Сура Аль-Аъраф
PDF —
206 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Аъраф pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Аъраф pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Аъраф Гочдар. Аль-Аъраф (Meccan) 206 Аят.



Сура Аль-Аъраф
206 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒ
Алиф-лам-мим-ссад .
ﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
Жайна (Къуръан) ду х1ара, доссийна хьоьга /я Мухьаммад/, хьан дагчохь /халонца/ г1итто ма хуьлийла оцунах (хьан къомо харцдарна кхоьруш шен метте д1акхачо) - шеца ахь /цатешачарна/ д1ахьедо (кхерам таса) а, тешачарна (муъма нахана) хьехам хилийта а.
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
ТIаьхьахIитта шайн Кхиош-Кхобучуьнгара шайга доссинчунна‚ тIаьхьа ма хIитта Иза воцчу /кхечу/ доттагIашна (я г1олоцуршна )‚ кIезиг ду-кх аш ойла йийриг.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Маса юрт Оха хIаллакйина! Тхан 1азап деара цаьрга буса я царна делкъанна наб озаелча.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Тхан 1азап шайга деъча, церан кхайкхар ма ца хилира алар бен: "Баккъалла а, тхо хилла - кх зуламхой."
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
ТIаьхьа хоттур ма ду Оха шайга элчанаш бахкийтина хиллачаьрга‚ хоттур ма ду Оха элчанашка.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
Цаьрга дуьйцур ма ду Оха Iилманца ‚ Тхо доцуш ца хилла.
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
Мизан-терза оцу дийнахь хирг хилар хьакъ-бакъ ду. Шен терза дазделларш – уьш бу баккхийбийраш.
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
Шен терза дайделларш – уьш бу шайн синош эшийнарш Тхан аяташца шаьш зулам деш хилла хиларца.
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
Лаьтта тIехь Оха чIагIдира шу‚ Оха шуна цу тIехь бахам хилийтира‚ кIеззиг ду-кх аш баркалла олург.
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
Оха шу кхоьллира‚ тIаккха Оха шуна куц хилийтира‚ тIаккха Оха элира маликашка: "Сужуд де Āдамна!" Цара сужуд дира‚ Иблис доцчо – и ца хилира сужуд дечарах.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
Элира /Дала/: "Стен дуьхьало йина хьуна сужуд дан, Ас хьайга омра дича?" Элира /Иблисо/: "Со дика ду цул (Āдамал). Со кхоьллина Ахь цIарах‚ и кхоьллина Ахь поппарх".
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Элира /Дала/: "Охьадосса цигара (ялсаманера). Оьшуш дац хьан цу чохь доккхадер. Арадала! Баккъалла а, хьо сийсазачарах ду".
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
Цо (Иблисо) элира: "Хьем бе сох уьш юха денбийр болу де тIекхаччалц (къемат де даллалц ца долуьйтуш дитахь со)".
ﭸﭹﭺﭻﭼ
Элира /Дала/: "Баккъалла а, шех хьем биначарах ду хьо (дити хьо къематде даллалц ца долуьйтуш)".
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
Элира /Иблисо/: "Ахь со тилор бахьанехь уьш Хьан нийсачу некъах тило кIелонна хуур ма ду со.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
ТIаккха догIур ма ду со царна хьалхахула‚ тIехьахула‚ аьтту агIорхула‚ аьрру агIорхула‚ царах дукхахберш карор ма бац хьуна баркалла олуш".
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
Элира /Дала/: "Арадала цу чуьра (ялсаманера) бехке а хилла‚ къинхетамна гена а дале. Милла хилахь а царах хьуна тIаьхьахIоьттинарг – юзонза юьтур ма яц Ас жоьжахати шух массарах а.
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
ХIай Āдам! Вāха хьо а‚ хьан зуда а ялсаманехь‚ аш шиммо а даа шайна луъучуьра‚ шу шиъ герга ма гIолаш хIокху диттана – т1аккха зуламхойх хир ду шу шиъ".
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
И шиъ Iехо доладелира шайтIа гучуяхархьама царах шиннах хьулйина йолу церан эхье меттигаш. Элира: "Шун Кхиош-Кхобучо цу диттах шу шиъ духатоьхна ма дац шух шиннах маликаш ца хилийта а, я шу шиъ гуттар дехачарах ца хилийта а бен".
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
Царна шинна дуйнаш биира цо: "Баккъалла а, со ма ду шуна шинна хьехамча"‚– бохуш.
ﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔ
И шиъ 1ехо /Делах харц/ дуйнаш биира цо царна. ТIаккха цу шимма цу диттах чамбаьккхича, царна гучуелира шайн эхье меттигаш‚ уьш буьйлабелира шайна тIе ялсаманин гIаш Iитта. Церан Кхиош-Кхобучо цу шинга кхайкхира: "Ас цу диттах духатоьхна дацара шу шиъ? Ас шуьга аьлла дацара: шайтIа шун билгала мостагI ма дуй?"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
Цу шиммо элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ тхан догIмашна зулам ма ди оха. Ахь тхуна геч ца дахь‚ Ахь тхох къинхетам ца бахь – тхо хир ма ду эшначарах".
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
Элира /Дала/: "Охьадисса /ялсамани чуьра/‚ шу вовшийн мостагIий ду. Лаьттахь шуна чIагIам а‚ цхьа хан тIеккхаччалц бахам а хир бу".
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
Элира: "Цу чохь шу кхуьур ду‚ цу чохь шу лийр ду‚ цу чуьра шу арадохур а ду" .
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
ХIай Āдаман кIентий ! Оха доссийна шуна аш шеца эхье меттигаш хьулйе духар а, шу шеца хазлуш долу духар а. /Делах/ кхераран духар – и ду дика дерг. И Делан аятех ду уьш хилархьама кхеташ.
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
ХIай Āдаман кIентий! Шу Iеха ма дойла шайтIано‚ цо шун да-наний ялсамани чуьра арадахарх терра, схьадоккхуш церан шинна тIера духар царна шинна гайтархьама шайн эхье меттигаш. Баккъалла а, цунна (шайтIанна) шу гуш ду‚ ткъа иза а‚ цуьнан зуьррет а шуна ца гучарах ду. Баккъалла а, Оха шайтIанаш хилийтина цатешачарна доттагIий (доладийраш).
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
Шаьш боьханиг дича‚ цара олу: "Тхан дай карийна тхуна цунна тIехь‚ Дала омра дина тхуна цуьнца". Ахь āла: "Баккъалла а, Дала омра ца до боьхучуьнца‚ аш олу ткъа Делах лаьцна шайна цахуург?"
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Āла: "Омра дина сан Кхиош-Кхобучо /массанхьа/ нийсо лелаяр . ХIоттае шайн яххьаш /Далла тIе/ хIор сужуд дечу меттигехь а, сужуд дечу хенахь а ‚ кхайкха Цуьнга (Деле)‚ Цуьнан дин цIандеш /ширках/. Цо шу кхолларх терра /лаьттах/‚ юхадоьрзур ду шу дахаре (юхадендийр ду шу къематдийнахь)".
