Сура Ат-Товба pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Ат-Товба pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ат-Товба Гочдар. Ат-Товба (Medinan) 129 Аят.
Related
- Ат-Товба ГочдарНохчийн
- Ат-Товба mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Ат-Товба
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
Делера а‚ Цуьнан элчанера а, аш шаьш барт бина хилла болчу мушрикашца декъехь цахилар, хаам бу.
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
Лела лаьттахула беа баттахь ‚ тIаккха шуна хаалаш, Дела г1орасиз ван шун ницкъ кхочур боцийла‚ и Дела вуйла цатешарш сийсазабийр болуш.
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
Делера а‚ Цуьнан элчанера а кхайкхар ду нахе Доккха хьаж доьхкучу дийнахь: И Дела цIена ву мушрикех‚ Цуьнан элча а /цIена/ ву. Аш тōба дахь – и шуна дика ду‚ шу дуьхьалдовлахь, шуна хаалаш, Дела г1орасиз ван шайн ницкъ кхочур- боцийла. Кхаъ баккха цатешачарна лазош долчу Iазапаца ,
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
Аш шайца барт бина хилла берш боцчарна‚ тIаккха шуна цхьанна а хIуманца эшам бина хилла боцчу‚ шуна тIехь цхьанна а гIо дина хилла боцчарна – цаьрца бина барт кхочушбе шен хан чекхъяллалц‚ Далла беза /Шех/ кхоьруш берш.
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
Деза /хьаж доьхку/ беттанаш чекхдевлча /и шайца машаре ца богIу, тешнабехк беш болу/ мушрикаш байа, шайна уьш карабаьхкинчохь‚ схьалеца уьш‚ гуо бе царна‚ к1елонна охьаховша царна массанхьа а. Уьш дохкобовлахь‚ цара ламаз хIоттадахь‚ закат лахь – церан некъ маьрша бе. Баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Мушрикех цхьаммо хьоьга шена маршо ехахь – кхочушъе иза, цунна Делан дош хаззалц‚ тIаккха дIакхачаве иза кхерам боцчу меттиге (шен даймахка‚ цунна лаахь), – иза уьш ца хууш къам хиларна ду.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
Муха хир бу мушрикашца барт Далла гергахь а‚ Цуьнан элчанна гергахь а‚ Деза маьждиган гергахь аш шайца барт бинарш боцчаьрца? Уьш шайца нийса ма хиллара‚ шу цаьрца а нийса хила. Баккъалла а, Далла беза /Шех/ кхоьрурш.
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Муха ..? Шаьш шуна тIехь толам баьккхича‚ цара тергал ца до шуна юккъехь хилла долу гергарло а‚ барт а. Шу реза до цара шайн багенашца‚ ткъа церан дегнаш дуьхьал ду /шаьш багенашца дуьйцачунна/, царах дукхахберш песакъ (Далла муьт1ахь хиларх д1ахаьдда нах) бу.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Делан аяташ доьхкина цара кIеззигчу мехах‚ Цуьнан некъах /дуккха а нах/ д1атилийна цара. Баккъалла а, ма вон хилла-кх цара деш хилларг!
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
Тергаме ца до цара муъма стагаца гергарло а‚ барт а. Уьш дозанех бевлларш бу.
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
Нагахь санна цара тōба дахь‚ ламаз хIоттадахь‚ закат лахь – тIаккха шун вежарий бу уьш динехь, /иштта/ къастадо Оха аяташ хууш долчу къомана.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
Нагахь санна цара шайн дуйнаш къарбахь, шайн барт хиллачул тIаьхьа‚ Iиттарш яхь шун динна – керстананийн коьртехь болчаьрца т1ом бе ‚ – баккъалла а, церан дуйнаш бан а бац‚ – уьш совца магара /шайн коьртехь берш байича/.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
Аш т1ом ца бо шаьш шайн дуйнаш къарбинчу къомаца‚ элча араваккха гIайгIа беш хилла долчу‚ шаьш юьхьанцара шуьца и (тIом) болийна хиллачу? Царах кхоьру шу? Дела ма вара шу Шех кхера там болуш‚ шу муъма нах хиллехь!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
ТIом бе цаьрца‚ Дала шун куьйгашца Iазап дийр ду царна‚ сийсазбийр бу уьш‚ царна тIехь шуна гIо дийр ду‚ тодийр ду муъма нехан дегнаш.
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
ДIайоккхур ю церан дегнийн оьгIазло‚ Дала гечдо Шена луучунна. Дела хууш верг а‚ /нийса/ хьукма дийриг а ву.
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
Шу моьттуш дара шаьш дуьтур ду (балане а ца луьйцуш)? Далла хIинца а шух гIазот динарш а‚ Дела а, элча а витина‚ муъма нах а битина, кхин доттагIий ца лийцинарш а ца бевзина (нахана гучубохуш)? Дела сов дика хууш верг ву аш дийриг .
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
Оьшуш дац мушрикаш Делан маьждигашкахь Iен, керстанаш шаьш хиларна тешалла а деш. Церан Iамалш дIатили‚ уьш /жоьжахатин/ цIергахь гуттар лаьттар бу.
