Сура Аз-Зумар pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аз-Зумар pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аз-Зумар Гочдар. Сура Аз-Зумар (Meccan) 75 Аят.
Related
- Сура Аз-Зумар ГочдарНохчийн
- Сура Аз-Зумар mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аз-Зумар

ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
39:1
Жайна доссор /ду хIара/ Ша веза волчу‚ хьукма /нийса/ деш волчу Делера.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
39:2
Баккъалла а, Оха доссийна хьоьга жайна бакъдолчуьнца: Далла Iибадат де‚ Цунна дог ц1ена хуьлуш /дечу/1ибадатехь .
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
39:3
Ткъа Делан дац цIена дин? Иза воцург доладийраш лаьцнарш‚ /олуш/: оха царна Iибадат ца до цара тхо Далла гергадахийта бен ма-торру гергахиларца – баккъалла а, Дала хьукма дийр ду царна юккъехь церан хилпало йолчохь. Баккъалла а, Дала нис ца во ша харцверг а‚ т1ех сов керста хилларг а.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
39:4
Далла лиънехьара Шена доьзалхо лаца‚ Цо хаьржина хир ма вара Ша кхоьллинчух Шена луург. Вонах цIена ву Иза. Иза АллахI ву‚ Ша цхьаъ волу‚ тIех сов нуьцкъала волу.
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
39:5
Цо кхоьллина стигалаш а‚ латта бакъдолчуьнца. Цо хьавзайо буьйса дийне‚ де хьовзадо буьйсане‚ муьтIахь бина малх а‚ бутт а – массо а дIалелаш ду шен хан тIекхаччалц. Ткъа Иза вац веза верг а‚ тIех сов гечдеш верг а?
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
39:6
Цо шу кхоьллина цхьана синах (Āдамах)‚ тIаккха Цо йина цунах цуьнан зуда (Хьава)‚ Цо доссийна шуна даьхнех бархI – боьрша а‚ стен а. Шу кхуллу Цо шун нанойн кийрахь цхьана кхолларца /кхечу/ кхолларал тIаьхьа кхаа /хIуманан/ боданехь . Иза ву АллахI – шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. /Кхин/ дела вац Иза воцург – ма дIатилош ду шу /Цунах/!
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
39:7
Аш керстадахь – баккъалла а, и Дела шуьгара х1умма оьшуш вац . Иза реза вац Шен лешна /цара Шен дин/ керстадарна. Аш шукур дахь – оцуьнца реза ву Иза шуна. Д1ахьур бац д1ахьочо кхечун мохь . ТIаккха шун Кхиош-Кхобучунна тIе шун дIадерзар ду. Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг.
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
39:8
Адам цхьана бохамо схьалаьцча, – шен Кхиош-Кхобучуьнга кхойкху цо, Цунна тIе воьрзий /тōба дарца/. ТIаккха Цо Ша паргIатваьккхича Шегара ниIматаца – дицдо цо ша Цуьнга кхойкхуш хилларг хьалха‚ Далла нийсархой а бо цо Цуьнан некъах /нах/ тилорхьама. Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Бахам бе хьан керстаналлица цхьа кIеззиг . Баккъалла а, хьо ву цIеран дайх ".
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
39:9
Ша Далла гIуллакх деш верг буьйсанан сахьташкахь‚ сужуд деш‚ /ламазаш деш/ хIоьттина верг эхартах кхоьруш, шен Кхиош-Кхобучун къинхетаме дог дохуш /вуй и тера Далла Iесалла ечух/? Ахь āла: "Цхьа терра буй хууш берш а‚ ца хууш берш а?" Баккъалла а, ойла йийр ю хьекъал долчара.
ﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘ
39:10
Ахь āла /д1ахьеде цаьрга, х1ай элча, Сан къамел /: "ХIай сан ийман диллина болу леш! Шу кхера шайн Кхиош-Кхобучух. Диканиг диначунна хIокху дуьненахь – диканиг ду. Делан латта шортта ду . Собар диначарна шайн ял лур ма ю, цхьа а хьесап доцуш".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
39:11
Ахь āла: "Баккъалла а, суна омра дина, соьга Далла Iибадат де аьлла, Цунна дог ц1ена хуьлуш /дечу/ 1ибадатехь.
