Сура Худ pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Худ pdf Нохчийн — Дахьа Сура Худ Гочдар. Сура Худ (Meccan) 123 Аят.
Related
- Сура Худ ГочдарНохчийн
- Сура Худ mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Худ

ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
11:1
Алиф-лам-ра. Шен аяташа хьукма /нийса/ деш долу‚ т1аккха /уьш хаза/ къастош долу жайна (Къуръан) ду /х1ара/ - Ша хьукма /нийса/ деш а, сов дика хууш а волчуьнгара (Делера).
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
11:2
Аш Iибадат цадархьама /цхьана/ Далла а бен. "Баккъалла а, со шуна Цуьнгара кхерамча а‚ хаамча а ву‚– аьлла.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
11:3
Аш шайн Кхиош-Кхобучуьнга гечдар дехархьама‚ тIаккха аш тōба де Цуьнга – Цо шуна хаза бахам лур бу цIетоьхна (билгалъяккхина) хан тIекхаччалц‚ х1ор хьакъ долчунна шена дог1у хьакъ а д1алур ду. Шу юхадовлахь – со кхоьру шуна доккхачу /къемат/дийнан Iазапах .
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
11:4
Деле ду шун дIадерзар. И массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву" .
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
11:5
Хьажахь! Баккъалла а, уьш бац шайн дегнаш къуьйлуш Цунах хьулдархьама . Хьажахь! Ткъа цара шайн бедар тIеюхуш Цунна ца хаьа цара къайладоккхург а‚ цара дIахьедийриг а? Баккъалла а, И хууш ма ву дегнашкахь дерг.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
11:6
Цхьа а дийнат дац лаьттахь Далла тIехь шен рицкъ долуш бен‚ Цунна хаьа церан латтам а‚ церан дIагIойла а , – массо а билгалчу /Лавхь махьфуз/ жайна чохь ду.
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
11:7
И ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а ялх дийнахь, Цуьнан Iарш хина тIехь яра ‚ шу зерхьама‚ муьлха ву-те шух Iамалца вуно а диканиг. Ахь аьлча: "Баккъалла а, шу дендийр долуш ду деллачул тIаьхьа"‚ керстанаша аллане а эр ма ду: "Иза-м билггала бозбуунчалла ма дуй!"
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
11:8
Оха царах Iазап тIаьхьатеттича цхьа ягарйинчу ханна ‚ цара аллане а эр ма ду: "Стено сацийна и (Iазап)?" Хьажал! Ткъа и цаьрга деъначу дийнахь царах дIатилар ма дац! Уьш шех ца бēшаш хилларг царах дIа ма хьаьрчира.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
11:9
Оха адаме Тхайгара къинхетам Iовшийтича‚ тIаккха Оха цунах и дIабаьккхича – и догдуьллург а‚ /Делан ниIматана/ керста а ма хуьлу.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘ
11:10
Оха цуьнга ниIмат Iовшийтича, и схьалаьцначу бāланал тIаьхьа‚ цо аллане а эр ма ду: "Къинош дIадахна суна т1ера". Баккъалла а, и хазахеташ‚ куралла еш ма хуьлу.
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
11:11
Собар динарш‚ дика Iамалш йинарш боцурш. Ткъа х1окхарна гечдар а‚ йоккха ял а ю.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
11:12
Хьо хила тарло хьайга делла цхьацца ваьхьий дуьтуш‚ цаьрца хьайн дог къуьйлуш цара олуш хиларна: "Хазна йоьссина хиллехьара цуьнга‚ я малик деънехьара цаьрца". Баккъалла а, хьо кхерамча ву. Дела массо а хIуманна тIехь векал ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
11:13
Я цара āларна: "И цо кхоьллина" . Ахь āла: "Аш даладел, делахь, цунах тера итт сурат‚ шаьш кхоьллина долу. Кхайкха Дела воцчу шайна мегачаьрга‚ шаьш бакълуьйш хиллехь.
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
11:14
Цара шайна жоп ца лахь‚ шуна хаалаш, и Делан Iилманца доьссина дуйла а‚ И воцург кхин дела воцийла а. Шу хуьлий бусалбанаш ?"
