Сура Аш-Шура
PDF —
Built right in your browser — download starts automatically
Сура Аш-Шура pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аш-Шура pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аш-Шура Гочдар. Аш-Шура (Meccan) 53 Аят.
Related
- Аш-Шура ГочдарНохчийн
- Аш-Шура mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аш-Шура

ﭑﭒ
Хьа-мūм .
ﭓﭔ
Iайн-сūн-къāф .
ﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
Иштта ваьхьий доуьйту хьоьга а‚ хьол хьалха хиллачаьрга а Ша веза волчу‚ хьукма /нийса/ деш волчу Дала.
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
Цуьнан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Иза ву лекха верг а‚ веза- воккха верг а.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
Герга ду стигланаш атадала шайна тIехула /Делан сийлаллица/. Маликаша тасбихь до шайн Кхиош-Кхобург хасторца‚ цара гечдар доьху лаьттахь болчарна . Сема довла /хIай нах/! Баккъалла а, Дела – Иза ма ву Ша т1ех гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
И воцург /шайна/ доладийраш лаьцнарш – Дела ву царна тIехь лардархо ‚ хьо вац царна т1ехь векал /х1ай Мухьаммад/.
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
Иштта ваьхьица даийтира Оха хьоьга Iаьрбийн Дешар хьоьга кхерам тасийта яртийн нанна а ‚ цунна гонахь болчарна а‚ хьоьга кхерам тасийта гулдаран денца ‚ шена чохь шеко йоцчу – цхьа тоба (бусалбанаш) ялсаманехь хир ю‚ важа тоба (керстанаш) жоьжахатахь хир ю.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
Далла лиънехьара, Цо цхьа уммат хуьлуьйтара дара царах‚ делахь а‚ Цо шен къинхетамна чувохуьйту Шена луург‚ ткъа зуламхой – ма хир вац царна доладийриг‚ ма хир вац /царна/ гIоьнча .
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Я цара Иза воцург доладийраш лаьцна? Ткъа Дела – Иза ву-кх доладийриг‚ Цо денбо белларш‚ Иза ву массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
Шун шегахь цхьана хIуманах хилпало йоьжнехь – цуьнан хьукма /лаха/ Далла тIе дерзарца (Къуръанна а, пайхамаран суннатана а т1едуьйла). /Ала:/ "Иза АллахI-Дела ву‚ сан Кхиош-Кхобург‚ Цунна тIе тевжина со‚ Цунна тIе дIавоьрзу со /сан массо а гIуллакхашкахь/".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
Стигалш‚ латта а кхоьллинарг /ву Иза/. Цо хилийтина шуна шух шайх зударий‚ бежнех а – тайп-тайпа . Цо шу алсамдоху цуьнца (зударий балабеш дебарца). Яц Цунах (Делах) тера хIума а. Иза хезаш верг а ву‚ гуш верг а ву.
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
Цуьнан ду стигалийн а‚ лаьттан а догIанаш. Цо шортта совдоккху рицкъ Шена луучунна‚ /кIеззиг/ барам а бо /Шена луучунна – уьш зерхьама/. Баккъалла а, Иза массо а хIума хууш верг ву.
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
Цо шуна шарI (бакъо) хилийтина динах Ша шеца весет дина хилларг Нухьана а, хьоьга /х1ай Мухьаммад/ ваьхьица даийтинарг а‚ Оха шеца весет динарг ИбрахIимна а‚ Мусана а‚ Iийсана а‚ "дин хIоттаде, – аьлла‚ – декъа ма ло цу чохь (динехь)". Доккха /хала/ хили мушрикашна ахь шаьш шена тIе кхойкхург. Дала цунна (Дела цхьаъварна) тIе хоржу Шена луург‚ Цо цунна (Дела цхьаъварна) тIе нисво ша /цунна тIе/ воьрзург.
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
Уьш бекъа ма ца белла шайга Iилма деъначул тIаьхьа бен вовшийн юккъехь хьагI хилар бахьанехь. Дош хьалха ца даьллехьара хьан Кхиош-Кхобучуьнгара "тоьхна хан тIе кхаччалц" аьлла долу, кхиэл йина хир ма яра царна юккъехь. Баккъалла а, царал тIаьхьа шайга ирсана жайна делларш цунах (Мухьаммад-элча хиларх) синтем бойучу шеконехь ма бу.
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐ
Цуьнга (Дела цхьаъваре) кхайкха /хIай Мухьаммад/. ДIанисло хьайга омра ма-дди. Церан дезаршна тIаьхьа ма хIотта‚ ахь āла: "Ас ийман дилли Дала доссийначу жайне‚ суна омра дина шуна юккъехь нийсо ян. /Цхьа/ Дела ву тхан Кхиош-Кхобург а‚ шун Кхиош-Кхобург а‚ тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна – шун Iамалш ю. Цхьа а къовсам бац тхуна а‚ шуна а юккъехь. Дала цхьаьнатухур ду вай (къематдийнахь бакъдерг къасто)‚ Цунна тIе ду дIадерзар".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
И Делан /динехь элчанца/ къуьйсуш берш Цунна жоп деллачул тIаьхьа церан делилаш дIатеттина /харц/ ду шайн Кхиош-Кхобучунна гергахь‚ царна оьгIазло а ю /Делера/‚ чIогIа Iазап а ду.
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Дела ву Ша доссийнарг жайна бакъдолчуьнца‚ терза а. Хьуна хьан хоуьйту? Сахьт герга хила тарло.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
Цуьнца (къематденца) сихлуш бу шаьш цунах ца тешаш берш. Ийман диллинарш кхоьруш бу цунах‚ царна хаьа иза хьакъ-бакъ дуйла. Самадовла! Баккъалла а, цу сахьтах (къематдийнах) шеко йерш генарчу тиларчохь ма бу.
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
Дела Шен лех дукха къинхетаме ма ву, рицкъ ло Цо Шена луучунна. Иза нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
Милла хиллехь эхартан ял езаш, – Оха соввоккхур ву иза шена ял яларехь. Милла хиллехь а дуьненан ял езаш, – лур ю Оха цунна оцунах‚ эхартахь цхьа а дāкъа дац цунна.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
Ткъа царна накъостий бу шайна Дала ца магийнарг динехь шарI деш? Къасторан дош ца хиллехьара, кхиэл йина хир ма яра царна юккъехь. Баккъалла а, зуламхой – царна лазош долу Iазап хир ду.
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
Хьуна гур бу зуламхой чIогIа кхоьруш шаьш /дуьненахь/ карадинчух, цуьнан бекхам /къематдийнахь/ шайна тIебоьжча. Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а ялсаманин диканашкахь хир бу. Царна хир ю шайна луург шайн Далла гергахь. Иза /Делера/ доккха дозалла ду-кх!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Иза бу Дала Шен ийман диллина болчу‚ дика Iамалш йина болчу лешна боккхуш болу кхаъ. Ахь āла /х1ай элча, цу цатешачаьрга/: "Ас ца боьху шуьга цунах цхьа а мах гергарлонашкахь безам /тергал бар/ бен". Диканиг деш волчунна – Оха алсамдоккхур ду цунна дикачуьнца. Баккъалла а, Дела т1ех гечдеш верг а ву‚ /диканиг диначунна/ т1ех баркалле верг а ву.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Я цара олу: "Цо (Мухьаммад- пайхамаро) кхоьллина Далла тIехь харцдерг?" Далла лууш делахьара, хьан дагна тIе мухIар тухур ма дара Цо . Дойу Цо харцдерг, бакъдо бакъдерг Шен дешнашца. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг.
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
Иза ву къобалдеш тōба Шен лешкара‚ гечдеш вонаш /аш тōба дича/‚ Цунна хаьа аш дийриг.
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
Жоп луш ву Иза ийман диллиначарна а‚ дика Iамалш йиначарна а (церан доIанна)‚ Цо совбоху уьш Шен комаьршаллех. Ткъа керстанаш – царна чIогIа Iазап хир ду.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
Дала шортта даржийнехьара рицкъ Шен лешна‚ тIехбевр ма бара уьш /Делан дозанел/ лаьттахь‚ делахь а Цо доссадо /рицкъ/ Шена луучу барамехь. Баккъалла а, Иза Шен леш сов дика бевзаш а‚ гуш а ма ву.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Иза ву цара дог диллинчул тIаьхьа догIа доуьйтуш верг‚ Цо баржабо Шен къинхетам . Иза ву хастаме волу доладийриг.
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
Цуьнан Iаламатех ду стигалш а‚ латта а кхоллар а‚ цу шинна чохь Цо даржийна долу дийнат а. Иза уьш гулдарна тIехь, Шена ма-лиъинехь, ницкъ болуш а ву.
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
Шух кхиъна болу /муьлха/ бохам – шун куьйгаша карадинчуьнца бу‚ дукхахдолчунна гечдо Цо .
ﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗ
Шу ма дац лаьттахь д1адовдалур долуш /Делан кхиэлах/. Ма вац шуна Дела воцург цхьа а доладийриг а‚ цхьа а гIоьнча а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
Цуьнан Iаламатех ю хIорда чохь лелаш йерш ‚ лаьмнех тера.
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
Шена лиъча мох сацабо Цо‚ уьш (кеманаш) дуьсу чIагIделла цуьнан букъа тIехь . Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду массо а т1ех собардолчунна а‚ т1етт1а баркалла олучунна а.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Я хIаллакдийр дара Цо уьш царна карадинарг бахьанехь‚ Цо гечдо дукхахдолчунна.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
Тхан аяташкахь къуьйсучарна хаийла‚ шайна цхьа а кIелхьардовлийла доцийла.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
Цхьацца хIуманах шуна елларг – дуьненан дахаран дāкъа ду. Далла гергахь дерг дика а ду, вуно а бухадуьсуш а ду ийман диллинчарна а‚ шайн Далла тIетевжинчарна а.
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
/И хаза ял ю/ даккхийчу къинойх а‚ боьхачу хIуманех а генабеввлачарна а‚ шаьш оьгIазбахча, гечдеш болчарна а.
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
/Иза ду/ шайн Кхиош-Кхобучунна жоп деллачарна а‚ ламаз хIотточарна а‚ шайн гIуллакх вовший юкъахь кхеташо йолчарна а‚ Оха шайна деллачу рицкъех /Делан новкъахь нахана диканиг деш/ харжаш йечарна а.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
Шайх цхьа хьагI кхиъча, вовшашна гIо деш болчарна а.
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
Вочун бекхам и санна вониг ду. Гечдина‚ маслахьат динарг - цуьнан ял Далла тIехь ю. Баккъалла а, Цунна ца беза зуламхой.
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
ГIо лехнарг шена зулам /динчул/ тIаьхьа – цунна некъ боьхкур бац (бехке лорур вац и; къа дац цунна).
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Некъ боьхкур бу (таIзар дийр ду) нахана зуламаш деш болчарна а‚ лаьттахь, бовла хьакъ доцуш /нахана ницкъаш беш, вон лелаш/, курабовлучарна а. Царна лазош долу Iазап ду.
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
Собар динарг а /шена наха бечу цатамашкахь/‚ гечдийнарг а /шена бохам бинчунна/ – баккъалла а, иза чIогIачу гIуллакхех ду.
ﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗ
Дала тилавала витинарг ма вац цунна цхьа а доладийриг Цул тIаьхьа. Хьуна гур бу и зуламхой, шайна Iазап гинчул тIаьхьа, олуш: "Духадерзан цхьа а некъ буй те?"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮ
Хьуна гур бу уьш цунна (жоьжахатина) хьалхатеттина‚ сийсаза хиларх кхерабелла‚ къайлаха хоьжуш. Ийман диллинчара эр ду: "Баккъалла а, зен хилларш бу-кх шаьш а‚ шайн доьзал а байнарш къематдийнахь. Самадовла! Ткъа, баккъалла а, зуламхой /хир/ бац гуттаренан Iазапа чохь?"
ﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
Ма ца хили царна доладийраш‚ царна гIо деш, Делан /1азапна/ дуьхьал. Дала тилавала вуьтург, милла велахь а, – ма бац цунна цхьа а некъ /кIелхьарвала/.
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
Жоп ло шайн Кхиош-Кхобучунна (Цунна Iибадат дарца), шайн Делера духтохалур доцу де дāле. Хир яц шуна цхьа а дIадовда меттиг оцу дийнахь‚ хир вац шуна цхьа а /шун Iазапан/ инкарло йийр йерг.
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Уьш дIаберзахь, – Оха ца вахийтина хьо /х1ай Мухьаммад/ царна тIе хехо (лардархо) хилла. Хьан тIехь дIаккхачор бен дац. Оха адаме Iовшийтича Тхайгара къинхетам‚ даккхийдоь иза цуьнца. Ткъа цунах кхиъча вониг, цуьнан куьйгаша хьалхадаьккхина долу, тIаккха адам, т1ех керста хуьлий, дIахIутту.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
Делан ду стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Кхуллу Цо Шена луург. Ло Цо Шена луучунна зудабераш, ло Цо Шена луучунна божабераш.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Я цхьаьнабало (хуьлуьйту) царна божабераш а‚ зудабераш а‚ Шена луург тIаьхье йоцуш вуьту . Баккъалла а, Иза хууш верг а ву‚ ницкъ кхочург а ву.
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐ
Ца хили адамна Дела шега вистхилар ваьхьица бен‚ я кирхьанна дехьахула‚ я элча ваийтарца бен – цо ваьхьица луш Шен пурбанца Шена луург. Баккъалла а, Иза лекха верг а ву‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮ
Иштта хьоьга а /х1ай Мухьаммад/ ваьхьица даийтина Оха са Тхан гIуллакхах. Хьо ма вацара хууш‚ жайна хIун ду‚ ийман хIун ду а‚ делахь а, Оха нур хилийта цунах (Къуръанах), шеца нисвеш Тхайна луург Тхайн лех‚ баккъалла а, ахь нисваларе ма кхойкху /исламан/ нийсачу новкъа‚
ﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Делан новкъа‚ стигалшкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шен долчу. Ткъа Далла тIе ца доьлху гIуллакхаш? /ХIаъ! Доьлху!/
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