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
39:12
Суна омра дина со дуьххьаралера бусалба хила", - аьлла.
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
39:13
Ахь āла: "Бакъалла а, со кхоьру, ас сан Кхиош-Кхобучунна Iесалла йича, деза-доккхачу /къемат/ дийнан Iазапах".
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
39:14
Ахь āла /х1ай элча/: "Далла Iибадат до ас, Цунна дог ц1ена хуьлуш сайн 1ибадатехь.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
39:15
Аш Iибадат де шайна ма-луъу Иза воцучунна". Ахь āла: "Баккъалла а, эшна бисинарш бу шаьш а‚ шайн доьзал а байнарш къематдийнахь". Иза бац ткъа билгал эшам?!
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
39:16
Царна шайна тIехула а цIеран гIатт хир ю‚ шайна бухахула а гIатт ю. Иштта цуьнца кхерабо Дала Шен леш: «ХIай Сан леш! Сох кхералаш».
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
39:17
ТIагIут генадаьккхинарш шена Iибадат дарах‚ Далла тIе бирзинарш – царна кхаъ бу – ахь кхаъ баккха Сан лешна.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
39:18
/Уьш/ даше ладуьйгIуш берш бу‚ тIаккха цуьнан уггар дикачунна тIаьхьах1уьттуш – уьш бу Дала шаьш нисбинарш. И бохкурш – уьш бу хьекъалдерш!
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
39:19
Ткъа Шена тIехь Iазапан дош /жоьжахате гIур ву аьлла/ бакъхилларг – /нисло дика Iамал йечуьнца/? Ахь кIелхьарвоккхур вуй цIергахь верг?
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
39:20
Делахь а, шайн Кхиош-Кхобучух кхийринарш – царна хIусамаш хир ю‚ шайна тIехула а дина даьлла цIенош долуш‚ шайна бухахула хиш а лелаш – Делера ваIда хилла. Дала ца йохайо /Шен/ ваIда.
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜ
39:21
Хьуна ца гина: Дала доссийна стигалара хи‚ т1аккха дохуьйту и лаьттахь долчу хьосташ чу‚ тIаккха цуьнца ялта схьадоккху Цо, тайп-тайпана беснаш долуш‚ тIаккха дакъадолуьйту Цо – хьуна и го мажделла‚ тIаккха Цо царах /аьтта, йохийна/ кийсакаш хуьлуьйту. Баккъалла а, цу чохь хьехам бу хьекъалдолчарна.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
39:22
Ткъа Дала шен дог исламана д1аделлинарг‚ ша шен Кхиош-Кхобучун нур тIехь волуш /дика вац шен дагна тIе мухIар тоьхначул/? Бала бу шайн дегнаш Дела хьехорах къиза долчарна. Уьш билгалчу тилар чохь бу-кх!
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
39:23
Дала хабарах уггар хазниг доссора – шен дакъой (аяташ) вовшех тера а долу (исбаьхьаллица а, маь1ница а), юх-юха дуьйцуш а долу жайна. Цунах шайн Кхиош-Кхобучух кхоьручеран чIор деттало /Делан 1азапах кхоьруш/‚ тIаккха церан чIор а‚ дегнаш а Дела хьехорна кIадло /ялсаманига дог дохуш/. Иза бу Делан нийса некъ‚ Цо нисво цуьнца Шена луург. Дала тилавала вуьтуш верг – цуьнан вац /ша/ нисвийриг.
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
39:24
Ткъа шен юьхьаца къематдийнахь Iазапан вонах ларвала гIиртинарг /ву цу жоьжахатих ларинчух тера/? Аьлла /хир ду/ зуламхошка: "Iовша /хIинца/ шайна /дуьненахь/ карадеш хилларг!"
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
39:25
Царал хьалха хиллачара а харцбира /элчанаш/ – Iазап деара царна шайна хаа ца лучуьра.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
39:26
Дала Iавшийтира цаьрга дуьненан дахарехь сийсазалла, ткъа эхартан Iазап вуно доккха ду‚ уьш хууш хиллехь.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
39:27
Оха далийна нахана хIоккху Къуръанчохь хIор /х1уманах/ масал, уьш ойла еш хир бацара те?
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
39:28
Iаьрбийн /маттахь/ Къуръан /хилийтина/‚ цхьа а гамо йоцуш – уьш кхоьрур бацара те?
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
39:29
Валийна Дала масална цхьа стаг‚ барт ца хуьлучу накъосташа къуьйсуш волу (дукха нехан долахь волу)‚ /важа/ стаг а (веккъа цхьана стеган долахь волу). И шиъ цхьатерра вуй масалца ? Хастам бу Далла. ХIетте а‚ царах дукхахболчарна ца хаьа-кх.
ﰁﰂﰃﰄﰅ
39:30
Баккъалла а, хьо а лийр волуш ву /х1ай Мухьаммад/‚ баккъалла а, уьш а лийр болуш бу.
ﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
39:31
Т1аккха баккъалла а, шу къематдийнахь шайн Далла хьалхахь къуьйсуш хир ду .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
39:32
Мила ву ткъа т1ех зуламе ша Делан хьокъехь харцлуьйш волчул‚ ша бакъдерг, и шега деъначул тIаьхьа, харцдеш волчул? Ткъа жоьжахатина чохь яц Iен меттиг керстанашна? /Ма шортта ю!/
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
39:33
Ша бакъдолчуьнца веънарг а /Мухьаммад-пайхамар/, иза бакъвеш берш а /муъма нах/ – уьш бу /Делах/ кхоьруш берш.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
39:34
Царна шайна луург /хир/ ю шайн Кхиош-Кхобучунна гергахь. И бу дикачеран /хаза/ бекхам.
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
39:35
Дала цIанбархьама уггар вочу шаьш динчух (къинах)‚ царна шайн ял ялархьама, шаьш деш хиллачух уггар хазачуьнца.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
39:36
Ткъа Дела вац кхачо йолуш Шен лена? Цара хьуна кхерамаш туьйсу Цул лахарчаьрца. Милла велахь а Дала тилавала витинарг – ма вац цунна цхьа а иза нисвийриг.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
39:37
Милла велахь а Дала нисвеш верг – ма вац цхьа а и тилаван. Ткъа Дела вац веза верг а‚ шегахь бекхам берг а? /Ву!/
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
39:38
Ахь цаьрга хаьттича /х1ай Мухьаммад/: "Хьан кхоьллина стигалаш а‚ латта а" аьлла‚ цара эр ма ду: "Дала". Ахь āла: "Гой шуна и аш, Дела а витина шайга кхойкхурш‚ Далла суна цхьа зен лиъча‚ цара дIадоккхур долуш дуй и Цуьнан зен‚ я Цунна лиъча, суна къинхетам‚ цара сацор болуш буй и Цуьнан къинхетам?" Ахь āла: "Тоам бу суна Дела‚ Цунна тIе товжийла шаьш т1етовжуш берш".
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
39:39
Ахь āла: "Сан къам‚ Iамал йе шайна мегачу кепара‚ баккъалла а, со а Iамал йеш ву. ТIаьхьа хуур ду шуна,
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
39:40
хьанна тIе догIур ду Iазап, цуьнан сий а дойъуш‚ хьанна тIе хьаьрчар ду лаьтташ долу Iазап."
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
39:41
Баккъалла а, Оха доссийна хьоьга нахана /деша, хьукма дан/ жайна бакъдолчуьнца. Нисвелларг – шена /нисвелла/‚ тилавелларг – иза а шена тилавелла. Хьо ма вац царна шегахь т1етовжийла йерг .