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
11:15
Дуьненан дахар а‚ цуьнан хазалла а йезаш хиллачунна – церан /дикачу/ Iамалшна цу (дуьнена) чохь кхоччуш бекхам бийр бу Оха ‚ уьш цу (дуьнена) чохь /рицкъанах/ эшор бац.
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
11:16
Уьш бу шайна эхартахь /жоьжахатин/ цIе бен хир йоцурш. ХIаллакхили цара цу /дуьнена/ чохь динарг‚ харцдерг ду цара деш хилларг (пайда бац цара дуьненахь деш хиллачу дикачух, Делах кхоьруш уьш хилла бацахь).
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
11:17
Ткъа шен Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тIехь хилларг ‚ шена тIаьхьавозуш Цуьнгара теш а волуш ‚ цул хьалха /теш/ – Мусан жайна хилла /нахана/ имам а‚ къинхетам а - /тера ву деккъа дуьне дезачаьрга?/ – уьш цунах (Къуръанах) тешаш бу. Тобанех цунна керстаналла дечарна ваIда хилларг /жоьжахатин/ цIе ю. Хьо цунах шеконехь ма хилалахь. Баккъалла а, и хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг ду хьуна. Делахь а, дукхахболу нах ца теша.
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
11:18
Мила ву ткъа зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллинчул? Уьш шайн Далла хьалха хIиттор ма бу‚ тешаша эр ма ду: "ХIорш бу и шайн Дела харцвинарш. Делан неIалт дац ткъа зуламхошна?!
ﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
11:19
Шаьш Делан некъах /нах/ дIатилош болчу‚ шаьш и бохо лууш болчу‚ – эхартана уьш керстанаш ма бу ".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
11:20
Уьш ца хилира ницкъ кхочуш лаьттахь /хIумма хийца/, Дела воцург г1оьнчий (доладийраш) ца хилира царна. ТIеттIа Iазап ду царна. ЛадогIа ницкъ кхочуш ца хилира уьш‚ гуш ца хилира уьш.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
11:21
Уьш бу шаьш шайна зен динарш‚ царах дIатилира цара кхуллуш хилларг.
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
11:22
Шеко йоццуш, уьш бу эхартахь шаьш ч1ог1а эшаме хир берш.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
11:23
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а‚ шайн Кхиош-Кхобучунна муьт1ахь хилларш а,– уьш бу ялсаманин дай‚ уьш цу чохь гуттар хир бу.
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
11:24
Шина тобанан масал тера ду бIаьрзечун а, къорачун а‚ - гуш волчун а, хезаш волчун а масалах. Нислой уьш шиъ /тоба/ масалица? Шу ца кхета? /Дера ца нисло!/
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
11:25
Оха вахийтинера Нухь шен къомана тIе /олуш/: "Баккъалла а, со шуна билггала кхерамча ву.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
11:26
/Цхьанна /Далла бен аш Iибадат ма дойла‚ баккъалла а, со кхоьру шуна лазош долчу дийнан Iазапах".
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
11:27
Цуьнан къомах цатешначеран элаша элира: "Тхуна-м ца го хьо, тхаьш санна, адам бен‚ тхуна ца го, шаьш ойла а ца йеш, хьуна тIаьхьахIиттинарш, тхох уггар сийсаза берш бен‚ тхуна ца го шун тхаьшна тIехь цхьа а дозалла‚ хIетте а, тхуна хета шу харцлуьйш дерш".
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
11:28
Цо (Нухьас) элира: "ХIай сан къам‚ гой шуна, со хилча сайн Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тIехь‚ Цо Шегара къинхетам а белча суна‚ ткъа шу цуьнца бIаьрзе хилча, оха шуна тIедуьллур ду иза, шуна ца луушехь? (Тхан ницкъ кхочур бац шуьга нуьцкъах дин тIелацийта).
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
11:29
ХIай сан къам! Ас шуьга цунна тIехь бāхам ца боьху‚ сан ял Далла тIехь а бен яц‚ со вац къахкор болуш ийман диллинарш. Баккъалла а, уьш дуьхьалкхетар болуш бу шайн Кхиош-Кхобучунна‚ делахь а, суна шу хета ца кхеташ къам.
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
11:30
ХIай сан къам! Хьан ларвийр вара со Делах, ас уьш къахкийча? Аш ойла ца йо?