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
Цхьа тоба нисйина Цо‚ вукхарна тIехь тилар бакъхилла. Баккъалла а, цара Дела а витина, шайтIанех доттагIий (доладийраш) лаьцна шайна‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
ХIай Āдаман кIентий! Схьаэца шайн хаза духар хIор сужуд дечу меттигахь а, сужуд дечу хенахь а (хаза, цIена духар духа, шаьш ламаз деш а, тIаваф деш а – хьажцIенна го боккхуш а)‚ даа‚ мала‚ /шайн х1уманан/ кхоам бе. Баккъалла а, Далла ца беза /х1уманан/ кхоам беш боцурш.
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Ахь āла /хIай Мухьаммад, оцу Маккин керстанашка, шаьш КаIбина тIаваф деш хилла болчу берзина (т1ехь духар доцуш), Дала хьанал динарг шайна хьарам деш хилла болчу/: "Хьан хьарам дина Делера хаза дерг (духар)‚ Цо шен лешна схьадаьккхина долу‚ рицкъанах а цIена дерг?" Āла: "Иза ду ийман диллинчарна гергарчу (дуьненан) дахарехь‚ деккъа царна долуш къематдийнахь. Иштта къастадо Оха аяташ хууш долчу къомана".
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
Ахь āла: "Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобучо хьарам дина боьханиг‚ цунах гучадаьлларг а‚ хьуламехь дерг а‚ къа а‚ бахьана доцуш гIело яр а‚ аш /Делаца/ накъост лацар а Цо шеца цхьа а делил доссийна доцчуьнца‚ аш Далла тIехь алар а шайна цахуург".
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
ХIор умматан Iожалла ю (тоьхна хан). Шен Iожалла тIееъча, цхьа сахьт тIаьхьадуьсур а дац и‚ хьалхадер а дац.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
ХIай Āдаман кIентий! Бахказа буьсур ма бац шуьга элчанаш шух шайх‚ шуна дуьйцур ду цара Тхан аяташ‚ /Делах/ кхийринчунна‚ диканиг диначунна – кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац.
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
Тхан аяташ харцдинарш‚ царна куралла йинарш – уьш бу /жоьжахатин/ цIеран дай. Уьш цу чохь даима лаьттар бу.
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔ
Мила ву Далла тIе харцдерг кхоьллинчул зуламе‚ я Цуьнан аяташ харцдинчул (зуламе)? – Царна шайн дāкъа кхочур ду яздинчух . Тхан элчанаш шайна тIебогIуш синош эца‚ олуш: "Мичахь бу аш, Дела а витина, Iибадат деш хилларш?" Цара олуш: "ДIатилина уьш тхох". Шайна тIехь тешалла дийр ду цара шаьш цатешарш (керстанаш) хилира, аьлла.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Элира /Дала/: "ЧугIо шайл хьалха /жоьжахатин/ цIергахь хиллачу жинийн а‚ адамийн а умматашна". Чоьхьа мел даьллачу уммато неIалт эр ду вукхарна‚ берриге а вовшахкхетча – тIаккха тIаьхьарчо хьалхарчух эр ду: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ хIокхара тилийра хьуна тхо‚ /жоьжахатин/ цIеран Iазап дехьа царна тIеттIа". Элира /Дала/: "ХIоранна а тIеттIа /Iазап/ хир ду". Делахь а, ца хаьа-кх шуна.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Хьалхарчо вукхуьнга элира: "Тхуна тIехь дозалла ца хилира шун‚ Iовша шайна Iазап шаьш карадина хиллачуьнца".
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
Баккъалла а, Тхан аяташ харцдинарш‚ царна куралла йинарш – стигалан неIарш дIайоьллур ма яц царна‚ ялсамани чу гIур ма бац уьш эмкал механ Iуьрга йоллалц – иштта бекхам бийр бу Оха къинош диначарна.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Царна жоьжахатих хир бу /вижа/ мотт а‚ царна тIехула цIеран пардо хир ду – иштта бекхам бийр бу Оха зуламхошна.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
Ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а‚ – синна тIе ца дуьллу Оха цунна ницкъ кхочург бен‚ – уьш ялсаманин дай бу‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
Оха дIаяьккхира церан дегнашкара оьгIазло; дIаоьхуш хир ду /ялсаманехь/ церан /г1аланий/ бухахула хиш‚ цара эр: "Хастам бу Далла‚ тхо нисдинчу хIокхунна тIе‚ тхо хир ма дацара нисделла, Дала нисдина ца хиллехь. Тхан Кхиош-Кхобучун элчанаш баьхкира бакъонца". Цаьрга кхайкхира: "ХIара ялсамани шуна ирсана кхаьчна ю аш Iамал йина хиларца".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
Ялсаманин дайша жоьжахатин дайшка кхойкхур: "Тхуна-м карийна тхайн Кхиош-Кхобучо тхуна ваIда йина хилларг бакъхилла‚ шуна карийний шун Кхиош-Кхобучо шуна ваIда йина хилларг бакъхилла?" Цара эр: "ХIаъ". ТIаккха дIахьедархочо дIахьедира царна юккъехь: "Делан неIалт хуьлда зуламхошна"‚ – аьлла.
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
Ишттанаш бу уьш шаьш дIатилабеш /нах/ Делан некъах, и шаьш гамбан лууш‚ уьш эхарт керстадеш ма бу.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
Царний, вукхарний юккъехь дуьхьало хир ю. АIрафана тIехь нах хир бу, шайна массо а вевзаш шайн билгалонашца. Ялсаманин дайшка цара кхойкхур ду: "Саламун Iалайкум "‚ – аьлла. Оцу /ялсамани/ чу гIур бац уьш‚ уьш чIогIа лууш ма бара .
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
Жоьжахатин дай болчу агIор шайн бIаьрса д1адирзича‚ цара эр: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ тхо ма хилийталахь зуламе долчу къомаца".
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
АIрафан дайша кхойкхур ду нахе, шайна бевзаш болчу церан билгалонашца‚ ōлуш: "ХIун пайда би шун гулдаро а (аш дуьненахь гулдеш хиллачу хьоло)‚ аш куралла еш хиларо а?"
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
"ХIорш бу уьш, аш дуйнаш бууш хилларш‚ Делан къинхетам царах кхетар бац‚ бохуш?" "ЧугIо ялсаманина. Кхерам а хир ма бац шуна‚ шу сингаттаме (пошме) а хир ма дац " .
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
Жоьжахатин дайша ялсаманин дайшка кхойкхур ду: "Доттийша тхуна тIе хи я Дала шайна деллачу рицкъанах /цхьацца х1ума лойша тхуна/". Цара эр ду: "Баккъалла а, Дала и хьарам дина ма ду цатешачарна" –
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋ
уьш бу шайн динах цадашар а, ловзар а динарш‚ шаьш дуьненан дахаро Iехийнарш. Тахана Оха уьш бицбийр ма бу‚ цара хIокху шайн денна дуьхьалкхетар шаьш дицдаре терра‚ уьш тхан аяташ керстадеш хиларе терра.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
Тхо даьхкина ма дара цаьрга жайница‚ Оха ша билгалдаьккхина долчу Iилманца ‚ тешаш долчу къомана ша нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долчу.
