Сура Юнус
PDF —
109 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Юнус pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Юнус pdf Нохчийн — Дахьа Сура Юнус Гочдар. Юнус (Meccan) 109 Аят.

Related



Сура Юнус
109 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
Алиф-ла-м-ра . Хьикмате долчу жайнин аяташ ду хIорш.
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
Тамаше хилла-те нахана, Оха царах цхьана стаге (ваьхьица) хаийтар нахана кхерам таса а‚ ийман диллиначарна кхаъ баккха а, царна шайн Кхиош-Кхобучунна гергахь шаьш хьалха йина хиллачу дика Iамалийн дуьхьа доккха диканиг ду‚ алий? Керстанаша ма элира: "Баккъалла а, хIара билггала бозбуунча ма ву".
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Баккъалла а, шу Кхиош-Кхобург Дела ву‚ Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелира И Iарша тIехь . Урхалла до Цо (гIуллакхашна т1ехь). Цо пурба деллачул тIаьхьа а бен цхьа а гIодаккхархо ма вац. И ву шун Дела‚ шун Кхиош-Кхобург‚ Цунна Iибадат де. Аш ойла ца йо?
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
Цуьнга ду шун массеран а дIадерзар Делан бакъ йолчу ваIдаца. Баккъалла а, Цо кхоллар доладо‚ тIаккха и карладоккху ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а нийсонца бекхам бархьама. Керстанаш-м – царна кхехкаш долу хих малар а ду‚ лазош долу Iазап а ду шаьш /дин/ керстадеш хиларна.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
И ву Ша малх бина серло хилла‚ бутт а бина нур хилла‚ цуьнан (беттан) барам а хIоттийна – манзалаш ‚ шуна шерийн терахь а‚ хьесап а хаийтархьама. Бакъонца а бен ца кхоьллина Дала и. Къастадо Цо аяташ /ойла ян/ хуучу нахана.
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
Баккъалла а, буьйса а‚ де а хийцадаларехь‚ Дала стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел кхоьллинчохь /и Дела цхьаъ хилар, И нуьцкъалла хилар гойтуш долу/ делилаш ма ду /Делах/ кхоьручу нахана.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
Баккъалла а, Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохуш берш а‚ шаьш гергарчу дахарна (дуьненна) реза хилла берш а‚ цуьнца са-паргIат бевлла берш а‚ Тхан аяташна гIопал хилларш а‚–
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
уьш бу шайн чугIойла /жоьжахатин/ цIе ерш шаьш карадеш хиллачуьнца.
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – шайн Кхиош-Кхобучо (Дала) нисбийр бу уьш шайн /ц1ена/ ийман хилар бахьанехь /ялсаманин новкъа/. Ни1матийн /ялсаманин/ бошмашкахь церан /г1аланий/ бухахула хиш хир ду оьхуш.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Церан доIа цу чохь (ялсаманехь): "Везан Дела‚ вонах цIена ву Хьо" хир ду‚ церан маршалла цигахь "Салам" хир ду. Церан тIаьхьара доIа хир ду: "Хастам бу Далла – Iаламийн Дена".
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
Дала нахана вониг сихдинехьара дикане церан сихбаларца – шайн Iожалла царна тIекхаьчна хир яра. Оха буьту Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохуш берш, шайн тиллар чохь б1аьрзе дIай-схьай уьдуш.
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
Адамо, шех цхьа бāла хьакхабелча, Тхоьга кхойкху шен агIонна тIехь 1уьллуш‚ я охьахиъна, я хьалагIаьттина. Оха ша оцу бāлех хьалхадаьккхича – дIадолало /шен хьалахалерачу новкъа –Далла 1есалла ян/, шех хьакхабеллачу бāлане Тхоьга ца кхайкхича санна . Иштта хаздина /Делан/ дозанех бовлучарна шаьш деш хилларг.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
/ Мел дукха/ тIаьхьенаш хIаллакйина Оха шул хьалха цара зуламаш дича‚ шайн элчанаш баьхкира царна тIе билгалонашца‚ – уьш ца хилира ийман дуьллуш. Иштта бекхам бо Оха къинош дечу къомана.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
ТIаккха шу хилийтира Оха царал тIаьхьа лаьттахь тIаьхье , Тхо хьажархьама, аш муха 1амал йо (шу муха лела).