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
11:31
Ас шуьга ца боху: "Соьгахь Делан хазнаш ю"‚ хьуламехь дерг а ца хаьа суна; ас ца боху: "Со малик ду"‚ ас ца олу шун бIаьргаш шайх ца бешачарах: "Дала диканиг лур дац царна". Далла дика хаьа цаьргахь дерг – иза дича, со хир вара, баккъалла а, зуламхойх".
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
11:32
Цара элира: "ХIай Нухь‚ тхоьца къийси ахь‚ тхан къийсам а алсамбаьккхи ахь‚ даийта тхуна айхьа тхуна хир ду аьлларг‚ хьо бакълуьйчарах хиллехь".
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
11:33
Цо элира: "И шуна доуьйтур ду Дала, Шена лаахь‚ шун ницкъ кхочур бац /и Iазап духатоха/.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
11:34
Сан хьехамо а шуна пайда бийр бац‚ суна шуна хьехам бан лиъча а, Дела лууш хиллехь шу тилдала дита. И ву шу Кхиош-Кхобург‚ Цуьнга шу дIадерзор долуш а ду".
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
11:35
Я цара олу: "И цо ша кхоьллина" . Ахьа āла: "Нагахь и айса кхоьллинехь – суна тIехь ду-кх сайн къинош‚ со цIена ву-кх аш дечу къинойх".
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
11:36
Нухье ваьхьица хаам бира‚ хьан къомах цхьаммо а ийман дуьллур дац хьуна‚ шаьш хIинцале ийман диллинчара а бен‚ хьо гIайгIане ма вожалахь цара деш хилларг бахьанехь.
ﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐ
11:37
Кема де Тхан тергамца а‚ Тхан ваьхьица а‚ къамел ма делахь Соьга зулам диначарах лаций ‚ баккъалла, уьш хи буха бохуьйтур болуш бу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
11:38
Цо кема дора‚ Цуьнан къоман элий, шаьш уллохула чекх моссазза бовлу, цунах боьлура. Цо элира: "Шу тхох доьлу‚ т1аьхьа тхо шух доьлур ду, шу деларе терра.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
11:39
ТIаьхьа хуур ду шуна‚ хьанна тIе Iазап догIур ду‚ цо ша сийсазвеш долу‚ /гуттар/ лаьтта долу Iазап шех хьаьрча дерг мила ву".
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
11:40
Тхан омра деъча, пеш кхехка йолаелча ‚ Оха элира: "Цунна т1е- хаае хIор /дийнатах/ шишша‚ хьан доьзалх а шена тIехь дош хьалхадаьлларг воцург‚ /массо а/ ийман диллинарг а". Ийман ца диллира цуьнца кIеззигчара бен.
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
11:41
Цо (Нухьас) элира: "ТIеховша цунна ‚ Делан цIарца ду цуьнан лелар а‚ сацар а. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург сов гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву".
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
11:42
И (кема) лелара цаьрца тулгIенашкахь, шаьш лаьмнаш санна йолчу. Нухьас кхайкхира шен кIанте ‚ и вара юьстах лаьтташ: "ХIай сан кIанталг ! ТIе хаа тхоьца‚ ма хила керстанашца".
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
11:43
Цо элира: "Ас к1елхьарвалар лохур ду ламана т1ехь– цо ларвийр ву со хих". Цо (Нухьас) элира: "Тахана цхьаммо а ларвийр вац Делан омрах, Цо шех къинхетам бинарг бен". Цу шинна юккъе тулгIе хьаьвзира – иза хина бухабаханчарах хилира.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
11:44
Элира /Дала/: "ХIай латта! Д1ахудал хьайн хи‚ ва хIай стигал! ДIасацаде /догIа/". Хи дIаделира‚ /Делан/ омра кхочушхилира. И сецира Джудияхь . Элира: "Декъаза хуьлда зуламе къам".
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌ
11:45
Нухьа кхайкхира шен Кхиош-Кхобучуьнга‚ элира /цо/: "Сан Кхиош-Кхобург! И сан кIант сан доьзалх ма ву‚ Хьан ваIда бакъ ма ю‚ Хьо хьукма дечарах уггар хьукма /нийса/ деш верг а ма ву!"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
11:46
Элира /Дала/: "ХIай Нухь! И хьан доьзалх вац. Иза ву /шен/ 1амал дика йоцург . Соьга ма деха шегахь хьан Iилма доцург . Ас хьехам бо хьуна хьо ца хилийта цахуучарах".