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
И тидаре бен хьовсуш буй-те уьш? Цуьнан тидар деъначу дийнахь и хьалха дицдинчара эр ма ду: "Тхан Кхиош-Кхобучун элчанаш ма баьхкира бакъонна тIехь. ХIинца тхуна шапаIат дан цхьа а вуй‚ и тхуна дийр долуш волу‚ я тхо юхадерзадан ‚ тIаккха оха йийр ма яра тхаьш йина ца хилла йолу /дика/Iамал". Цара шаьш дина шайна зен‚ дIатилира царах цара /харц/ кхуллуш хилларг .
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
Баккъалла а, шун Кхиош-Кхобург ву /цхьа Аллах1/ Дела‚ Ша стигалш а‚ латта кхоьллина волу а ялх дийна чохь. ТIаккха дIанисвелира Иза Iарша тIехь . Буьйсане де хьулдойту Цо‚ /царах/ хIораммо важа лоьхуш сихонца . Малх а‚ бутт а‚ седарчий а болх беш ду Цуьнан омраца. Ткъа Цуьнан дац кхоллар а‚ омра а? Беркате хили и Дела – Iаламийн Да.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
Кхайкха (доIа де) шайн Кхиош-Кхобучуьнга хьасталой а‚ меллаша а (доIа деш маьхьарий ма бетта). Баккъалла а, Цунна ца беза дозанах бовлурш .
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
Боьханиг ма леладе лаьттахь и цIанделлачул тIаьхьа ‚ кхайкха Цуьнга /Деле/ кхерамца а ‚ догдахарца а . Баккъалла а, Делан къинхетам герга бу дикачарна .
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
И ву мехаш боуьйтуш, кхаъ хуьлий, Шен къинхетамал хьалха. Цара /догIих/ язъелла мархаш ялийча‚ Оха лохку уьш белла хиллачу махка (йокъана хилла бакъбеллачу) – цуьнца (мархаца) хи (догIа) доссадо Оха. Цуьнца массо а стом араболуьйту. Иштта белларш а арабохур бу Оха‚ шу хила мегара ойла еш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
Дика мохк – цуьнан ораматаш (латтах схьайолу дика хIума) арадуьйлу шен Кхиош-Кхобучун пурбанца‚ бехбелла хилларг (мохк) – цхьа а пайдабоцург бен ара ца йоккху цо. Иштта къастадо Оха аяташ баркалла олучу къомана.
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
Оха вахийтира Нухь шен къомана тIе. Цо элира: "ХIай сан къам! Iибадат дейша Далла‚ И воцург кхин дела вац шуна. Со кхоьру шуна деза- доккхачу дийнан Iазапах ".
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
Цуьнан къоман элаша элира: "Баккъалла а, тхуна хьо гуш ма ву билггалчу тилар чохь".
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
Цо элира: “ХIай сан къам! Соьца тилавалар ма дац‚ делахь а, со Iаламийн Дегара элча ма ву.
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
Ас шуьга д1акхачадо сан Кхиош-Кхобучун элчалалла‚ ас шуна хьехам бо‚ Делера шуна цахуург хууш ву со.
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
Я шу цецдевлира шайга шайн Кхиош-Кхобучуьнгара шуна юккъера цхьана стагехула хьехам бāрах, шуна кхерам тасархьама‚ шу кхоьруш хилархьама. Шух къинхетам бан мегара –кх”.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
Цара и (Нухь) харцвира. Оха и кIелхьарваьккхира‚ цуьнца берш а‚ кемана чохь‚ Тхан аяташ харцдинарш хи чу бахийтира. Баккъалла а, уьш хилира бIаьрса доцу къам.
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
Iадашка а /вахийтира/ церан ваша ХIýд. Цо элира: "ХIай сан къам! Iибадат дейша Далла‚ И воцург кхин дела ма вац шуна. Шу ца кхоьру?"
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
Цуьнан къоман цатешначеран элаша элира: "Баккъалла а, тхуна хьо го Iовдаллина чохь‚ баккъалла а, тхуна хьо хеташ ма ву харцлуьйчарах".
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
Цо элира: "ХIай сан къам! Сох Iовдалалла а ма дац‚ делахь а, со Iаламийн Дегара элча ма ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘ
Ас шуьга д1акхачадо сан Кхиош-Кхобучун элчаналла‚ со шуна тешаме волу хьехамча ма ву.
ﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
Я шу цецдевлира шайга шайн Кхиош-Кхобучун шуна юккъера цхьана стагехула хьехам барах шуна кхерам таса. Дагадаийтал‚ Цо шух тIаьхье хилийтира Нухьан къомал тIаьхьа‚ Цо шу алсамдехира дог1машкахь ницкъаца. Дагадайта Делан ниIматаш‚ шу хила мегара хазахеташ".
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Цара элира: "Хьо тхуна веана тхоьга веккъа цхьана Далла Iибадат дайта‚ тхоьга дитийта тхан дай шена Iибадат деш хилларг? ХIаъ‚ даийта тхуна айхьа тхоьца ваIда йина хилларг‚ хьо бакълуьйчарах хиллехь".
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
Цо элира: "Доьжна шуна тIе шайн Кхиош-Кхобучуьнгара Iазап а‚ оьгIазло а. Соьца къуьйсу ткъа аш‚ шаьш а‚ шун дайша а тихкина хиллачу цIершкахь‚ шайца Дала цхьа а делил доссийна ца хиллачу? Хьоьжуш 1е шу /Iазап догIур ду шуна/‚ со а шуьца цхьаьна хьоьжуш 1ечарах ву".
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
ТIаккха и кIелхьарваьккхира Оха /Iазапах/‚ цуьнца хилларш а‚ Тхайгара къинхетамца. Тхан аяташ харцдиначеран тIаьхье хадийра Оха‚ уьш ца хилира тешаш берш.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
Самудашка а /вахийтира Оха/ церан ваша Салихь. Цо элира: "ХIай сан къам! Далла Iибадат дейша‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шайн Кхиош-Кхобучуьнгара билгало ма еана шуьга‚ хIара Делан стен эмкал ю шуна делил хилла. Йита аш иза яжа Делан лаьттахула‚ ма Iитталолаш цунах зуламца – тIаккха лазош долчу Iазапо схьалоцур ду шу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
Аш дагадаийта Цо (Дала) шух Iадийл тIаьхьа тIаьхье хилийтар‚ Цо шу дāха ховшийна хилар лаьттахь‚ цуьнан (лаьттан) нийсачу меттигех аш гIаланаш еш‚ цуьнан ламанех аш цIенош а деш. Дагадайта Делан ниIматаш. Ма де боьханиг лаьтта тIехь, /шаьш и/ даржадеш".
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
Цуьнан къомах курабевллачийн элаша элира царах ийман диллина болчу заьIап нахе: "Шуна хаьий и Салихь шен Кхиош-Кхобучуьнгара ваийтина вуйла?" Цара элира: "Баккъалла а, тхо и шеца ваийтинчух тешаш ду-кх".
