Сура Фатир
PDF —
Built right in your browser — download starts automatically
Сура Фатир pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Фатир pdf Нохчийн — Дахьа Сура Фатир Гочдар. Фатир (Meccan) 45 Аят.
Related
- Фатир ГочдарНохчийн
- Фатир mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Фатир

ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
Хастам бу Далла – стигалийн а‚ лаьттан а юьхьанца Кхоллархачунна‚ шишша‚ кхоккха‚ диъ тIемаш долчу маликех /пайхамарашка/ элчанаш хилийтинчунна. Цо совдоккху кхолларехь Шена луург. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ берг ма ву.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
Дала нахана Шен къинхетамах дIабеллинчунна – вац цунна дIакъовлархо. Цул т1аьхьа Цо дIакъевлинчунна – вац цунна дIахоьцург . Иза веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
ХIай нах! Хьехаде шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат. Дела воцчу кхечу кхоллархочо рицкъ лур дарий те шуна стигалара а‚ лаьттара а? Кхин Дела ма вац Иза воцург. Ма Iехадеш ду-кх шу!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
Хьо цара харцвахь /х1ай Мухьаммад/, – хьол хьалха а харцбина элчанаш. Далла тIе дIадоьрзу гIуллакхаш.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
ХIай нах! Баккъалла а, Делан ваIда – хьакъ-бакъ ю. Шу данне а Iеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу данне а Iеха ма дойла Делаца Iехочо (шайтIано).
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Баккъалла а, шайтIа шуна мостагI ду‚ мостагI дей, схьалаца иза. Цо кхойкху шен тоба жоьжахатин ох1лах хиларе.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Цатешнарш – царна чIогIа Iазап /хир/ ду. Ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а – царна гечдар а‚ йоккха ял хир ма ю!
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
Ткъа ву те шен Iамалх вониг шена хазйинарг‚ тIаккха иза шена хаза гинарг /дика Iамал йинчух терра/? Баккъалла а, Дала тилавала ма вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена луург. Хьан са ма даа царна тIехь, гIайгIа еш. Баккъалла а, Дела ву цара деш дерг хууш верг.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
Дела ву Ша мох бохуьйтуш верг‚ Цо цуьнга хьейойту мархаш. Оха уьш дIалаьхкира беллачу махка – цуьнца (догIица) латта дендира иза деллачул тIаьхьа. Иштта ду /шу/ юхадендар а.
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Милла а хиллехь сий дезаш, – Делан ду сий дерриге а. Цунна тIе хьалаайло цIена дош а‚ дика Iамал а‚ Цо ойъу иза. Вонашца мекарло йеш берш – царна чIогIа Iазап ду. Церан мекарло – иза эрна ю.
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜﰝﰞ
Дела ву Ша шу кхоьллинарг поппарх‚ тIаккха тIадамах. ТIаккха Цо хилийтина шух боьршаниг а‚ стениг а. Цхьа а зуда берах хир ма яц‚ цо бер дийр ма дац Цуьнан хаарца бен. Цхьа а вехаш верг вехар а ма вац‚ цуьнан дахарх оьшур а ма дац жайни чохь долуш бен. Баккъалла а, иза Далла атта ма ду.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
Цхьанийсса бац /хIара/ ши хIорд: хIара мерза-теза‚ шен хи мала атта долуш бу‚ ткъа важа – дуьра туьха ду. ХIораммах аш дуу керла жижиг‚ аш /царна чуьра/ схьайоху мехала маржанаш ‚ аш уьш тIеухку. Хьуна го кема царна чухула кхерсташ, аш лахархьама Цуьнан ниIматах‚ аш /Дала деллачу ниIматашна / шукур дархьама а.
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Цо буьйса денна чу ялайо‚ де буьйсанна чу даладо‚ болх бойту малхе а‚ батте а. Массо а дIасалелаш ю шен тоьхна хан тIекхаччалц. Иза ву Дела‚ шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. Аш, Иза а витина, шайга кхойкхучеран дōлахь ма дац цуьрриг а.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
Аш цаьрга кхайкхича а‚ царна ца хеза шун кхайкхар‚ хезча а, – цара шуна жоп ца ло‚ къематдийнахь цара керстадийр ду шун накъосталла. Цхьаммо а хьоьга дуьйцур ма дац, Ша сов хуучу (Цо) санна .
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
ХIай нах! Шу пекъарш ду Деле . Дела – Иза ву хьалдерг а‚ хастаме верг а.
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
Шена лаахь, шу дIадахийтина (х1аллакдина), керла халкъ далор ду Цо.
ﯚﯛﯜﯝﯞﯙ
Иза Далла /хIумма/ хала дац.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
Хьур бац д1ахьочо кхечун мохь . /Къинах/ дуьзна сино дехча а шен /мохь/ д1абахьар‚ хIумма а цунах д1ахьур яц /цхамма а/‚ гергарло йолуш иза хиллехь а. Ахь хьехам бе (кхерам таса, х1ай элча) шайн Кхиош-Кхобучух кхоьруш болчарна, И гуш воццушехь‚ ламаз а хIоттийначарна. ЦIанвелларг – иза шена цIанло. Деле ду /шун массеран а/ дIадерзар.
ﭑﭒﭓﭔﭕ
Цхьанийсса вац бIаьрса доцург а‚ бIаьрса дерг а‚
ﭖﭗﭘﭙﭚ
боданаш а‚ нур а‚
ﭛﭜﭝﭞﭟ
IиндагI а‚ йовхо а.
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
Цхьанийсса бац дийнаберш а‚ белларш а. Баккъалла а, Дала хозуьйту Шена луучуьнга. Хьо ма вац хозуьйтур долуш кешнаш чохь волчуьнга.
ﭳﭴﭵﭶﭷ
Хьо веккъа кхерамча (д1ахоуьйтург) ву.
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
Баккъалла а, Оха вахийтина хьо бакъдолчуьнца кхаъ боккхург а‚ кхерам тосург а хилла. Цхьа а уммат ца хилла, шена юккъехь кхерамча ваьхний бен.
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
Цара хьо харцвахь‚ царал хьалха хиллачара а харцбина /элчанаш/. Цаьрга баьхкира церан элчанаш билгалонашца а‚ йозанашца (хьарчорашца) а‚ нуьре долчу жайница а.
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
ТIаккха Ас схьалецира цатешнарш. Муха хилира Ас цаларар /церан 1амал, Сан оьг1азло царна/?!
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
Хьуна ца гина, муха дайти Дала стигалара хи (дог1а). Оха схьабехира цуьнца стоьмаш‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ лаьмнех а /дихкира/ некъаш: кIайн а‚ цIен а‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ чIогIа Iаьржа дерш а .
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
Иштта нахах а‚ дийнатех а‚ бежнех а /хилийтира Оха/ шайн беснаш тайп-тайпана долуш. Баккъалла а, Делах кхоьру Цуьнан лех Iеламнах. Баккъалла а, Дела ву веза верг а‚ гечдеш верг а.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
Баккъалла а, Делан жайна (Къуръан) доьшуш берш‚ ламаз хIоттийнарш‚ Оха шайна деллачу рицкъех къайлаха а‚ гучохь а /Делан новкъахь/ харжаш йеш берш – уьш дог дохуш бу цкъа а са йоцуш юьсур йоцчу йохк-эцаре (ялсамане)‚
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
/уьш догдохуш бу/ Цо дIаяларе шайн ял‚ шаьш совбахаре Шен ниIматах. Баккъалла а, Иза ву гечдеш верг а‚ баркалле верг а /Шена 1ибадат диначарна/.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
Оха ваьхьица жайних (Къуръанах) хьоьга (х1ай элча) делларг иза бакъдерг ду‚ нийса догIуш а хилла долу шел хьалха хиллачуьнца (хьол хьалха хиллачу пайхамаршка даийтинчу жайнашца). Баккъалла а, Дела Шен лех дерг сов дика хууш а ву‚ гуш а ву.
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
ТIаккха Оха жайна (Къуръан) делира ирсана Тхан лех Оха хаьржиначарна . Царах шена зулам дийриг а ву /цу Къуръанца Iамал ца еш/‚ царах барамехь /Iамал йеш/ верг а ву‚ царах Делан пурбанца диканашца хьалхаваьлларг а ву. Иза ду-кх доккха дозалла!
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
Iадн (ц1е йолчу уггар еза йолчу ялсаманин) бошмаш /ю царна/‚ шена чу уьш гІур болуш‚ /церан куьйгех/ буллур бу дашо а‚ луълуъан а хIоз‚ церан духар цу чохь хир ду дāри.
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
Цара эр ду: "Хастам бу Далла‚ тхуна тIера сингаттам дIабаьккхинчу. Баккъалла а, тхан Кхиош-Кхобург гечдийриг а ву‚ баркалле верг а ву.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
Иштаниг ву Иза Ша хьанал дина тхуна /гуттар латтаран/ цIа (ялсамани) Шен дозаллах‚ тхох ца хьакхало цу чохь хало‚ тхох ца хьакхало цу чохь кIаддалар."
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
Цатешнарш – царна жоьжахатин цIе ю‚ кхиэл йийр яц царна уьш леш ‚ айдийр дац царна тIера цуьнан Iазапах /хIумма а/. Иштта бекхам бо Оха хIор т1ех цатешачунна .
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
Цара /Деле г1о доьхуш/ кхойкхур ду цу чохь: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ арадāхахь тхо‚ оха дика Iамал йийр ма яра, тхаьш йина хилларг а йоцуш!" Оха дāха ца дитира шу /дуьненахь/ ша кхеташ верг кхеттал? Шуьга ма веара кхерамча. Iовша /хIинца Iазап/‚ хир вац зуламхошна цхьа а гIоьнча!
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
Баккъалла а, Дела ву стигалийн а‚ лаьттан а хьуламехь дерг хууш верг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
Иза ву Ша шух лаьттахь тIаьхье хилийтина . Милла а велахь керставаьлла, – цунна шена ду цуьнан керстаналла. Совбохур бац керстанаш церан керстаналло шайн Кхиош-Кхобучунна гергахь оьгIазаллица бен. Совбохур бац керстанаш церан керстаналло эшаллица бен.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Ахь āла /цу керстанашка, х1ай элча/: "Хьовсал шайн накъосташка‚ аш шайга кхойкхуш болчу, Дела а витина. Гайтал соьга‚ хIун кхоьллина цара лаьттахь‚ я царна /Делаца/ накъосталла ду стигалшкахь‚ я Оха цаьрга жайна делла‚ уьш Цуьнгара билгалонашкахь а болуш?" ХIаъ‚ зуламхоша – цхьаболчара вукхарна йеш йолу ваIда Iехор бен ма яц.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
Баккъалла а, Дала сацош ю стигалш а‚ латта а дIатиларх. Уьш дIатилча, соцуьйтур ярий уьш цхьаммо а Цул тIаьхьа? Баккъалла а, Иза хилла тIех собаре верг а‚ гечдийриг а.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
Цара (Маккара керстанаша) дуй биира Делах, инзаре чIогIа дуй, шайга кхерамча вагIахь‚ шаьш хир ма ду уггар нийсачу новкъахь долчу умматех муьлххачул аьлла. Цаьрга кхерамча веъча‚ цо сов ца бехира уьш /ислам динна/ генабовларца бен‚
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
лаьттахь курабовларца а‚ вочу мекарлонца а бен. Вон мекарло ца хьерча шен охIланах бен. Хьовсур буй уьш хьалхалерчийн Iадате бен ? Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хийцар. Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хьавзор /кхечунна тIе/.
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜ
Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьовсу те‚ муха хилла царал хьалха хиллачеран тIаьхье? Уьш ма бара хIокхарал вуно чIогIа нуьцкъала. Дела хили Ша духатухур воцуш стигалашкахь а‚ лаьттахь а цхьанна хIумано. Баккъалла а, Иза хили хууш верг а‚ ницкъ берг а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
Дала нах луьйцуш белхьара цара карадинчуьнца‚ цу /лаьттан/ экъана тIехь дуьсур ма дацара цхьа а дийнат‚ делахь а тIаьхьатотту Цо уьш шайна тоьхна хан тIекхаччалц. Церан /тоьхна/ хан тIееъча, – /Цо бекхам бийр бу царна шайн Iамалашка хьаьжжина/ - баккъалла а, Дела хилла Шен леш гуш верг.
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