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
Делан маьждигашкахь Iийр бу Делах а‚ т1аьххьарчу дийнах а тешна берш‚ ламаз хIоттийнарш‚ закат делларш‚ Дела воцчух ца кхоьрурш – уьш хила там бу нисбеллачарах.
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Аш хилийти хьаьжина хи далар а‚ Деза маьждигехь Iар а Делах а‚ т1аьххьарчу дийнах а тешначух а‚ Делан новкъахь къахьегначух а тера? Ца нисло уьш Далла гергахь‚ Дала ца нисдо зуламе къам.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
Ийман диллинарш‚ дIакхелхинарш (пайхамарца Маккара Мадинате ислам Iалашдархьама)‚ Делан новкъахь шайн бахамца а‚ шайн синошца а къахьегнарш дуккха беза бу даржаца Далла гергахь‚ уьш бу тоьлларш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
Царна шайн Кхиош-Кхобучо кхаъ боккху Шегара къинхетам хиларца а‚ резахиларца а‚ (ялсаманин) бошмаш хиларца а‚ шайна цунна (ялсамани) чохь сацаделла лаьтташ долу ниIмат долуш.
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
Цу чохь уьш гуттар лаьттар бу‚ баккъалла а, Дела Шегахь сийлахь-еза ял йолуш ву (царна яла).
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
ХIай ийман диллинарш! Ма лийцалаш шайн дай а‚ шайн вежарий а доттагIий, (ма бе царах доладийраш) царна ийманал керстаналла дукхадийзина делахь. Шух царах доттагIий бинарш – уьш бу зуламхой.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
Ахь āла /хIай Мухьаммад, ийман диллинчаьрга/: "Нагахь санна шун дай‚ шун кIентий‚ шун вежарий‚ шун зударий‚ шун гергарнаш‚ даьхни‚ аш гулдина хилла долу‚ йохка-эцар‚ ша (са йоцуш) йисарх шу кхоьруш йолу‚ цIенош, шайна шу реза долу‚ шуна /дукха/ дезахь Делал а‚ Цуьнан элчанал а‚ Делан новкъахь къахьегарал (джих1адал) а, – хьовсуш Iе Дела валц Шен гIуллакхца (цуьнан Iазап‚ оьгIазло йогIур ю шуна). Дала ца нисдо песакъ къам.
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
Дала гIо дира шуна дуккхачу меттигашкахь‚ Хьунайн дийнахь а. Шу цецдехира шун дукхалло‚ цо (шу дуккха хиларна, Делан гIоьнах ойла еш дацара шу) шун хIумма кIелхьар ца даьккхира‚ сел шортта хилла долу латта гатделира шуна (довда меттиг йоцуш дисира шу)‚ тIаккха шу юхадевлира.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
ТIаккха Дала Шен синтем боссийра Шен элчанна а‚ муъма нахана а; эскар доссийра‚ шуна гуш доцу; цатешачарна Iазап дира‚ цатешачеран бекхам и бу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
Юха а тōба къобалдийр ду Дала цул тIаьхьа а Шена луучунна. И Дела сов гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
ХIай ийман диллинарш! Мушрикаш нажс (боьха хIума) ю‚ хIокху шарал тIаьхьа Деза маьждигна герга ма гIойла уьш. Шу кхерахь мискаллах (мушрикаш ца баьхкича йохка-эцар сецна), – тIаьхьа Дала хьоле дийр ду шу Шен комаьршаллах , Шена лаахь. Баккъалла а, Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
ТIом бе шайга жайна деллачарах Делах а‚ т1аьххьарчу дийнах а ца тешаш болчаьрца‚ Дала а‚ Цуьнан элчано а хьарам динарг хьарам ца деш болчаьрца‚ хьакъ-бакъ долу дин (Ислам) къобал ца деш болчаьрца шайн куьйгаца (мукIар хилла) жизьят луш, уьш /шун куьйга/ кIел совццалц.
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Жуьгташа элира: "Iузайр – Делан кIант ву"‚ насараша элира: "Масūхь – Делан кIант ву". Иза – церан дош ду, шайн багара (схьадаьлла)‚ тардеш бу уьш хьалха /Делан дин/ керстадиначеран дашах. Дала хIаллакбойла уьш! Ма бакъдолчух дог даьлла бу уьш!
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
Шайн ахьбараш а‚ рух1банаш а деланаш лецира цара (царах деланаш бира цара), Аллах1-Дела а витина. Марьяман кIант Масūхь а (дела лецира цара). Цаьрга омра дина дацара цхьанна Далла Iибадат де аьлла бен‚ кхин Дела воцчу И ша бен – цIена ву Иза цара Шеца накъост лацарах.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
Уьш лууш бу Делан нур дайа шайн баганашца‚ Дела лууш вац Шен нур кхочуш хилийтар бен‚ /мел и/ керстанашна ца дезахь а.
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
И ву ваийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъонан динца а, и массо динна тIехь толийтархьама, /мел и/ мушрикашна ца дезахь а.
