Сура ГӀафир
PDF —
Built right in your browser — download starts automatically
Сура ГӀафир pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура ГӀафир pdf Нохчийн — Дахьа Сура ГӀафир Гочдар. ГӀафир (Meccan) 85 Аят.
Related
- ГӀафир ГочдарНохчийн
- ГӀафир mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура ГӀафир

ﭥﭦ
Хьа-мūм .
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
Жайна доссор /ду хIара/ Ша веза волчу‚ хууш волчу Делера,
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
Ша къинна гечдийриг волчу‚ Ша тōба къобалдийриг волчу‚ бекхамехь чIогIа волчу, комаьршалла Шегахь йолчу. Вац /кхин/ дела Иза воцург‚ Цуьнга ду /къематдийнахь массеран а/ дIадерзар.
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
Къуьйсур ма дац Делан аяташкахь шаьш /Делах/ цатешначара бен‚ хьо /х1ай элча/ Iеха ма войла церан махкахь /кура/ дIасаидаро.
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
Харцдира /Делан цIена дин/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ царал тIаьхьа тобанаша а. Ойла йеш дара хIор уммат шен элчанах иза /бохам барца/ схьалаца. Цара къийсира харцдолчуьнца, цуьнца бакъдерг дайа гIерташ, – Ас схьалецира уьш /хIаллакбарца/. Муха хили Сан таIзар!
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Иштта бакъхилира хьан Кхиош-Кхобучун дош цатешначарна тIехь‚ уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу аьлла долу.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯮ
Шаьш Iарш лелош берш а, цунна гонах берш а тасбихь деш бу хастамбарца шайн Кхиош-Кхобучунна‚ тешаш бу Цунах‚ гечдар доьхуш бу ийман диллинчарна: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ массо а хIуманна шорто йина Ахь къинхетамца а‚ Iилманца а‚ Ахь гечделахь тōба диначарна а‚ Хьан некъана тIаьхьахIиттинчарна а‚ уьш ларбелахь жоьжахатин Iазапах.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
Тхан Кхиош-Кхобург‚ Iаднан/ялсаманин/ бошмаш чу бохкалахь уьш‚ Ахь царна ваIда йина йолчу‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьрретах а дика Iамал мел йинарг а. Баккъалла а, Хьо ву-кх веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а.
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Ахь ларбелахь уьш вочух (къинош бахьанехь дечу 1азапах). Оцу дийнахь Ахь ша вочух ларвинарг – Ахь къинхетам бина цунах. Иза бу-кх сийлахь-боккха толам".
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
Баккъалла а, цатешначаьрга кхойкхур ма ду: "Делан цабезам вуно а боккха бу шун цабезамал шайга‚ шу кхойкхура иймане – аш керстадора".
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Цара элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ Ахь далийтира тхо шозза‚ Ахь ден а дира тхо шозза ‚ тхо къера хилла тхайн къиношна. Арадовла цхьа а некъ буй?"
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
Иза (Iазап ду шуна) веккъа цхьана Деле кхайкхича, аш и керстадарна‚ Цуьнца накъост лоцуш хилча, шу тешарна. Хьукма /хIинца/ лекха-воккха волчу Делан ду.
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Иза ву гойтуш шуна Шен аяташ ‚ Цо охьадоссадо шуна стигалара рицкъ (маьлхан серло а, дог1а а доуьйтуш). Ойла ца йо-кх ша /Далла/ т1евоьрзуш волчо бен.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
Кхайкха Деле шаьш Цунна дог ц1ена хуьлуш /дечу/ 1ибадатехь, и керстанашна /мел/ ца дезахь а.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
Даржаш хьаладохург /ву Иза/‚ /шегахь/ Iарш йолуш‚ Са дохуьйту Цо Шен лех Шена луучуьнга кхерам таса вовшашца цхьаьнакхетар хин долчу денца .
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Оцу дийнахь уьш гучубевр бу /арабевр бу шайн кешнашкара/. Хьуллур дац Делах царах дерг хIумма а. Хьенан ду паччахьалла тахана (къематдийнахь)? Ша цхьаъ волчу‚ тIех нуьцкъала волчу Делан ду-кх!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
Тахана бекхам бийр бу хIор синна ша /дуьненахь/ карадинчуьнца. Зулам хир дац тахана. Баккъалла а, Дела сиханиг ву хьесап дарехь.