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
Куралла йиначара элира: "Баккъалла а, тхо шу шех тешнарг керстадеш ду-кх".
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
ТIаккха цу эмкална урс хьаькхира цара‚ шайн Кхиош-Кхобучун омрана куралла йира цара‚ элира: "ХIай Салихь! Даийта тхуна айхьа тхуна ваIда йина хилларг, нагахь хьо хиллехь элчанех".
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
Ирча /мохк/ ласторо схьалецира уьш – уьш Iуьйренга бевлира шайн цIеношкахь /белла/, шайн голаш а, яьххьаш а лаьттах а летта.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
Царах юьстахвелира иза (Салихь)‚ элира: "ХIай сан къам! Ас шуьга дIакхачийра сан Кхиош-Кхобучун элчалалла‚ ас шуна хьехам бира‚ амма шуна хьехамчаш ца беза-кх".
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
/Дагаваийта хьайн къомана/ ЛутI‚ цо ма аьллера шен къоме: "Сел боьханиг леладо ткъа аш‚ Iаламел цхьа а шеца шул хьалха ваьлла воцу?
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
Баккъалла а, шу ду шовкъаца божаршна т1ег1ерташ, зударий а буьтий. Ма т1аламза къам ду-кх шу".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
Цуьнан къоман жоп ма ца хилира, цара āлар бен: "Арабāха уьш шайн юьртара – шаьш цIена бу моьттуш нах бу уьш".
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цхьа зуда йиссалц – и хилла бухайисинчарах /Iазапана чохь/.
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Царна тIе догIа делхийтира Оха – хьажал‚ муха хилла къинош диначеран тIаьхье!
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
Мадьянашка а церан ваша ШуIайб /вахийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам! Далла Iибадат де‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шуьга еана шун Кхиош-Кхобучуьнгара билгало: дустар а‚ терза озар а нийса хилийта‚ нахана хIуманаш ма эшае‚ ма даржаде лаьтта тIехь вониг и цIандинчул тIаьхьа. Иза шуна дика ду, шу тешаш хиллехь.
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Ма ховша (к1елонна) х1ор некъ т1е, /нахана/ кхерамаш а туьйсуш, Делан некъах д1атоьттуш ша Цунах тешна хилларг‚ чIогIа и ганбан а гIерташ. Аш дагадаийта шаьш кIеззиг бен цахилар – Цо (Дала) дебийра шу. Хьовсал шу! Муха хилла телхина мел дерг даржочеран тIаьхье!
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
Шух цхьа тоба ийман диллина хиллехь соьга доссийначуьнга‚ важа тоба ийман ца дуьллуш хиллехь – аш собар де Дала вайна юккъехь цхьа хьукма далц. – Иза хьукма дечарах уггар диканиг ма ву"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
Цуьнан къомах курабевлачеран элаша элира: "Оха аравоккхур ма ву хьо‚ хIай ШуIайб‚ хьоьца цхьаьна ийман диллинарш а тхан юьртара‚ я шу тхан дине юхадоьрзур ма ду". Цо элира: "Тхо хиллехь безам боцуш ?
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
Далла тIе харцдерг кхоьллина хир ма дара Оха, нагахь санна тхо шун дине юхадирзича (хIинца)‚ Дала тхо цунах хьалхадаьхначул тIаьхьа. Тхуна Цунна тIе духадерзар хир ма дац Далла‚ тхан Кхиош-Кхобучунна‚ лаахь бен. Массо а хIума Iилманца (хаарца) шорта дина тхан Кхиош-Кхобучо. Далла тIетевжина тхо. Тхан Кхиош-Кхобург! Нийсонца дастахь тхуна а‚ тхан къомана а юккъехь дерг‚ Хьо /гIуллакх/ достучарах дика верг ма ву-кх".
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
Цуьнан къоман цатешначеран элаша элира: "Нагахь шу ШуIайбана тIаьхьахIиттахь, баккъалла а, шу тIаккха /шайна / зен деш ду-кх!"
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
ТIаккха /латта/ ластаро схьалецира уьш – Iуьйренга ма бевлира уьш шайн цIеношкахь /белла/, шайн голаш а, яьххьаш а лаьттах а летта.
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
ШуIайб харцвинарш /бисира шаьш/ баьхна а хиллий-техьа /шайн цIеношкахь/ аьлла хеташ. ШуIайб харцвинарш хилла-кх шаьш /шайна / зен деш .
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
И дIавирзира царах‚ элира: "Сан къам! Сан Кхиош-Кхобучун элчаналла шуьга дIакхачина-кх ас‚ шуна хьехам а бина-кх. Ас муха синтем бойур бу цатешачу къомана дуьхьа?"
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
Оха ца вахийтина /цхьанна/ юьрта цхьа а пайхамар шен охIла баланашца а‚ халонашца а схьалуьйцуш бен‚ уьш хьастлур бацара-те /Далла/?
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
ТIаккха вочунна метта диканиг хийцира Оха уьш совбуьйлуш ‚ цара элира: "Вайн дайх а хьакхаделла халахетарш а, хазахетарш а". ТIаккха Оха цIеххьана схьалецира уьш /Iазапаца/, царна хаа ца луш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
Яртийн охIлано ийман диллинехьара‚ /Делах/ кхийринехьара – царна стиглара а‚ лаьттара а ниIматаш схьадиллина хир ма дара Оха‚ делахь а, харцдина-кх цара /дин/. ТIаккха Оха схьалийцира уьш шаьш карадеш хиллачуьнца .
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
Тешна буй-те яртийн бахархой Тхан Iазап шайна тIе буса цадарна, шаьш наб еш лаьтташ болуш?
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
Я тешна буй-те яртийн бахархой Тхан Iазап шайна тIе цадарах Iуьйранна, шаьш ловзуш болуш?
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
Делан мекарлонах (кхерам цахиларах) тешна бу-те уьш? Делан мекарлонах (кхерам цахиларах) тешна хир ма дац /шена/ зен деш долу къам бен.
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
И латта, шен дай /шайн къинош бахьанехь Дала х1аллакбинчул/ т1аьхьа, шайна ирсана кхаьчначарна билгал ца даьлла-те, Оха Тхайна лиъча, шайн къинош бахьанехь шайна таIзар дийр дуйла? Церан дегний тIе мухIар туху Оха – царна ца хеза.
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
Уьш ю и ярташ (Оха хьалха х1аллакйина йолу) - церан хабарех дуьйцу Оха хьоьга. Цаьрга баьхкира Тхан элчанаш билгалонашца‚ уьш ца хилира тешар болуш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухIар туху Дала цатешачеран дегнашна тIе.
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
Царах дукхахболчеран Тхуна ца карийра ваIда кхочушъяр‚ Тхуна ма карийра царах дукхахберш песакъ нах.
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
ТIаккха царал тIаьхьа ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а тIе Муса вахийтира Оха Тхешан аяташца – цаьрца зулам дира цара . Хьажал‚ муха хилла /х1ума/ талхочеран т1аьхье!