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
ХIай ийман диллинарш! Баккъалла а, ахьбарех а‚ рух1банех а дукхаберш харцонца нехан даьхни дууш бу хьуна‚ Делан некъах (шайна тIаьхьахIуьтту нах) дIатоьттуш а бу. Деший а‚ детий а гулдеш болчаьрга‚ Делан новкъахь цуьнца харж ца еш – царна ахь кхаъ баккхалахь шайна лазош долу Iазап хирг хиларца.
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
Цхьана дийнахь (къематдийнахь) жоьжахатин цIергахь лалор ду и (цара дуьненахь гулдина хилла долу деши а, дети а)‚ т1аккха цуьнца х1ост дийр ду церан хьаьжашна а‚ церан агIонашна а‚ церан баккъашна а: "ХIара ду аш шайна гулдинарг‚ Iовша шаьш гулдеш хилларг"‚– (олуш маликаша).
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
Баккъалла а, беттанийн дукхалла Далла гергахь – шийтта бутт бу /шарна чохь/ Делан Жайни чохь язбина Цо стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу дийнахь‚ царах биъ беза бу (зуль-къаIда‚ зуль-хьиджа‚ мухьаррам‚ раджаб). И ду мехала (нийса) долу дин. Цу чохь шайна зулам ма де. ТIом бе массо мушрикашца цара шуьца массаьрца а тIом баре терра‚ шуна хаалаш, и Дела (Шех кхоьручаьрца) вуйла.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
(Цхьа беза бутт кхечу баттал) тIаьхьататтар керстаналлехь совдийлар ду‚ шеца цатешарш тилош, цхьана шарахь хьанал беш и (беза бутт‚ цу чохь тIом бан магош)‚ вукху шарахь – хьарам беш, Дала даздинчийн (беттанийн) дукхаллица и цхьаьнабогIуш хилийтархьама – хьанал до цара Дала хьарам динарш. Хазйина царна шайн вон 1амалш. Дала ца нисдо керста къам.
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
ХIай ийман диллинарш! Шуна хIун хилла, шайга Делан новкъахь (гIазотана) арадовла аьлча, /лаьттахь/ дазлой ма Iа шу (гIазоте ца доьлхуш)? Эхартал дуьненан дахарна реза хилла-те шу? Ма кIеззиг хIума ю-кх и, дуьненан дахар, эхартаца юьстича!
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
Шу гIазотана ара ца довлахь – Цо шуна лазош долу Iазап дийр ду‚ хуьйцур ду шу кхечу къомаца‚ аш Цунна зен дийр дац цхьанна хIуманца а. Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
Аш цунна (вай пайхамарна Мухьаммадана гIазоте хIуттуш) гIо ца дахь – Дала гIо дира цунна керстанаша иза /Маккара/ араваьккхинчу хенахь‚ цу шиннах цхьаъ и волуш. Уьш шиъ хьехахь волуш‚ цо (пайхамара) элира шен накъосте (Абу-Бакре): "Хьо гIайгIане ма вожалахь‚ вайца Дела ву хьуна". Дала синпаргIато йоссийра цунна тIе‚ Цо чIагIвира и эскарца‚ шуна ша гуш ца хилла долчу‚ цатешачеран дош бухахь хилийтира. Делан дош – и ду лакхахь дерг‚ Дела Ша веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
Арадовла шаьш дайн дерш а‚ деза дерш а ‚ къахьега (гIазот де) шайн даьхница а‚ шайн синошца а Делан новкъахь. И дика ду шуна, шу хууш хиллехь.
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
Iалашо гергахь хилахь‚ некъ атта а хилахь – хьуна тIаьхьахIуьтту уьш‚ хIетте а (некъ) гена хиларца хилла царна /хало/. Делах дуйнаш буур бу цара: "Шайн ницкъ кхачахьара, шуьца арадевр дара шаьш" (гIазотана)‚– бохуш. Шаьш- шайн хIаллакдо цара. Далла хаьа уьш харцлуьйш буйла.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Дела къинтIеравер хьуна! Ахь хIунда пурба делла царна хьайна бакълуьйш берш билгалбовллалц‚ харцлуьйш берш бовззаллц?
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
Хьоьга пурба доьхур дац хьуна Делах а‚ т1аьххьарчу дийнах а тешаш болчара шайн даьхница а‚ шайн синошца а гIазот ца дан. Дела хууш ву (Шех) кхоьруш берш.
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
Хьоьга пурба доьху Делах а, т1аьххьарчу дийнах а цатешачара‚ шайн дегнаша шеко ечара‚ – уьш шайн шекона чохь ойланаш керчош бу.
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
Шаьш /гIазотана/ арабовла лууш хиллехьара‚ цунна кечам бина хир бара цара‚ делахь а, Далла ца деза церан гучубовлар /гIазотана/. Цо уьш бухабуьтуш бу /шуьца гIазотана арабовларх, мало ярца/‚ элира /цаьрга/: "Охьаховжий Iиэ охьахевшина Iачаьрца" (зударшца а‚ берашца а‚ къеначу нахаца а).