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Тхан билгала аяташ шайна тIехь дешча‚ Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохучара элира: "ХIара доцург кхин дешар ло‚ я и хийца". Ахь āла: "Сан и хуьйцийла дац сайггара‚ со деккъа сайга дуссуш долчу ваьхьина тIаьхьавозуш ву. Со кхоьру сан Кхиош-Кхобучунна Iеса хила сийлахь-доккхачу /къемат/дийнан Iазапах".
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
Āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Далла лиънехьара‚ ас шуна доьшур ма дацара и‚ Цо шуна Iамор а ма дацара и‚ ас шуна юккъехь цул хьалха а цхьа оьмар ма ехьна . Аш ойла ца йо?”
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
Мила ву-те зуламе ша Далла тIе харцдерг кхуллучул‚ я Цуьнан аяташ харцдечул? Баккъалла а, къинош деш берш баккхийбийр ма бац.
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
Цара Iибадат до, Дела а вуьтий, шайна зен а‚ шайна пайда а цабечунна. Цара олу: "ХIорш бу тхан гIодаккхархой Далла гергахь". Ахь āла: "Аш дуьйцу Деле Цунна Шена стигланашкахь а‚ лаьттахь а цахуург?" Вонах цIена ву Иза‚ лакхавели И цара Шеца накъост лацарх.
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
Ма ца хилла нах цхьа уммат бен, – тIаьхьа бекъабелира уьш. Хьан Кхиош-Кхобучуьнгара дош хьалха ца даьллехьара, царна юкъахь кхиэл йина хир яра Цо, цара шеца хилпало йечохь.
ﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
Цара олу: "Шен Кхиош-Кхобучуьнгара делил доьссинехьра цуьнга". Ахь āла: "Хьуламехь дерг Делан ду‚ шу хьовсуш Iе‚ баккъалла а, со а шуьца цхьаьна хьовсучарах ву".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
Оха нахе къинхетамах чам баккхийтича, уьш зено схьалаьцначул тIаьхьа, – церан мекарло хуьлу Тхан аяташкахь. Ахь āла: "Дела мелхо а сиха ву /мекарлона дуьхьал/ мекарло ярца (мекарло йохорца)". Баккъалла а, Тхан элчанаша дIаязъеш ю аш еш йолу мекарло.
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
И ву шу дIасалелош аренгахь а‚ хIорда тIехь а. Шу кемана т1ехь долуш, и дIадоьду цаьрца хазчу махца‚ уьш баккхийбина цунах. ЧIогIа мох богIу цунна тIе‚ царна йогIу массо а меттигера тулгIе‚ царна моттало цо шаьш юкъахьарчадо. Деле кхойкху цара, Цуьнан дин цIандеш берш а хуьлий: "Ахь тхо хIокхунах к1елхьардахахь‚ тхо баркалла олучарах хир ма ду"‚– бохуш.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
Цо уьш к1елхьарбаьхначул тIаьхьа цара лаьттахь боьханиг леладо цхьа а бакъо йоцуш. ХIай нах! Шун боьханиг шуна шайна ду шуна. Дуьненан дахаран /кIеззиг/ хIума ду иза. ТIаккха шун дIадерзар Тхоьга ду – Оха дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг.
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
Дуьненан дахаран масал Оха стиглара даийтинчу хих тера ду: цунах ийра наха а‚ бежанаша а юучех лаьттан орамат. Лаьтто цуьнан заза эцча (и орамат хаза кхиъча)‚ хаздича‚ цуьнан дайшна шаьш цунна тIехь ницкъ кхочуш ду (пайда эца)‚ аьлла хааделча, буса я дийнахь Тхан болх кхочу цунна тIе – Оха хилийти цунах /хьаькхна охьадиллина/ ялта – селхана цахилларг санна – иштта къастадо Оха аяташ ойла еш болчу нахана.
ﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋ
Дала кхойкху машаран цIа чу‚ нисво Шена луург нийсачу новкъа.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
Дика хиллачарна дика ду – /ялсамани/‚ кхин совдерг хир ду /къематдийнахь–Делан юьхь гар/‚ церан яххьех чан летар яц‚ сийсазалла а /летар яц/. Уьш – ялсаманин дай бу‚ цу чохь шаьш гуттар а хир болуш.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
Вониг диначарна бекхам и санна вониг ду‚ сийсазалла летар ю царах. Ма вац царна Делера и духатухур верг. Шайн яххьаш буьйсанан бодане кийсигашца хьулйиначарах тера бу уьш. Уьш цIеран дай бу‚ цу чохь гуттар а хир болуш.