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
Мусас элира: "ХIай ФирIавн! Баккъалла а, со ву Iаламийн Кхиош-Кхобучуьнгара элча.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
Хьакъ ву со Далла тIехь бакъдерг бен ца āла. Со веана шуьга шун Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонца‚ соьца д1абахкийта Исраилан кIентий".
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Цо элира: "Хьо веана хиллехь делилаца‚ схьало и, хьо бакълуьйчарах хиллехь".
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
ТIаккха /Мусас/ шен Iаса охьакхоьссира – цунах билгала текхарг хилира.
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
ТIаккха цо шен /кисанара/ куьг схьадаьккхира – и хьоьжучарна шурул- кIайн хилира.
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
ФирIавнан къоман элаша элира: "Баккъалла а, хIара ву говза бозбуунча.
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Шу шайн лаьттара арадāха лууш ву иза – хIун омра до аш?"
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Цара элира: "Бухасацаве иза а‚ цуьнан ваша а (цхьа жимма)‚ бахийта гIаланашка гуламхой .
ﮚﮛﮜﮝﮞ
Хьуна тIе валойла цара массо а говза бозбуунча".
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
ФирIавнан бозбуунчаш баьхкира‚ цара элира: "Баккъалла а, тхуна мах хир буй, тхо хилахь тоьлларш?"
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Цо (ФирIавна) элира: "ХIаъ‚ баккъалла а, шу хир ду-кх (суна) гергарчарах".
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
Цара элира: "ХIай Муса! Ахь кхуссу (хьалха хьан 1аса)‚ я тхо хир ду кхуссурш (хьалха)?"
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
Цо элира: "Аш кхосса". Цара кхоьссича (шайн 1асанаш а, машшаш а), нехан бIаьргашна бозбуунчалла хилира‚ чIогIа кхерийра цара уьш‚ деза доккха бозбуунчалла деара цара".
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Мусага хаийтира Оха хьайн Iаса кхосса‚ аьлла. ТIаккха цо сихха кхаьллина дIаяхийтира цара сурт хIоттийнарг.
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Гучуделира бакъдерг‚ харц хилира цара деш хилларг.
ﯿﰀﰁﰂﰃ
Цигахь эшийра уьш‚ сийсазхилла дIахььвзира уьш.
ﰄﰅﰆﰇ
Бозбуунчаш суждане охьабахийтира.
ﭑﭒﭓﭔﭕ
Цара элира: "Оха ийман дилли массо а Iаламан Кхиош-Кхобучуьнга‚
ﭖﭗﭘﭙ
Мусан а, ХIарунан а Кхиош-Кхобучуьнга".
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
ФирIавна элира: "Аш ийман дилли цуьнга, ас шайна пурба далале ?! Баккъалла а, иза мекарло ю-кх‚ аш шаьш йина гIалина чуьра нах арабāхархьама‚ тIаьхьа хуур ду шуна.
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
Шун куьйгаш а‚ когаш а хедонза буьтур ма бац ас дуьхь-дуьхьала ‚ тIаккха шу дерриге а ирхъухкур ду ас".
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
Цара элира: "Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-Кхобучуьнга дIадоьрзур ду.
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
Ахь тхоьгара бекхам оьцуш ма бац тхо тхан Кхиош-Кхобучун аятех тешна аьлла бен, уьш тхоьга деъначул тIаьхьа. Тхан Кхиош-Кхобург! Тхуна собар лолахь‚ тхо Ахь далийталахь (хьуна) муьт1ахь хилла".
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
ФирIавнан къоман элаша элира /цуьнга/: "Муса а‚ цуьнан къам а дуьту ахь лаьттахь телхина хIуманаш дан‚ цо хьо а‚ хьан деланаш а дIатаса ?" Цо элира: "ТIаьхьа вай бойур бу церан кIентий‚ дийна буьтур бу церан зударий‚ баккъалла а, вай царна тIехь ницкъ болуш ма ду".
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
Мусас шен къоме элира: "Делаца гIо лаха аш‚ собар делаш‚ лаьтта Делан ду – Цо ирсана ло и Шен лех Шена луучунна, тIаьхье /Делах/ кхоьручарна ю".
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
Цара элира: "Лазарш (бохамаш) дина тхуна хьалха хьо тхоьга вāле а‚ хьо тхоьга веъначул тIаьхьа а". Цо элира: "Шу кхиош-кхобуш Волчо шун мостагI хIаллакван мега‚ лаьттахь верасаш шу а хуьлуьйтуш – тIаккха Иза хьожур ву, шу муха 1амал еш хир ду ".
ﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
ФирIавнан доьзал схьалецира Оха шерашкахь /йокъанца/ а‚ стоьмаш эшорца а – цара ойла ян там бара.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
Шайга диканиг деъча‚ цара олура: "ХIара тхуна ду" . Шайх вониг хьакхаделча‚ Мусана а, цуьнца болчарна а т1е вон туьдура цара и . Сема хилалаш: баккъалла а, царах хьакхалуш дерг (диканиг а, вониг а – дерриге а) Делера ма ду. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу.
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
Цара (ФарIавнан наха) элира: "Муьлхха а делил ахь тхуна дāладахь а, тхуна шеца бозбуунчалла дархьама‚ тхо хьох тешар долуш дац хьуна".
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
Оха царна тIехьажийра хи тIедалар а‚ цIоз а‚ мезий а‚ пхьидаш а‚ цIий а къегина делилаш а хилла – тIаккха а куралла йира цара‚ царах хилира къинош деш долу къам.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
Шайна тIе Iазап доьжча‚ цара элира: "ХIай Муса! Деха тхуна хьан Кхиош-Кхобучуьнга хьоьца Шен ваIда хилларг (Iазап айде, тхо хьох тешча). Нагахь ахь тхуна тIера хIара Iазап айдахь‚ хьох тешанза а Iийр ма дац тхо‚ хьоьца Исраилан кIентий а бохкуьйтур ма бу Оха".
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
Оха шайна тIера Iазап шаьш /хIорда бухабохуьйту/ хан тIекхаччалц айдича, цара шайца бина хилла болу барт бохабо.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
ТIаккха Оха цаьргара бекхам ийцира. Оха уьш хIорда бухабахийтира уьш хиларна Тхан аяташ харцдеш‚ уьш хиларна уьш тергал ца деш.
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
Оха ирсана елира заьIап хиллачу къомана шайна чохь/даха/ беркате хилийтина йолу дуьненан малхбаленаш а‚ цуьнан малхбузенаш а. Исраилан кIенташна тIехь кхочушхилира хьан Кхиош-Кхобучун хаза дош цара собар дарна. Оха дохийна дIадахийтира ФирIавна а‚ цуьнан къомо а деш хилларг а‚ цара хьалах1иттош хилларг а .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
Оха Исраилан кIентий хIорда дехьабехира. ТIаккха уьш кхечира цхьана шайн ц1ушна (жа1аршна) Iибадат деш долчу къомана тIе‚ цара (Исраилан кIенташа) элира: "ХIай Муса! Тхуна Дела хилийта, церан деланаш санна". Цо (Мусас) элира: "Баккъалла а, ма жехIал къам ду-кх шу.
