Сура Аль-Исраъ pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Исраъ pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Исраъ Гочдар. Аль-Исраъ (Meccan) 111 Аят.
Related
- Аль-Исраъ ГочдарНохчийн
- Аль-Исраъ mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Исраъ

ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
Массо а вонах цIена ву Иза (Дела)‚ Ша Шен лай буса /кхарста/ ваьккхина волу Дезачу маьждигера Генарчу маьждиге ‚ Оха шен гонаха дерг беркате дина долчу ‚ цунна гайтархьама Тхан аяташ. Баккъалла а, Иза ву хезаш верг а‚ гуш верг а.
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
Оха делира Мусага жайна‚ цунах хилийтира нийса некъ Исраилан кIенташна‚ Ша воцург, кхин векал (доладийриг) ма лаца‚ аьлла.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Х1ай Оха шаьш Нухьаца лелийначеран зуьррет /Исраилан к1ентий! Дагадаийта Оха шайн дай хина бухабахарх к1елхьарбахар; шукур де Далла/. Баккъалла а, иза (Нухь-пайхамар) хили баркале лай.
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
Оха хаам бира Исраилан кIенташка жайни чохь: "Телхина дерг ца деш 1ийр ма дац шу лаьтта тIехь шозза ‚ курадевр ду шу т1ех кураллица"‚– аьлла.
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
Цу шиннах хьалхара ваIда еъча ‚ Оха шуна тIе бахкийтира Тхайн леш‚ шайгахь чIогIа ницкъ болу‚ чекхбевлира уьш х1усамаш чухула - ваIда кхочушхилира.
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
Т1аккха /аш тоба диначул т1аьхьа/ Оха шуьга юхабаккхийтира царна тIехь толам‚ гIо дира шуна хьолаца а‚ кIенташца а‚ шух хилийтира вуно йоккха тоба (дукха халкъ).
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
Аш диканиг дича – и диканиг дина шайна‚ аш вониг дича – иза а шуна шайна (зуламе) ду. /Делан/ шолгIа ваIда кхочушхилча – /Дала кхин мостагIий тIетесира шуна/ цара шун яххьаш эрчаяха‚ маьждига уьш чу баха‚ дуьххьара шаьш бахаре терра‚ дохо шайна дола мел деънарг .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
Шун Кхиош-Кхобучо шух къинхетам бан мега. Шу духадерзахь /къинош дарна/‚ Тхо а духадуьрзур ду /шуна таIзар дарна/. Оха хилийтина жоьжахати керстанашна набахти /уьш цу чуьра ара ца бовлалуш/.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
Баккъалла а, хIокху Къуръано нисво ша уггар нийсадолчунна тIе‚ кхаъ боккху шаьш диканаш деш болчу муъма нахана царна йоккха ял хиларца.
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
Эхартах ца тешаш берш – Оха царна кечдина лазош долу Iазап.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
Адамо /шена я шен доьзалхочунна, ша оьг1азвахча/ вониг доьхуш доIа до, ша диканиг доьхуш доIа даре терра . Адам /шен кхолламехь/ хилла сиха /амал йолуш /.
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
Оха хилийтина буьйса а‚ де а ши билгало хилла. Буьйсанан билгало дIайоккху Оха‚ дийнан билгало гуш йой, шуьга лахийтархьама шайн Кхиош-Кхобучун комаьршонах /рицкъ/‚ шерийн барам а, хьесап а шуна хаийтархьама. Массо а хIума къастийна Оха кхоччуш болчу къастамца.
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
Массо а адамна логах хьарчийна Оха шен кхоллам. Оха цунна къематдийнахь жайна гучудоккхур ду – цунна гур ду иза схьадиллина (дуьненахь ша дина диканиг а, вониг а цунна хьалхахь хир ду къематдийнахь).
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
"Деша хьайн жайна. Хьуо хьайна кхачо хили хьуна тахана хьесап дан" /эр ду цуьнга/.
