Сура Ар-Раъд pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Ар-Раъд pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ар-Раъд Гочдар. Сура Ар-Раъд (Medinan) 43 Аят.
Related
- Сура Ар-Раъд ГочдарНохчийн
- Сура Ар-Раъд mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Ар-Раъд

ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
13:1
Алиф-лам-мим-ра . ХIорш жайнин аяташ ду. Хьоьга хьан Кхиош-Кхобучуьнгара доссинарг – бакъдерг ду‚ делахь а, дукхахболу нах ца теша.
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
13:2
Дела ву ша стигланаш аййинарг шуна гуш г1ортораш а йоцуш‚ тIаккха ша дIанисвелла Иза Iарша тIехь . Малх а‚ бутт а муьтIахь бина Цо /Шен лен г1уллакхашна/ – дерриге дIасалела /шен/ тоьхначу хене. ГIуллакхна урхалла до Цо‚ аяташ билгалдоху Цо. Шу шайн Кхиош-Кхобучунна дуьхьалкхетарх /доггах/ теша мегар-кха.
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
13:3
Иза ву латта даржийнарг‚ цу тIехь лаьмнаш а‚ хиш а хилийтинарг‚ массо а стоьмех цунна (лаьтта) тIехь Цо хилийтина шишша тайпа . Буьйсане де хьулдойту Цо. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду ойла ечу нахана.
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
13:4
Лаьттахь ул-уллохь дакъош ду‚ кемсийн бошмаш ю‚ ялта ду‚ хурманаш ю цхьана ораман а‚ цхьана ораман йоцурш а‚ цхьа хи ду царна дуьллуш дерг. Царах цхьаерш вукхарал язъйина Оха яарехь. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх хьекъал долчу нахана.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
13:5
Хьо цецвалахь‚ цецвоккхуш ду церан дешнаш: "Тхох латта хилча, керлачу кхолларна чохь хир ду тхо (юха а денлур ду тхо)?" Уьш бу шайн Кхиош-Кхобучунна керстаналла динарш‚ церан логех /тесна къематдийнахь/ г1оьмаш (буржалш) хир ду‚ уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
13:6
Хьо сихвеш ву цара вочуьнца дикачул хьалха. Царал хьалха а дIадахна масале таIзарш . Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург Шегахь нахана гечдар долуш ву, церан зуламашка а ца хьоьжуш. Баккъалла а‚ хьан Кхиош-Кхобург чIогIаниг а ву бекхамца .
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
13:7
Цатешачара олу: "Шен Кхиош-Кхобучуьнгара цхьа делил доссийнехьара цуьнга!" Хьо дIахоуьйтург ву. ХIор къоман хьехамхо ву.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
13:8
Далла хаьа хIор стечу дийнато /кийрахь/ лелорг ‚ беран цIийнан гатдалар а‚ шордалар а. Массо а хIума Цунна гергахь /шен/ барамца ду.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
13:9
Хьуламехь дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг а‚ воккха верг а‚ лакхаваьлларг а ву Иза.
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
13:10
/Цу Далла/ цхьабосса ву шух дош къайладаьккхинарг а‚ и гучохь дитинарг а‚ ша буса хьуллуш верг а ‚ дийнахь дIасалелаш верг а .
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
13:11
Цунна (адамна) хьалхахула а‚ тIехьахула а цуьнца цхьаьна д1асалелаш дерш ду‚ шаьш и Iалашвеш Делан омраца. Баккъалла а, Дала нахах долчух хIумма а ца хуьйцу, цара шаьш шайх дерг хийццалц . Далла нахана вониг лиъча, цунна духатохар дац‚ И воцург урхалча ма вац царна.
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
13:12
И ву шуна кхерамций‚ догдахарций ткъес гойтуш верг‚ Цо кхиайо еза мархаш .
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
13:13
Цунна хастам барца тасбихь до стигал къовкъаро. Маликаша а /до Далла тасбихь/ Цунах кхерарца. Стелахаьштигаш оьхуьйту Цо‚ уьш Шена луучунна тIетуху, уьш Делан хьокъехь къуьйсуш а болуш . Иза – ницкъаца чIогIаниг ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮ
13:14
Цуьнга ду бакъдолчун кхайкхар . И воцчуьнга кхойкхуш берш – цхьанна а хIуманца царна жоп лур дац цара‚ уьш тера бу хи тIе генара куьйгаш кховдинчух и шен бага кхачийта – ткъа иза ца кхочу цуьнга. Цатешачеран /шайн делашка/ кхайкхар ма дац тилар чохь бен .
ﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
13:15
Далла сужуд деш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг, лууш а, ца лууш а. Церан IиндагIаш а /ду Цунна сужуд деш/ Iуьйранна а‚ суьйранна а.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
13:16
Āла /хIай Мухьаммад/: "Мила ву стигалийн а‚ лаьттан а Эла ?" Āла: "Дела ву". Āла: "Ткъа, Иза а вуьтий, /Iибадат дан кхин/ накъостий лоьцу аш‚ шайн догIмашна а пайда а‚ я зен шайгахь доцу?" Āла: "Цхьатерра вуй ткъа бIаьрзениг а‚ бIаьрсадерг а‚ я цхьатерра дуй ткъа боданаш а‚ нур а?" Я цара Далла накъостий хилийтина‚ шаьш /халкъ/ кхоьллина, Цо кхолларх терра - царна и халкъах тарделла? Ахь āла: "Массо а хIуманан кхоллархо ву Дела. И ша цхьаъ верг а‚ ницкъ алссам берг а ву".
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
13:17
Цо доссийна стиглара хи – Iовраш ихира хершанашкахула шайн барамехь‚ Iовраша д1аяьхьира аййелла чопа. Цара цIергахь хазаллаш я кхин хIуманаш еш ягаечух а чопа ю цунах терра. Иштта даладо Дала бакъдолчун а‚ харцдолчун а масал. Чопа эрна дIагIо‚ ткъа нахана пайда беш дерг лаьттахь дуьсу. Иштта даладо Дала масалш.
ﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜﰝ
13:18
Шен Кхиош-Кхобучунна жоп деллачарна хазаниг ду - (ялсамани). Цунна жоп цаделлачарна лаьттахь мел дерг хилча а‚ цуьнца кхин цул а‚ и цунах (Делан Iазапах кIелхьардовла) дIалур ма дара цара. Ма вон хьесап ду-кх царна! Церан чугIойла жоьжахати ю. Вон (дIавуьжу) мотт бу и!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
13:19
Ткъа хьан Кхиош-Кхобучуьнгара хьоьга доссинарг бакъдерг дуйла хууш верг бIаьрса доцучух тера ву? Баккъалла а‚ дагадоуьйту хьекъал долчара‚
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
13:20
шаьш кхочушъеш болчара Делан ваIда‚ ца бохош болчара барт‚
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
13:21
шаьш вовшахтосуш болчара Дала вовшахтаса аьлла омра динарг а‚ шайн Делах кхоьручара а‚ вочу хьесапах ларлучара а.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
13:22
Шаьш собар диначара а шайн Кхиош-Кхобучун юьхь езаш‚ ламаз хIоттийначара а‚ Оха шайна деллачу рицкъах а къайлаха а‚ гучахь а харж йиначара‚ шаьш вониг дикачуьнца духатухуш болчара а‚– царна ю-кх дахаран тIаьхье -
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
13:23
Iаднан бошмаш. Царна чугIур бу уьш а‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьрретах а дика Iамал мел йинарг а. Маликаш тIедогIур ду царна массо а неIарехула /олуш/:
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
13:24
"Маршо ю шуна аш собар дарна ". Ма дика ю дахаран тIаьхье!
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
13:25
Шаьш Делаца хилла ва1да, и ч1аг1динчул т1аьхьа, дохош болчарна‚ Дала вовшахтаса аьлларг хедош болчарна‚ лаьттахь боьханиг даржош болчарна – царна неIалт ду‚ царна вон цIа ду.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
13:26
Дала рицкъ кховдадо Шена луучунна /шортта/‚ барам а бо . Баккхийбе уьш дуьненан дахарх. Дуьненан дахар ма дац, эхартаца дуьстича, цхьа хIуьмалг бен.
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
13:27
Цатешначара олу: "Цуьнга (Мухьаммаде) доссийна хиллехьара шен Кхиош-Кхобучуьнгара цхьа делил ". Ахь āла: "Баккъалла а, Дала тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена тIе ша вирзинарг.
ﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓ
13:28
Ийман диллинарш а‚ шайн дегнашна Дела хьехаварца синтем хилларш а /нисбо Дала нийсачу новкъа/‚ ткъа Дела хьехаварца ца хуьлу дегнашна синтем?
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙ
13:29
Ийман диллинчарна‚ дика Iамалш йинчарна – зовкх хьегар а ду‚ хаза чугIойла а ю".
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
13:30
Иштта вахийтира Оха хьо умматна юккъе – цул (шун умматал) хьалха а дIадахара умматаш – ахь царна дешархьама Оха хьайга ваьхьица делларг, уьш Къинхетам болчунна керстаналла деш а болуш. Ахь āла: "Иза сан Кхиош-Кхобург ву‚ И воцург кхин дела вац‚ Цунна тIетевжина со ‚ Цуьнга ду сан тōба дар".
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
13:31
Къуръанца лаьмнаш леллехьара‚ я латта хедийнехьара‚ я цуьнца белларш бистхиллехьара /иза Делан омра хир дара – тIаккха а ийман дуьллур дацара цара/. ХIаъ. Делан ду-кх гIуллакх дерриге а. Ткъа ийман диллинчарна (х1инца а) ца хаьа‚ Далла лаахьара, нах берриге а Цо нисбина хирг хилар? Цатешачара шаьш динарг бахьанехь царна т1е ца буссуш ца соцу бāла‚ я церан цIийнан уллохь /буссу/ и Делан ваIда даллалц . Баккъалла а, Дала ца дохадо /Шен/ ваIда.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
13:32
Хьол хьалха а (х1ай Мухьаммад) сийсазбина элчанаш‚ Ас хан елла битира цатешарш‚ тIаккха Ас /Iазапца/ схьалецира уьш. Муха хилира Сан таIзар ?!
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋ
13:33
Ткъа И Ша хIор синна цо шена карадинчуьнца ТIехIоьттинарг /тера ву кхечарах/ ? Далла накъостий хилийтина цара. Ахь āла: "ЦIерш яха церан! Я аш Цуьнга дуьйцур ду Цунна лаьттахь цахуург я т1ехула (деса) долу дош ду /и аш дуьйцург/?" ХIаъ‚ хаздина цатешачарна шайн хIилла‚ /нийсачу/ некъах баьхна уьш. Дала тилавала витинчунна цхьа а баьчча вац /и нисвалур волуш/.
ﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜ
13:34
Царна дуьненан дахарехь а Iазап ду‚ ткъа эхартан Iазап кхин а хала ду. Ма вац царна шаьш Делах (Цуьнан Iазапах) лардан цхьа а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
13:35
/Делах/ кхоьручарна ваIда дина долчу /шен гIаланийн/ бухахула хиш оьхуш йолчу бешан сурт ду: цуьнан даар гуттар а ду‚ цуьнан IиндагIа а /гуттар ду/. И ду /Делах/ кхоьруш хиллачарна хиндерг. Цатешачарна хинъерг /жоьжахатин/ цIе ю!
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
13:36
Оха шайга жайна делларш бакхийбеш бу хьоьга доссийначух. (Хьуна дуьхьалйевллачу мушрикех а, жуьгтех а лаьтташ хиллачу) тобанех ю цуьнан (Къуръанан) цхьадолчунна инкарло еш йерг а. Ахь āла: "Суна омра дина ас Далла Iибадат дан а‚ Цуьнца накъост ца лаца а. Ас Цуьнга кхойкху‚ Цуьнга ду сан дIаверзар а".
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
13:37
Иштта доссийра Оха и (Къуръан) Iаьрбийн /маттахь/ хьукма хилла. Хьо церан дезаршна тIаьхьахIоттахь хьайга Iилма деъначул тIаьхьа – Делехьара цхьа а вали а вац хьуна‚ цхьа а лардархо а вац.
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
13:38
Хьол хьалха а (х1ай Мухьаммад) элчанаш бахийтира Оха‚ царна зударий а‚ зуьррет а хилийтира Оха. /Тарлур/ дацара цхьанна элчанна аят даийта Делан пурбанца а бен. ХIор ханна а шен жайна ду .
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
13:39
Дала Шена луург дойъу‚ /Шена луург/ чIагI а до. Цуьнгахь жайнин нана ю.
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
13:40
Я Оха гайтича а хьоьга Оха царна ваIда динчух цхьадерш‚ я Оха хьо валийтича а /уьш гайтале/ – хьуна тIехь /хьайга Дала делларг нахе/ дIахаийтар ду‚ Тхуна тIехь хьесап дар ду.
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
13:41
Царна ца го-те Оха латта жим-жимма эшош хилар шен йисташкара /бусалбанаша мушрикийн мехкаш схьабохуш шайначарех тухуш/? Дала до хьукма‚ Цуьнан хьукмана новкъарло ен йерг ма вац. И ву хьесапехь сиха верг.
ﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔ
13:42
Царал хьалха хиллачара а мекарло йира‚ Делехь ю мекарло ерриге а /нехан мекарлонаш йохо ницкъ/. Цунна хаьа хIор синна карадеш дерг. ТIаккха хуур ду керстанашна‚ хьанна кхочур ю /эхартахь хир йолу хастаме/ х1усам.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
13:43
Цатешачара олу: "Хьо ваийтинарг вац (хьо элча вац)"‚ ахь āла: "Кхачаме ду Дела теш хилар а суна а, шуна а юккъехь‚ шегахь жайнин Iилма дерг а" .
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