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
11:47
Цо элира: "Сан Кхиош-Кхобург! Со Хьоьца ларло сайна Iилма шеца доцург Хьоьга дехарх. Ахь суна геч ца дахь‚ сох къинхетам ца бахь – со хир ву-кх эшначарах".
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
11:48
Аьллера: "ХIай Нухь! Охьавосса Тхоьгара кхерамазаллица а‚ беркатца а хьайна а‚ хьайца цхьаьна /кемана т1ехь/ хиллачу умматашна а . Оха шайна тIаьхьа бахам а лур болуш /цхьа кхин умматаш хир ду/‚ тIаккха Тхоьгара лазош долчу Iазапо схьалоцур бу уьш".
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
11:49
Уьш къайленан дийцарш ду‚ Оха хьоьга дуьйцуш долу ваьхьишца. Уьш хууш вацара хьо а /хIай Мухьаммад/‚ хьан къам а хIокхул хьалха. Собар де ахь. Баккъалла а, тIаьхье /Делах/ кхоьручарна ю.
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
11:50
Iадашка а церан ваша ХIуд /вахийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам‚ Iибадат де /цхьана/ Далла – Аллах1ана‚ И воцург кхин дела вац шуна‚ шу ма дац харцдерг кхуллуш бен .
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
11:51
ХIай сан къам! Цунна тIехь шуьга сайна мах ца боьху ас. Суна мах балар Ша со кхоьллина волчунна т1ехь бен дац. Шу хьекъале ца хуьлу?
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
11:52
ХIай сан къам! Гечдар дēха шайн Кхиош-Кхобучуьнга‚ тIаккха Цуьнга тōба де - Цо стигал йоуьйтур шуна шортта догIица (шортта дог1а доуьйтур ду шуна)‚ шун ницкъана тIе а ницкъаца совдохур ду Цо шу. Шу дIа ма дерзалаш къинош деш а долуш."
ﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒ
11:53
Цара элира: "ХIай ХIуд! Хьо ца веана тхоьга билгалонца‚ тхо ма дац тхайн деланаш д1атосур болуш хьан дош бахьанехь‚ тхо хир дац хьох тешарш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
11:54
Оха олу: "Тхан цхьаболчу деланаша зулам дина хьуна". Цо элира: "Баккъалла а, ас Дела хIоттаво теш‚ аш тешалла де со аш /Делаца/ накъост лацарх цIена ву алий
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
11:55
И Ша /Дела/ воцчух. Мекарло йе суна массара а‚ ца йеш тIаьхьа ма татталаш со.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
11:56
Баккъалла а, со Далла тIетевжи‚ сан а‚ шун а Эла волчу. Цхьа а дийнат ма дац Цо шен к1уж лоцур болуш бен. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург нийсачу новкъахь ма ву (нийса бекхам беш ву).
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
11:57
Шу духадовлахь /ас деъначух/ – ас шуьга дIакхачийна со шуьга дахьаш ваийтинарг. Сан Кхиош-Кхобучо тIаьхье шу доцчу /кхечу/ къомана хуьлуьйтур ю‚ аш Цунна цхьана а хIуманца зен дийр дац. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург – массо а хIуманан лардархо ву!"
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
11:58
Тхайн омра деъча‚ Оха кIелхьарбехира ХIуд а‚ цуьнца болу ийман диллина хилларш а Тхайгарчу къинхетамца. Оха уьш кIелхьарбехира луьрачу Iазапах.
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
11:59
Вуьйш Iадаш бу – шайн Кхиош-Кхобучун аяташна инкарло йира цара‚ Цуьнан элчанашна Iеса хилира‚ хIор ца къарлучу, къизачу 1азапхочун (1азапечу паччахьан) омрана тIаьхьахIиттира уьш.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
11:60
/Делан а, маликийн а, массо а нехан а /неIалт хьаьрчира царах хIокху дуьненахь а‚ къематдийнахь а. Хьовсал! Баккъалла а, Iадаша керстаналла ма дина шайн Кхиош-Кхобучунна. Хьовсал! Белла бовлийла и Iадаш‚ ХIудин къам!
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
11:61
Самудашна а церан ваша Салихь /т1евахийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам! Iибадат дейша /цхьана/ Далла-Аллах1ана‚ И воцург кхин дела ма вац шуна. Цо кхиийна шу лаьттах‚ цу т1ехь дāхийтина шу‚ Цуьнга гечдар деха‚ тIаккха Цуьнга тōба де. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург гергахь а ву‚ жоп луш а ву".
ﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜﰝﰞﰟﰠﰡ
11:62
Цара элира: "ХIай Салихь! Хьо ма варий тхуна юккъехь хIокхул хьалха хьох /тхайна т1ехь эла хиларе оха/ догдохуш верг. Ахь тхуна ца магадо оха Iибадат дар тхан дайша Iибадат дечунна. Баккъалла‚ тхо чIогIачу шеконехь ма ду ахь тхо шега кхойкхучух".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
11:63
Цо элира: "ХIай сан къам! Гой шуна‚ со сайн Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тIехь хилча‚ Цо суна шегара къинхетам а белча‚ хьан гIо дийр дара суна Далла дуьхьал‚ со Цунна Iеса хилча? Аш суна сов ца боккху эшам а бен.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
11:64
ХIай сан къам! хIара Делан эмкал ю шуна делил хилла‚ йиталаш и Делан лаьттахь яжа. Вониг ма делаш цунна - тIаккха гергарчу Iазапо схьалоцур ду шу".
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
11:65
Цара цунна (Дала яийтинчу эмкална) урс хьаькхира. Цо (Салихьа) элира: "Зовкх хьега шайн х1усамашкахь кхаа дийнахь . И харц доцу ваIда ду!"
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
11:66
Тхайн омра деъча, Оха кIелхьарваьккхира Салихь а‚ цуьнца ийман диллина хилларш а Тхайгара къинхетамца, цу дийнан сийсазаллах /1алаш а бира/. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург нуьцкъала верг а‚ веза верг а ма ву.
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
11:67
Зулам динарш /нуьцкъалчу/ маьхьаро схьалецира – шайн х1усамашкахь /белла/ бертал эгна Iуьйранга бевлира уьш,
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
11:68
Шаьш царна чохь ца 1ийнарш санна. Хьовсал! Баккъалла а, самудаша керстаналла дина шайн Кхиош-Кхобучунна. Хьовсал! Белла бовлийла и самудаш!
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨ
11:69
Тхан элчанаш (маликаш) баьхкира ИбрахIиме кхаъ боккхуш‚ цара элира: "Салам! ". Цо элира: "Салам!"‚ сихо йира цо кхаьрзинчу эсанца /хьешашна/ тIе ван.
ﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
11:70
Цунна гича церан куьйгаш цунна (эсанна) тIе ца кхочуш‚ иза царах шеконе велира‚ кхера а велира. Цара элира: "Ма кхера! Баккъалла а, тхо дахкийтина ЛутIин къомана тIе" /уьш хIаллакбан/.
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
11:71
Цуьнан (ИбрахIиман) зуда (Сарат) яра ирахIоьттина лаьтташ‚ и йелаелира. Оха цунна (Саратана) кхаъ баьккхира Исхьакъаца ‚ Исхьакъана тIаьххье – ЯIкъубаца.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
11:72
Цо (Сāрата) элира: "Дакъаза ма яла со! Бер до ткъа ас‚ со-х къена зуда ма ю‚ хIара сан майра а къена стаг ма ву?! Ма тамаше хIума ду хIара!?"
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
11:73
Цара (маликаша) элира: "Хьо цецйолу Делан гIуллакхах? Делан къинхетам а‚ Цуьнан беркат а хуьлда шуна тIехь‚ хIай цIийнан охIла! Баккъалла а, Иза хастаме верг а‚ сийлахь верг а ма ву".
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
11:74
ИбрахIимах кхеравалар дIадаьлча‚ цуьнга кхаъ а беъча‚ Тхоьца (Тхан маликашца) къийса волавелира и ЛутIин къам бахьанехь (царна Iазап тIаьхьататтахьара бохуш, ийман дилла магара цара).
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
11:75
Баккъалла а, ИбрахIим эсала а‚ /нахана хуьлучу вонашна /лазаме верг а ‚ /тоба дарца Деле/ дIавирзинарг а ма ву".
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
11:76
ИбрахIим! Дита и ‚ Хьан Кхиош-Кхобучун омра деана‚ духатохалур доцу Iазап царна догIуш ду.
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
11:77
Тхан элчанаш (маликаш) ЛутIина тIебаьхкича‚ царна сингаттаме хилира иза‚ уьш бахьанехь дог гатделира цуьнан (шен къомо царна зен дан кхоьруш)‚ цо элира: "ХIара хала де ду!"
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
11:78
Цунна тIедеара цуьнан къам (цуьнан къоман нах)‚ сихха цунна тIебирзира уьш /хьешашца ирчаниг леладайта шайга, бохуш/‚ хьалха а бара уьш къинош деш. Цо (ЛутIас) элира: "ХIай сан къам! Кхузахь сан мехкарий бу‚ уьш мелхо а цIена бу шуна /маре бига/. Делах кхерийша‚ сийсаза ма вейша со сан хьешашна гергахь! Шух цхьа а кхетаме стаг вац?!"
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
11:79
Цара элира: "Хьуна хууш ма дара‚ хьан мехкаршца тхан гIуллакх дац‚ хьуна ма хаьа‚ тхуна хIун деза".
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
11:80
Цо элира: "Шуьца /къовса/ ницкъ белар-кха сан‚ онда гIортор елар-кха тIетовжа".
ﯺﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜﰝ
11:81
Цара (маликаша) элира: "ХIай ЛутI! Тхо хьан Кхиош-Кхобучун элчанаш ду‚ цкъа а хьуна /зен дан/ тIекхочур бац уьш. Хьайн доьзалца буьйса дакъошка йирзича, новкъа вāла. Т1ехьа ма хьожийла шух цхьа а (и ирча 1азап цагархьама), хьан зуда йоцург. Баккъалла а, цуьнга а кхочур ду цаьрга кхаьчнарг. Царна тоьхна хан – Iуьйре ю. Гергахь яц ткъа Iуьйре?"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
11:82
Тхан омра кхаьчча‚ Оха цуьнан (ЛутIин юьртан) лакхенах лахе йира ‚ Оха царна тIе дагийначу лаьттан тIулгаш т1еделхийра,
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
11:83
билгалдаьхна хилла долу хьан Кхиош-Кхобучун гергахь. /Массо а/ зуламхошна гена дац и (иштта таIзар хила). (Хьан къомана генахь ма яц и церан Дала йохийна ярташ, хIай Мухьаммад).
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
11:84
Мадъянашка а церан ваша ШуIайб /вахийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам! цхьана Далла – Аллах1ана Iибадат де‚ И воцург кхин дела вац шуна. Юстар а‚ озар а эша ма де. Суна гуш ду шу диканехь‚ со кхоьру шу /эрчаллица/ юкъаозор долчу дийнан Iазапах.
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
11:85
ХIай сан къам! Кхочушде юстар а‚ озар а нийсонца‚ лаха ма йе нахана шайн хIуманаш‚ ма лелалаш лаьттахула, боьханиг даржош.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
11:86
Делана гергахь бухадуьсурш дика ду шуна, шу муъма/нах/ делахь‚ со ма вац шуна лардархо".
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
11:87
Цара элира: "ХIай ШуIайб! Хьан дино (ламазо) омра до хьоьга тхан дайша шена Iибадат дийриг тхоьга дитийта я тхайн бахамех тхайна луург дан? Баккъалла а, хьо собаре а‚ нийсачу кхетамехь а ма ву" .
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
11:88
Цо элира: "ХIай сан къам! Гой шуна‚ со хиллехь сан Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тIехь‚ Цо Шегара т1ехдика рицкъ делла суна. Суна ца лаьа шух къаста айса шуна магош доцчунна т1ехь . Со деккъа тодан лууш /шун хьал/ ву сайн ницкъ ма - кхоччу. Сан кхиам Делаца бен бац. Цунна тIетевжина со. Цунна тIе а воьрзу со /тоба дарца/.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
11:89
ХIай сан къам! Соьца эгIаро даллане а тIе ма доуьйтийла шуна Нухьан къомана а‚ я ХIудин къомана а, я Салихьан къомана а т1едеънарг. ЛутIин къам а шуна дукха генахь а ма дац.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
11:90
Шайн Кхиош-Кхобучуьнга гечдар деха‚ тIаккха тōба де Цуьнга. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург къинхетаме верг а‚ Шена /Шен халкъ/ дезаш верг а ма ву".
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
11:91
Цара элира: "ХIай ШуIайб! Ахь дуьйцучух дукхадолчух тхо кхеташ ма дац‚ тхо хьо тхайлахь ледара хеташ ма ду. И хьан гергарнаш бацахьара, Оха тIулгаш диттина хир ма дара хьуна‚ хьо тхуна /кхин эццара/ хьомсара а ма вац ".
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
11:92
Цо элира: "ХIай сан къам! Ткъа сан гергарнаш безо бу шуна Делал? Аш Иза-м шайн букъа тIехьахь ма вити?! Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург аш дийриг /Шен 1илманца/ юкъалоцуш ма ву.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
11:93
ХIай сан къам! Шайга далург де аш‚ аса а дийр ду /сайга далург/. ТIаьхьа хуур ду шуна‚ муьлхачунна т1едог1ур ду и сийсазвеш долу Iазап‚ мила ву харцлуьйш верг! Хьежа! Со а шуьца цхьаьна хьоьжуш верг ву".
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
11:94
Тхан омра деъча‚ Оха кIелхьарваьккхира ШуIайб а‚ цуьнца ийман диллинарш а Тхайгарчу къинхетамца. Зулам динарш маьхьаро схьалецира‚ шайн цIеношкахь бертал- беттабелла Iуьйренга бевлира уьш.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
11:95
Цигахь ца баьхча санна /бисира уьш/. Хьовсал! Белла бовла и мадъянаш‚ Самудаш белла бовларе терра!
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
11:96
Муса вахийтира Оха Тхайн аяташца а‚ билгалчу делилаца а
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
11:97
ФирIавна а‚ цуьнан элашна а т1е – ФирIавнан гIуллакхна тIаьхьахIиттина бара уьш. ФирIавнан омра нийса ма дацара!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
11:98
Шен къомана хьалхавер ву и къематдийнахь‚ цо буьгур бу уьш цIерга. Ма вон чугIойла ю уьш /шена/ чулохкург!
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
11:99
Кхузахь (дуьненахь) а неIалт хьаьрчира царах‚ къематдийнахь а /хьаьрчар ду/. Ма вон "совгIат" ду-кх и ша кхочучунна!
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
11:100
Уьш – яртийн хабарех ду‚ Оха дуьйцу уьш хьоьга. Царах лаьтташ ерг ю‚ /ялта санна/ хьаькхнарг а ю.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
11:101
Оха зулам ца дина царна‚ хIетте а, шаьш шайна зулам дина цара. Дела а витина, шайга кхойкхуш болчу деланаша хIумманах а кIелхьар ца бехира уьш хьан Кхиош-Кхобучун омра деъначул тIаьхьа. Цара сов ца бехира уьш хIаллакхиларца бен.
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
11:102
Иштта ду хьан Кхиош-Кхобучун /зуламхой Iазапаца/ схьалацар‚ Ша зуламе йолу ярташ /Iазапаца/ схьалоцуш. Баккъалла а, Цуьнан схьалацар – чIогIа лазош ду-кх.
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
11:103
Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ша эхартан Iазапах кхийринчунна‚ и де ду шена тIе нах гулбийр долу‚ и де ду ша гун долу.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
11:104
Оха тIаьхьатоттур ма дац и ягарйинчу (къастийначу) ханна бен.
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
11:105
И де деъча, сино къамел дийр дац Цуьнан пурбанца бен. Царах декъазниг а хир ву‚ ирсениг а хир ву.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
11:106
Дакъазабевлларш – уьш цIергахь хир бу‚ царна цигахь узарш а, мохь хьекхар а ду.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
11:107
Гуттар лаьттар болуш бу уьш цу чохь, стигланаш а, латта а мел ду‚ хьан Кхиош-Кхобучунна луъучулла. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург /даима/ деш ма ву Шена луург.
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏ
11:108
Амма ирсе хилларш – бешахь хир бу‚ цу чохь гуттаренна буьсур болуш бу уьш, стигланаш а‚ латта а мел ду‚ хьан Кхиош-Кхобучунна луъучулла‚ ша хедар доцу совгIат а хилла.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
11:109
Хьо шеконехь ма хилалахь хIокхара Iибадат дечух. Цара Iибадат деш ма дац хьуна хьалха шайн дайша ма-дарра бен. Баккъалла а, Оха царна кхачор ма ду шайн /Iазапан/ дāкъа, ца эшадеш.
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
11:110
Мусага жайна делира Оха‚ цу чохь а хилпалонаш хилира церан. Хьан Кхиош-Кхобучуьнгара дош хьалха ца даьллехьара, царна юккъехь кхиэл йина хир яра. Баккъалла а, уьш оцунах ч1ог1ачу шеконехь ма бу.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
11:111
Баккъалла а, хIоранна хьан Кхиош-Кхобучо бекхам бийр ма бу шен Iамалашка хьаьжжина. Баккъалла а, Иза цара дийриг дика хууш верг ву.
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
11:112
Нисло ‚ хьайга омра ма- дди‚ хьо а, хьоьца цхьаьна ша тōба динарг а‚ /Делан дозанех/ тIех ма довла. Баккъалла а, Иза аш дийриг гуш ма ву.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
11:113
Зулам диначарна тIе ма тийжа – /жоьжахатин/ цIаро схьалоцур ду шу‚ Дела воцург доладийраш бац шуна‚ тIаккха шуна гIо дийр дац.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
11:114
Ламаз хIоттаде дийнан шина юьхьехь /1уьйранна а, суьйранна а/‚ буьйсанах цхьадолчу сахьташкахь а. Баккъалла а, дикчу Iамалша дIайоху вон Iамалш. Иза – дагадаийтар ду дагадоуьйтучарна.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
11:115
Собар де ‚ баккъалла а, Дала эша ца йо дика Iамалш йечеран ял.
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
11:116
Хиллехьара-кха шул хьалха хиллачу тIаьхьенах бухадуьсучун дай‚ шаьш /нах/ духатухуш лаьттахь дечу буьйхачух. Оха шаьш царах кIелхьарбаьхначарах цхьа кIеззиг берш бен бацара-кха уьш. Зулам динарш тIаьхьабезира шайна делла хиллачу /хазчу/ хьолана‚ уьш хилира къинош деш берш.
ﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
11:117
Хьан Кхиош-Кхобург ца хилира зуламца ярташ хIаллакьеш, церан бахархой дика Iамалш еш а болуш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
11:118
Хьан Кхиош-Кхобучунна лиънехьара‚ нах цхьана /бусалба/ умматах хилийтина хир бара Цо. Уьш (дукха болу нах) дIа ца туьлу /бусалба динна/ хилпало йечарах
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮ
11:119
Хьан Кхиош-Кхобучо шайх къинхетам бинарш бен. Оцуьнан (къинхетаман) дуьхьа Цо уьш кхоьллина. Кхочушхили хьан Кхиош-Кхобучун дош: "Юзур ма ю Ас жоьжахати /шайт1анна т1аьхьах1иттинчу/ жинех а‚ нахах- массарех а"‚– аьлла долу.
ﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
11:120
Дерриг а дуьйцу Оха хьоьга элчанийн хабарех хьан дог шеца Оха чIагIдеш дерг. Цу чохь деана хьоьга бакъдерг а‚ хьехам а‚ муъма нахана дагадаийтар а.
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
11:121
Ахь āла цатешачаьрга: " Аш йе шайн 1амал шайна ма хеттара, Оха а йийр ю /тхешан 1амал тхайна ма хеттара/.
ﮌﮍﮎﮏ
11:122
Хьовса‚ тхо а хьовсур ду!
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
11:123
Делан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле. Цуьнга дIадоьрзу массо а гIуллакх‚ Цунна Iибадат де‚ Цунна тIетовжа. Хьан Кхиош-Кхобург тергал ца деш вац аш дийриг.
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