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
Баккъалла а, хIорш шаьш хиллачохь хIаллакхир бу‚ харц ду цара деш хилларг".
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Цо (Мусас) элира: "АллахI (цхьа Дела) воцург кхин дела лоху ткъа ас шуна? Цо шу даз ма дина /ниIматашца массо а/ Iаламел.
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
Дагадаийта /х1ай Исраилан к1ентий/: Цо к1елхьар ма дехира шу ФирIавнан доьзалх‚ шуна боьха Iазап латтош хилла болчу. Цара бойура шун кIентий‚ дийна буьтура /шайна бацо/ шун зударий. Шуна цу чохь шун сийлахь-веза волчу Кхиош-Кхобучуьнгара зер ма ду.
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
ТIаккха Оха Мусаца ваIда йира ткъе итт буьйсанца‚ уьш кхочушхилийтира Оха иттанца. Цуьнан Кхиош-Кхобучун тоьхна хан кхочушхилира шовзткъа буьйсанца . ТIаккха Мусас элира шен вешига ХIаруне: "Сан метта виса сан къомаца‚ маслахьат (диканиг) де‚ телхина мел дерг даржочеран новкъа ма хIотталахь".
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
Оха билгалъяьккхинчу меттиге веъча‚ шен Кхиош-Кхобучо шеца къамел дича‚ Мусас элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ суна Хьуо гайтахь – Хьоьга хьожур вара со!". Цо элира: "Со гур ма вац хьуна (дуьненан дахарехь)‚ делахь а, хьажахь дIо ламане‚ и шен меттигехь чIагIлахь – тIаккха Со гур ву хьуна". Цуьнан Кхиош-Кхобург ламанна гучуваьлча‚ Цо и аьтта дIабахийтира‚ Муса, эсах а ваьлла, вуьйжира. ТIаккха ша меттавеъча‚ цо элира: "Хьо вонах цIанво ас ‚ ас тōба ди Хьоьга (ишттаниг кхин ца деха)‚ со ву-кх тешачарах хьалхарниг".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
Цо (Дала) элира: "ХIай Муса! Баккъалла а, Ас хьо хаьржина нахал Сан элчаллица‚ Сан къамелаца ‚ дIалаца Ас хьайга делларг‚ хьо хила /Суна/ шукур дечарах (баркалла олучарах)".
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
Оха яздира цунна аьнний чохь хIор хIуманах хьехам а‚ хIор хIуманна къастор а, /олуш/: "ДIаэца и ницкъица‚ хьан къоме а омра де, дIалаца алий цуьнан уггар хазаниг. Ас тIаьхьа гойтур ду шуьга песакъ нехан цIа" .
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
ТIаьхьа Ас Сан аятех д1аберзор бу лаьттахь, бовла хьакъ боцуш, курабевлла хилларш. Муьлхха а делил гича а – цунах ца теша уьш‚ нийсонан некъ гича а – и некъ бой тIе ца лоцу цара‚ тиларан некъ гича – и некъ бой тIелоцу цара‚ иза цара Тхан аяташ харцдина дела ду‚ уьш царах гIопал хилла дела ду.
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
Тхан аяташ а‚ эхартаца цхьаьнакхетар а харцдинарш – церан Iамалш хIаллакхилла. Шаьш еш хиллачу Iамалашца а бен бекхам хир буй царна?!
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
Мусан къомо и /Делаца къамел дан/ ваханчул тIаьхьа гIозарех а‚ мухIарех эса дира шен дегI а‚ аз а долуш. Царна ца го техьа‚ цо цаьрца къамел ма ца дой‚ /нийсачу/ новкъа а нис ма ца бо цо уьш? Цара и лецира / Дела а витина, Iибадат дан/, – уьш зуламхой хилира.
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
ТIаккха уьш дохкобевлла‚ хIун дийр ду ца хууш болуш‚ царна гича шаьш тиладелла хилар‚ цара элира: "Вай Кхиош-Кхобучо вайх къинхетам ца бахь‚ Цо вайна геч ца дахь – вай хир ма ду эшначарах".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Муса шен къомана тIе юхавирзича‚ ша оьгIазвахана‚ чIогIа пошме хилла‚ элира: "Ма вон хIума ду-кх аш суна кхоьллинарг сол тIаьхьа (со воцуш). Сихлой ткъа шайн Кхиош-Кхобучун гIуллакхехь?" Шегара аннаш охьакхиссира цо‚ шен вешин корта (-н месаш) шена тIе озийра цо. Элира /ХIаруна/: "ХIай сан ненан кIант ! Цу къомо со заьIап ма ви‚ со вен герга ма хилла уьш‚ мостагIий баккхий ма белахь суна‚ зуламе къомаца ма хилийталахь со".
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Элира /Мусас/: "Со Кхиош-Кхобург! Гечделахь суна а‚ сан вешина а‚ Хьан къинхетамна чудохкалахь тхо. Хьо ву-кх уггар къинхетаме верг".
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Баккъалла а, эса лаьцнарш /шайн дела вина/ – шайн Кхиош-Кхобучуьнгара оьгIазло кхуьур ма ю царах‚ сийсазалла а /ю царна/ дуьненан дахарехь. Иштта бекхам бо Оха харцдерг кхуллучарна.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
Вониг (къинош) динарш‚ тIаккха цул тIаьхьа тōба а дина, ийман диллинарш, – баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург цул тIаьхьа /царна/ сов гечдеш верг ма ву‚ къинхетам беш верг ма ву.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
Муса оьгIазаллах ваставелча, аннаш схьаийцира цо‚ церан йозаний чохь бара нийса некъ а‚ къинхетам а шен Кхиош-Кхобучух кхоьруш болчарна.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
Мусас шен къомах кхузткъе итт стаг хаьржира Тхоьца цхьаьнакхетарна . ТIаккха чIогIачу латталастаро уьш схьалецча‚ цо элира: "Со Кхиош–Кхобург‚ Хьайна лиъна хиллехьара, Ахь хьалха хIаллакбина хир бара уьш а‚ со а. Тхо хIаллакдо Ахь тхох /цхьаболчу/ Iовдалша лелийначуьнца? Иза хьан питана ма дуй‚ Ахь шеца Хьайна луург тилош‚ Хьайна луург нисвеш долу. Хьо ву-кх тхан доладийриг (вали)‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхох‚ Хьо ву-кх гечдечарах уггар дика верг.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
Яздехьа тхуна хIокху дуьненахь диканиг‚ эхартахь а /диканиг/‚ баккъалла а, тхо нисделла-кх Хьоьга". Цо /Дала/ элира: "Сан Iазап Ас кхиор ду Сайна луучух‚ Сан къинхетамо массо а хIума шена чулаьцна – тIаьхьа Ас дIаязбийр бу и /къинхетам/ шаьш /къинах/ кхоьруш болчарна‚ закат луш болчарна‚ шаьш Тхан аятех тешаш болчарна.
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
Ишттанаш бу уьш шаьш тIаьхьахIуьттуш элчанна-пайхамарна йоза-дешар ца хууш волчу ‚ шех лаьцна яздина шайна карош шайн гергахь Таврата чохь‚ Инжила чохь‚ ша царна "Диканиг де!" олуш волу‚ вочух уьш духатухуш волу‚ цIена дерг царна хьанал деш волу‚ боьханиг шайна хьарам деш волу‚ царна тIера деза хIуманаш а‚ буржолаш а ша дIадохуш волу. Цунах тешнарш‚ и лийринарш‚ цунна гIо динарш‚ цуьнца доссийна долчу нуьрана (Къуръанна) тIаьхьахIиттинарш – уьш бу баккхийбуьйр берш.
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "ХIай нах! Баккъалла а, со Делан элча ву шуьга массаьрга а‚ Иза ву стигалийн а‚ лаьттан а паччахьлла Шен долахь дерг. Кхин дела вац И воцург‚ /массо са долу х1ума а, нах а/ денбо Цо‚ болуьйту Цо. Теша шу Делах а‚ Цуьнан элча-пайхамарах а‚ йоза-дешар ца хууш волчу‚ ша тешаш волчу Делах а‚ цуьнан дешнех а. ТIаьхьахIитта цунна – шу нийсачу новкъа довла там бара".
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
Мусан къомах а ду цхьа уммат‚ ша бакъдолчунна тIе нисделла долу‚ ша цуьнца нийсо еш долу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
Оха уьш (Исраилан кIентий) бийкъира шийтта некъене. Мусага хаийтира Оха, иза шен къомана хи доьхуш волчу хенахь, "хьан Iаса тоха тIулгах"‚ аьлла. ТIаккха шийтта хьоста схьаделира цунах. ХIор некъенна (тобанна) шен хи молу меттиг хиира. Оха царна IиндагI (салкха) дира мархаца‚ доссийра царна Манна а‚ Салва а – даа Оха шайна деллачу рицкъих цIенадерг. Тхуна зулам ца дина цара – уьш хилла-кх шаьш шайна зулам деш.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
Дагадаийта цаьрга аьлла хилар: "ХIокху юьртахь дāха совца‚ даа цу чуьра шайна луъучохь‚ аш āла: "/Тхан къинош/ д1адайар /доьху оха Деле/!"‚ неIарехула чоьхьадовла, сужуд деш‚ Оха гечдийр ду шуна шун гIалаташ. ТIаьхьа Оха алсамбохур бу диканиг деш берш".
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
Царах зулам диначара хийцира дош шайга аьлла доцчуьнца . ТIаккха Оха царна тIе стиглара Iазап доссийра уьш зулам деш хиларна.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨ
Хаттал цаьрга хIордана уллохь хиллачу юьртах лаций: уьш /Делан/ дозанех бевлира шотдийнахь‚ царна чIерий догIура гучудовлий церан шотдийнахь‚ церан шотде доцуш царна ца догIура уьш (чIерий) – иштта балане лецира Оха уьш шаьш песакъ хиларна.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
Царах цхьана тобано аьллера /хьехам бечаьрга/: “Аш хIунда хьехам бо нахана‚ шаьш Дала хIаллакбийр болчу‚ я Цо шайна чIогIачу Iазапца Iазап дийриг долчу?” Цара элира: "Шун Кхиош-Кхобучуьнга бехказадовлархьама‚ уьш хилархьама а /Далла 1есалла ярах / кхоьруш ".
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
Цара шайга хьехийнарг дицдича‚ Оха кIелхьарбехира шаьш /нах/ вочух духатухуш берш. Зулам динарш Оха схьалецира ирчачу Iазапца уьш песакъ хиларна.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
Цара тергал ца дича Оха шаьш шех духатоьхнарг‚ Оха элира цаьрга: "Хила шух сийсаза маймалш ".
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Хьан Кхиош-Кхобучо дIахаийтира Ша царна (жуьгташна) тIе бахкийтаза буьтур ма бац бу къематде кхаччалц царна луьра Iазап деш берш‚ баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург сиханиг ву таIзар дарехь‚ Иза – т1ех гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
Оха бийкъира уьш (жуьгтий) лаьттахь тобанашка – царах диканаш а бу‚ царах уьш боцурш а бу. Оха уьш теллира хазачуьнца а‚ вочуьнца а: уьш юхабоьрзур бацара-те /Далла тIе/.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Царал тIаьхьа кхин тIаьхье хилира‚ жайна ирсана кхечира цаьрга‚ хIокху дуьненан бахам оьцура цара‚ олура: "Вайна-м гечдийр ма ду". Цуьнга терра кхин бахам шайга беъча – иза а оьцур бара цара. Ткъа жайнин чIагIо ца хиллера царна тIехь‚ цара Далла тIехь бакъдерг бен эр дац аьлла‚ цу чохь дерг цара Iамийна ма дара? Эхартан цIа тоьлуш ма ду шаьш /Делах/ кхоьруш болчарна‚ шу хьекъале ца хуьлу?
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
Шаьш жайница хуьлуш берш (цо бохург деш)‚ ламаз хIоттийнарш, – баккъалла а, Оха эша ма ца бо дикачеран мēла.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
Царна тIехь лам айбира Оха‚ ша тIейожа йоллу лаба санна лаьтташ‚ царна моьттура и шайна тIеюжуш ю. /Оха элира/: "ДIалаца Оха шайна делларг ницкъица‚ хьехаде цу чохь дерг‚ шу хила мегара /Делах/ кхоьруш !"
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
Хьахаде хьан Кхиош-Кхобучо Āдаман кIентех – церан баккъех церан зуьррет схьадаккхар‚ тIаккха шайна тIехь уьш тешаш хIоттор: "Со вац ткъа шун Кхиош-Кхобург"‚– аьлла. Цара ма элира: "ХIаъ! Оха тешалла дина". /Иза ду/ аш къематдийнахь эриг хиларна: "Баккъалла а, тхо цунах гIопал ма хили".
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
Я аш эриг хиларна: "Тхан дайша ширк дира хьалха‚ тхох хилира царал тIаьхьа зуьррет‚ Ахь хIаллакдийр ду тхо харцболчара динарг бахьнехь?"
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Иштта къастадо Оха аяташ – уьш юхабоьрзур бацара-те /къинош дарах/.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
Дийцал царна Оха шена Тхешан аяташ делла, тIаккха уьш дIатесначун хабар‚ тIаккха шайтIано шена тIаьхьавазийра и‚ тилабеллачарах хилира иза .
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Тхуна лиънехьара, Оха цаьрца айвира вара иза‚ делахь а, дуьнена тIе тевжира иза‚ шен дезаршна тIаьхьавезира. Цуьнан масал жIаьлин масалх тера ду: хьо шена тIаьхьа ваьлча (эккхо), мотт аракхуссу цо‚ я ахь ша дитича а, мотт аракхуссу цо. И ду тхан аяташ харцдинчу къоман масал. Дийца дийцарш‚ ойла ян там бара цара.
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
Тхан аяташ харцдина къам вон хилла масалца – шайна зулам деш хилла уьш.
ﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
Ша Дала нисвеш верг нийсавелларг ву‚ Цо тилавала вуьтуш верг, – уьш бу эшнарш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
Оха кхиина жоьжахатина дуккха жинаш а‚ адамаш а. Церан дегнаш ду – цаьрца ца кхета уьш‚ бIаьргаш бу – цаьрца ца го царна‚ лергаш ду – цаьрца ца хеза царна‚ уьш бежанех тера бу. ХIаъ! Царал а тилабелла бу! Уьш бу-кх гIопал хилларш (терго ца еш берш).
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
Делан ю хаза цIерш – кхайкха аш Цуьнга цаьрца. Бита Цуьнан цIерш харцъеш берш. Т1аьхьа /эхартахь/ бекхам хир бу царна шаьш /дуьненахь/ деш хиллачуьнца .
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Оха кхоьллинчарах ду цхьа уммат‚ ша бакъдолчунна тIе /нах/ нисбеш долу‚ ша цуьнца нийсо еш долу (цIена бусалба уммат ду иза).
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
Тхан аяташ харцдинарш – тIаьхьа жим-жимма таIош, охьатаIор бу Оха уьш, шайна а ца хууш.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
ТIаьхьатотту Ас уьш – Сан /керстанийн мекарлонна дуьхьал/ мекарло чIогIа ю.
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
Ойла ца йо-техьа цара? Жинех ма вац церан накъост (Мухьаммад-пайхамар; цатешачара олуш хилла жинех ву иза). Иза билггала кхерамча ма ву.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
Уьш ца хьовсу стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалле‚ Дала кхоьллинчу хIуманашка‚ шайн ажал (Iожалла) гергакхаьчна хила магаре? Цул (Къуръанал) тIаьхьа муьлхачу /боссийначу/ хьехамах уьш тешар бу?
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Дала тилавала вуьтуш волчунна – и нисван цхьа а вац. Цо буьту уьш шайн тиларчохь, дIай-схьай уьйдуш.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚ
Хьоьга хоьтту цара /хIай Мухьаммад/ сахьтах (къематдийнах) лаьцна – цуьнан хIоттар маца хир ду, бохуш. Ахь āла: "Цуьнан Iилма сан Кхиош-Кхобучуьнгахь ду. Шен хеннахь и билгалдоккхур ду веккъа Цо‚ дазлур и стигланашкахь а‚ лаьттахь а (хала де хир ду и цигахь болчарна). ЦIеххьана бен догIур дац иза шуна". Хьоьга хоьтту цара – хьо иза дика хууш верг волуш санна . Ахь āла: "Цуьнан Iилма Делехь ду". Делахь а‚ нахах дукхахболчарна /и/ ца хаьа-кх.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
Ахь āла: "Ас дола ца до сан дегIан - пайдехьа а‚ я зенехьа а, Далла лиънарг бен. Со хиллехьара хууш къайлаха дерг‚ ас совдаьхна хир дара диканаш‚ халоно схьалаьцна хир ма вацара со. Со веккъа кхерамча а (шуна Делан 1азапца кхерам тосуш, аш Цуьнан дин керстадахь)‚ хаамча а ву тешаш долчу къомана".
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
И ву шу кхоьллинарг цхьана синах‚ цунна зуда а кхоьллина, и цуьнца вахийта. И цунна улло вахча – байн болчу мохьца язло и ‚ и дIакхоьхьу цо. ТIаккха иза язъелча , цара шиммо (маро а‚ зудчо а) шайн кхиош-кхобучу Деле доьху: "Ахь тхуна дика доьзалхо лахь, тхо баркалла бохучарах хир дара-кх".
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
ТIаккха цо шаьш-шинна дика доьзалхо велча‚ Цо шайна деллачуьнгахь Цунна накъост (декъахо) хилийтина цу шиммо . Лакхавели Дела цара накъост лацарах (ц1ена ву Дела Шена декъахо хиларах).
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
Цара хуьлуьйту ткъа Цунна накъост (декъахо) ша хIумма цакхуллург‚ шаьш кхечо (Дала) кхуллуш берш?
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
Царна гIодан ца могу царна‚ шаьш шайна а гIо ца до цара.
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
Аш уьш нийсачу новкъа кхайкхахь‚ шуна тIаьхьа а ца хIуьтту уьш. Цхьатерра ду шуна: аш уьш кхайкхахь а‚ я шу севцца /1ад/ Iахь а.
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
Аш, Дела а витина, шайга кхойкхуш берш – шух терра /Делан/ леш бу. Кхайкха цаьрга‚ шуна жоп лойла цара‚ шу бакълуьйш хиллехь.
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌ
Ткъа церан когаш бу, шаьшца уьш дIасалелаш‚ я церан куьйгаш ду, цара шаьш детташ‚ я церан бIаьргаш бу, шаьшца царна гуш‚ я церан лергаш ду, шаьшца царна хезаш? Ахь āла: "Кхайкха шайн накъосташка ‚ мекарло йе суна‚ тIаьхьа ма татта со .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
Баккъалла а, сан доттагI (доладийриг) – Дела ву‚ Ша жайна доссош хилла волу‚ И ву дикачарах Iуналла деш верг" .
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
Аш, И (Дела) а витина, шайга кхойкхуш берш, – шуна гIо дан луш бац уьш‚ шайна гIо дийр долуш а бац.
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
Аш шаьш нийсачу новкъа кхайкхича – ца хеза царна. Хьуна го уьш хьайга хьоьжуш царна /хьо/ ца гучу хьолехь.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
КъинтIера вала‚ диканиг хьеха‚ дукха тергал ма бе жехIал нах .
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
ШайтIанера талхор хьо талхо гIертахь, – Делаца ларвалар дēха. Баккъалла а, Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву.
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш шаьш шайтIанан балано схьалаьцча, /Дела/ хьехаво (зикр до) цара - уьш гуш хуьлу /нийса некъ/.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
Амма церан вежарий (къинош деш берш) – царна-м тиларчохь гIо до хьуна цара (шайтIано а, цуьнан накъосташа а)‚ тIаккха а ледарло ца йолуьйту цара (уьш тилош къахьегарехь).
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘ
Ахь шайга аят ца деъча‚ олура: "Айхьа хаьржина хиллехьара ахь /аят/". Ахь āла: "Сайга сан Кхиош-Кхобучуьнгара догIучу ваьхьина бен со тIаьхьахIуттуш вац. ХIара /Къуръан/ – шун Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонаш ю‚ нийса некъ а‚ къинхетам а бу, ша тешаш долчу къомана".
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
Къуръан доьшуш долуш – ладогIа цуьнга‚ гIовгIа ма йе‚ шух къинхетам бан тарло .
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
Хьехаве хьан Кхиош-Кхобург хьайгахь (меллаша), /Цуьнга/ хьасталой‚ /Цунах/ кхоьруш‚ чIогIа доцчу озаца Iуьйранна а‚ суьйранна а. Хьо ма хилалахь и тергам ца бечарах .
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучун гергахь дерш Цунна Iибадат дарна куралла еш дац‚ массо а вочух И цIанвеш ду, Цунна сужуд деш ду.

Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers