Сура Аль-Мумтахьина
PDF —
Built right in your browser — download starts automatically
Сура Аль-Мумтахьина pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Мумтахьина pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Мумтахьина Гочдар. Аль-Мумтахьина (Medinan) 13 Аят.
Related
- Аль-Мумтахьина ГочдарНохчийн
- Аль-Мумтахьина mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Мумтахьина

ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
ХIай ийман диллинарш! Ма леца Сан мостагIий а‚ шун мостагIий а доттагIий ‚ аш цаьрга безам а кхийдабеш. Цара керста ма дина шуьга деана долу бакъдерг‚ шаьш аравоккхуш элча а‚ шу а /цIеношкара/ деккъа шу Делах – шаьш Кхиош-Кхобуш волчух тешаш долу дела. Шу арадевлча гIазотана Сан новкъахь‚ Сан резахилар лоьхуш /ма лецалаш керстанаш шайна доттагIий/. Аш /дегнашкахь/ хьулбора цаьрга безам, Со дика хууш ву аш хьулдинарг а‚ аш дIахьединарг а. Шух иза деш верг тилавелла ву нийсачу некъах.
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Шуна тIехь шайн аьтто баьлча – шуна мостагIий хуьлу царах‚ шуна тIекхийдадо шайн куьйгаш а‚ шайн меттанаш а /шуна/ зен дарца‚ царна лиира аш /и бакъдерг/ керстадойла.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
Банне а шуна пайда бийр ма бац шун гергарлонаша а‚ шун доьзалша а къематдийнахь: Цо къастам бийр бу шуна юккъехь. И Дела аш дийриг гуш ма ву.
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Хаза масал ма хилира шуна ИбрахIимехь а‚ цуьнца хиллачаьргахь а‚ цара аьлча шайн нахе: "Тхо цIена ду шух а‚ аш шайна, Дела а витина, Iибадат дечу хIуманех а. Оха шуна керстаналла дина. Тхуний‚ шуний юккъехь мостагIалла ду‚ оьгIазло а ю гуттаренна а аш веккъа цхьана Деле ийман диллалц". ИбрахIима шен дега аьлла цхьа дош доцург /цунах масал ма эца/: "Хьуна гечдар доьхур ма ду ас Деле‚ /хIетте а/ Делера хьуна цхьанна а хIуманна доладеш-м вац со". /Цара – ИбрахIима а‚ цуьнан накъосташа а доIа дора/: "Тхо Кхиош-Кхобуш волу тхан Дела! Хьуна тIетевжи тхо‚ Хьуна тIедирзи тхо‚ Хьуна тIе ду-кх тхан дIадерзар а.
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
Тхо кхиош-кхобуш волу тхан Дела! Тхох питана ма делахь цатешначарна (царна толам ма лолахь тхуна т1ехь – т1аккха царна моьттур ду шаьш бакъ ду, бусалба дин харц ду)‚ Ахь гечделахь тхуна‚ тхо кхиош-кхобуш волу тхан Дела. Баккъалла а, Хьо ву-кх веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
Шуна хили цаьргахь хаза масал – Деле а‚ къематдийне а дог дохуш волчунна. /Оцунах/ милла а дIаверзахь, – баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
Тарло Дала шуна а‚ царах аш шайца мостагIалла лелош йолчарна а юккъехь безам хилийта. Дела ницкъ кхочуш ву. И Дела т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Дала ца магош дац шуна дин бахьанехь шуьца тIом ца бинчарна а‚ шу шайн цIеношкара ара ца даьхначарна а диканиг дан а‚ аш цаьрца нийсо ян а. Баккъалла а, Далла беза нийсо йеш берш .
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
Баккъалла а, Дала ца магадо шуна дин бахьанехь шуьца тIом биначарах‚ шу шайн цIеношкара арадаьхначарах‚ шу арадахарна тIехь /шун мостаг1ашна/ гIодиначарах аш шайна доттагIий леца. Царах доттагIий лоьцуш берш – уьш зуламхой бу.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈ
ХIай ийман диллинарш! Шуьга баьхкича бевдда муъма зударий – зēлаш уьш, Далла-м дика хаьа церан ийман. Шайна хааделча уьш ийман диллина буйла, – уьш керстанашка дIа ма берзабелаш . Уьш (и муъма зударий) царна (керстанашна) хьанал бац. И (керста нах) а бац царна (зударшна) хьанал. ДIало царна (цу зударийн хиллачу керста марошна) цара йина харж (цара зударшна делла хилла долу урдо). Къа дац шуна аш уьш шайна балийча, царна шайн мах (урдо) дIа а белла. Аш ма леца ца тешаш болчу зударшца /зудчун-майрачун/ уьйраш (аш ма кхаба шайгахь хилла болу т1аккха керстанийн аг1ор бевлла болу зударий). Аш еха цаьргара шаьш йина харж . Цара а йоьхийла шаьш йина харж /шуьга /. Иза ду Делан хьукма: Цо до шуна юккъехь хьукма. Дела хууш верг а ву‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜﰝﰞﰟ
Шун зударех цхьаъ дIаяхча цатешачаьрга‚ ткъа аш тIом бина хIонс яккхинехь, – дIало шайгара зударий дIабаханчарна цара йина харжаца нислург /хIонсах/ . Шу кхералаш /и нийсо ца ян/ Делах‚ шаьш Цунах тешаш долчу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
ХIай пайхамар! Хьуна тIе баьхкича муъма зударий хьоьца дуйца барт бан /динан агIонаш ларъян/ шаьш Делаца цхьанна хIуманца накъост цалацарна тIехь‚ шаьш /хIума/ цалачкъорна тIехь, зина цадарна тIехь‚ шаьш шайн бераш цадайарна тIехь‚ шаьш цадахьарна тIехь эладита, шаьш иза кхуллуш, шайн куьйгийн а‚ когийн а хьалха (шен майрачунна дина доцу бер цунах ца кхиош )‚ шаьш дикачу хIуманна тIехь хьуна Iесалла цаярна тIехь – цаьрца дуйнаца барт бе‚ царна Деле гечдар деха. Баккъалла а, и Дела т1ех гечдийриг ву‚ къинхетаме верг ву.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
ХIай ийман диллинарш! Аш доттагIий ма леца шайна Дела оьгIазвахана къам. Цара дог диллина эхартах‚ цатешачара дог диллина хиларх терра кешнийн дайх (уьш денбина гIовторах).
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