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Нисвелларг – шена нислуш ву. Тилавелларг а – шена тилалуш ву. Хьур бац хьуш волчо кхечуьнан мохь . Тхо ца хилла Iазап деш, Оха элча вахийтталц.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
Тхуна цхьа юрт хIаллакйан лиъча‚ Оха /элчанашкахула/ омра до цуьнан /юьртахойн/ хьоладайшка /Далла муьт1ахь хила, олий/‚ – цара цу чохь (юьртахь) 1есалла йо (Далла)‚ тIаккха оцунна тIехь /Делера 1азап дуссур ду, аьлла долу/ дош бакъхуьлу – тIаккха Оха иза йохайо кхоччуш.
ﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌ
Маса тIаьхье хIаллакйина Оха Нухьал т1аьхьа! Кхачо ю хьан Дела Шен лен къинош сов дика хууш а‚ гуш а хилар.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
Милла а хиллехь дезаш сиханиг – сихдина /лур ду/ Оха цунна цу чохь (дуьненахь) Тхайна луург Тхайна луучунна‚ тIаккха Оха хилийтина цунна жоьжахати – чуг1ур ву иза цунна /вага/ бехке а хилла‚ сийсаза а волуш (Делан къинхетамах генаваьккхина).
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Милла а велахь дезаш тIаьхьарниг ‚ цунна тIекхача сихвелларг шен къахьегарца, ша тешна а волуш, – уьш бу шайн къахьегар баркалле (декъала) хилларш .
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
ХIоранна а ло Оха – хIокхарна а (дуьне лоьхучарна)‚ вукхарна а (эхарт лоьхучарна) – хьан Кхиош-Кхобучун ниIматах. Хьан Кхиош-Кхобучун ниIмат ца хилла дихкина .
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Хьажал‚ муха базбина Оха царах цхьаберш вукхарал (дуьненан дахарехь)! Ткъа эхарт – даржех уггаре доккханиг а ду‚ дозаллах уггаре доккханиг а ду (Делах кхоьруш хиллачарна кечдина долу).
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Делаца кхин дела ма ве – /и вахь/ хьо охьахуур ву бехке а хилла‚ (Делера) гIо доцуш а висина.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
Хьан Кхиош-Кхобучо омра дина: аш Iибадат ма делаш Ша воцчунна‚ деца-ненаца дика а хилалаш‚ аьлла. Хьуна гергахь царах цхьаъ я ший а къаналлина тIекхачахь‚ ахь цу шинга ма алалахь: "Уффай !"‚ дIа ма къахкаделахь и шиъ‚ ахь алалахь цу шинга хаза дош.
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
Ахь охьабахийта цу шинна къинхетамах муьтIахь хиларан тIам ‚ āла: "Сан Кхиош-Кхобург‚ къинхетам бехьа цу шиннах‚ цу шиммо жима волуш (терго йеш) со кхиорах терра".
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
Шун Кхиош-Кхобург дика хууш ву шун дегнашкахь дерг. Шу дика хилахь – баккъалла, Иза хилла /даггара тōба дарца/ Шена тIебоьрзучарна гечдеш.
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Гергарчунна шен хьакъ дIало‚ мискачунна а‚ некъахочунна а /дIало церан хьаккъаш/‚ дайа ма дайа /хьайн хIума/ эрна.
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
Эрна дойуш берш хилла шайтIанийн вежарий‚ ткъа шайтIа шен Кхиош-Кхобучунна керста хилла.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
Нагахь хьо царах (гергарачарах, мискачарах, некъахойх - царна сагIина дала хIума доцуш) д1авирзинехь, хьайн Кхиош-Кхобучун къинхетам безаш (Делан къинхетамах рицкъ дезаш), и хиларе сатуьйсуш а волуш, /т1аккха оцунах царна саг1ина дала дагахь/, ахь цаьрга алалахь к1еда-мерза дош .
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
Ма хилийта хьайн куьг хьайн логах дихкина ‚ даржа а ма де и дерриг даржорца – т1аккха (и дахь) охьахуур ву хьо бехкаме а хилла‚ гIайгIане а вахана.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо рицкъ даржадо Шена луучунна /шортта/‚ барам а бо . Баккъалла а, Иза хилла Шен леш дика бевзаш а‚ гуш а.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
Ма дайа шайн бераш мискаллах кхоьруш – Оха кхобур бу уьш а‚ шу а. Баккъалла а, уьш байар хилла доккха гIалат .
