ فِيهَا خَٰلِدُونَ  ۝٢٥٧
Allaahu waliyyul lazeena aamanoo yukhrijuhum minaz zulumaati ilan noori wallazeena kafarooo awliyaaa`uhumut Taaghootu yukhrijoonahum minan noori ilaz zulumaat; ulaaa`ika Ashaabun Naari hum feehaa khaalidoon
📖 Нохчийн маьӀна
Дела ву тешаш болчеран вали . Цо уьш арабоху боданера серлонга. Ца тешаш берш – церан авлияаш тIагIуташ ду, цара боху уьш серлонгара бодане. уьш ма бу цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар ма бу.
🎧 ЛадоргӀа

📜 Аят 255-259 — Аль-Бакара

255ٱللَّهُ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ٱلۡحَيُّ ٱلۡقَيُّومُۚ لَا تَأۡخُذُهُۥ سِنَةٌ وَلَا نَوۡمٌۚ لَّهُۥ مَا فِي ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَا فِي ٱلۡأَرۡضِۗ مَن ذَا ٱلَّذِي يَشۡفَعُ عِندَهُۥٓ إِلَّا بِإِذۡنِهِۦۚ يَعۡلَمُ مَا بَيۡنَ أَيۡدِيهِمۡ وَمَا خَلۡفَهُمۡۖ وَلَا يُحِيطُونَ بِشَيۡءٍ مِّنۡ عِلۡمِهِۦٓ إِلَّا بِمَا شَآءَۚ وَسِعَ كُرۡسِيُّهُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضَۖ وَلَا يَـُٔودُهُۥ حِفۡظُهُمَاۚ وَهُوَ ٱلۡعَلِيُّ ٱلۡعَظِيمُ 
АллахI (Шен ц1е йолу цхьа Дела) ву – кхин Дела вац И воцург‚ дийна ву И‚ Ша дIахIоьттина ву‚ наб озор а наб яр а доцуш. Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Цхьа а ма вац Цунна гергахь шапаIат дийр долуш‚ Цуьнан лаамца бен. Царал хьалха хилларг хууш ву И‚ тIаьхьа хиндерг а /хууш/ ву. Цуьнан Iилманан хIуманна а тIекхуьур ма бац уьш, Цунна луучул бен. Шуьйра хилла Цуьнан курсий стигланаш а, латта а чу лоцуш. Уьш Iалашъярехь хIумма а хало ца хуьлу Цунна, И лекха верг а‚ сийлахь – веза верг а ву.
256لَآ إِكۡرَاهَ فِي ٱلدِّينِۖ قَد تَّبَيَّنَ ٱلرُّشۡدُ مِنَ ٱلۡغَيِّۚ فَمَن يَكۡفُرۡ بِٱلطَّٰغُوتِ وَيُؤۡمِنۢ بِٱللَّهِ فَقَدِ ٱسۡتَمۡسَكَ بِٱلۡعُرۡوَةِ ٱلۡوُثۡقَىٰ لَا ٱنفِصَامَ لَهَاۗ وَٱللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ 
Ницкъ бийр бац динехь ; нийса некъ къастабелла харц некъах. ТIагIутах ца тешаш‚ Делах тешнарг – и лаьтташ ву ша хедар йоцчу чIогIачу уьйраца . И Дела ша хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.
257ٱللَّهُ وَلِيُّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ يُخۡرِجُهُم مِّنَ ٱلظُّلُمَٰتِ إِلَى ٱلنُّورِۖ وَٱلَّذِينَ كَفَرُوٓاْ أَوۡلِيَآؤُهُمُ ٱلطَّٰغُوتُ يُخۡرِجُونَهُم مِّنَ ٱلنُّورِ إِلَى ٱلظُّلُمَٰتِۗ أُوْلَٰٓئِكَ أَصۡحَٰبُ ٱلنَّارِۖ هُمۡ فِيهَا خَٰلِدُونَ 
Дела ву тешаш болчеран вали . Цо уьш арабоху боданера серлонга. Ца тешаш берш – церан авлияаш тIагIуташ ду, цара боху уьш серлонгара бодане. уьш ма бу цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар ма бу.
