Сура Сад pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Сад pdf Нохчийн — Дахьа Сура Сад Гочдар. Сура Сад (Meccan) 88 Аят.
Related
- Сура Сад ГочдарНохчийн
- Сура Сад mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Сад

ﭑﭒﭓﭔﭕﭖ
38:1
Сāд. Шегахь хьехам болчу Къуръанах /дуй боу Ас/:
ﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
38:2
хIаъ‚ цатешнарш кураллина чохь а‚ мостагIаллина чохь а бу-кх.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
38:3
Мел /дукха/ тIаьхье(-наш) хIаллакйина Оха царал хьалха‚ цара кхойкхура /къинхетам боьхуш/– яцара и /кIелхьарбевлла/ бовдаран хан.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
38:4
Цецбевлира уьш шайга шайн юккъера кхерамча варах. Цатешачара элира: "ХIара тIех харцволу бозбуунча ву.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
38:5
Цо /дуккха деланийн метта/ цхьа дела хилийтина? И дукха тамаше хIума ду!"
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
38:6
Царах хьалдолу тоба дIаяхара /олуш/: "Д1аг1о‚ собар а де шайн деланашна тIехь. Баккъалла а, хIара ду дезаш долу хIума.
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
38:7
Тхуна ца хезна оцунах тIаьхьарчу миллатехь . Иза шаьш кхоьллина хIума а бен дац.
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
38:8
Цуьнга боссийна хьехам вайна юккъера?" . ХIаъ‚ уьш шеконехь бу-кх Сан хьехамах. ХIаъ‚ цара /хIинца а/ ца Iаьвшина Сан Iазап.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
38:9
Ткъа цаьргахь ю веза волчу, /Ша Шен лешна ни1маташ/ шортта луш волчу хьан Кхиош-Кхобучун къинхетаман хазнаш?
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
38:10
Я церан ду стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла? Хьалаболийла уьш /стигала/ гIирсашца .
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
38:11
/Пайхамарна дуьхьал вовшахтоьхначу/ тобанех цхьа кIеззиг бIо бу уьш – бохор бу хьуна иза.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
38:12
Харцбира /пайхамарш/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ Iадаша а‚ хьостамаш долчу ФирIавна а.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
38:13
Самудаша а‚ ЛутIан къомо а‚ Айкатан дайша а – цу /ерриг/ тобанаша.
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
38:14
Массара а харцбира элчанаш – бакъхилира Сан бекхам.
ﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
38:15
Х1орш хьовсур ма бац цхьана мохье бен – цунна хан яхъяр хир дац. (И мохь тохар тIаьхьатоттур дац).
ﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓ
38:16
Цара (Маккин ох1лано ца бешаш) элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ сихде тхуна тхан дāкъа хьесапан де дале".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
38:17
Сатоха /ахь‚ хIай Мухьаммад/ цара дуьйцучунна‚ дагаваийта Тхан лай Давуд‚ шегахь ницкъ хилла волу . Баккъалла а, иза т1ех /Далла/ тIевоьрзуш верг вара.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
38:18
Оха муьтIахь дира /Давудана/ лаьмнаш – цуьнца цхьаьна тасбихь деш суьйранна а‚ /малх/ кхеташ а.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
38:19
Олхазарш а‚ гулдеш /тобанашкахь/ – массо а цунна (Давудана) тIедоьрзу /муьтIахь хиларца цуьнца цхьаьна Далла тасбихь дан/.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
38:20
Оха чIагIдира цуьнан паччахьалла‚ делира цунна хьекъалалла а‚ дов къасто хаар а.