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Кхерам таса царна /х1ай элча/ гергадогIур долчу /къемат/денца‚ /нехан/ дегнаш къамкъаргашна тIе кхаьчча /кхераделла детталуш/‚ уьш /шайн оьг1азло а, сингаттам а/ юхаоза г1ерташ /хир болчу/. Ма хир вац зуламхошна цхьа а доттаг1 а, цхьа а г1одоккхург а, шена /уьш/ муьтIахь а болуш.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
Хаьа Цунна бIаьргийн тешнабехк а /хьарам хIумане хьоьжуш/‚ дегнаша хьулдийриг а.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
Дала кхиэл йо бакъдолчуьнца. Иза а витина, цара шайга кхойкхуш болчара кхиэл ца йо цхьанна а хIуманца. Баккъалла а, Дела – Иза ву хезаш верг а‚ гуш верг а.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
Уьш ца лелла лаьттахула‚ тIаккха уьш ца хьоьжу, муха хилла царал хьалха хиллачеран чакхе? Уьш бара царал вуно чIогIа ницкъаца а‚ лаьттахь асар дитарца а. Дала схьалецира уьш шайн къинош бахьанехь‚ ма ца хилира царна Делан дуьхьал цхьа а лардархо.
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
Иза /хилла/ цаьрга богIуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца – цара уьш харцбора. Дала схьалецира уьш . Баккъалла а, Иза нуьцкъала верг а ву‚ бекхамца чIогIаниг а ву.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
Оха вахийтира Муса Тхайн аяташца а‚ билгалчу бакъонца а
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
ФирIавне а‚ ХIамане а‚ Къаруне а. Цара элира: "/Иза/ тIех харцлуьйш волу бозбуунча ву".
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
Иза цаьрга веъча Тхоьгара бакъдолчуьнца, цара элира: "Байа цуьнца цхьаьна ийман диллинчеран кIентий‚ дийна бита церан зударий". Керстанийн мекарло тиларна чохь бен ма яц.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
ФирIавно элира: "Вита со Муса вен. Шен Кхиош-Кхобучуьнга кхойкхур цо. Баккъалла а, со кхоьру цо шун дин хийцорна я лаьттахь боьханиг гучудаккхарна".
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
Мусас элира: "Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-Кхобучуьнца а‚ шун Кхиош-Кхобучуьнца а массо а хьесапан /къемат/ дийнах ца тешаш кураваьллачух ".
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
ФирIавнан доьзалах цхьана ийман диллинчу и шегахь хьулдеш волчу стага элира: "Аш воь ткъа стаг цо аларна: "Сан Кхиош-Кхобург цхьа АллахI-Дела ву?" Ткъа иза шуьга шун Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонашца ма веана. Иза харцлуьйш велахь, цунна шена ю-кх и харцо. И бакълуьйш велахь, цо шуна хир ду бохучух цхьадерг хьакхалур (кхетар) ма ду шух. Баккъалла а, Дала нис ца во ша тIаламза верг а‚ тIех харцверг а.
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
ХIай сан къам‚ шуна ду паччахьалла тахана‚ шу /Мисран/ лаьттахь /массарал/ тоьлуш долуш. Хьан гIо дийр ду вайна Делан ницкъах /кIелхьарадовла/, и вайга беъча?" ФирIавно элира: "Ас шуна ца гойту сайна гушдерг бен‚ ас шу нис ца до нийсонан новкъа бен".
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
Ийман диллинчо элира: "Сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна тобанийн де санначу дийнах /аш Муса вехь/.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
Нухьан къоман а‚ Iадийн а‚ Самудийн а‚ царал тIаьхьа хиллачеран Iадатах тера /ду-кх хIара аш лелориг/. Дела ма вац зулам лууш Шен лешна.
ﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
ХIай сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна вовшашка кхайкхаран дийнах .