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
Шуьца уьш арабевллехьара а‚ шу совдохур ма дацара цара низам дохорца а бен‚ шун юкъаметтиг эгIор ма яра цара, шуна питана лоьхуш. Шуна юккъехь ма бу цаьрга ладоьгIуш берш. Дела бевзаш ву-кх зуламе берш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
Хьалха а питана лехира цара‚ хьуна мекарлонаш йира бакъдерг даллалц. Делан гIуллакх гучуделира, уьш (и) ца дезарш а болуш.
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
Царах ву ша олуш верг: "Пурба лохьа суна /гIазотана ара ца вāла/‚ питана ма де суна ". Ткъа питанна чуэгна бац уьш? Баккъалла а, жоьжахати гуо бийр болуш ма ю керстанашна.
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
Хьуна диканиг хилахь‚ цо вон хоьтуьйту царна. Хьуна хало хилахь‚ цара олу: "Оха хьалха т1еийцира тхешан гIуллакх" (гIазоте ца даха сацам бира оха хьалха‚ цундела тхуна вон ца хили). Уьш дIабирзира, шаьш баккхийбеш.
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Ахь āла: "Тхуна хиланне а хир ма дац Дала тхуна яздинарг бен. И ву тхан гIоьнча"‚ Далла тIетевжийла муъма нах.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
Ахь āла: "Шина диканах цхьаннан а бен хьоьжийла дарий шун тхуна? Тхо хьоьжуш ду шуна Дала шегара я тхан куьйгашца Iазап кхачориг хиларе. Хьоьжуш Iе‚ тхо а шуьца цхьаьна хьоьжуш Iийр ду".
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
Āла: "СагIа ло шайна лаахь а‚ ца лаахь а‚ шуьгара данне а къобалдийр дац и. Баккъалла а, шу хили-кх песакъ къам".
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
Цаьргара сагIа къобалдар духатоьхна уьш Делах а‚ элчанах а ца тешаш хиларо‚ шаьш мало еш бен цара ламаз цадаро‚ ца лууш, халла бен цара сагIа а цадаккхаро.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
Ахь тамаша ма бойла церан даьхнех а‚ церан доьзалех а. Далла лууш ду цаьрца царна Iазап дан дуьненан дахарехь (гулдеш, 1алашдеш къахьегарца, цаьрца цхьацца баланаш хьегарца)‚ церан синош дāла, шаьш керста хьолехь а болуш.
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮ
Цара Делах дуйнаш буу шаьш шух ду‚ бохуш‚ шух бац уьш‚ хIетте а къаьсташ къам ду уьш.
ﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
Шайна лачкъа меттиг караяхь‚ лаьттах бола меттиг караяхь я чудовла меттиг караяхь – цига сихлур бу уьш чехка /къаьхкина говр санна/.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Царах бу хьуна ирча бехкаш бохуш берш сагIадаккхарехь‚ цунах шайна делча, реза хуьлу уьш‚ цунах шайна ца лахь – уьш оьгIазъоьху.
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
Уьш реза хиллехьара Дала а‚ Цуьнан элчано а шайна деллачунна‚ аьллехьара цара: "Тхуна кхачам болуш ву-кх Дела‚ тIаьхьа лур ду тхуна Дала Шен комаьршаллах. Цуьнан элчано а /лур ду тхуна/‚ баккъалла а, тхо Деле догдохуш ду-кх" /дика хир дара-кх царна/.
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
СагIанаш ло Дала т1едахкарца пекъаршна а‚ мискачарна а‚ царна тIехь болх бечарна а‚ дегнаш кIаддархьама а‚ леш азатбахарехь а‚ декхаршна кIелбисинчарна а‚ Делан новкъахь а‚ некъан накъостана а. Дела хууш а ву‚ /нийса/ хьукма деш а ву.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Царах бу пайхамарна халахоьтуьйтуш берш‚ шаьш олуш: "Иза (пайхамар) – лергаш ду" (массо а хIума хезаш ду-кх цунна). Ахь āла: "Дикаллин лергаш ду-кх шуна‚ тешаш ву и (Мухьаммад-пайхамар) Делах а‚ тешаш ву и муъма нахах а‚ шух ийман диллинчарна къинхетам а бу и". Делан элчанна халахоьтуьйтуш берш – царна (кечдина) ду лазош долу Iазап.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
Шуна Делах дуйнаш буу цара шу резадархьама. Дела а‚ Цуьнан элча а хьакъ бара-кх цара резабан, шаьш муъма нах хиллехь.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
Царна ца хаьа-те Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьало йинчунна жоьжахатин цIе хир юйла, и цу чохь гуттар лаьтташ? Ма еза-йоккха сийсазалла ю-кх и!
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
Кхоьруш бу мунепикъаш цаьрга (бусалба нахе) шайн дегнашкахь дерг дуьйцуш сурат доссарах. Ахь āла: "Ма дāша шу" (ма лара аш дин а‚ Дела а‚ бусалбанаш а). Баккъалла а, Дела арадоккхург ву шу кхоьруш (ларлуш) дерг.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Ахь цаьрга хаьттича‚ цара эр ма ду хьуна: "Тхо-м забар еш‚ ловзуш дарий". Ахь āла: "Делах а‚ Цуьнан аятех а‚ Цуьнан элчанах а кхаьрдаш хилла шу?"
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
Бехказлонаш ма йе аш. Керстаналла деана аш шайн ийманал тIаьхьа‚ шух цхьана тобанна Тхо къинтIера довлахь а‚ кхечу тобанна Оха Iазап дийр ду уьш хиларна къинош деш берш.
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
Мунепикъ божарий а‚ мунепикъ зударий а – уьш цхьаберш вукхарах бу. Вониг омра до цара‚ диканиг ма де олу‚ шайн куьйгаш дIакъовлу цара (сагIа ца луш‚ Делан новкъахь харж ца еш). Дела вицвина цара – Цо а бицбина уьш /Шен къинхетамах/. Баккъалла а, мунепикъаш – уьш бу-кх песакъаш.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
Дала ваIда йина мунепикъ божаршна а‚ мунепикъ зударшна а‚ керстанашна а жоьжахатин цIарца‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар а болуш. И ю царна кхачо йийриг‚ Дала неIалт аьлла царна‚ царна д1ахIоьттина долу Iазап (кечдина) ду.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
Шул хьалха хиллачарах тера /ду иза, хIай мунапикъаш/. Шул чIогIа бара уьш ницкъанца‚ алсам бара даьхница а‚ доьзалшца а. Шайн декъах зовкх хьийгира цара‚ шайн декъах зовкх хьийгира аша а‚ шул хьалха хиллачара а зовкх хьегарх терра шайн декъах‚ /харцонна а, тиларна а/ чу дахара шу, /шул хьалха/ уьш цу чу бахарх терра . Уьш бу-кх шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а‚ уьш бу-кх шаьш эшнарш.
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
Цаьрга ца деана-те шайл хьалха хиллачу Нухьан‚ Iадийн‚ Самудан къаьмнийн хабар‚ ИбрахIиман къоман‚ Мадъянан дайн‚ Муътафикатийн хабар? Цаьрга шайн элчанаш ма баьхкира билгалонашца. Дела ца хилла царна зулам деш‚ хIетте а, шаьш хилла уьш шайна зулам деш.
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
Муъма божарий‚ муъма зударий – цхьаберш вовшийн доттагIий (верасаш) бу‚ дикачуьнца омра деш‚ /вон дерг ма де олуш/ вочух духатухуш‚ ламаз хIоттадеш‚ закат луш‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь а болуш. Царах тIаккха къинхетам бийр бу Дала. Баккъалла а, Дела ма ву веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨ
Дала ваIда йина муъма божаршна а‚ муъма зударшна а /ялсаманин/ бошмаш, шайн бухахула хиш оьхуш йолу‚ цу чохь уьш гуттар лаьтташ‚ Iадн (ялсаманин) бошмашкахь цIена гIишлош а. Делера резахилар вуно доккха ду – иза сийлахь-боккха толам бу-кх!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
ХIай пайхамар! Къийсам латтабе керстанашца а‚ мунепикъашца а‚ кIоршаме хила цаьрца. Церан чохьIойла жоьжахати ю, – вон дIадерзар ду-кх иза.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Цара (мунепикъаша) дуйнаш буу Делах‚ ца аьлла /пайхамарна вониг/ шаьш‚ бохуш. Аьлла цара керстаналлин дош‚ царах керстанаш хилла шаьш бусалбанаш хиллачул тIаьхьа‚ шайна карх ца даьлларг дан хьаьвсира уьш . Бекхам ца бира цара беккъа Дала а‚ Цуьнан элчано а шайна Шен комаьршаллах хьал даларна а бен. Цара тōба динехьара, дика хир дара царна. Уьш дIаберзахь –лазош долчу Iазапца Iазап дийр ду Дала царна дуьненахь а‚ эхартахь а. Ма вац царна лаьттахь верас а‚ гIоьнча а!
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
Царах бу шаьш Делаца ваIда йинарш: "Цо тхуна Шен комаьршаллах /ниIмат/ лахь‚ /шортта/ лур ма ду шаьш /дала дезачунна/ сагIа, хир ма ду шаьш дикачарах" ‚– аьлла.
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
Цо Шен комаьршаллах шайна делча‚ уьш цуьнца б1аьрмациг хилира‚ дIабирзира , шаьш дуьхьал а хуьлуш.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
Церан дегнашка Цо доссийра мунепикъалла , уьш Цунна дуьхьалкхетар болчу /къемат/де тIекхаччалц‚ цара шаьш Делаца йина ваIда йохийна хиларна а‚ уьш шаьш харцлуьйш хиларна а.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
Царна ца хаьа-те Далла хууш хилар шайн къайле а‚ шайн къайлаха хабарш а‚ и Дела Ша хьуламехь долу хIуманаш дика хууш верг хилар а?
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
Муъма нахах сагIанашкахь муьтIахь болчарах а ‚ шайна /саг1ина дала/ халла бен х1ума цакарийначарах а луьйш берш‚ тIаккха царах кхаьрдаш берш, – Дала сийсазабийр бу уьш‚ царна (кечдина) ду лазош долу Iазап.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
Ахь гечдар деха царна я гечдар ма деха царна. Ахь царна кхузткъе уьттазза гечдар дехча а – Дала данне а гечдийр долуш дац царна. И ду цара Далла а‚ Цуьнан элчанна а керстаналла дарна. Дала нис ца до песакъ къам.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
Баккхийбера шаьш бухабитинарш Делан элчанна тIехьахь хевшина бисарна (гIазоте ца боьлхуш)‚ царна ца дийзира Делан новкъахь шайн даьхница а‚ шайн синошца а къахьега (гIазот дан)‚ цара элира: "Ма довла /гIазотана ара/ х1окху йовхонехь" . Ахь āла: "Жоьжахатин цIе йовха хиларца кхин а нуьцкъала ю"‚ уьш кхеташ хиллехь.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
Боьлийла уьш кIеззиг‚ боьлхийла уьш дуккха а шайна карадеш хиллачун /вочун/ бекхамна.
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
Дала хьо юхаверзийча царах цхьана тобанна тIе, хьоьга пурба доьху цара ара довла / кхечу гIазотана/ . ТIаккха ахь āла: "Цкъа а соьца арадевр дац шу‚ соьца цхьаммо а мостагIца тIом бийр бац аш. Шу реза хилла дуьххьара хевшина Iен – ховший Iиэ хIинца а бухабисинчаьрца".
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
Царах цхьаъ велча, цкъа а /докъан/ламаз ма де /цунна т1ехь/‚ цуьнан коша тIе ма хIотта. Баккъалла а, цара керстаналла дина Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ уьш белла, шаьш песакъ хьолехь а болуш.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
Хьоьга тамаша ма бойтийла церан бахамо а‚ церан доьзалша а. Далла лаьа цуьнца царна Iазап дан дуьненахь а‚ церан садāла (бала) а, уьш керстанаш а болуш.
ﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈ
Сурат доьссича, Делах а теша‚ Цуьнан элчанца гIазот а де‚ аьлла‚ царах хьалдолчара хьоьга пурба дийхира‚ цара элира: "Дитахь тхо‚ хевшина 1аьчаьрца хир дара тхо".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
Реза хилла уьш бухабисинчаьрца хила‚ церан дегнашна мухIар тоьхна, – уьш ца кхета.
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
ХIетте а, элчано а‚ цуьнца ийман диллинчара а гIазот дира шайн бахамца а‚ шайн синошца а‚– уьш бу шайна диканаш деш берш‚ уьш бу шаьш баккхийбийр берш.
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Царна Дала бошмаш кечйина‚ шайн бухахула хиш оьхуш‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу. И бу-кх сийлахь-боккха толам!
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Д1асакхелхаш лелачу Iаьрбех бехказлонаш еш берш баьхкира шайна пурба далийтархьама . Бухабисира шаьш Делаца а‚ Цуьнан элчанца а харц хилларш‚ тIаьхьа кхочур ду царах керстаналла диначаьрга лазош долу Iазап.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
ЗаьIапхошна а‚ цомгуш болчарна а‚ ян харж ца карочарна а къа дац /гIазоте ца бахча а/, уьш Делаца а‚ Цуьнан элчанца а дог цIена хилча. Диканиг деш болчарна некъ бац /бехк билла/. Дела сов гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
Хьо волчу баьхкинчарна а дац /къа/ ахь шаьш кечдахьара, бохуш ‚ ахь аьлча: "Шу шеца кечдан хIума ца карадо суна"‚ дIабирзина болчу, шайн бIаьргаш хих а буьзна, вон хеташ шайна харжъян хIума ца карорна (шайна гIазоте баха таро ца хиларна/.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
Некъ бу /бехк билла/ хьоьга пурба доьхучарна, шаьш хьалдолуш а болуш. Уьш реза хилла бухабисинчаьрца (зударшца, берашца, заь1апхошца) хила‚ церан дегнех Дала мухIар тоьхна, – царна ца хаьа.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Шуьга бехказлонаш йо цара, шу царна тIе юхадирзича. Ахь āла: "Бехказлонаш ма йе! Тешшане а шух тешар дац тхо. Дала дийцина тхуна шун хабарех. Гур ю Далла а‚ Цуьнан элчанна а шун Iамал‚ тIаккха шу д1адерзор ду хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волчунна (Далла) тIе – Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг".
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
Шуна Делах дуйнаш буур бу цара, шу царна тIедирзича, шу шайх д1адерзорхьама. Д1адерза царах! Баккъалла а, уьш рижс ю‚ церан чугIойла жоьжахати ю – бекхам а хилла царна карадеш хиллачунна (дуьхьал).
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
Дуйнаш буу шуна шу шайна реза хилийтархьама. Шу царна реза хилахь а, – Дела реза хир вац песакъ къомана.