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
38:21
Хьоьга деъний /х1ай элча/ довхойн хабар? Уьш михьрабе хьала ма бевлира /пена т1ехула, не1арехула доцуш/.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
38:22
Уьш Давуд волчу чоьхьа бевлира‚ иза царах кхеравелира. Цара элира: "Ма кхера. Ши довхо ву /тхо/. Тхан цхьаберш вукхарна чугIиртина. Кхиэл йе тхуна юккъехь нийсонца‚ харцо ма йēлахь‚ нисде тхо нийсачу новкъа.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
38:23
ХIара сан ваша ву‚ цуьнан дезткъе ткъаесна уьстагI бу‚ сан цхьа уьстагI бу. Цо аьлла: "Суна кхачо йе цуьнца ". Иза сол тоьлира девнехь".
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
38:24
Цо (Давуда) элира: "Хьуна зулам дина цо хьан уьстагI бехарца шен уьстагIашна тIе. Баккъалла а, цхьаьна гIуллакх дечарах дукхахболчара вовшашна гамо йо‚ ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йеш берш а боцучара – ма кIеззиг бу уьш!" Давудана хиира Оха ша питане лаьцна хилар. ТIаккха шен Кхиош-Кхобучуьнга гечдар дийхира цо‚ горавуьйжира иза‚ /Далла/ тIевирзира иза.
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
38:25
Оха цунна иза гечдира . Баккъалла а, цунна Тхоьгахь гергарло а ду‚ хаза тIетовжийла а ю.
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖ
38:26
ХIай Давуд! Оха хилийтина хьох лаьттахь халип . Кхиэл йе нахана юккъехь нийсонца‚ тIаьхьа ма хIотта дезаршна – цара тилор ву хьо Делан некъах. Баккъалла а, Делан некъах тилалуш берш – царна чIогIа Iазап ду цара хьесапан де дицдарна.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
38:27
Оха эрна ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а. Иза цатешачеран моттар ду . Бāла бу цатешачарна /жоьжахатин/ цIергара.
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
38:28
Я Оха хуьлуьйту ийман диллинарш а, дика Iамалш йинарш а лаьттахь боьхалелачарах тера? Я Оха хуьлуьйту /Делах/ кхоьруш берш къинош дечарах тера? /Х1ан-х1а, хуьлуьйтур бац/
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
38:29
Жайна ду /хIара Къуръан, х1ай элча/‚ Оха ша хьоьга доссийна‚ беркате долуш‚ цаьрга цуьнан аятех ойла яйта‚ хьекъал долчарна дагадаийта.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
38:30
Оха велира Давудна Сулейман – дика лай. Баккъалла а, иза сов /Далла тIе/ т1евоьрзуш верг ву /1ибадат дарехь/.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
38:31
Цунна (Сулейманна) гайтира суьйранна берг туху /кха кога тIехь хIотталуш/ говраш.
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
38:32
Цо элира: "Баккъалла а, суна дукхадийзи ниIмат сан Кхиош-Кхобург хьехорал кирхьаца /малх/ дIахьулбаллалц.
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
38:33
Схьаялаел уьш суна тIе!" Волавелира иза /урс/ хьекха настарех а‚ логех а.
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
38:34
Оха питане лецира Сулейман - цуьнан гIанта тIе цхьа дегI диллира Оха‚ тIаккха иза /тōба дарца Тхуна/ тIе вирзира.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
38:35
Цо элира: "/Веза/ Дела‚ гечдехь суна‚ ло суна паччахьалла, сол тIаьхьа цхьанна хир доцчу тайпана. Баккъалла а, хьо ву-кх т1ех дукха луш верг".
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
38:36
Оха муьтIахь бира цунна мох‚ байн лелаш цуьнан омранца цунна луучу‚
ﯥﯦﯧﯨﯩ
38:37
шайтIанаш а – массо а гIишлоярхо а‚ хIорда буха воьдург а (маржанаш лоьхуш)‚
ﯪﯫﯬﯭﯮ
38:38
вуьш а‚ дихкина долу буржалшкахь.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
38:39
/Оха элира цуьнга/: "ХIара – Тхан совгIат ду. Д1ало /хьан совг1атах рицкъ хьан дōлахь болчарах хьайна луучунна/ я /ца луш/ сацаде /хьайна луучунна/, цхьа а хьесап а доцуш".