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
Зинана герга ма гIолаш‚ баккъалла а, и ду ирчаниг‚ и бу боьха некъ /жоьжахате вуьгуш/.
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
Ма делаш Дала /ден/ хьарам дина долу са бакъонций бен. Шена т1ехь зулам а деш вийнарг – Оха цуьнан верасна (ирс оьцучунна) бакъо йелла /чIир эца/‚ байарехь тIех ма волийла иза . Баккъалла а, иза (веллачун верас) хир ву (Дала) шена (ч1ир эца) гIо динарг .
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
Шу герга ма гIолаш боберан даьхнина уггар дикачуьнца (цунна пайдехь) бен и /кхоччуш/ г1еметтах1отталц. Iалашбе барт (шайн кхечаьрца хилла чIагIонаш). Баккъалла а, барт жоьпалле хилла. (Дала жоп доьхур ду цунах).
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Нийсо йе (шаьш нахана х1уманаш) юстарехь, шаьш юстучу хенахь)‚ озалаш нийсачу терзанца. Иза дика а ду‚ мелхо а хаза а ду тIаьхьенгахь (эхартахь мела хиларца).
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
Хьо тIаьхьа ма хIотталахь хьайгахь Iилма доцчу х1уманна . Баккъалла а, лерса а‚ бIаьрса а‚ дог а – уьш дерриг хир ду цунах жоп доьхур долуш (къематдийнахь).
ﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏ
Ма лелалахь лаьтта тIехь кураллица – баккъалла а, ахь лаьттан бух охкур ма бац‚ ламанан локхалле а кхочур ма вац хьо!
ﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗ
Оцу дерригенан вониг хьан Кхиош-Кхобучунна гергахь ца дезаш хилла (ду).
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
И ду хьан Кхиош-Кхобучо хьоьга ваьхьица хаийтинчу хьикматах (хьекъалаллах). Ма хилийта Делаца кхин дела – тIаккха жоьжахати чукхуссур ву хьо бехкаме а хилла (хир волуш)‚ /массо а диканах/ юха а тоьхна.
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Ткъа шу хаьржина шун Кхиош-Кхобучо кIенташца‚ Шена маликех йо1арий бина? Баккъалла а, шу олуш ма ду (шен ирчаллица) деза-доккха дош .
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Оха /массо а хIума/ билгалдина хIокху Къуръан чохь царна (адамашна) дагадаийтархьама – цо-м (оцу билгалдаро) уьш алсам ца боху /бакъдолчух/ дIакъахкарций бен.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
Ахь āла: "Цуьнца кхин деланаш хилча‚ цара ма-бохху, – Iарш йолчунна (Далла) тIе некъ лохур ма бара цара (и 1арш д1алаца г1ерташ, дерриге паччахьалла шайн карадерзо лууш)".
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Вонах цIена ву Иза‚ т1ех лаккхавели Иза цара (керстанаша) дуьйцучух.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
Цунна тасбихь деш ю ворхI стигал а‚ латта а‚ царна чохь мел берш а (Дала мел кхоьллина х1ума). Цуьнан хастамца тасбихь ца деш хIумма а яц‚ делахь а, шу (х1ай адамаш) ца кхета церан тасбихьах. Баккъалла а, Иза хилла т1ех собаре а‚ гечдийриг а.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Ахь Къуръан доьшуш‚ Оха хьуна а‚ эхартах цатешачарна а юккъехь хилийтина хьулдина кирхьа .
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
Оха йина церан дегнашна тIехь гIат (т1екхоьллина х1ума), уьш цунах (Къуръанах) ца кхетийта‚ церан лергашна чохь а къоралла ю. Ахь Къуръана чохь веккъа Ша цхьаъ хьайн Кхиош-Кхобург хьехийча‚ уьш юхабовлу, /бакъдолчух/ къаьхкаш.
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
Тхо дика хууш ду цара стенга ладуг1у, хьоьга шаьш ладугIучу хенахь, /т1аккха/ къайлаха вовшашка хабарш дуьйцуш, зуламхоша олу: "Шу тIаьхьахIуьттуш ма ду шена бозбуунчалла лелийначу стагана ".
ﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
Хьажал‚ муха далийна цара хьуна масалш‚ тилабелла уьш‚ ницкъ ца кхочу церан /нийса/ некъ /каро/.
ﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔ
Цара элира: "Тхох даьIахкаш а‚ чим а хилча‚ тхо дендийр ду, керла халкъ а хилла?"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
Ахь āла: "Шух тIулг я эчиг‚
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
я /муьлхха/ кхоьллина хIума хилча а, ша йоккха хуьлуш йолу шун дегнашкахь /иза а денйийр ю/." ТIаккха цара эр ма ду: "Хьан /дендина/ духадерзор ду тхо?" Ахь āла: "Дуьххьара шу кхоьллинчо". ТIаккха цара шайн кортош лестош хьо волчухьа ‚ эр ма ду: "Маца /хир/ ду иза?" Ахь āла: "Иза кеста хила тарло".
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Оцу /къемат/дийнахь Цо шуьга кхойкхур ма ду‚ аш Цунна хастамбарца жоп лур ду‚ шуна моьттур ду шаьш кIеззиг бен ца 1ийна (дуьненахь я кошахь).
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
Ахь āла Сан лешка‚ цара олийла (шаьш къамелаш деш) уггаре диканиг. Баккъалла а, шайтIано царна юккъе дов туьссу. Баккъалла а, шайтIа адамна билгала мостагI хилла.
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
Шун Кхиош-Кхобург шу дика девзаш ву. Шена лаахь, къинхетам бийр бу Цо шух‚ я Шена лаахь, Цо шуна Iазап дийр ду. Оха ца вахийтина хьо царна тIехь векал а хилла .
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
Хьан Кхиош-Кхобург дика бевзаш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а берш. Оха базбина цхьаболу пайхамараш вукхарал‚ Оха делла Давуде Забур.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "Аш кхайкха шаьш, И /АллахI-Дела/ витина, деланаш бу бохучаьрга /шайна гIо де алий/". Церан дōлахь ма дац шуна тIера зен д1аайдар а‚ /я и кхечарна т1е/ дерзор а.
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Цара шайга кхойкхуш берш шаьш а бу шайн Деле /герга хила/ некъ лоьхуш‚ царах вуно /Далла/ герга верг муьлханиг ву-те /хьоьжуш/. Дог дохуш бу уьш Цуьнан къинхетаме‚ кхоьруш бу Цуьнан Iазапах. Баккъалла а, хьан Кхиош- Кхобучун Iазап хилла шех лардала дезаш.
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌ
Ма яц цхьа а юрт Оха хIаллакйийр йоцуш къематде дале‚ я Оха шена чIогIа Iазап дийр доцуш. И хилла /Лавхь махьфуз/ жайни чохь яздина /хийцалур доцуш/
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
Тхо духа ца тоьхна Оха аяташ диссорах уьш хьалхалерачара харцдаро бен. Оха йелира самудашна эмкал , гуш а йолуш‚ цара цуьнца зулам дира. Оха ца боссабо аяташца кхерам бен.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
Дагадаийта: Оха ма элира хьоьга: "Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо нахах гуо биллина ". Оха ца хилийтира Оха хьуна гайтина хилла долу гар а, Къуръан чохь шена неIалт аьлла долу дитт а нахана питана бен. Оха царна кхерам кхуьссу‚ цо уьш алсам ца боху доккхачу тиларца бен.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
Хьахаде, (х1ай пайхамар): Оха элира маликашка: "Сужуд де Āдамна ". Цара сужуд дира, Иблис доцчо. Цо элира: "Ас сужуд до ткъа Ахь поппарх кхоьллинчунна?"
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
Элира /Иблисо/: "Хьажахь! ХIара ву Ахь суна тIехь вазвинарг? Ахь со тIаьхьататтахь къематде даллац‚ цуьнан зуьррет тилор ма ду ас‚ цхьа кIеззиг берш боцурш".
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
Цо (Дала) элира: "ДIадала! Царах хьуна тIаьхьа милла хIоттахь а,– баккъалла а, жоьжахати ю-кх шуна кхоччуш бекхам.
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
Кхерам таса царах хьайн ницкъ кхочучарна хьайн озаца‚ гулбе (т1ехеца) царна дуьхьал хьайн дошлой а‚ гIашлой а‚ декъашхо хила цаьрца (церан) хьолехь а, доьзалшкахь а‚ ваIда йе царна!” ШайтIано ваIда ма ца йо царна (уьш) Iехабар бен.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
"Баккъалла а, Сан /дог ц1ена, тешаме болу/ леш, - царна тIехь бакъо яц хьан" . Кхачаме ду хьан Кхиош-Кхобург (уьш шайт1анах 1алашбарехь) векал хилар.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Шун Кхиош-Кхобург ву шуна хIорда чухула кеманаш лелош верг шуьга лехийта Шен комаьршаллах (рицкъ). Баккъалла а, Иза хилла шуна къинхетаме.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
Шух зен-зулам 1оттаделча хIорда чохь‚ дIа ма туьлий уьш, аш Иза воцчуьнга, шайга кхойкхуш берш. ТIаккха Цо шаьш кIелхьардаьхча лаьтта тIе – шу духадевли . Баккъалла а, адам хили баркалле доцуш.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
Шу тешна хили-те Цо шу лаьттан цхьана декъана бухадохуьтург цахиларх я Цо шуна тIе дарц хьовзор цахиларх? ТIаккха шуна карор ма вац шайна векал .
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
Я шу тешна дара-те Цо шу цунна (хIорда) чу /цкъа шун доIа бахьанехь Оха арадаьхначул тIаьхьа/ юха а дерзориг цахиларх, тIаккха шуна тIе механ дарц хьавзийна, цо шу хи буха дохуьйтур долуш, шу ца тешаш хиларна? ТIаккха шуна карор вац шайна Тхуна тIехь цуьнца /бекхам эца/ тIаьхьаваьлларг .
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
Оха сийдина (лерам бина) Āдаман кIентех ‚ Оха лелийна уьш аренца а‚ хIорда чухула а‚ рицкъ делла царна цIенчух‚ Оха базбина уьш Тхаьш кхоьллинчу /халкъех/ дуккхачарах базбарца.
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Оцу /къемат/дийнахь Оха кхойкхур ду дерриге а адамашка шайн имамаца . Шен жайна шен аьтту куьйга делларг милла велахь а и, цара шайн жайна доьшур ма ду‚ царна цуьрриг зулам дийр ма дац.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
Кхузахь бIаьрса доцуш милла хиллехь а, – иза эхартахь а бIаьрса доцуш хир ву‚ некъаца уггар тилавелларг а ву.
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
Уьш герга хилира Оха хьоьга ваьхьица доссийначух хьо дIатилаван хьоьга Тхуна тIехь кхидерг кхоллийта. ТIаккха хьо доттагI лаьцна хир ма вара цара!
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
Оха хьо (х1ай Мухьаммад, бакъдолчунна т1ехь) ца сацийнехьара‚ хьо герга вара жимма царна тIетовжа.
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
ТIаккха /хьо мушрикашна цхьа жимма а гергавахана хиллехь/ Оха хьоьга /Iазап/ Iовшийтина хир дара шозза дахарехь а‚ шозза валарехь а‚ тIаккха хьуна Тхуна дуьхьал гIоьнча карор ма вацара .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
Уьш герга бара хьо оцу лаьттара (Маккара) херван‚ хьо цу чуьра (Маккара) араваккхархьама. ТIаккха хьол тIаьхьа уьш кIеззиг бен 1ийр ма бацара (Дала Iазап дийр дара царна).
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
Оха хьол хьалха бахкийтинчу Тхан элчанийн Iедалехь ду иза. Хьуна карор ма дац Тхан Iедалан хийцдалар.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Ахь ламаз хIоттаде малх дIакерчачу хенера буьйсанан бодане кхаччалц‚ сатасаран Къуръан а деша (Iуьйр-ламаз де). Баккъалла а, сатасаран Къуръан хилла шена тешаллаш долуш .
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
Буьйсанах а (цхьана декъехь) ахь къахьега айхьа цуьнца (Къуръан дешарца) совнаха ламазашкахь – хьан Кхиош-Кхобучо хьо вахийта тарло хастаме меттиге .
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "Сан Кхиош-Кхобург! Сан чуг1ойла хилийталахь бакъдолчун а, сийлаллин а не1арехула, сан араволийла а хилийталахь бакъдолчун а, сийлаллин а не1арехула . Хилийталахь суна гIоьнна Хьайгара бакъо а, ницкъ а (Хьан мостаг1ех со ларвеш, Хьан дин даздеш)".
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
Ахь āла: "Бакъдерг деана‚ харцдерг д1адаьлла. Баккъалла а, харцдерг д1адала дезаш хилла" .
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
Оха доссадо Къуръан чуьра (аятех) муъма нахана /дегнашна а, дог1машна а) дарба дерг а‚ къинхетам берг а. Зуламхошна – цо дараш (зен) бен сов ца доху.
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
Оха адамна ниIмат делча, – и юхаволу‚ генаволу /Тхуна 1ибадат дарх/‚ ша бохамо схьалаьцча, и хуьлу /Делан къинхетамах/ догдиллина.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
Ахь āла: "Массо а ву Iамал еш шен-шен кепара". Шун Кхиош-Кхобург дико хууш ву новкъаца /массарал/ нисвелларг милла велахь а.
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
Цара хьоьга хоьтту /х1ай Мухьаммад/ сих /лаьцна/. Ахь āла: "Са сан Кхиош-Кхобучун гIуллакхах ду. Шуна Iилма кIеззиг бен ца делла".
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
Тхуна лиънехьара‚ Оха дIадаьккхина хир дара хьоьга Тхаьш ваьхьица делларг – тIаккха хьуна карор вац хьайна цуьнца Тхуна тIехь векал (и духадерзо ницкъ берг)
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
Хьо Кхиош-Кхобучуьнгара къинхетам а бен . Цуьнан комаьршалла хьуна тIехь йоккха хилла.
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
Ахь āла: "Адамаш а‚ жинаш а гулделча хIокху Къуръанах тераниг дан‚ дийр дацара цара цунах тераниг‚ царах цхьаберш вукхарна накъостий хилча а".
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
Оха хIокху Къуръан чохь нахана билгалдаьккхина массо а х1ума. Т1аккха а дукхахболу нах керстаналла доцчунна дуьхьал хилира.
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
Цара элира: "Тхо цкъа а тешар ма дац хьох ахь ца даккхахь тхуна лаьттах хьаст (шовда),
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Я хьуна хурманийн а‚ кемсийн а беш ца хилахь‚ цунна юккъехула ахь хин татолаш ца дахкахь.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
Я стигал ахь тхуна тIе, ахь ч1аг1 ма-дарра, кескашца ца йожаяхь‚ я хьо тхуна дуьхьал Дела а‚ маликаш а далош ца ваг1ахь‚
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
Я хьан хазйинчу х1уманийн (дашо) цIа ца хилахь‚ я хьо стигла ца валахь. Цкъа а тешар дац тхо хьан /стигал/ валарх а, ахь тхуна жайна доссадалц‚ оха ша доьшуш а долуш". Ахь āла: "Вонах цIена ву сан Кхиош-Кхобург‚ ткъа со адам - элча бен ма вац."
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
Нах (керстанаш) ца совцийна тешарх (ийман дилларх) шайга нийса некъ беъча а‚ "Адам доуьйту ткъа Дала элча хуьлий?" шаьш аларо бен.
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Ахь āла: "Лаьттахь паргIат лелаш маликаш хиллехь‚ цаьрга доссийна хир дара Оха стиглара малик, элча а хилла".
ﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋ
Ахь āла: " Кхачам бу Дела теш хилар суна а‚ шуна а юккъехь. Баккъалла а, Иза хилла Шен леш /сов дика/ бевзаш а‚ гуш а".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Дала нисвеш верг – иза ву нийсачу новкъахь верг‚ Дала тилабала буьтуш берш – хьуна карор ма бац царна гIоьнчий, И Ша воцург. Оха гулбийр бу уьш къематдийнахь шайн яххьаш тIехь бIаьрса доцуш‚ мотт ца хууш‚ къора. Церан чугIойла – жоьжахати /-н цIе/ ю. И ма яйнехь‚ Оха царна алу совйоккху.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Иза царна бекхам бу уьш Тхан аятех ца тешаш хиларна а‚ цара аларна а: "Тхо даьIахкаш а‚ чим а хилча‚ керла халкъ хилла дендийр ду, ткъа?"
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
Царна ца го-техьа и стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу Дела ницкъ кхочуш хилар и саннарг юхакхолла? Цо царна шегахь шеко йоцу Iожалла йиллира, - т1аккха а зуламхоша керстаналла бен къобал ца дира.
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
Ахь āла: "Шу хилча а сан Кхиош-Кхобучун къинхетаман хазнийн доладеш‚ бIаьрмециг хир ма дара шу, уьш (и хазнаш) шайгара дIадовларна кхоьруш. Адам хилла пис (сутара) .
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
Оха делира Мусага исс билгала долу делил . Ахь хаттал Исраилан кIенташка: иза (Муса) царна т1е веъча‚ ФирIавна цуьнга ма элира: "Суна хета хьо‚ Муса‚ /наха/ хьайна бозбуунчалла дина верг ву".
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
Цо элира: "Хьуна хиъна: хIорш ца диссийна стигланийн а‚ лаьттан а Эло бен‚ гуш йолу билгалонаш а йолуш. Суна хета‚ хIай ФирIавн‚ хьо хIаллакхир ву".
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
ТIаккха цунна (ФирIавнна) лиира уьш (Исраилан кIентий) лаьттара (Мисрара) д1алахка‚ Оха иза а‚ цуьнца мел верг - массо а хина бухавахийтира.
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
Оха элира цул тIаьхьа Исраилан кIенташка: "(Х1окху) лаьттахь дāха‚ эхартан (къематде х1оттаран) ваIда деъча‚ Оха шу д1адуьгур ду /Далла хьалха/ вовшашца ийна /ийман диллинарг – керста, диканиг – вониг/".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
Бакъдолчуьнца доссийна Оха иза /Къуръан/‚ бакъдолчуьнца доьссина иза /Далла гергара/. Хьо ца ваийтина Оха хаамча а‚ кхерамча а волчу хьолехь бен.
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
Къуръанан а дакъош а дина Оха хьоьга и паргIат дешийта нахана. Оха и доссийна кIез-кIеззиг доссорца.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
Ахь āла: "Теша цунах‚ я ма теша (Къуръанах)! Баккъалла а, шайна цул хьалха Iилма делларш и (Къуръан), шайна доьшуш, чIенигишна тIе гуора оьгу ".
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
Цара (1илма деллачара) олу: "Вонах цIена ву тхан Кхиош-Кхобург‚ тхан Кхиош-Кхобучун ваIда кхочушхилла".
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
ЧIенигашна тIе иэга уьш, боьлхуш‚ цо (Къуръан дешаро) уьш совбоху /Далла/ муьтIахь хиларца.
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
Ахь āла: "Шу кхайкха /Деле/ АллахI алий‚ я Къинхетаме верг алий. Шу муьлхачуьнца (ц1арца) кхайкхахь а – /дика ду/‚ Цуьнан хаза цIерш ю". Хьайн ламаз дукха чIогIа (аз айдина) а ма де‚ сов меллаша (аз лаг1дина) а ма де‚ цу юккъехь некъ лаха хьайна (юккъерчу барамехь).
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
Ахь āла: "Хастам бу Далла, доьзалхо (Шена) ца лаьцначу‚ Шена паччахьаллехь /мулкехь/ накъост (оьшуш) ца хиллачу. Сийсазаллах /ларван/ гIоьнча а ца эшна Цунна". Воккха виэ Иза воккхаварца!
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