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
Д1асакхелхаш лела Iаьрбий керстаналлица а‚ мунепикъаллица а мелхо а чIогIа бу (кхечарал)‚ Дала Шен элчане доссийна дозанаш цахаарехь а сов бу. Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
Д1асакхелхаш лелачу Iаьрбех бу шаьш сагIина луш дерг гIуда лоруш берш‚ шуна бāланаш хиларе хьоьжуш берш. Царна бу-кх вочун бāла. Дела хезаш верг а, хууш верг а ву.
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
ДIакхелхинчарах а‚ (царна) гIо лаьцначарах а дуьххьара (ислам дин т1еоьцуш) хьалха хилларш‚ дикачуьнца царна тIаьхьахIиттинарш – Дела реза хилла царна. Уьш а реза хилла Цунна. Цо царна бошмаш кечйина, бухахула хиш оьхуш йолу. Уьш цу чохь гуттар хир бу. И сийлахь- боккха толам бу-кх!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
Шуна гонахь болчу д1асакхелхаш лелачу Iаьрбех мунепикъаш а бу‚ Мадинатан бахархойх а бу уьш (мунепикъаш). Мунепикъаллина чу кIорга бахана уьш. Хьуна ца бевза уьш‚ Тхуна бевза уьш. Оха шозза Iазап дийр ду царна (дуьненахь)‚ тIаккха деза-доккхачу Iазапе д1аберзор бу.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
Кхиберш къера хилира шайн къиношна‚ цара иэйира дика Iамал кхечу вочуьнца ‚ Дала тōба къобалдан мега церан. Баккъалла а, Дела ву гечдийриг а‚ къинхетаме верг а.
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
Церан (дика а, вон а 1амалш йолучарах – къаьсттина, кхечеран а) бахамах сагIа эца – цуьнца догIмаш а‚ синош а цIандийр ду ахь церан (къинойх)‚ /Деле/ доIа а де царна‚ баккъалла а, хьан доIа царна синтем бу. И Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву.
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
Царна ца хаьа-те Дала къобалдеш хилар Шен лешкара тōба а‚ сагIа оьцуш хилар а‚ и Дела ша тōба сов къобалдеш верг а‚ къинхетаме верг а вуйла?
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
Ахь āла /хIай Мухьаммад/: "Iамал йе! Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ муъма нахана а тIаьхьа гур ю шун Iамал‚ тIаьхьа д1адерзор ду шу хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волчунна тIе – (Далла тIе). ТIаккха Цо шуьга дуьйцур ду аш деш хилларг".
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
Цхьа кхиберш Делан гIуллакхе догдохуьйтуш хир бу: я Iазап дийр ду Цо царна‚ я церан тōба къобалдийр ду Цо . И Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
Цхьа /кхин/ берш бу шаьш зуламна а‚ керстаналлина а‚ муъма нахана юккъехь барт эгIорна а‚ хьалха Делаца а‚ Цуьнан элчанца а тIом беш хиллачарна кечамна а маьждиг дина берш – баъанне а дуйнаш ца бууш 1ийр бац уьш шайна диканиг бен лууш ма дацара хьуна‚ бохуш. Дала тешалла до: "Баккъалла а, уьш бу харцлуьйш"‚– аьлла.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
Хьо ма хIотталахь цу /маьждига/ чохь /ламаз дан/ цкъа а. Дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна /Делах/ кхерарна тIехь хIоттийна долу маьждиг мелхо а хьакъ ду хьо шена чохь (ламазна) хIотта – цу чохь бу шаьш цIанбала лууш болу божарий. Далла беза шаьш цIанлуш берш.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
Шен гIирс Делера кхерарна а‚ резаллина а тIехь хIоттийнарг ву дика‚ я шен гIирс йоьхна‚ охьаоьгуш йолчу (бердан) йистехь хIоттийнарг ву‚ цо шеца жоьжахатин цIерга вожийна волу? Дала ца нисдо-кх зуламе долу къам.
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
Ца буьсу церан гIирс‚ цара шаьш бина болу‚ церан дегнашкахь шеко хилла а бен‚ церан дегнаш лилхина кийсакаш хиллалц . Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
Баккъалла а, Дала эцна муъма нахера церан синош а‚ церан бахам а царна ялсамани яларца. Уьш Делан новкъахь тIом беш бу‚ цара а бойу‚ уьш а бойу. И Цуьнан ваIда ю - Таврата чохь а‚ Инжила чохь а‚ Къуръан чохь а хьакъ-бакъ хилла йолу ва1да. Мила ву шен ваIда Дала йечул а дика кхочушъеш верг? Шу даккхийде шайн йохка-эцарца ‚ шаьш Цуьнца кхочушйина йолчу /ваIдица/. Иза – сийлахь-боккха толам бу-кх!
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
Тōба деш берш‚ Iибадат деш берш‚ /Далла/ хастам беш берш‚ /лаьттахула г1азотана я 1илма лоьхуш/ д1асалелаш берш‚ рукуIе-сужуде оьхуш берш‚ дикачуьнца омра деш‚ вочух /нах/ бухатухуш берш‚ Делан дозанаш Iалашдеш берш /уьш бакхийбер бу шайна ялсамани хиларца/, – кхаъ баккха муъма нахана.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
Ца хилла /оьшуш/ пайхамарна а‚ ийман диллинчарна а мушрикашна гечдар дехар‚ уьш шайн гергара хиллехь а‚ шайна уьш жоьжахатин дай хилар билгалдаьллачул тIаьхьа .
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
ИбрахIиман шен дена гечдар дехар ца хилла еккъа цо цуьнца йина ваIдина дуьхьа а бен. Шена и Делан мостагI хилар билгалдаьлча, цIанвелира и цунах. Баккъалла а, ИбрахIим ма ву хьасталуш верг а‚ дуккха собаре верг а.
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Ца хилла Дела къам тилош, Цо Ша нисдинчул тIаьхьа уьш Шех ларбала дезарг царна билгалдаккхалц. Баккъалла а, Дела массо а хIума хууш верг ву.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
Баккъалла а, Дела стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шегахь долуш ву‚ дендолуьйтуш а ву И‚ долуьйтуш а ву – И воцург верас а вац шуна‚ гIоьнча а вац.
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘ
Дала тōба къобалдира пайхамаран а‚ дIакхелхинчеран а ‚ ансарийн а‚ халачу сохьтехь цунна (тоба къобалдарна пайхамара) тIаьхьахIиттина хилла болчу‚ царах цхьана тобанан дегнаш дIатиладеллачул тIаьхьа‚ тIаккха Цо тōба къобалдира церан. Баккъалла а, И царах дог лозуш а‚ къинхетам болуш а ву.
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Кхааннан а /тоба къобалдира Дала/‚ шаьш т1ахьатаьттина хилла болчу (пайхамаро, гечдар ца доьхуш, Делера хьукма далц), (уьш дукха пошме хилира) шайна латта гаттадаллалц‚ ша шортта хилла долу‚ шайн синош а царна гаттаделира‚ царна хиира Делах довдийла доцийла, Цунна Шена тIе а бен. ТIаккха царна тIевирзира Иза (церан тōба къобалдеш), цаьрга (нахе) тōба дайтархьама. Баккъалла а, Дела тōба сов къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а ву.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ бакълуьйчаьрца хилалаш.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
Ца дезара Мадинатан бахархошна а‚ цунна гонахьара д1асакхелхаш лелачу 1аьрбашна а Делан элчанах бухабиса а ‚ и (пайхамар) витина шайн синош деза а . Иза ду – царах ца хьакхаялийта Делан новкъахь хьогалла а‚ хало а‚ мацалла а‚ уьш ца биссийта керстанашна кхерам тосучу меттиге‚ уьш ца кхиийта мостагIчуьнгара цхьанна а кхиаме, цуьнца шайна дика Iамал язъеш бен. Баккъалла а, Дала ца эшайо дикачеран ял.
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
Жима а‚ йокха а харж йийр ма яц цара‚ цхьа а тогIе хадор ма яц цара (некъ беш)‚ и шайна яздина долуш бен‚ Дала царна бекхам балархьама цара деш хиллачух хазачуьнца.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Ца хилла /оьшуш/ муъма нахана массо а /гIазотана/ гIатта. Царах хIора тайпанах цхьа тоба гIаьттича /тоьар ду/‚ /бисинчара/ динехь гIуллакхаш къастор ду‚ нахана, уьш шайна тIе бухабирзича, хьехам а бийр бу, – уьш /вочух/ ларбала /Iама/ мегара.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
ХIай ийман диллинарш! ТIом бе керстанех шайна гергахь болчаьрца‚ шуьгахь луьралла карайойла царна‚ шуна хаалаш‚ Дела /Шех/ кхоьруш болчаьрца вуйла.
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
Царах бу сурат доьссича, олурш: "Шух мила соввоккху хIокхо ийманца?" Ийман диллинарш – уьш совбоху цо ийманца‚ уьш баккхийбоь.
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
Шайн дегнашкахь цамгар ерш – уьш совбоху боьха леларна тIе а боьха леларца‚ уьш белла шаьш керстанаш болуш .
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
Царна ца го-техьа шаьш хIор шарахь цкъа я шозза питане лоцуш хилар? ТIаккха а тōба ца до цара‚ ойла а ца йо цара.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
Суратах хIума доьссича, цхьаберш вовшашка хьовсу‚ цхьанна а шу гуш дуй-те бохуш‚ тIаккха дIабоьлху /и цахазархьама/. Дала церан дегнаш дIадерзийна /серлонах/, уьш ца кхеташ къам долу дела.
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
Шуьга веана элча‚ шух шайх а волу‚ шуна хала хилларг шена дазлуш а волу‚ шу /иймане дар, шу дуьненахь а, эхартахь а декъалхилар/ ша ч1ог1а лууш а волу‚ муъма нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а волу .
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
Уьш дIаберзахь‚ ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "Кхачо ю сан Аллах1, цхьа Дела‚ кхин дела вац И бен‚ Цунна тIетевжина со. И ву сийлахь-йоккхачу Iаршан Да".
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