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
38:40
Баккъалла а, цунна Тхоьгахь гергарло а ду‚ дика тIетовжийла а ю.
ﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
38:41
Дагаваийта Тхан лай Аййуб‚ иза кхайкхира шен Кхиош-Кхобучуьнга: "Баккъалла а, со схьалаьцна шайтIано халонца а‚ Iазапца а".
ﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑ
38:42
/Элира цуьнга/: "Тоха хьайн ког ! ХIара – шийла лийчар а ду‚ малар а ду" .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
38:43
Оха д1абелира цунна шен доьзал а‚ кхин цаьрца цхьаьна оццул Тхоьгара къинхетам а хилла‚ хьекъал долчарна хьехам а хилла .
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
38:44
/Оха элира цуьнга/: "Схьаэца хьайн куьйга цIов ‚ иза тоха‚ хьайн дуй къера ма хилийта!" Баккъалла а, Тхуна иза карийра собаре. Дика лай ву. Баккъалла а, иза сов /Далла тIе/ воьрзуш верг ву.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
38:45
Дагабаийта Тхан леш ИбрахIим‚ Исхьакъ‚ ЙаIкъуб‚ шайгахь ницкъ хилла болу /Далла Iибадат дарехь/‚ тидамалла а хилла болу /дин кхочушдарехь/.
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
38:46
Оха цIанбира уьш цIеначу Iалашонна – /эхартан/ цIа дагадаийта.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
38:47
Баккъалла а, уьш Тхан гергахь хаьржинчарах‚ дикачарах бу.
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
38:48
Дагабаийта (хьахабе) ИсмаIил а‚ АльясаI а‚ Зуль-Кифл а – берриге а дикачарах бу.
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
38:49
ХIара хьехам бу. Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна дика тIевоьрзийла ю.
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
38:50
Iаднан бошмаш ю царна‚ /шайн/ неIарш дIайиллина йолу.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
38:51
Тевжина 1аш /хир бу уьш/ цигахь‚ цара схьабоьхуш (царна т1екхоьхьуш) цу чохь дуккха стоьмаш а‚ малар а /хир ду/.
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
38:52
Царна хир бу бIаьргаш готта болу‚ цхьана хеннара болу /мехкарий/.
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
38:53
ХIара ду-кх шуна /дуьненахь долуш/ хир ду аьлларг хьесапан денна .
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
38:54
Баккъалла а, хIара Тхан рицкъ ду‚ цунна кхачадалар дац.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
38:55
ХIара! Баккъалла а, /Делан/ дозанах бевллачарна вон тIевоьрзийла ю-кх!
ﯞﯟﯠﯡﯢ
38:56
Жоьжахати – цу чохь богур бу уьш – ма вон /дIавуьжу/ мотт бу-кх /иза/!
ﯣﯤﯥﯦﯧ
38:57
ХIара /Iазап/ Iовшийла цара‚ и ду ц1ийдина хи а‚ ноткъа а.
ﯨﯩﯪﯫﯬ
38:58
Кхин а‚ цуьнан кепара‚ тайп-тайпана /Iазапаш хир ду царна/.
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
38:59
ХIара тулгIе ю шуьца цхьаьна /жоьжахатина/ чу йоьдуш. "Марша догIийла" (дика т1елацар) дац царна. Баккъалла а, уьш цIергахь богур бу-кх (баьгга чекх ца бовлуш).
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
38:60
Цара (шаьш къиношдинчарна т1аьхьабаьзначара) эр ду: "Х1аъ‚ шуна "марша догIийла" дац-кх. Аш хьалхадаьккхина тхуна хIара (шу бахьанехь кхаьчча тхо жоьжахате). Ма вон чIагIо ю-кх!"
ﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒ
38:61
Цара эр ду: "Веза Дела‚ хIара тхуна хьалхадаьккхинчунна тIетохалахь Iазап шозза цIергахь ".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
38:62
Цара элира: "Вайна хIун хилла ца ган божарий ‚ вай шаьш вочарах лоруш хилла болу /дуьненахь/?