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎ
Шу духадовду долчу дийнах – ма хир вац шуна Делера цхьа а гIоьнча. Дала тилавала витинарг – ма вац цунна цхьа а нисвийриг".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Шуьга веара хьалха Йȳсуф билгалонашца, шу лаьтташ ду шеконехь цо шуьга деъначух. Иза хIаллакхилча (велча), аш элира: "Ваийтанне а воуьйтур ма вац Дала цул тIаьхьа элча". Иштта тилабала буьту Дала шаьш тIаламза а, шеконехь а берш,
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Шаьш Делан аяташкахь къуьйсуш болу шайга еана бакъо а йоцуш. Боккха хили /цаьрга болу/ цабезам Далла гергахь а‚ ийман диллинчарна гергахь а. Иштта мухIар туху Дала х1ор кураваьллачун‚ /нахана/ ницкъбечун дагна тIе.
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
ФирIавно элира: "ХIай ХIаман! ЮгIа суна гIала‚ со кхиа тарло некъашка,
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
стигланийн некъашка. Мусан Далла тIекхочур ву со. Баккъалла а, суна хета и (Муса) харц ву аьлла". Иштта хаздина ФирIавнана цуьнан балхан вониг‚ дIахьовзина иза /нийсачу/ некъах. ФирIавнан мекарло ма яц хIаллакхилар чохь бен.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
/ТIаккха/ элира /Фир1авнан къоман юккъера/ ийман диллинчо: "ХIай сан къам‚ суна тIаьхьахIитта‚- ас нисдийр ду шу нийсонан новкъа.
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
ХIай сан къам! Баккъалла а, хIара дуьненан дахар /кIеззиг/ зовкх хьегар ду‚ ткъа эхарт – иза ду чIагIонан цIа.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Вониг динарг – цунна бекхам хир бац и санначуьнца (вочуьнца) бен. Диканиг динарг‚ стаг велахь а‚ зуда елахь а‚ ша муъма а волуш – уьш ялсамани чу гIур бу‚ царна рицкъ лур ду цу чохь, хьесап а доцуш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
ХIай сан къам! Х1ун ду суна шу кхайкха /жоьжахатех/ кIелхьардовларе‚ аш со кхайкха /жоьжахатин/ цIерга?
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
Аш со кхойкху ас Далла керстаналла даре‚ ас Цуьнца накъост лацаре, суна шеца цхьа а Iилма доцург‚ ткъа ас шу кхойкху Ша веза а‚ тIех гечдийриг а волчуьнга.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
Дера, аша-м кхойкху со шена дуьненахь а‚ эхартахь а цхьа а кхайкхар доцучуьнга‚ ткъа вайн дIадерзар Деле ма ду‚ амма тIаламза берш – уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран дай.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Шуна тIаьхьа дагадогIур ду ас шуьга дуьйцург. Ас сайн гIуллакх Деле дIало. Баккъалла а, Дела ву-кх /Шен/ леш (халкъ) гуш верг."
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
Дала ларвира иза (Фир1авнан къомах тешаш хилларг) цара йинчу мекарлонан вонах. Хьакхаделира ФирIавнан доьзалах Iазапан вониг.
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
ЦIе – цунна тIе уьш хьалхах1оттор бу Iуьйранна а‚ суьйранна а‚ сахьт хIуттучу дийнахь /кхайкхар хир ду цаьрга/: "Чуболла ФирIавнан доьзал уггар чIогIачу Iазапе".
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
Дагадаийта! Вовшашца къийсаме бевр бу уьш /жоьжахатин/ цIергахь‚ гIийлачара эр ду курабевлла хиллачаьрга: "Баккъалла а, тхо дара шуна тIаьхьахIиттина /дуьненахь аш бохург деш‚ хIинца/ аш дIадоккхий тхох цIеран /Iазапах/ цхьа а дāкъа?"
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Шаьш курабевлла хиллачара эр ду: "/Х1ан-х1а! Ца тарло./Баккъалла а, вай дерриге а цу чохь/цIергахь/ ду-кх. Баккъалла а, Дала /нийса/ хьукма дина лешна юккъехь".
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
Эр ду цIергахь болчара жоьжахатин гIаролашка: "Дехаша шайн Кхиош-Кхобучуьнга‚ дайде āла тхуна тIера Iазап цхьана денна мукъане а".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
Цара (жоьжахатин гIаролаша) эр ду: "Шуьга бохкуьйтуш ца хилира шун элчанаш билгалонашца?" Цара элира: "ХIаъ". Элира /гIаролаша/: "Деха шаьш!" Керстанийн дехар ма дац тиларна чохь бен.
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Баккъалла а, Оха гIо дийр ма ду Тхайн элчанашна а‚ ийман диллинчарна а дуьненан дахарехь а‚ тешаш хIуттучу /къемат/ дийнахь а.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Оцу дийнахь зуламхошна пайда бийр бац церан бехказлонаша. Царна неIалт ду‚ царна кечйина ю /эхартахь/ вон х1усам.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
Оха белира Мусага нийса некъ‚ ирсана дитира Исраилан кIенташна жайна (Таврат).
ﮆﮇﮈﮉﮊ
Нийса некъ а‚ хьехам а /хилла долу/ хьекъалдолчарна.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
Собаре хила /х1ай Мухьаммад/‚ баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю‚ гечдар деха хьайн къинна ‚ тасбихь де хьайн Кхиош-Кхобучунна хастам барца сарахь а‚ Iуьйранна а.
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
Баккъалла а, Делан аяташкахь, шайга еана цхьа а бакъо йоцуш, къуьйсуш берш – баккъалла а, церан кийрахь ма яц куралла бен‚ уьш шена тIе кхуьур йоцу (уьш шайн лааме кхочур боцу). Ларвалар лаха Делаца. Баккъалла а, Иза ву хезаш верг а‚ гуш верг а.
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
Шеко йоццуш, стигалш а‚ латта а кхоллар вуно доккха ду нах кхолларал‚ делахь а дукхахболчу нахана ца хаьа-кх.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Цхьатерра бац бIаьрсадоцург а‚ гуш верг а, /иштта/ ийман а диллина, дика Iамалш йинарш а‚ вониг деш верг а. Ма кIеззиг ду-кх аш ойла йийриг!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
Баккъалла а, сахьт догIур долуш ду, шеко яц цу чохь‚ делахь а дукхахболу нах тешаш бац-кх.
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
Шу Кхетош-Кхиочо аьлла: "Соьга кхайкха (деха) – Ас жоп лур ду шуна". Баккъалла а, шаьш Суна Iибадат дарах курабовлуш берш – чугIур ма бу жоьжахатина, кIелбисина.”
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
Дела ву хилийтинарг шуна буьйса шуьга садаIийта шена чохь‚ де а /шуна/ серло луш /шайн г1уллакхаш дан/. Баккъалла а, Дела ниIмат долуш ву-кх нахана /дала/‚ делахь а дукхахболчу наха баркалла ца олу-кх.
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
И ву-кх АллахI-Дела‚ шун Кхиош-Кхобург‚ массо а хIуманан кхоллархо. /Кхин/ дела вац Иза воцург. Ма Iехош ду шу /генадохуш ду бакъдолчух/!
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
Иштта Iехабора /генабохура бакъдолчух/ Делан аяташна инкарло йеш хилларш.
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
Дела ву шуна лаьттах чIагIо йинарг‚ стигалх гIишло йинарг‚ шуна куьцаш динарг‚ т1аккха хаздина Цо шун куьцаш, цIеначу хIуманех рицкъ а делла шуна. И ву АллахI-Дела – шун Кхиош-Кхобург. Беркате хили Дела – Iаламийн Да.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
Иза дийнаверг ву‚ /кхин/ дела вац Иза воцург‚ кхайкха Цуьнга‚ Цунна дог ц1ена хуьлуш /дечу/ 1ибадатехь. Хастам бу Далла – Iаламийн Дена!
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
Ахь āла /х1ай элча/: "Баккъалла а, суна дихкина Iибадат дан аш, Дела а витина, /шайга/ кхойкхучарна сан Кхиош-Кхобучуьнгара соьга билгалонаш еъначул тIаьхьа‚ суна омра дина Iаламийн Дена муьтIахь хилар".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Иза ву шу кхоьллинарг поппарх /шун да Ᾱдам/‚ тIаккха тIадамах /шун т1аьхье/‚ тIаккха ц1ийн улхах‚ тIаккха, бераш хуьлий, арадоху шу‚ тIаккха шу тIекхиархьама шайн ницкъана ‚ тIаккха шух къена нах хилийта. Шух ву хьалха леш верг а. /И кхиэл йина Дала/ шу тоьхначу ханна тIекхачархьама а, шу хьекъале хилийтирхьама а.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Иза ву денволуьйтург а‚ волуьйтург а. Шен /цхьана/ гIуллакх тIехь сацам хилча‚ Цо олу цуьнга: "Хила!" – иза хуьлу.
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
Хьуна ца гина и Делан аяташкахь къуьйсуш берш? Ма д1ахьовзош бу уьш /бакъдолчух/!
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
/Уьш бу/ шаьш харцдинарш жайна а‚ Оха шеца Тхайн элчанаш бахийтинарг а. ТIаьхьа хуур ду-кх царна!
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
Шайна логех буржалш-г1оматаш а тоьхча‚ зIенаш а /ехкича/, такхор бу уьш
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
кхехкачу хи чу‚ тIаккха цIергахь багор бу /бегна, чекх ца бовлуш/.
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
ТIаккха эр /ду/ цаьрга: "Мичахь ду аш /Делаца/ накъост лоцуш хилларг
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
АллахI воцург?" Цара эр ду: "ДIатили уьш тхох. ХIаъ‚ тхо дацара кхойкхуш хьалха хIуманне а". Иштта тилабала буьту Дала керстанаш.
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
И (Iазап ду шуна) лаьттахь, цхьа а бакъо а йоцуш, шу даккхийдедаш хиларна а‚ шу тIех хазахеташ хиларна а.
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
ЧугIо жоьжахатин неIаршкахула, гуттаренна цу чохь дуьсуш. Ма вон чохь Iен меттиг ю-кх курабевллачеран!
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
Собаре хила /х1ай элча/‚ баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Оха гойтур ма ду хьуна /хир ду/аьллачех цхьадолу хIуманаш я Оха волуьйтур ву хьо – тIаккха Тхуна тIе дIаберзор бу уьш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
Баккъал Оха бахийтинера элчанаш хьол хьалха а‚ царах Оха хьуна бийцинарш а бу‚ царах Оха хьуна бийцаза берш а бу. Бакъахьара ца хилла цхьанна а элчанна цхьа а аят дāн, Делан пурбанца бен. Делан омра деъча, сацам хилира бакъдолчуьнца – кхузахь ийшира /дин/ харцдеш хилларш.
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
Дела ву шуна бежанаш хилийтинарг: царах /цхьадерш/ шуна тIеховша‚ царах /цхьадерш/ аш даа а доу.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
Шуна цаьргахь /кхин/ пайданаш а бу‚ аш царна тIехь кхочушдархьама шайн дагахь долу хьашт‚ царна тIехь а‚ кеманна тIехь а шу дIалеладо.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Цо гойту шуна Шен аяташ. Делан муьлхачу аятана аш инкарло йо?
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
Уьш ца лелла лаьттахула‚ ца хьовсу те‚ муха хилла царал хьалха хиллачеран чакхе? Уьш ма бара вуно царал дукха ницкъаца а‚ лаьттахь /дуьтучу/ асарца а вуно чIогIа а – кIелхьар ма ца бехира уьш царна /дуьненахь/ карадеш хиллачо.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
Цаьрга баьхкича церан элчанаш билгалонашца‚ баккхийбира уьш шайгахь долчу /дуьненан/ Iилманца‚ царах хьакхаделира цара ша сийсазадеш хилларг.
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Шайна Тхан ницкъ гича‚ цара элира: "Оха ийман дилли веккъа цхьана Деле‚ Оха керстадина тхаьш Цуьнца накъост лоцуш хилларг".
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Ца хилира царна пайдехь церан ийман Тхан ницкъ беъначул тIаьхьа. Делан Iадат /ду иза/‚ Цуьнан лешкахь ша чекхдаьлла долу. Ийшира кхузахь керстанаш.
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