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
Оцу /къемат/дийнахь Оха уьш берриге а гулбийр бу‚ /Делаца/ накъост лаьцна хиллачаьрга эр ду: "ДIалаца шайн меттиг аша а‚ шун накъосташа а ". Церан юкъаметтиг хадийра Оха. Церан накъосташа элира: "Шу ца хилла тхуна Iибадат деш‚
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
Дала кхачо йира теш хилла тхуна а‚ шуна а юккъехь: баккъалла а, тхо хилла аш тхуна Iибадат дарх гIопал".
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
Цигахь бāла кхечира массо а синан ша хьалха динчуьнца. Уьш дIаберзийра Деле‚ шайн хьакъ-бакъ верас хилла волчу‚ царах дIатилира цара /харц/ кхуллуш хилларг .
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Ахь āла /х1ай пайхамар оцу мушрикашка/: "Мила ву шуна рицкъ луш верг стиглара а‚ лаьттара а? Я мила ву дōладеш лерсих (хазарх) а‚ бIаьрсих а‚ мила ву дийна верг веллачух схьавоккхуш‚ велларг дийначух схьавоккхуш ‚ мила ву дIахьош гIуллакхаш?" Цара эр ду хьуна: "Дела ву-кх". ТIаккха ахь āла: "Шу ца кхоьру /Цунах/?"
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
И ву Дела – шун хьакъ-бакъ волу Эла. ХIун ду ткъа бакъдолчул тIаьхьа тилар бен? ТIаккха а ма дIадерзош ду шу !
ﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐ
Иштта бакъхилира хьан Кхиош-Кхобучун дош песакъ нахана тIехь, уьш тешар болуш бац аьлла долу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
Ахь āла: "Шун накъостех вуй ша кхоллар юьхьанца д1адолош верг‚ тIаккха и карладоккхуш верг?" Āла: "Дала д1адоладо кхоллар‚ тIаккха и карладоккху. Ма талхош ду-кх шу (бакъдолчух)!"
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
Āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Шун накъостех вуй ша бакъдолчунна тIе нисбеш верг?" Āла: "Дала нисбо бакъдолчунна тIе". Ткъа ша бакъдолчунна тIе /нах/ нисбеш верг хьакъ вац шена тIаьхьахIотта‚ я ша а ца нислуш верг ву, ша /цхьаммо/ нисвахь бен? Ткъа шуна хIун хилла? Аш муха хьукма до?!
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Царах дукхахберш моттадаларна а бен тIаьхьахIуьттуш ма бац. Баккъалла а, моттадаларо бакъдолчух хIумма а кIелхьар ца доккху (баккъалла а, мотталуш дерг бакъдолчунна дуьхьал хIумма пайдане ма дац). Баккъалла а, Дела хууш ву цара деш дерг.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
ХIара Къуръан ца хилла кхолладала /тарлуш/ Дела воцчуьнгара‚ делахь а, нийса догIуш ду и шел хьалха хиллачуьнца ‚ шен чохь шеко йоццуш Iаламийн Дегара жайна (Мухьаммадан умматана т1едихкина декхарш) билгалдаккхар а ду и.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
Я цара олу: "Цо /ша/ кхоьллина и /Къуръан/"? Аш даийтал цунах тера цхьа сурат‚ кхайкха Дела воцчуьнга шайга кхайкхалучуьнга /кхечу г1оьнчашка/ ‚ шаьш бакълуьйш хиллехь.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
Х1аъ, харцдира цара (Маккин керстанаша) и (Къуръан) шаьш и дика довза а кхиале‚ шен таъвил а хIинцале шайга ца кхаьчна долу. Иштта харцдира царал хьалха хиллачара а. Хьажал‚ муха хилла зуламхойн чакхе!
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
Царах (Маккин ох1лах) цунах тешаш берш а бу‚ царах цунах ца тешаш берш а бу. Хьан Кхиош-Кхобург дика бевзаш ву хьуна /х1ума/ талхош берш.
ﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘ
Хьо цара харцвахь‚ ахь āла (х1ай Мухьаммад): "Суна сайн Iамал ю‚ шуна шайн Iамал ю. Шу цIена ду ас дечух‚ со цIена ву аш дечух".
ﰙﰚﰛﰜﰝﰞﰟﰠﰡﰢﰣﰤﰥ
Царах хьоьга ладугIуш берш а бу. Ахь хозуьйтур дара къорачарна, цу тIе а уьш хьекъале а ца хилча?
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
Царах хьоьга хьоьжуш верг а ву (амма царна ца го ийманан нур). Ахь нисбийр бара бIаьрсадоцурш, цу тIе а уьш ган г1ерташ а ца хилча?
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
Баккъалла а, Дала зулам ца до нахана цхьана а хIуманца‚ делахь а, наха шаьш до шайна зуламаш.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
Цхьана /къемат/ дийнахь Цо уьш гулбийр бу‚ шаьш /дуьненахь/ дийнан цхьана сохьтехь а бен ца 1ийнарш санна‚ вовшашна бевзар бу уьш – тIаккха ийшира шаьш Далла дуьхьалкхетар харцдинарш. Ца хилира уьш нисбелла .
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
Я Оха гойтур ма ду хьуна (х1ай Мухьаммад) Тхаьш царна ваIда йечух цхьадерг (Iазап)‚ я Оха волуьйтур ма ву хьо /царна Iазап дале/. Тхоьга ду церан дIадерзар – цул т1аьхьа Дела теш ма ву цара деш долчунна.
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
ХIор (хьалхадаханчу) умматан элча ву. Шайн элча веъча, кхиэл йийр ю царна юккъехь нийсонца‚ царна зулам дийр дац .
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
Цара олу: "Маца кхочушхир ю и ваIда, шу бакълуьйш хиллехь?"
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
Ахь āла: "Ас дола ца до сайна зенна а‚ пайденна а (сан карахь дац сайна зе дар а, пайда бар а), Далла ма луъу бен. ХIор умматна тоьхна хан ю‚ и шайн хан тIекхаьчча – цхьа сахьт тIаьхьабуьсур а бац уьш‚ / цхьа сахьт/ хьалхабевр а бац".
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
Āла (цу мушрикашка, х1ай Мухьаммад): "Дийцал аш суна: Цуьнан Iазап шайга буса я дийнахь деъча‚ оцунах хIун сихдан луур дара къинош деш болчарна ?
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
ТIаккха иза (1азап шуна) хIоьттича, тешар дара шу цунах? ХIинций ? Шу ма дарий и сихдала лууш /хьалха/."
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
ТIаккха эр ду зуламаш диначаьрга: "Iовша шайна гуттаренан Iазап. Бекхам хир буй шуна ткъа аш карадеш хиллачуьнца а бен?"
ﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕ
Хьоьга доьху цара (цунах лаьцна) хаийтар: "Бакъ дуй и ?" Ахь āла: "ХIаъ‚ сан Кхиош-Кхобучух (дуй боу ас), бакъ ду-кх и! Шуьга дайдалур дац иза".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
ХIор зулам динчу синна (адамна) лаьттахь мел дерг шен хилча – и дIалур дара цо‚ хьулдира цара дохкодовлар, шайна Iазап гича. Царна юккъехь нийсонца кхиэл йина. Царна зулам дийр дац .
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
Шуна хаийла баккъалла а, стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Делан дуйла! Шуна хаийла Делан ваIда хьакъ-бакъ юйла! Делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
Цо дендолуьйту‚ Цо долуьйту‚ Цунна тIе шу дIадерзор долуш ду.
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
ХIай нах! Шуьга беана шун Кхиош-Кхобучуьнгара хьехам а‚ дегнашкахь долчунна дарба а – муъма нахана нийса некъ а‚ къинхетам а.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
Āла (цаьрга, х1айМухьаммад): "Делан коьмаьршаллица‚ Цуьнан къинхетамца – Цуьнца баккхийбер уьш – иза мелхо а дика ду царна шаьш гулдечул".
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Ахь āла: "Хьовсал шу‚ хIун доссийна Дала шуна (Шен) рицкъанах! Аш цунах хьарам дерг а‚ хьанал дерг а дира (цхьадерг шайна хьарам дира, цхьадерг – хьанал дира". Āла: "Дала пурба делира шуна (и дан)‚ я шу Далла тIехь харцдерг кхуллуш ду?"
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
ХIун ду техьа Далла тIехь харцдерг кхуллучарна моьттург къематдийнахь ? Баккъалла а, Дела къинхетам болуш ву нахана тIехь‚ делахь а, царах дукхахболчара баркалла ца олу.
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒ
Хьо (пайхамар) хир вац цхьана а гIуллакхехь а‚ ахь доьшур дац цунах цхьа а дешар а‚ аш йийр яц цхьа а Iамал а Тхо шайна тIехь тешаш долуш бен‚ шу цу чохь а дуьсуш. Хьан Кхиош-Кхобучух къайладер дац мискъалзаррат (х1ума) лаьттахь а‚ стиглахь а‚ цул жиманиг‚ доккханиг – билгалчу жайнахь долуш бен.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
Тидаме эца! Баккъалла а, Делан доттагIий –кхерам а хир ма бац царна /эхартахь Делан 1азапах/‚ уьш сингаттаме а хир ма бац /шайх д1атиллачу дуьненан хьолах/.
ﭜﭝﭞﭟﭠ
(И Делан доттаг1ий бу) Шаьш ийман диллинарш‚ /Делах/ кхоьруш хилларш (Цо бохург деш, ма де бохург ца деш) –
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
царна кхаъ бу дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а. Делан дешнашна хийцадалар дац. Иза – сийлахь-боккха толам бу.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Церан /керстаналлин/ дашо сингаттаме ма войла хьо (х1ай Делан элча), – баккъалла а, ерриге сийлахьалла Делан ю. И хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
Тидаме эца! Баккъалла а, Делан бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а берш. Стенна тIаьхьахIуьттуш бу Дела воцчу /кхечу/ накъосташка кхойкхуш берш? Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бац деккъа моттадаларна бен‚ уьш ма бац харцлуьйш а бен.
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
И ву шуна буьйса йинарг, цу чохь шуьга сада1ийта‚ де а /динарг/, цу чохь /шуна хIуманаш/ ган (аш шайн дахаран г1уллакхаш кхочушдан). Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хезаш долчу нахана.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
Цара (мушрикаша) элира: "Дала доьзалхо лаьцна (вина)". Вочух цIена ву Иза! И хьал долуш верг ву. Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь мел дерг. Цуьнца (цу хьокъехь) цхьа а делил дац шун! Далла тIехь шайна цахуург дуьйцу аш?
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
Ахь āла /хIай Мухьаммад/: "Баккъалла а, Далла тIехь харцдерг кхуллуш берш баккхийбийр бац".
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
Дуьненан (цхьа к1еззиг) марзо ю /цара пайда оьцуш ерг/‚ тIаккха церан дIадерзар Тхуна тIе ду‚ тIаккха Оха Iовшуьйтур ду цаьрга чIогIа Iазап уьш ца тешаш хиларна.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
Дийца царна Нухьан хабар‚ цо шен къоме ма элира: "ХIай сан къам! Нагахь санна шуна хала хиллехь сан /шуьца/ Iар а‚ ас Делан аяташ хьехадар а – со Далла тIетевжина. Вовшахтоха шайн гIуллакх а, шайн накъостий а‚ цул тIаьхьа шун гIуллакх шуна ма хуьлийла сингаттаме . ТIаккха суна шайн кхиэл йе‚ хан т1аьхьа ма татталаш суна (и ца йеш).
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
Шу дIадерзахь /сох/ – ас шуьга цхьа а мах ца бехна‚ сан мах Делехь бен бац. Суна омра дина бусалбанех цхьаъ хила"‚– аьлла.
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Цара и харцвира‚ тIаккха Оха иза а‚ цуьнца берш а кIелхьарбехира кеманна чохь‚ Оха хилийтира царах тIаьхье‚ Тхешан аяташ харцдинарш хина бухабахийтира Оха. Хьажал‚ муха хилла шайна /элчанаша/ кхерам тосучеран тIаьхье!
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
ТIаккха цул тIаьхьа Оха бахийтира элчанаш шайн къаьмнашка‚ уьш баьхкира царна тIе билгалонашца – уьш (элчанаш шайна т1ебаьхкинарш) ца хилира (х1инца а) тешар болуш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухIар тоьхна Оха /Делан/ дозанех бевлачеран дегнашна.
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
ТIаккха царал тIаьхьа Муса а‚ ХIарун а вахийтира Оха ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а тIе Тхан аяташца – цара куралла йира‚ уьш хилира къинош деш долу къам.
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
Тхоьгара бакъдерг шайга деъча‚ цара элира: "Баккъалла а, хIара билггала бозбуунчалла ма ду".
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
Мусас элира: "Бакъдолчунна, и шайга деъча, /иштта/ олу аш? Бозбуунчалла ду хIара? Бозбуунчаш баккхийбийр ма бац".
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
Цара (Фир1авна а, цуьнан элаша а) элира: "Хьо веана тхуна тхан дай шена тIехь тхуна карийначух тхо дIадерзо /деккъа/ шу- шинна хилийтархьама лаьттахь сийлалла? Тхо шушиннах а тешаш ма дац".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
ФирIавна элира: "Суна тIе валаве хIора говза мел волу бозбуунча".
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
Бозбуунчаш баьхкича, Мусас цаьрга элира: "Кхисса шаьш кхуьссуш ерг".
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
Цара кхоьссича‚ Мусас элира: "Аш шайца деана дерг бозбуунчалла ду. Баккъалла а, Дала дойур ду иза. Баккъалла а, Дала ца тойо /х1ума/ талхош болчеран Iамал.
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
Бакъдерг бакъхуьлуьйту Дала Шен дешнашца‚ къинош дечарна и мел ца дезахь а".
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Мусах ца тийшира цуьнан къомах цхьа зуьррет бен, ФирIавна а‚ цуьнан элаша а шаьш питане лацарх кхерарна. Баккъалла а, ФирIавн лакхаваьлла лаьттахь /зуламаш деш/. Баккъалла а, и /Делан ниIматах/ кхоам цабечарах ву.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
Мусас элира: "ХIай сан къам‚ шу хиллехь Делах тешна – Цунна тIетовжа‚ шаьш (Цунна) муьтIахь дерш делахь".
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
ТIаккха цара (Мусана т1аьхьах1оьттинчара) элира: "Далла тIетевжина тхо. Веза волу Тхо Кхиош-Кхобург‚ тхо ма хилийталахь зуламе къомана питана .
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
КIелхьардахалахь тхо Хьайн къинхетамца керста къомах".
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
Мусага а‚ цуьнан веше (ХIаруне) а Оха хаийтира ваьхьица ашшиммо а шаьшшиннан къомана Мисрахь х1усамаш а лаца, шайн х1усамех къилба а хилийта ‚ ламаз а хIоттаде‚ кхаъ а баккха муъма нахе‚ аьлла.
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
Мусас элира: "Веза волу тхо Кхиош-Кхобург‚ ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а дуьненан дахарехь хазалла а‚ бахам а белла Ахь, тхан Кхиош-Кхобург, уьш тилабалийтархьама Хьайн некъах. Веза волу тхо Кхиош-Кхобург‚ байа церан бахам а‚ къиза де церан дегнаш а - уьш тешар болуш бац шайна лазош долу Iазап ца гича".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
Цо (Дала) элира: "Шушиннан доIина жоп делла‚ нийса хила шушиъ‚ тIаьхьа ма хIитталаш ца хууш болчеран новкъа".
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
Оха хIорда дехьа бехира Исраилан кIентий. Царна тIаьхьа бевлира ФирIавн а‚ цуьнан бIо а хьогIаций‚ мостагIаллиций. /ХIорда/ бухавахар шена т1екхиъча‚ цо (ФирIавна, ша х1орда буха воьдуш) элира: "Со тийши кхин Дела цахиларх, Шех Исраилан кIентий тешнарг бен‚ со муьтIахь болчарах (бусалба нахах) ву-кх".
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
ХIинций? Хьалха-м Iесалла ма йира ахь‚ хьо ма хилира /нах Делан динах/ талхочарах.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
Тахана Оха кIелхьарвоккхур ву хьо хьайн дегIаца хьол тIаьхьа богIучарна делил хилийтархьама. Баккъалла а, нахах дукхаберш Тхан аятех гIопал ма бу .
