Сура Мухьаммад pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Мухьаммад pdf Нохчийн — Дахьа Сура Мухьаммад Гочдар. Сура Мухьаммад (Medinan) 38 Аят.
Related
- Сура Мухьаммад ГочдарНохчийн
- Сура Мухьаммад mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Мухьаммад

ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙ
47:1
Шаьш цатешнарш а‚ Делан некъах /нах/ д1атилийнарш а – Цо дIатилийна церан Iамалш (цара дуьненахь диначу диканна дуьхьал дуьненахь дикачуьнца бекхам хир бу царна, эхартахь церан Iамалш хьесапе оьцур яц).
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
47:2
Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а‚ Мухьаммаде доссош хиллачух тешнарш а – иза церан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдерг ду - Цо ц1анбийр бу уьш шайн къинойх‚ тодийр ду церан гIуллакх.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
47:3
Иза ду цатешнарш тIаьхьахIуьттуш хиларна харцдолчунна‚ ийман диллинарш тIаьхьахIуьттуш хиларна шайн Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдолчунна. Иштта дāладо Дала нахана шайн масалш.
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
47:4
Шаьш дуьхьалкхетча цатешначаьрца – логех тоха аш уьш гIелбаллалц ‚ чIагIде буржалш – тIаьхьа къинхетам бер я дуьхьал мах оьцур – тIамо шен мохь охьабиллалц . Иза (ду шуьца т1ом бечу мостаг1ашца хила деза хьал). Далла лаахьара, Цо толам лур бара царна тIехь‚ делахь а шун цхьаберш вукхарца зерхьама /бойту Дала тIемаш/. Делан новкъахь байинарш – Цо янне а дIатилор яц церан Iамалш.
ﮫﮬﮭﮮ
47:5
Цо тIаьхьа нисбийр бу уьш‚ тодийр ду церан гIуллакх.
ﮯﮰﮱﯓﯔ
47:6
Цо бухкур бу уьш ялсамани чу‚ Ша царна йовзийтина йолчу (хIоранна шена ялсаманехь хир йолу хIусам хууш).
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
47:7
ХIай ийман диллинарш! Аш Далла гIо дахь (Цуьнан дин ч1аг1деш)‚ Цо шуна а гIо дийр ду‚ шун когаш а чIагIбийр бу .
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
47:8
Цатешнарш – хIаллакхилар ду царна‚ Цо дIатилийна церан Iамалш.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
47:9
Иза ду царна ца дийзина дела Дала доссийнарг (Къуръан) – Цо дIаяйа церан Iамалш.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
47:10
Уьш ца лелла лаьттахула‚ ца хьовсу‚ муха хилла царал хьалхахиллачеран чакхе? Дала бохийра уьш. /ХIокху/ керстанашна а цунах тераниг хир ду.
ﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎ
47:11
Иза - Дела ийман диллинчеран гIоьнча волу дела ду‚ ткъа керстанаш – церан цхьа а гIоьнча воцу дела ду.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
47:12
Баккъалла а, Дала бухкур бу ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а бошмашка ‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу. Ткъа цатешнарша /кIеззиг/ зовкх хьоьгур ду /кху дуьненахь/‚ дуур ду бежнаша ма доу – /тIаккха жоьжахатин/ цIе ю царна чохьIайла.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
47:13
Маса юрт‚ шаьш хьо /х1ай элча/ шена чуьра араваьккхина, хьан юьртал (Маккал) нуьцкъалō йолуш йолу‚ хIаллакйина Оха‚ ма ца хилира царна цхьа а гIоьнча!
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
47:14
Шен Кхиош-Кхобучуьнгара билгалона тIехь верг тера ву ткъа шен Iамалан вониг шена хазйиначух? Шайн дезаршна тIаьхьахIиттира уьш !
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
47:15
/Делах/ кхоьручарна хир ю аьлла йолчу ялсаманин масал ду: цу чохь татолаш ду /чам а‚ хьожа а/ ца хийцалучу хих а‚ шен чам ца хийцалучу шурин татолаш ду‚ молучарна чIогIа чōмехь долчу чагIаран татолаш ду‚ цIеначу мезан татолаш а ду. Царна цу чохь массо а стоьмех /стоьмаш/ бу‚ шаьш Кхиош-Кхобучуьнгара гечдар а ду. Уьш (ялсаманин дай) тера буй гуттар цIергахь болчарах (жоьжахатин дайх), шайна кхехкийна хи малош болчу, тIаккха цо церан чуьйраш туьйдуш болчу?
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
47:16
Царах хьоьга ладоьгIурш бу, шаьш хьо волчуьра āра ма- бевллинехь, цара олура шайгахь Iилма долчаьрга: "ХIун элира цо (Мухьаммада) хIинца хьалха?" Уьш бу Дала шайн дегнашна тIе мухIар тоьхнарш‚ шайн дезаршна тIаьхьах1иттира уьш.
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
47:17
Шаьш нисбелларш а – Цо совбехира уьш нийсачу некъаца‚ Цо делира царна /Делах/ кхерар.
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
47:18
Уьш хьовсур буй сахьте , иза шайна дāрах (т1екхачарах) цIеххьана? Цуьнан /цхьацца/ шартIаш ма деана. Мичара хир бу царна, иза шайна деъча, вовшашна хьехам?! (Цо гIо дийр дац царна тIаккха).
ﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙ
47:19
Хьуна хаалахь‚ кхин дела вац ша АллахI (цхьа Дела) бен‚ гечдар дēха хьан ледарлонашна а‚ муъма божаршна а‚ муъма зударшна а. Дела хууш ву шун дIасаидар а /дийнахь/‚ шун чудерзар а /буса/.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮ
47:20
Ийман диллинчара олу: "Сурат доьссийнехьара". /Шена чохь нийса/ хьукманаш долу сурат доссийча‚ цу чохь тIом хьахийча‚ хьуна ги, шайн дегнашкахь цамгар йерш хьоьга хьоьжуш, шена вала хорша еанарг санна. Царна вунō таме дара –
ﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
47:21
муьтIахь хилар а‚ хаза дош а (там бара цаьргара хьуна хаза). ГIуллакх сацаделлачу хенахь уьш Деле бакълийча, – дика дара-кх царна.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
47:22
Шу хила мега, шаьш /ийманах/ дIадирзича, боьханиг даржадеш лаьттахь‚ гергарлонаш хēдош ?
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
47:23
Уьш Дала шайна неIалт аьлларш бу‚ тIаккха къорбина Цо уьш /бакъдерг ца хезаш/‚ бIаьрсаза а бина /бакъдерг ца гуш/.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
47:24
Къуръанах ойла ца йо цара‚ я церан дегнашкахь дōгIанаш ду?
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
47:25
Баккъалла а, шаьш хьалха хиллачунна (керстаналлина) тIе юхабирзинарш шайна нийса некъ билгалбаьллачул тIаьхьа – шайтIано хаздина царна /шайн боьха гIуллакхаш/‚ цо даг чу кхуьссуш ду царна /Делан некъах д1атилар/.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
47:26
Иза ду цара аларна Дала доссош дерг (Къуръāн) ца дезаш хиллачаьрга : "Тхо муьтIахь хир ду шуна цхьадолчу гIуллакхашкахь". Далла хууш ма ю церан къайленаш.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
47:27
Муха /хир ду церан хьелаш/ уьш маликаша дIакхалхийнчу хенахь‚ цара царна етташ яххьийх а‚ баккъийх а?
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
47:28
Иза ду уьш Дела оьгIазвоккхучунна тIаьхьахIиттарна‚ Иза резахилар шайна цадезарна – тIаккха Цо дIайойъу церан Iамалш.
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
47:29
Шайн дегнашкахь цамгар йолчарна моьттина те Дала цкъа а шайн мостагIалла гучудоккхур яц?
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
47:30
Тхуна лиъча, Оха гайтина хир бара уьш хьуна – тIаккха хьуна бевзина хир бара уьш шайн билгалонашца. Хьуна бевзар ма бу уьш дешан аьзнашца . Дела хууш ву-кх шун Iамалш.
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
47:31
Оха зуьйр ма ду шу Тхуна шух /Делан новкъахь т1амца/ къахьоьгурш а‚ собар дийраш а бовззалц ‚ Оха зуьйр ду шун хабарш а.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
47:32
Баккъалла а, цатешнарш а‚ Делан некъах /нах/ д1атилинарш а‚ шайна нийса некъ билгалбаьллачул тIаьхьа элчанца мостагIалла лелийнарш а – цара хIумма а зен дийр ма дац Далла‚ тIаьхьа Цо дIайойъур ю церан Iамалш.
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
47:33
ХIай ийман диллинарш! Далла муьтIахь хила‚ Делан элчанна муьтIахь хила‚ шайн Iамалш ма яйа.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
47:34
Баккъалла а, цатешнарш‚ Делан некъах /нах/ дIатилинарш‚ тIаккха керста хьолехь белларш – Дала цкъа а гечдийр дац царна.
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
47:35
Шу ледар ма довлалаш‚ машаре /керстанаш/ ма кхайкхалаш‚ шу хьалахь /нуьцкъала/ долуш. Дела шуьца ву шуна‚ Цо эшор яц шуна шун Iамалш.
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
47:36
Баккъалла а, дуьненан дахар ловзар а‚ эрна хан яйар а ду. Аш ийман диллахь‚ шу /Делах/ кхерахь, – Цо шуна лур ю шун ял‚ доьхур дац шун даьхни а /деккъа закат даккхар бен/.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
47:37
Цо шуьга /дерриг даьхни/ доьхуш делхьара‚ шуна тIевирзина и доьхуш‚ шу бIаьрмециг хир дара. Цо гучудоккхур дара /шун дегнашкахь долу Делан новкъахь харжаш яр/ цадезар (бІаьрмецигалла).
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
47:38
ХIорш ду-кх шу, шайга (пайхамара) кхойкхуш долу Делан новкъахь харжаш яре! Шух бIаьрмециг (пис) верг ма ву. Б1аьрмециг верг – и шена бIаьрмециг (пис) ма ву. Дела хьал долуш ма ву (цхьангара х1умма а ца оьшуш)‚ шу пекъарш ма ду (Делера диканаш оьшуш). Шу юхадовлахь /ийманах/, Цо хуьйцур ду шу кхечу къомаца ‚ тIаккха уьш хир бац шух тера.
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