258أَلَمۡ تَرَ إِلَى ٱلَّذِي حَآجَّ إِبۡرَٰهِـۧمَ فِي رَبِّهِۦٓ أَنۡ ءَاتَىٰهُ ٱللَّهُ ٱلۡمُلۡكَ إِذۡ قَالَ إِبۡرَٰهِـۧمُ رَبِّيَ ٱلَّذِي يُحۡيِۦ وَيُمِيتُ قَالَ أَنَا۠ أُحۡيِۦ وَأُمِيتُۖ قَالَ إِبۡرَٰهِـۧمُ فَإِنَّ ٱللَّهَ يَأۡتِي بِٱلشَّمۡسِ مِنَ ٱلۡمَشۡرِقِ فَأۡتِ بِهَا مِنَ ٱلۡمَغۡرِبِ فَبُهِتَ ٱلَّذِي كَفَرَۗ وَٱللَّهُ لَا يَهۡدِي ٱلۡقَوۡمَ ٱلظَّٰلِمِينَ 
Хьуна хаий ИбрахIимца и Кхиош-Кхобучух лаьцна къуьйсуш хиллачух‚ Дала шена паччахьалла делла хиллачу? ИбрахIима аьллера: "Сан Кхиош-Кхобург ву Ша дендеш а‚ долуьйтуш а верг". Цо (Намруз- паччахьа) элира: "Ас ден а до‚ дала а долуьйту". ИбрахIима элира: "Дала малх боуьйту малхбалехьахула‚ ахь баийтал и малхбузехьахула". ТIаккха вуьйхира цатешарг . Дала нис ца до зуламе долу къам.
259أَوۡ كَٱلَّذِي مَرَّ عَلَىٰ قَرۡيَةٍ وَهِيَ خَاوِيَةٌ عَلَىٰ عُرُوشِهَا قَالَ أَنَّىٰ يُحۡيِۦ هَٰذِهِ ٱللَّهُ بَعۡدَ مَوۡتِهَاۖ فَأَمَاتَهُ ٱللَّهُ مِاْئَةَ عَامٍ ثُمَّ بَعَثَهُۥۖ قَالَ كَمۡ لَبِثۡتَۖ قَالَ لَبِثۡتُ يَوۡمًا أَوۡ بَعۡضَ يَوۡمٍۖ قَالَ بَل لَّبِثۡتَ مِاْئَةَ عَامٍ فَٱنظُرۡ إِلَىٰ طَعَامِكَ وَشَرَابِكَ لَمۡ يَتَسَنَّهۡۖ وَٱنظُرۡ إِلَىٰ حِمَارِكَ وَلِنَجۡعَلَكَ ءَايَةً لِّلنَّاسِۖ وَٱنظُرۡ إِلَى ٱلۡعِظَامِ كَيۡفَ نُنشِزُهَا ثُمَّ نَكۡسُوهَا لَحۡمًاۚ فَلَمَّا تَبَيَّنَ لَهُۥ قَالَ أَعۡلَمُ أَنَّ ٱللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيۡءٍ قَدِيرٌ 
Я /хаьий хьуна/ цхьана эвлана уллохула воьдучух хилларг, тхевнаш т1е а хирцина, йохийна хиллачу ? Цо элира: "Муха денйийр ю хIара Дала еллачул тIаьхьа!?" Дала и валийтира бIешарна‚ тIаккха денвира. Элира /Дала/: "Мел лаьттира хьо?" Цо элира: "Со лаьттира /велла/ цхьана дийнахь я эха дийнахь". Цо (Дала) элира: "ХIан-хIа‚ хьо лаьттира бIешарахь‚ хьо хьажал хьайн кхачане а‚ маларе а – хийца ца делла уьш ‚ хьо хьажал хьайн вире‚ Оха цхьа делил хуьлуьйтур ду хьох нахана. Хьажал хIинца даьIахкашка‚ Оха уьш муха денйо‚ тIаккха царна тIе дилха дуьллу". И шена билгалдаьллачул тIаьхьа‚ цо элира: "Суна хаьа Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуйла".
Аль-БакараКуръан индекс
286Аят
MedinanRevelation
257Аят

Гочдар — Аль-Бакара 257

Сура Аят 257/286 — Аль-Бакара البقرة (Medinan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Аль-Бакара ЛадоргӀа, Аль-Бакара Гочдар, Аль-Бакара mp3, Аль-Бакара pdf. Аят 255–259. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers