Сура Аль-Анфаль
PDF —
Built right in your browser — download starts automatically
Сура Аль-Анфаль pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Анфаль pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Анфаль Гочдар. Аль-Анфаль (Medinan) 75 Аят.
Related
- Аль-Анфаль ГочдарНохчийн
- Аль-Анфаль mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Анфаль

ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
Цара хьоьга хоьтту /хIай Мухьаммад/ хIонсах лаьцна‚ ахь āла: "ХIонс Делан а‚ элчанан а ю". Шу Делах кхера‚ вовший юккъехь маслахьат а де‚ муьтIахь хила Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ шаьш хиллехь тешаш дерш (муъма нах).
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
Баккъалла а, тешаш берш (муъма нах) бу Дела хьехийча, шайн дегнаш кIадлуш берш‚ шайна тIехь Цуьнан аяташ дешча, ийманца совбуьйлуш берш‚ шайн Кхиош-Кхобучунна тIетевжаш берш.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Ишттанаш бу уьш шаьш ламаз а хIоттош‚ Оха шайна деллачу рицкъанах /Делан новкъахь/ харжаш а еш.
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
Уьш бу хьакъ-бакъ болу тешаш берш (муъма нах)‚ царна шайн Кхиош-Кхобучунна гергахь (хьалара) даржаш ду‚ гечдар ду‚ токхе рицкъ а ду (ялсаманехь).
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
Хьан Кхиош-Кхобучо хьо бакъонца хьайн цIа чуьра араваккхаре терра‚ тешаш болчех (муъма нахах) цхьа тоба чIогIа ца лууш ма ю /гIазот дан/.
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
Хьоьца къуьйсуш бу уьш бакъдолчуьнгахь и билгалдаьллачул тIаьхьа‚ шаьш Iожаллина тIе лоьхкуш санна, шаьш хьоьжуш а лаьтташ.
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
Дала шуьца ваIда йо: шина тобанах цхьаъ шун ю, олий. Шуна дезаш ду герз доцург шайна хуьлийла‚ Далла лууш ду бакъдерг чIагIдан а Шен дешнашца‚ цатешачеран тIаьхье хадон а,
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
бакъдерг чIагIдархьама а‚ харцдерг дIатилорхьама а, къинош дечарна /и мел/ ца дезахь а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
Аш шайн Кхиош-Кхобучуьнга гIо доьхура. Цо шуна жоп делира: "Ас шу чIагIдийр ду эзар вовшашна т1ехьа-т1ехьахь лаьттачу маликашца"‚– аьлла.
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
И ца дира Дала кхаъ хилла а бен‚ шеца шун дегнаш паргIатдахархьама а бен. ГIо дац Делера а бен. Баккъалла а, Дела веза верг‚ хьукма нийса деш верг ву.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Дагадаийта: Цо шуна тIетесира наб озор, шуна Шегара сапаргIато хилла‚ доссадора шуна тIе стиглара хи (догIа), шеца шу цIандархьама‚ шайтIанан вас-васал шух дIаяккхархьама‚ шун дегнаш сацорхьама (собарца а‚ бакъдолчуьнца а)‚ шун когаш цуьнца чIагIбархьама.
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
Дагадаийта: хьан Кхиош-Кхобучо хаийтира маликашка, Ша шуьца ву, аьлла‚ чIагIбе ийман диллинарш. Ас тIаьхьа цатешначеран дегнашка кхерам тосур бу – тоха легашна т1ехула /кортош даха/‚ хадайе церан массо а пIелган юьхьиг .
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Иза ду уьш Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьал хилла хиларна. Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьал хиллачунна Дела бекхам эца чIогIа ву.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘ
Иза (Iазап) ду шуна (х1ай керстанаш): "Iовша и шайна – цатешачарна цIеран Iазап ду".
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
ХIай ийман диллинарш! Шаьш цатешачарна дуьхьалкхетча (тIам тIехь эскарш вовшахкхетча) могIаршца, /шайн/ баккъаш ма тоха царна (царах кхералой ма довда).
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
Оцу дийнахь царна шен букъ тоьхнарг ‚ ша тIамна хьаьвзаш вацахь я кхечу тобанах дIауьйш вацахь, Делера оьгIазаллина юкъаваьлла и‚ цуьнан чугIойла жоьжахати ю‚ ма вон бу и кхоллам!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
Аш ца байина уьш‚ делахь а, Дала байина уьш. Ахь ца кхоьссина /герз/ айхьа кхуссуш, делахь а, – Дала кхоьссина (Дела вара и шун гIазот дIахьош верг) муъма нахана Шегара хаза ял (толам‚ хIонс) ялархьама. Баккъалла а, Дела хезаш верг а, хууш верг а ву.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
Иза (хьехийнарг: мушрикаш эшор, бусалбанашна Бадрехь толам хилар – Делера дара шуна)! (Шуна хаалаш:) Дела цатешачеран мекарло эшор йолуш ву.
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
Аш толам бехча – толам беана шуьга. Шу совцахь – и дика ду шуна‚ шу юха а тIамна юкъа дагIахь – Тхо а догIур ду , шун тобано шу цхьана а хIуманах кIелхьардохур дац, и йоккха хилахь а. Дела муъма нахаца ву.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
ХIай ийман диллинарш! МуьтIахь хила Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ и (пайхамар) витий дIа ма гIо, шу хезаш долуш /цо дуьйцург/.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
Шу тар ма ло аьллачарах: "ЛадоьгIна оха"‚ шаьш ладугIуш а боцуш.
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
Баккъалла а, Далла гергахь уггар боьха хьайба ду къораниг а, мотт цахуург а. Уьш бу хьекъале боцурш (Делах ца тешаш болу керстанаш).
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
Далла цаьргахь диканиг лиъна хиллехьара, Цо ладогIуьйтур дара цаьрга. Цо шайга ладогIийтича а, тIаккха а дIагIур бара уьш (гIазотера бовдур бара), /ийманах/ юьстах а бевлла.
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
ХIай ийман диллинарш! Жоп ло Далла а‚ элчанна а Цо шайга кхайкхича Ша шуна дахар луш долчуьнга. Шуна хаалаш и Дела стагана а‚ цуьнан дагана а юкъавулуш вуйла а /шена луург цуьнга ца дойтуш/‚ шу а Цунна тIе д1агулдийр дуйла а.
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Питанах кхералаш: къаьсттина шух зулам диначарна зен дина Iанне а ца Iа иза (массарна а зен до цо). Шуна хаалаш, и Дела бекхам барца (таIзар дарца) чIогIа вуйла.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
Аш дагадаийтал шаьш, кIеззиг а долуш, лаьттахь заьIап хилар‚ шаьш наха схьалецарна а кхоьруш. ТIаккха Цо тIелецира шу‚ Шен гIоьнца чIагIдира шу‚ цIенчух рицкъ а делира шуна, – шу хила мегар-кха баркалла олуш.
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
ХIай ийман диллинарш! Аш тешнабехк ма белаш Далла а‚ элчанна а‚ аш тешнабехк ма белаш шайга хиллачу тешамна (декхар делахь а‚ я кхин хIума делахь а), шаьш хууш а долуш.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Шуна хаалаш, шайн бахам а, шайн доьзалш а питана дуйла‚ баккъалла а, Дела Шегахь сийлахь-йоккха ял йолуш вуйла.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
ХIай ийман диллинарш! Шу Делах кхерахь‚ Цо кхетам бийр бу шуна (довзуьйтур ду бакъдерг‚ харцдерг)‚ шайн къинойх цIандийр ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо, – и Дела сийлахь-йокха комаьршалла йолуш ма ву.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
Хьуна мекарло ма йора цатешачара хьо лаца ‚ я вен‚ я хьо араваккха /Макки чуьра/. Мекарло йо цара, – Дала а йо мекарло /церан мекарло йохош/. И Дела /мекарлонна дуьхьал/ мекарло ечарах диканиг ву.
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
Шайна тIехь Тхан аяташ дешча, цара олу: "Хезна тхуна‚ тхайна лиъча, цунах тераниг оха а эр дара‚ уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара".
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
Цара ма элира /дагадаийтал, хIай элча/: "Веза Дела‚ хIара хиллехь Хьоьгара бакъдерг‚ догIица тIулгаш делхийта тхуна стиглара‚ я лазош долу Iазап даийта тхуна".
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Дела ца хилира царна Iазап деш, хьо царна юккъехь волуш. Ца хилира Дела царна Iазап деш верг, уьш шайна гечдар доьхуш а болуш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
Дала Iазап хIунда ца до царна, уьш Дезчу Маьждиге / бусалба нах/ ца буьтуш хилча? Уьш ца хилла цуьнан доладийрш. Цуьнан доладан хьакъ берш беккъа /Делах/ кхоьрурш бу‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх.
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
Церан ламаз (КаIбин) цIийна хьалхахь ма ца хилира шок еттар а‚ тIараш деттар а бен. /Царна жоп дац/ "Iовша шайна Iазап , шаьш цахиларна тешаш" /алар бен/.
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
Баккъалла а, цатешачара харжаш йо Делан некъах /нах/ дIатилабан. ТIаьхьа а йийр ю цара уьш‚ тIаккха йуьсур ю хьуна уьш царна шайна дохкобовлар а, гIайгIа а хилла.ТIаккха уьш эшор бу. Цатешаш берш жоьжахате гулбийр бу
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
Дала къасторхьама боьханиг цIенчух‚ боьханиг боьхачунна тIедиллархьама‚ тIаккха царах массарах а барз бархьама‚ тIаккха и жоьжахатехь хилийтархьама. Уьш бу-кх эшнарш.
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
Ахь д1ахаийта /хIай Мухьаммад/ цатешначаьрга, уьш совцахь, царна гечдийр ду хьалха даьллачунна‚ уьш юха а буьйлалахь /бусалбанашца тIом бан/ – хьалхалерачарна хилларг хир ду (хIаллакбийр бу), āлий.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
ТIом бе цаьрца питана ца хилийта‚ дерриге а дин Далла хилийта. ТIаккха уьш совцахь (маслахьате баьхкина – совца шу а), – баккъалла а, Дела цара дийриг гуш ву.
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
Уьш дIаберзахь (маслахьте ца богIуш)‚ шуна хаалаш, Дела вуйла шун гIоьнча (тIаккха тIом бе аш) – дика гIоьнча ву‚ дика толам луш верг ву Иза.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
Шуна хаалаш, шаьш хIонсах хIума яьккхича, оцунах пхоьалгIа дāкъа ду Далла а‚ элчанна а‚ цуьнан гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачарна а‚ некъахочунна а‚ шу хиллехь тешаш Делах а‚ Оха Тхайн лега, къастаман дийнахь ши тоба вовшашна дуьхь-дуьхьал нисъеллачу дийнахь, доссийначух а (маликашка а, кхин Делан билгалонашка а). Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
Дагадаийта, шу /Мадинатан/ гергарчу аг1ор а долуш‚ уьш генарчу аг1ор а болуш, и къепал шуна лахахь а йолуш ма дара. Аш вовшашца ваIда йина хиллехьара‚ галдевр дара шу тоьхначу хенаца (меттигца), делахь а, Дала кхочушхилийтархьама и хилла даьлла гIуллакх‚ хIаллакван ша билггал хIаллакхилларг‚ вāхийта ша билггал дийна виснарг. Баккъалла а, Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ма ву.
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
Дагадаийта: хьоьга гайтира Дала уьш гIенах кIеззиг хиларца /ахь дийцира и г1ан хьан накъосташка/‚ Цо хьоьга уьш гайтинехьара дукха хиларца – дýхур дара шу‚ гIуллакхехь къуьйсур дара аш‚ делахь а, Дала лардина /шу иэшарах/. Баккъалла а, Иза хууш ву дегнашкахь дерг.
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
Дагадаийта! Шуна гайтира Цо уьш‚ шу /царна/ дуьхьалкхетча‚ шун бIаьргашкахула уьш кIеззиг болуш‚ шу кIеззиг долуш гайтира церан бIаьргашкахула, Дала кхочушдархьама хилла даьлла долу гIуллакх (шу а, уьш а т1амах юха ца довлийта). Деле дIадоьрзу гIуллакхаш.