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
38:63
Вай ца дешаш дара царах‚ я /вайн/ бIаьрг царах дIатили?"
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
38:64
Баккъалла а, иза хьакъ-бакъ ду – жоьжахатин дайша вовшашца къийсар.
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
38:65
Ахь āла /х1ай пайхамар/: "Баккъалла а, со кхерамча ву. Ма вац цхьа а дела Ша веккъа Цхьаъ волу‚ т1ех нуьцкъала волу АллахI бен.
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
38:66
Ша стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун Да волу‚ Ша веза волу‚ т1ех гечдеш волу".
ﭿﮀﮁﮂﮃ
38:67
Ахь āла: "Иза – сийлахь доккха хабар ду.
ﮄﮅﮆﮇ
38:68
Шу цунах дIадоьрзуш ду.
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
38:69
Суна ца хили лаккхарчу элех (Далла гергахь долу маликех) лаьцна хаар, уьш къуьйсуш болуш./Āдаман хьокъехь/.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
38:70
Суна ваьхьийца хаийтина со билгала кхерамча вуйла".
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
38:71
Дагадаийта! Хьан Кхиош-Кхобучо аьллера маликашка: "Баккъалла а, Со кхолла воллу адам поппарх.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
38:72
Ас иза нисвича‚ цу чу Сан сих са а диллича, цунна /сий деш/ сужуде гIолаш".
ﮯﮰﮱﯓﯔ
38:73
Сужуд дира маликаша массара а
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
38:74
/цхьа/Иблис юкъарадолуш – цо куралла йира‚ и хилира керстанех.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
38:75
Цо (Дала) элира: "ХIай Иблис‚ стен дуьхьало йина хьуна сужуд дан Ас кхоьллинчунна Сан куьйгашца ? Курадаьлла хьо‚ я хьо хилла хьаладала гIертачарах".
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
38:76
Цо элира: "Со цул (Āдамал) дика ду. Со кхоьллина Ахь цIерах‚ и кхоьллина Ахь поппарх".
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
38:77
Цо (Дала) элира: "Арадала цу /ялсамане/ чуьра. Баккъалла а, хьо неIалт аьлла /массо а диканах/ хадийнарг ду.
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
38:78
Баккъалла а, хьуна Сан неIалт ду бекхаман де даллалц".
ﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
38:79
Цо (Иблисо) элира: "Веза Дела‚ хан яхйēхь сан уьш (адамаш) юхаденбен де т1екхаччалц". ("Къематде даллалц ца долуьйтуш дитахь со").
ﰋﰌﰍﰎﰏ
38:80
Цо элира: "Баккъалла а, хан яхйиначарах ду-кх хьо!
ﰐﰑﰒﰓﰔ
38:81
Билгалчу хенан де т1екхаччалц". ("Къематде даллалц лийр дац хьо)."
ﰕﰖﰗﰘﰙ
38:82
Цо элира: "Хьан возаллах дуй боу ас: ас тилор ма бу уьш берриге а,
ﰚﰛﰜﰝﰞ
38:83
царах Хьан сов цIена леш боцурш".
ﭑﭒﭓﭔﭕ
38:84
Цо элира: "Баккъалла а, хьакъ-бакъ Ас олу:
ﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
38:85
Ас юзор ма ю жоьжахати хьох а‚ хьуна тIаьхьа мел хIоьттинчух а – царах массарах а".
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
38:86
Ахь āла /цу цатешачаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Ас цунах цхьа а мах ца боьху‚ со сайна тIедиллинчарах а вац" .
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮ
38:87
Иза (Къуръан) беккъа Iаламашна хьехам бу.
ﭯﭰﭱﭲﭳ
38:88
Шуна хуур ма ду оцунан хабар, цхьа хан яьлча.
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