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
39:42
Дала схьаоьцу /нехан/ синош уьш лечу хенахь‚ цаделларг – набарх /схьаоьцу/. Цо схьаоьцу /набарх/ шена Iожалла сацам хилларг‚ дIахоьцу важа шен тоьхначу ханна. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду ойла йечу къомана.
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
39:43
Цара лаьцна, Дела а витина, шайна гIодоккхурш? Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Уьш цхьанна а хIуманна доладеш ца хилча а‚ хьекъале ца хилча а ?"
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
39:44
Ахь āла: "Делан ду гIодаккхар дерриге а. Цуьнан ду стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалла. ТIаккха Цунна тIе шу дIадерзор долуш ду".
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
39:45
Веккъа цхьа АллахI-Дела хьехавича, дегнаш тохало /и ца дезаш/ эхартах ца тешаш болчеран. Иза воцурш хьехабича, – уьш баккхийбе .
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨ
39:46
Ахь āла /оцу мушрикашка, х1ай элча/: "/Веза/ Дела‚ /Хьо ву-кх/ стигалш а‚ латта а кхоьллинарг‚ къайлаха дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг а‚ Ахь хьукма дийр ду-кх Хьайн лешна юккъехь‚ цара хилпало йеш хиллачохь".
ﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
39:47
Зулам диначарна лаьттахь мел дерг а‚ цуьнца кхин оццул хилча а, – и д1алур ма дара цара къематдийнахь Iазапан вочунна дуьхьал (к1елхьарбовлархьама). Гучуделира царна Делера цара цхьа а хьесап ца деш хилларг.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
39:48
Гучуделира царна боьха хIуманаш шаьш карадинчух‚ хьакхаделира царах уьш шех ца бешаш хилларг.
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
39:49
Адамо цхьана зено ша схьалаьцча, Тхоьга кхойкху‚ тIаккха Оха иза Тхайгара ниIмате хьовзадича‚ цо олу: "Баккъалла а, иза-м деллера суна сан хаарна (со-суо бахьанехь)". Х1етте а‚ иза (Дала цунна делларг) питана (и зерхьама делла) ду‚ делахь а царах дукхахболчарна ца хаьа-кх.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
39:50
Иза элира царал хьалха хиллачара а‚ кIелхьар ца бехира уьш царна карадеш хиллачо.
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
39:51
Царах кхиира боьха хIуманаш‚ царна карадина хилла долу. ХIокхарах зулам динарш – царах а кхуьур ду шайна карадина долу боьха хIуманаш‚ цара (и Делан Iазап) гIелдийр ма дац. (Цунах бовдур ма бац уьш).
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
39:52
Царна ца хиъна те Дала рицкъ даржадеш хилар Шена луучунна /и зерхьама/‚ барам а беш /хилар Шена луучунна и бале озорна/ . Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх тешаш болчу нахана.
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
39:53
Ахь āла /х1ай Мухьаммад, Ас (Дала) боху аьлла/:"Х1ай Сан шайна /дукха къинош дарца/ тIаламза хилла болу леш! Аш дог ма дилла Делан къинхетамах. Баккъалла а, Дала гечдо къинош дерриге а. Баккъалла а, Иза тIех гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
39:54
Шайн Кхиош-Кхобучунна тIе хьовза (тōба дарца)‚ муьтIахь хила Цунна шайга Iазап дāле хьалха‚ тIаккха шуна гIо дийр дац.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
39:55
ТIаьхьахIитта шайга шайн Кхиош-Кхобучуьнгара доссийначух уггар хазачунна, шайна цIеххьана Iазап дāле, шуна хаа ца луш.
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
39:56
Сино аларх /ларло/: "Байлахь диси со, Делан агIорхьара ас ледарло ярна‚ со хилира-кх /Делан аятех/ цадешачарах".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
39:57
Я цо аларх: "Дала со нисдинехь‚ со а хир ма дара /Делах/ кхоьручарах".
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
39:58
Я цо аларх, Iазап шена гича: "Суна юхаделахьара /дуьненан дахар/, – со хир ма дара диканиг дечарах".
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
39:59
ХIаъ‚ деана хьоьга Сан аяташ‚ уьш харцдира ахь‚ хьо кураделира‚ хьо хилира цатешачарах .
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
39:60
Къематдийнахь хьуна гур бу Далла тIехь харцлийнарш шайн яххьаш Iаржъелла. Ткъа жоьжахатина чохь яц Iан меттиг кураболчарна?/Ю, Делора!/
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
39:61
Дала кIелхьарбохур бу /Делах/ кхоьруш хилларш /шаьш лоьху ялсамани шайна хуьлуш/ шайна толам хиларца. Царах хьакхалур дац боьха хIума‚ уьш сингаттаме а хир бац.
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
39:62
Дела ву массо а хIуманан кхоллархо. Иза массо а хIуманна Шегахь т1етовжийла йолуш ма ву.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
39:63
Цуьнан ду стигалийн а‚ лаьттан а дōгIанаш. Делан аятех цатешнарш – уьш бу эшнарш.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
39:64
Ахь āла /цу мушрикашка, х1ай элча/: "Дела воцучунна омра до аш соьга Iибадат де олий‚ хIай‚ жехIал нах?!"
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
39:65
Хьоьга ваьхьица хаийтина‚ хьол хьалхалерчаьрга а: "Ахь накъост лацахь /Делаца/‚ хьан Iамал йойъур ю хьуна‚ хьо эшначарах хир ву хьуна".
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
39:66
ХIета Далла Iибадат де ахь‚ хьо хила /Далла/ шукур дечарах.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
39:67
Мах ца хадийра цара Делан хадо ма-безза‚ латта дерриг Цуьнан буйнахь хир ду къематдийнахь‚ стигалш а хир ю хьарчийна Цуьнан аьтту куьйгаца . /Массо а кхачамбацарех/ цIена ву Иза‚ лакхавели цара /Шеца/ накъост лацарх.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
39:68
Сур локхур ю (Исрафил малико дуьххьара зурми чу х1уп эр ду) – тентаквер стигалшкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а‚ Далла лиънарг воцург. Юха а локхур ю /сур/ кхин цкъа – уьш /кешнашкара/ гIевтина буьсур бу, хьоьжуш .
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
39:69
Къегира латта шен Кхиош-Кхобучун нуьраца‚ охьадиллира жайна‚ схьабалабира пайхамарш а‚ тешаш а‚ кхиэл йира царна юккъехь бакъдолчуьнца‚ царна зулам дийр дац .
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
39:70
ДIаделира /механа/ хIора сина ша динарг‚ Иза дика хууш ву цара деш дерг.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
39:71
ДIабигира цатешнарш жоьжахате тобанашца‚ уьш цига баьхкича, дIаеллаелира цуьнан неIарш‚ элира цаьрга цуьнан гIаролаша: "Ца баьхкира шуьга элчанаш шуна юккъера‚ шаьш шуна шун Кхиош-Кхобучун аяташ а доьшуш‚ шаьш шуна дIахьедеш шун хIокху денна дуьхьалкхетар?" Цара элира: "ХIаъ‚ делахь а бакъхили керстанашна Iазап хир ду аьлла дош".
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
39:72
Элира : "ЧугIо жоьжахатина неIаршкахула, буьсуш цу чохь гуттаренна а". Ма вон ю-кх курабевллачеран чохь Iен меттиг.
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
39:73
ДIабигира шайн Кхиош-Кхобучух кхоьруш хилларш ялсамане тобанашца‚ уьш цига баьхкича, дIаеллаелира цуьнан неIарш‚ элира цаьрга цуьнан гIаролаша: "Салам-маршалла ду шуьга. Декъала хили шу. ЧугIо цунна гуттарена а ".
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
39:74
75.Хьуна гур ду /х1ай элча/ маликаш, хьийзаш Iаршана гонах‚ тасбихь деш шайн Кхиош-Кхобучунна И хасторца. Кхиэл йийр ю царна юккъехь бакъдолчуьнца‚ эр ду (тешаш хиллачара): "Хастам бу Далла – Iаламийн Дена".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