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
ХIай ийман диллинарш! Шайна /мостаг1ийн/тоба дуьхьалкхетча , чIагIлолаш‚ Дела хьехавелаш дуккха‚ шу даккхийден тарло.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
МуьтIахь хилалаш Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ вовшашца ма къийсалаш – тIаккха озалур ду шу /мостагIчух/‚ шун ницкъ дIабер бу. Собаре хилалаш. Баккъалла а, Дела собаре болчаьрца ву (царна гIодарца).
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
Шу ма хилалаш шайн цIеношкара арабевллачарах тера кураллица‚ нахана гайтархьама, Делан некъах /нах/ дIатилабеш. И Дела аш дечунна гуо беш ма ву /хаарца/.
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
Дагадаийта, шайтIано хазйира царна шайн Iамалш‚ элира: "Тахана нахах цхьа а вац шу эшо‚ со шуна лулахо ду". ТIаккха, шена ши тоба гича, дIадедира иза‚ элира: "Баккъалла а, со цIена ду шух‚ баккъалла а, со гуш ду (цунна маликаш гуш дара бусалбанашна гIо деш) шуна цагург‚ со кхоьру Делах – и Дела таIзар дарца чIогIа ву".
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
Дагадаийта! Мунепикъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчара а олура: "ХIорш шайн дино Iехийна". Далла тIетевжинарг – /Делан хьесапехь ву/. Баккъалла а, и Дела веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
Хьуна гинехьара и цатешнарш маликаша шайн синош схьадохуш, шайн яххьех а‚ тIехьашха а етташ: "Iовша шайна жоьжахатин Iазап‚– олуш.-
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
Иза ду шун куьйгаша хьалха -даькхинарг бахьанехь (аш дина къинош бахьанехь) ‚ Дела лешна зуламаш деш верг вац".
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
ФирIавнан доьзалан а‚ царал хьалха хиллачеран а Iадатах терра‚ ца тийшира уьш Делан аятех – тIаккха Дала шайн къиношца схьалецира уьш. Баккъалла а, и Дела нуьцкъала ву‚ чIогIа ву таIзар дарца.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
Иза ду – Дела цахиларна ша цхьана а къомана делла хилла долу ниIмат хуьйцуш верг, цара шаьш хийццалц шайцадерг, и ду Дела хиларна хезаш верг а‚ хууш верг а.
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
ФирIавнан доьзалан а‚ царал хьалха хиллачеран а Iадатах терра‚ харцдира цара шайн Делан аяташ – тIаккха Оха уьш, шайн къинош бахьанехь, хIаллакбира. ФирIавнан доьзал Оха хIорда бухабахийтира - массо а хилира уьш зуламхой.
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
/Дала мел кхоьллинчу/ лаьттахула лелачу х1уманех уггар боьханиг Далла гергахь – цатешарш бу‚ цара ийман ца дуьллу.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Ахь шайца барт бина (тIом бийр бац, аьлла) хилларш бу уьш‚ тIаккха массо а хенахь и шайн барт бохабо цара‚ уьш ца кхоьру /Делах и барт бохо/.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
Хьо царна тIамехь дуьхьал нисвелча, луьра та1зар де царна, царал тIехьахь болчарна кхерам таса - цара ойла ян мегара /хьуна шаьш тешнабехк ца бан, хьоьца хилла барт ца бохо /.
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
Хьо кхерахь цхьана /хьан шеца барт болчу/ къоман тешнабехках‚ бохабе ахь /барт/ цаьрца нийсса. Баккъалла а, Далла ца беза тешнабехк бийраш.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
/Бадрехь ца бойуш кIелхьарбевллачу/ керстанашна маттанне а ма моьттийла шаьш /Тхол/ хьалхадевли (Тхан шайна тIехь ницкъ кхочур бац). Баккъалла а, цара кIелдуьтур дац /Делан гIуллакх а, бусалбанашна гIо хилар а/.
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Кечбе царна дуьхьал шайн тар малло ницкъ: т1еман г1ирс а, кийча говраш шеца аш кхеро Делан мостагI а‚ шайн мостагI а‚ уьш боцурш кхиберш а‚ шуна шаьш ца бевзаш болу - Далла бевза уьш. Аш Делан новкъахь мел харж яхь а – и /кхоччуш/ юхайоьрзур ю шуна‚ шуна зулам дийр дац (Дала аш динарг тидаме ца оьцуш дуьтур дац).
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
Нагахь санна уьш машаре кховдахь‚ – тIаккха хьо а кховда цуьнга (машаре)‚ Далла тIетовжа‚ баккъалла а, Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
Царна лаахь хьо Iехо (тешнабехк бан) – хьуна кхачойийриг Дела ву. И ву Ша Шен гIоьнца а, муъма нахаца а хьо чIагIвина хилларг.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
Цо бартадалира церан дегнаш (безам тесира вовшашна юккъехь)‚ ахь лаьттахь мел дерг доьхкича а, хьоьга бартадалалур дацара церан дегнаш‚ делахь а, Дала бартабалийра уьш . Баккъалла а, Иза веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
ХIай пайхамар! Хьуна кхачоен ерг Дела ву‚ муъма нахах хьуна тIаьхьахIоьттинарг а ву.
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
ХIай пайхамар! ТIамна тIеберзабе муъма нах! Шух собаре ткъа хилча – эшор ву цара ши бIе‚ шух бIе хилча – эшор ву цара цатешачарах эзар‚ хIунда аьлча, уьш ца кхеташ къам ду.
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
ХIинца Дала дайдира шуна /т1еман хьал/‚ Цунна хиира шуьца ледарло йуй (кIеззиг хилар‚ тIамна кийча цахилар)‚ шух собаре бIе хилча – ши бIе эшор ву цара (собаре болчара), шух эзар хилча – ши эзар эшор ву цара Делан пурбанца‚ Дела собаре болчаьрца ву.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
Цхьанна пайхамарна ца оьшура шен йийсарой хила лаьттахь кхоччуш ша чIагIваллалц ‚ шу дезаш ду дуьненан хIума‚ Далла дезаш ду эхарт. Дела веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
Делера йоза хьалха ца даьллехьара аш эцначунна , доккхачу Iазапо схьалоцур дара шу.
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
Йаа шаьш йаьккхинчу хIонсах хьанал йерг‚ цIена йерг‚ Делах кхера (хьарам дерг ца дан). Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
ХIай пайхамар! Āла шайн куьйга кIел болчу йийсархошка: "Далла хаахь шун дегнашкахь диканиг‚ шуьгара даьккхинчул сов диканиг лур ду Цо шуна‚ гечдийр ду Цо шуна‚ и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву".
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
Царна лаахь хьуна тешнабехк бан‚ хьалха Далла а тешнабехк бина цара‚ Цо (хьуна царна т1ехь таIзар дан) ницкъ белла. И Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса / деш верг а ву.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
Баккъалла а, ийман а диллина, дIакхелхинарш а (динан дуьхьа пайхамарца Маккара Мединате дIабаханарш)‚ шайн бахамца а‚ синошца а Делан новкъахь къахьегнарш а‚ шаьш уьш тIелаьцнарш а‚ гIо динарш а – уьш вовшийн верасаш (доттагIий‚ гIоьнчий) бу. Ийман а диллина, дIа ца кхелхинарш – цхьанна хIуманца цаьрца гергарло дац шун, уьш дIакхалххалц. Динан хьокъехь цара шуьга гIо дехахь‚ – шуна тIехь (царна) гIо дар ду, шуна а, шайна а юккъехь барт болчу къомана дуьхьал дацахь. И Дела аш дийриг гуш ма ву.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
Цатешарш вовшийн гергарнаш бу. Аш и (гIо) ца дахь‚ лаьттахь питана хир ду‚ доккха боьханиг даьржар ду.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Ийман а диллина‚ /Мадинате/ дIакхелхинарш а‚ Делан новкъахь къахьегнарш а‚ уьш тIелаьцнарш а‚ гIо динарш а – уьш бу хьакъ-бакъ муъма нах‚ царна гечдар а‚ шортта рицкъ а хир ду.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
ТIаьхьа ийман а диллина‚ /Мадинате/ дIакхелхинарш‚ шуьца цхьаьна къахьегнарш – уьш шух бу. Гергарлонаш дерш – царах цхьаберш вукхарал герга бу Делан жайни чохь. Баккъалла а, Дела массо а хIума хууш верг ву.
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







