Сура Фуссилат
PDF —
Built right in your browser — download starts automatically
Сура Фуссилат pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Фуссилат pdf Нохчийн — Дахьа Сура Фуссилат Гочдар. Фуссилат (Meccan) 54 Аят.
Related
- Фуссилат ГочдарНохчийн
- Фуссилат mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Фуссилат

ﭑﭒ
Хьа-мūм .
ﭓﭔﭕﭖﭗ
/Жайна/ доссор /ду хIара пайхамаре/ Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчуьнгара.
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
Жайна /ду хIара/‚ Шен аяташ къастийна долу‚ Iаьрбийн /маттахь/ дешар а хилла хууш болчу нахана.
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
Кхаъ бахьарг а‚ кхерамча а /хилла ду и Къуръан/‚ царах дукхахберш дIабирзи – шайна ца хезаш (и къобал ца деш).
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
Цара (Къуръан т1е ца лоцуш хиллачара) элира /Мухьаммад-пайхамаре/: "Тхан дегнаш хьуламехь ду ахь тхо шега кхойкхучух‚ тхан лергашна чохь къоралла ю‚ тхуна юккъехь а‚ хьуна юккъехь а кирхьа ду‚ ахь /хьайн/ Iамал йе‚ оха а /тхайн/ Iамал йийр ю".
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Баккъалла а, со-м адам ду шу санна‚ соьга ваьхьица хаийтина шун Дела цхьа Дела вуйла‚ дIанисло Цуьнга, Цуьнга гечдар деха. Бāла бу-кх /Делаца/ накъост лоцучарна,
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
Шаьш закат ца луш болу‚ эхартана шаьш керста болу ".
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – царна хедар йоцу ял ю.
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
Ахь āла /цаьрга, х1ай элча/: "Аш инкарло йо Ша латта кхоьллинчунна шина дийнахь‚ аш Цунна нийсархой а хуьлуьйту? Иза ву Iаламийн Да!".
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
Хилийтина Цо цигахь (лаьттахь) чIогIа доьгIнарш (лаьмнаш) цунна тIехула‚ беркате дира Цо иза (латта) ‚ дийкъира цу чохь кхачанаш деа дийнахь – цхьанийсса /диъ де хилла/ хоьттучарна.
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
ТIаккха Иза тIевирзира стигална – и кIур бара (айъаелла хин Iаь). Цо элира цуьнга а, лаьтте а: "Схьадуьйла шайн лаамца я лаамза". Цу шиммо элира: "Тхо даьхкина тхайн лаамца".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
Цо уьш кхочушхилийтира, ворхI стигал хилла шина дийнахь‚ дIахаийтира /ваьхьица/ хIор стигална шен гIуллакх. Оха хазйира гергара стигал чиркхашца ‚ /ларйира иза шайтIанах/ Iалашъярца. Иза бу веза волчун‚ хууш волчун (Делан) дIахIоттам.
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Уьш дIаберзахь‚ ахь āла: "Ас кхерам теси шуна ткъесаца‚ Iадийн а‚ Самудийн а ткъесах тера".
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
Дагадаийта! Цаьрга баьхкира элчанаш‚ царна хьалхахула а‚ тIехьахула а: "Аш Далла бен Iибадат ма де", /олуш/. Цара элира: "Тхан Кхиош-Кхобучунна лиънехьара‚ Цо маликаш доссор дара. Баккъалла а, тхо шу шеца даийтинчунна керста ду-кх".
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
Ткъа Iадаш курабевлира лаьттахь цхьа а бакъо йоцуш‚ цара элира: "Мила ву тхол чIогIа верг ницкъаца?" Царна ца гина те уьш кхоьллина волу Дела царал чIогIа вуйла ницкъаца?! Уьш хилира Тхан аяташна инкарло йеш.
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
Оха бахийтира царна шок лоькху мох халачу деношкахь цаьрга Iовшийтархьама сийсазаллин Iазап дуьненан дахарехь. Эхартан Iазап вуно сийсаза ду. Царна гIо хир дац.
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
Ткъа Самудаш – Оха билгалбаьккхира царна /диканан а, вонан а/ некъ, ткъа царна бIаьрсазалла дукхайийзира нийсачу некъал. ТIаккха уьш схьалецира ткъес тухучу сийсазаллин Iазапо царна карадеш хилларг бахьанехь.
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
Оха кIелхьарбехира ийман диллинарш‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш.
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
Делан мостагIий /жоьжахатин/ цIерана хьалха гулбечу /къемат/ дийнахь – уьш /цу чохь/ совцор бу /могIаршкахь гулбина/.
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
Уьш цига (цIерга) баьхкича, тешалла дийр ду царна тIехь церан лерсано‚ бIаьрсано‚ чкъуро, уьш хIун деш хилла аьлла.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
Цара эр ду шайн чкъоьрашка: "Аш хIунда тешалла дира тхуна дуьхьал?" Цара эр ду: "Дистхилийтина тхо Дала‚ Ша массо а хIума дистхуьлуьйтуш волчу". Цо шу кхоьллина цкъа /шу доцучу хенахь/‚ Цунна тIе шу дIадерзор а ду.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
Шу ца хилира хьулдан гIерташ шайна тIехь тешалла дан шун лерсано а‚ шун бIаьрсино а‚ шун чкъоьраша а‚ делахь а, шуна моьттура Далла ца хаьа аш дечух дукхадерг.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
Иза ду шун моттар‚ шайн Кхиош-Кхобучух шуна моьттина долу‚ цо (шун моттаро) хIаллакдира шу‚ тIаккха шу хилира эшначарах.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Цара нагахь сатохахь – цIе ю царна чохь Iен меттиг‚ цара нагахь /Дела/ резахилар дехахь – уьш хир бац /Иза/ шайна резахиллачарах.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
Оха хилийтира царна доттагIий /шайтIанех а‚ жиннех а/‚ цара хаздира царна шайн хьалхахь дерг а‚ тIехьахь дерг а‚ царах хьакхаделира царал хьалхадаханчу жинийн а‚ адамийн а умматашкахь аьлла долу дош . Баккъалла а, уьш хилира эшнарш .
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
Цатешначара элира: "Ла ма догIа хIокху Къуръане‚ даьсса хабар дийца цуьнгахь‚ шу тола мега ".
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
Iовшуьйтур ма ду Оха цатешначаьрга чIогIа Iазап‚ бекхам бийр ма бу Оха царна цара деш хиллачух уггар вочуьнца.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
И бу Делан мостагIийн бекхам – /жоьжахатин/ цIе. Царна цу чохь гуттаренан хIусам хир ю – бекхам а хилла царна шаьш Тхан аяташна инкарло йеш хиларна.
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
Цатешначара элира /жоьжахатехь/: "ХIай тхан Кхиош-Кхобург‚ гайтахь тхуна жинех а‚ адамех а тхо тилийна и шиъ – тхайн когаш кIел буьтур бара оха – уьш /шиа/ хилийтаархьама уггар бухахь болчарах".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
Баккъалла а, аьлларш /шайн са долуш/: "Тхан Кхиош-Кхобург /цхьа/ Дела-АллахI ву"‚ тIаккха нисбелларш – царна тIе дуссур ду /къинхетаман/ маликаш, /цара олуш/: "Шу ма кхералаш, сингаттаме ма хилалаш, кхаъ хили шуна ялсаманица‚ шуна ваIда йина хилла йолчу.
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
Тхо ду шун доттагIий дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а‚ шуна цигахь шун синошна дезарг ду‚ шуна цигахь аш дехнарг а ду‚
ﭷﭸﭹﭺﭻ
/хьошаллина/ кечдина Ша гечдеш волчуьнгара‚ Ша къинхетаме волчуьнгара.”
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
Мила ву къамелаца дикō верг ша Деле кхайкхинчул‚ дика Iамал йиначул‚ ша аьлла волчул: "Баккъалла а, со ву-кх /Далла/ муьтIахь болчарах "?
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
Цхьанийсса ца хуьлу диканиг а‚ вониг а‚ ахь духатоха уггар хаза долчуьнца – тIаккха хьуна а‚ шена а юккъехь мостагIалла йерг, хьоме доттагI санна хир ву хьуна.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
И далур дац шаьш собар диначаьрга бен‚ и далур дац шегахь доккха /ирсан/ дāкъа долчуьнга бен.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
Хьуна /оцунна тIехь/ шайтIано васвасалла даг чу кхоссахь, Делера ларвалар лаха. Баккъалла а, Иза хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
Цуьнан Iаламатех ю буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Сужуд ма де аш малхана а‚ баттана а‚ аш сужуд де Ша уьш кхоьллина волчу Далла‚ шаьш Цунна Iибадат деш делахь.
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
Цара куралла яхь‚ Далла гергахь берш Цунна тасбихь деш бу буьйсанна а‚ дийнахь а‚ царна кIорда ца до.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
Цуьнан Iаламатех ду хьуна латта дакъаделла гар. Оха цунна тIе хи (дог1а) доссийча, иза деттало‚ кхуьу . Баккъалла а, Иза дендинарг – денбийр болуш ма ву белларш. Баккъалла а, Иза массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
Тхан аяташкахь керстаналла деш берш Тхуна къайлабевр бац. ЦIерга кхуссур верг дика ву я къематдийнахь кхерамза вогIур верг /дика/ ву? Iамал йе шайна ма луъу. Баккъалла а, Иза аш дийриг гуш ма ву.
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Баккъалла а, хьехамна (Къуръанна) керстаналла динарш, и шайга беъча - /бекхам бийр бу Оха царна/. Баккъалла а, иза (Къуръан) деза долу жайна ду-кх.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
Харцдерг догIур дац цунна хьалхахула а‚ тIехьахула а‚ /иза/ доссар ду Шегахь хьекъалалла а долчу‚ Ша хастаме а волчуьнгара (Делера).
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
Хьоьга /х1ай Мухьаммад/ ца олу хьол хьалха элчанашка аьлларг бен. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург Шегахь гечдар долуш а ву‚ лазаме таIзар долуш а ву.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Оха иза хилийтинехьара Iаьрбех доцу Къуръан‚ /тIаккха а/ эр ма дара цара: "Цуьнан аяташ къастийнехьара /тхуна‚ тхо царах кхетархьама/. Ткъа /Къуръан/ Iаьрбех доцуш хила дезара‚ /пайхамар ша/ Iаьрби а волуш? Ахь āла: "Иза (Къуръан) ийман диллинчарна ду‚ нийса некъ а‚ дарба а хилла". Цатешнарш а – церан лергаш чохь къоралла ю‚ иза (Къуръан) царна бIаьрсиза ду (уьш ца кхета цунах). Уьш бу шайга кхойкхучарах /тера/ генарчу меттигера.
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌ
Баккъал, Оха деллера Мусага жайна (Таврат)‚ цу чохь а хилпало хилира. Дош хьалха ца даьллехьара хьан Кхиош-Кхобучуьнгара – хьукма дина хир дара царна юккъехь. Баккъалла а, уьш шеца синтем бойучу шеконехь бу-кх.
ﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚ
Дика Iамал йинарг – /иза/ цунна шена ю. Вониг динарг – /иза а/ цунна дуьхьал ду. Хьан Кхиош-Кхобург ма вац /цуьрриг/ зулам дийр долуш лешна.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Цунна тIе духадерзо сахьтан Iилма . Ара ца болу зезагийн юккъера стоьмаш а‚ цхьа а стечун кийра бер а ца лета‚ цо бер ца до, Цунна хууш бен. Оцу дийнахь цаьрга кхойкхур ду: "Мичахь бу Сан накъостий ?" Цара эр ду: "Хьоьга хаийтина оха: вац тхох цхьа а теш".
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
ДIабирзира царах уьш хьалха шайга кхойкхуш хилларш. Царна хиира шайна цхьа а кIелхьардовлийла доцийла.
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
КIор ца до адамна диканаш дехар. Нагахь санна шех вониг кхетахь, /Делан къинхетамах/ дог дуьллу цо.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
Оха цуьнга (керста стаге) Тхайгара къинхетам Iовшийтахь, цунах зен кхеттачул тIаьхьа‚ цо эр ма ду: "ХIара сан /хьуьнарца/ ду. Суна ца моьтту сахьт д1ахIуттур ду. Со сайн Кхиош-Кхобучунна тIе юхаверзавахь, суна Цуьнгахь вуно диканиг хир ду". Оха дуьйцур ма ду керстанашка цара динарг‚ Оха Iовшуьйтур ма ду цаьрга луьрачу Iазапах /1азап/.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
Оха адамна ниIмат делча‚ дIавоьрзу иза /баркалла аларх/‚ агIорхьаьвзий. Вониг шех кхетахь, – дехха доIанаш деш хуьлу.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
Ахь āла /цу цатешачаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Гиний шуна (хьовсийша)‚ иза /Къуръан/ Делера хилча, /и хьакъ – бакъ ду/, тIаккха аш цунна керстаналла дича, мила ву ткъа ша /цуьнца/ генарчу мостаг1аллехь волчул вуно тилавелларг?"
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
ТIаьхьа Оха цаьрга гойтур ду Тхан Iаламаташ /стигалийн а‚ лаьттан а/ агIонашкахь а‚ цаьргахь шайгахь а царна билгалдаллалц иза бакъдерг дуйла. Кхачо ца хуьлу хьан Кхиош-Кхобучуьнца Иза массо а хIуманна тIехь теш хилар?
ﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐ
Баккъалла а, уьш бац шайн Кхиош-Кхобучуьнца цхьаьна-кхетарх шеконна чохь? Баккъалла а, Иза вац массо а хIуманна го буьллуш верг /Iилманца‚ Шена хаарца/?
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