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
Оха охьаховшийра Исраилан кIентий /бāха/ тоьлаш йолччу меттиге ‚ цIенчух рицкъ а делира царна‚ /дин бахьанехь/ хилпало ца йуьйжира царна юкъа шайга Iилма кхаччалц . Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь къематдийнахь уьш шеца хилпало еш хиллачохь.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
Хьуо (х1ай пайхамар) шеко йолуш хилахь Оха хьайга доссийначух‚ ахь хаттал хьайл хьалха жайна доьшуш болчаьрга . Хьоьга деана хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдерг‚ хьо хиланне а ма хилалахь шеко йечарах.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
Хьо хиланне а ма хилалахь Делан аяташ харцдеш болчарах – тIаккха хьо хир ву эшначарах .
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
Баккъалла а, шайна тIехь хьан Кхиош-Кхобучун дош бакъ хилларш тешар бац
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
Шайга массо а делил деъча а‚ шайна лазош долу Iазап галлац.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
/Оха хIаллакйинчу яртех/ цхьа а юрт хиллий шена /Iазап гиначул тIаьхьа/ ийман диллича – цу иймано шен пайда бина, деккъа Йунусан /юьртан/ къам бен? Оха д1аайдира царах дуьненан дахарехь сийсазаллин Iазап (цара и шайна герга деъча, кхера а белла, ийман диллина, тоба дича)‚ бахам белира царна цхьана ханна .
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
Хьан Кхиош-Кхобучунна лиънехьара, ийман диллина хир дара массо а лаьттахь мел волчо. Ткъа хьоьга ийман диллийталур дарий нахе /царна ца луушехь/?
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
Ца хилла синна (адамна) ийман диллар Делан пурбанца а бен. Ойла ца еш болчарна рижс (та1зар) хуьлуьйту Цо.
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
Ахь āла /цу хьайга Дела цхьаъ хиларан делилаш гайта бохучу мушрикашка/: "Хьовсал! ХIун ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а?/мел дукха Дела цхьаъ хиларан делилаш ду цигахь – малх, бутт...!/ Хьалхадоккхур ма дац /Iазапах/ аяташа а‚ кхерамаш туьйсучара а тешаш доцу къам".
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
Уьш хьовсур буй шайл хьалха баханчеран деношка санна а бен? Ахь āла: "Хьовса‚ со а шуьца цхьаьна хьовсучарах ву".
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
ТIаккха Оха кIелхьарбохур бу Тхайн элчанаш а‚ ийман диллинарш а. Иштта хьакъ хилла Тхуна: Оха кIелхьарбохур бу муъманах.
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
Ахь āла /хIай Мухьаммад/: "ХIай нах! Шу хиллехь шеконехь сан динах‚ ас Iибадат дийр дац Дела воцчу аш Iибадат дечарна‚ делахь а, ас Iибадат дийр ду Далла‚ шу а долуьйтуш волчу. Суна омра дина со муъманахах хила‚ аьлла.
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
Хьайн юьхь хIоттае динна тIе догцIена‚ хьо хиланне а ма хилалахь мушрикех‚ аьлла.
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
Ахь ма кхайкхалахь Дела воцчу хьайна пайда а‚ зен а ца дечуьнга‚ ахь и дахь – тIаккха, баккъалла, хьо хир ма ву зуламхойх"‚– аьлла.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
Дала зенаца хьо схьалацахь – и д1аайдендерг вац хьуна И ша воцург. Хьуна диканиг Цунна лаахь – Цуьнан къинхетам бухатухург а вац хьуна. И кхачадо Цо Шен лех Шена луучунна. И сов гечдеш верг а ву а‚ къинхетаме верг а ву.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
Ахь āла (х1ай Мухьаммад): "ХIай нах! Шуьга деана бакъдерг шун Кхиош-Кхобучуьнгара: нисвелларг – шена нисвелла ву‚ тилавелларг – шена тилавелла ву. Со шуна тIехь векал а вац".
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
Хьайга ваьхьица хаийтинчунна тIаьхьахIотта хьо‚ собар де Дала хьукма даллац. И – хьукма /нийса/ дечарах диканиг ву.

Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers