Сура Сабаъ pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Сабаъ pdf Нохчийн — Дахьа Сура Сабаъ Гочдар. Сура Сабаъ (Meccan) 54 Аят.
Related
- Сура Сабаъ ГочдарНохчийн
- Сура Сабаъ mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Сабаъ

ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
34:1
Хастам бу Далла‚ Шена стигалашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг долчу‚ Шена хастам болчунна эхартахь а. Иза Шегахь хьекъалалла дерг а ву, сов дика хууш верг а ву.
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
34:2
Цунна хаьа латтана чудулуш дерг а‚ оцунах схьадолуш дерг а‚ стигалара охьадогIуш дерг а‚ цига ирхдолуш дерг а. Иза къинхетаме верг а ву‚ гечдеш верг а ву.
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
34:3
Цатешачара элира: "Сахьт (къематде) вайна догIур а дац". Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "ХIаъ‚ сан Кхиош-Кхобучух дуй боу ас‚ къайлаха дерг хууш волчу: догIур долуш ма ду иза шуна". Цунах (Делах) къайладер дац мискъалан зарраттал хIума стигалшкахь а‚ лаьттахь а‚ цул мелхо а жиманиг а, мелхо а доккханиг а‚ билгалчу жайни чохь долуш бен
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
34:4
ийман диллинчарна‚ дика Iамалш йиначарна ял ялархьама. Уьш бу шайна гечдар а‚ сийлахь рицкъ а хир дерш.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
34:5
Тхан аяташ талхо къахьоьгуш берш, /уьш/ гIелдан гIерташ – царна Iазап ду лазош долчу таIзарх.
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
34:6
Шайна Iилма деллачарна хаьа хьуна и хьан Кхиош-Кхобучуьнгара доьссинарг бакъдерг дуйла‚ ша /нах/ нисбеш долу веза волчун‚ хастаме волчун (Делан) новкъа.
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
34:7
Цатешначара элира: "Оха нисдой шу цхьана стагана тIе‚ шуьга ша дуьйцуш волчу‚ шу ерриг кийсак хилла /кешний чохь/ дахкаделча, шу керлачу кхоллар чохь хир ду /юха дендийр ду/‚ бохуш волчу?
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
34:8
Далла тIе харцдерг кхоьллина цо‚ я цуьнца жинаш ду". ХIаъ‚ эхартах ца тешаш берш Iазапа чохь а‚ генарчу тилар чохь а ма бу.
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
34:9
Царна ца гина те шайна хьалхахь а, тIехьахь а мел дерг: стигал (шайна го бина йолу), латта (шена т1ехь шаьш дехаш долу – Делан возаллах ойла яр хьама)? Тхуна лиънехьара, Оха лаьтте худуьйтур бара уьш‚ я стигалара кийсакаш егор яра царна тIе. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду /тобадарца Далла / т1евоьрзуш волчу лена.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
34:10
Оха деллера Давудана Тхайгара ниIмат ‚ /элира/: "ХIай лаьмнаш! Тасбихь де цуьнца цхьаьна‚ /аша а/ олхазарш". Оха кIаддира цунна эчиг:
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
34:11
"гIаьгIнаш де‚ тIе юста /уьш/. Диканиг делаш. Баккъалла а, Со аш дийриг гуш ву".
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
34:12
Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ мох‚ цуьнан Iуьйренан некъ бутт болуш‚ цуьнан суьйренан некъ а бутт болуш. Оха лалийра цунна цIеста (йез), /хин/ хьоста санна дIаоьхуш. Жинех ду шаьш цунна хьалха болх беш дерш цуьнан Кхиош-Кхобучун пурбанца. Царах Тхан омранах дIатиллачаьрга Iавшуьйтур ду Оха жоьжахатин Iазапах /1азап/.
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
34:13
Цара еш цунна‚ цунна луу михьрабаш ‚ суьрташ а‚ кедаш, Iаьмнаш санна (баккхий чу хи гулдан)‚ чIогIа чIагIбина яйнаш а. Баркалла аларца Iамал елаш /Тхуна/‚ хIай Давудан доьзал. Ма кIеззиг бу-кх Сан лейх баркалла олуш берш!
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔ
34:14
Оха цунна (Сулейманна) Iожалла тIехIоттийча, и валарна тIе уьш нис ца бира цхьана лаьттан дийнато бен‚ ша цуьнан Iаса юуш. Иза /велла/ охьавоьжча, билгалделира жинашна: шайна къайле хууш хиллехьара, лаьттарг цахилар шаьш сийсазчу Iазапехь .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
34:15
Хилира сабаашна шайн гIишлошкахь делил: ши беш - аьтту агIорхьара а‚ аьрру агIорхьара а. Даа шайн Кхиош-Кхобучун рицкъех‚ баркалла āла Цунна (шукур де Далла)! Токхе мохк а‚ гечдеш волу Кхиош-Кхобург /хилира царна/.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
34:16
Д1абевлира уьш /Далла баркалла аларх/‚ Оха йоссийра царна тIе дуккха а Iовраш‚ церан шина бешан метта хилийтира ши беш, къаьхьа стоьмаш болуш‚ аслих а‚ /цхьацца/ хIума кIеззиг сидрех а йолуш.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
34:17
И бекхам бира Оха царна, уьш ца тешаш хиларна. Оха /иштта/ бекхам бой цатешачарна бен?
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
34:18
Царна (Сабаан) юккъехь а‚ Оха шайна чохь декъалйина хиллачу (Шаман) ярташна юккъехь а Оха йира гуш йолу ярташ ‚ царна чохь къастийра некъ: "Лела царна чухула буьйсанашкахь а‚ деношкахь а, кхерам боцуш!"
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
34:19
Цара элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ гена хилийталахь тхан кхерсташ лелар ". Цара зулам дира шайна‚ Оха хилийтира царах /нахана/ дийцарш‚ массанхьа а дIасабаьржира уьш. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду массо а собаре волчунна а‚ хама бечунна а.
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
34:20
Иблисо бакъдайтира цаьрга шена моьттург‚ уьш цунна тIаьхьахIиттира, муъма нахах цхьа тоба йоцург.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
34:21
Ма яцара цунна царна тIехь цхьа а бакъо‚ деккъа Тхуна хаархьама‚ мила ву эхартах тешаш цунах шеконехь хиллачарах. Хьан Кхиош-Кхобург массо а хIуманна лардархо ву.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
34:22
Ахь āла: "Кхайкха шаьш, АллахI витина, /деланаш бу/ моьттуш хиллачаьрга". Цара дола ма ца до мискъалан зарраттал /хIуманна/ стигалшкахь а‚ лаьттахь а. Ма дац царна (цара шайн деланаш бу бохучарна) цу шинна чохь цхьа а /АллахIаца/ накъосталла‚ ма вац Цунна царах цхьа а гIоьнча /оьшуш/.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
34:23
Пайда бийр бац гIодаккхаро Цунна гергахь Цо шена пурба деллачунна бен. Шайн дегнашкара кхерам дIабаьккхича‚ цара (шайна шапаIат дан бакъо елла хилла долчу маликаша а, пайхамараша а) элира /вовшашка/: "ХIун элира шун Кхиош-Кхобучо /шапа1ат даран хьокъехь/?" Цара элира: "Бакъдерг . Иза лекха а‚ воккха а верг ву".
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
34:24
Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Мила ву шуна рицкъ луш верг стигалшкара а‚ лаьттара а?" Ахь āла: " Аллах1-Дела ву". Баккъалла а, Тхо я шу нийсачу новкъахь ду я билгалчу тилар чохь ду?!".
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
34:25
Ахь āла: "Шуьга хоттур дац оха динчу къих‚ тхоьга хоттур дац аш деш долчух".
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
34:26
Ахь āла: "Цхьаьнатухур ду вай вайн Кхиош-Кхобучо /къематдийнахь/ тIаккха къастор ду Цо вайна юккъехь бакъдолчуьнца‚ Иза хууш волу т1ех дика къастош верг ву".
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
34:27
Ахь āла: "Аш гайта суна шаьш Цунах д1атоьхна накъостий". ХIан-хIа! Иза ву Ша веза волу‚ Шегахь хьекъалалла долу Дела.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
34:28
Оха вахийтина ма вац хьо /х1ай Мухьаммад/ массо а нахе кхаъ бахьаш верг а‚ кхерамча а хилла бен‚ делахь а нахах дукхахболчарна ца хаьа-кх.
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
34:29
Цара олу: "Маца /кхочуш/ хир ю и ваIда, шу бакълуьйш хиллехь?"
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
34:30
Ахь āла: "Шуна хан тоьхна де ду‚ цунах цхьа сахьт тIаьхьадуьсур а дац шу‚ хьалхадевр а дац".
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
34:31
Цатешначара элира: "Тешане а тешар ма дац тхо хIоккху Къуръанах а‚ цул хьалха хиллачух а". Хьуна гуш белахьара и зуламхой шайн Кхиош-Кхобучунна хьалха хIиттийна‚ царах цхьаберш вукхаьрга дош юхадерзадеш‚ шаьш заьIап хиллачара куралла еш хиллачаьрга олуш: "Шу ца хиллехьара, тхох муъма нах хилла хир ма бара".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
34:32
Шаьш куралла еш хиллачара элира заьIап хиллачаьрга: "Оха дIатилийра шу /нийсачу/ некъах и шуьга беъначул тIаьхьа? ХIаъ‚ шу шаьш хилира къинош деш".
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
34:33
Шаьш заьIап хиллачара элира куралла еш хиллачаьрга: "ХIаъ‚ буьйсанан а‚ дийнан а мекарлонца аш тхуна омра ма дора тхо Делах цатешар‚ Оха Цуьнца кхиберш нисбар". Цара хьулдира дохкобовлар, шайна Iазап гича. Оха буржалш-г1оматаш туьйхира ца тешаш хиллачеран логех. Шаьш деш хиллачуьнца бен бекхам хир буй царна?
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
34:34
Оха ца вахийтира юьртахь цхьа а кхерамча, цуьнан (юьртан) хьалдолчара олуш бен: "Баккъалла а, тхо шу шайца даийтинчунна /ца тешаш/ керста ду-кх".
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
34:35
Цара олура: "Тхо, мелхо а, алсам ду бахамца а‚ доьзалца а‚ тхуна Iазап дийр а дац".
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
34:36
Ахь āла /цаьрга, х1ай элча/: "Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобучо рицкъ даржадо Шена луучунна /дукха луш/‚ барам а бо /кIеззиг луш/‚ делахь а нахах дукхахболчарна ца хаьа-кх."
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
34:37
Шун бахам а‚ шун доьзал а ма бац шу Тхуна гергадалош берш (кIез-кIеззиг) гергадалорца – ша ийман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а бен . Уьш бу шайна масийттазза алсам (иттанера ворх1б1ена т1екхаччалц, цул а сов) ял хир йерш шаьш йинчу Iамалшца‚ уьш /хир/ бу /ялсаманин/ хIусамашкахь, кхерам боцуш.
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
34:38
Тхан аяташ /дохорехь/ къахьоьгуш берш, шаьш /уьш/ г1орасиза дийр ду моьттуш, – уьш Iазап чохь латтор ма бу.
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
34:39
Ахь āла /нахе, х1ай элча/: "Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобучо даржадо /шортта/ рицкъ Шен лех Шен луучунна‚ Цо цунна барам а бо /кIеззиг луш/". Аш хIуманах сагIина елларг Цо меттахIоттор ю. Иза рицкъ лучарех уггар диканиг ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
34:40
Цу /къемат/дийнахь Цо гулбийр бу уьш берриге а‚ тIаккха эр ду маликашка: "ХIорш бу и шуна Iибадат деш хилларш?"
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
34:41
Цара элира : "Вонах цIена ву хьо‚ Хьо ву-кх тхан вали (доладийриг), уьш боцуш. ХIаъ‚ уьш хилира жинашна Iибадат деш‚ царах дукхахберш царна ийман диллина бу".
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
34:42
Тахана шух цхьаболчеран долахь бац вукхарна пайда а‚ зен а. Оха эр ду зулам диначаьрга: "Iовша шайна цIеран Iазап, аш ша харцдеш хилла долу".
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
34:43
Шайна тIехь Тхан билгала долу аяташ доьшуш, цара элира: "ХIара ма вац шу шун дай шена Iибадат деш хиллачух дIатило лууш волу стаг бен". Цара элира /юха а/: "Цо ша кхоьллина харцдерг бен ма дац хIара /Къуръан/". Цатешначара элира бакъдолчунна, и шайга деъча: "ХIара деккъа къеггина бозбуунчалла ду-кх".
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
34:44
Оха ца делла /хьалха/ цаьрга (Маккин ох1лане) цхьа а жайна цара и Iамадеш долу‚ Оха ца вахийтина цаьрга хьол хьалха цхьа а кхерамча.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
34:45
Харцдира царал хьалха хиллачара а‚ /хIорш-м/ ца кхиира Оха царна деллачух итталгIачу декъах а. Цара харцбира Сан элчанаш. Муха хилира Сан /уьш/ цаларар (Сан Iазап)?!
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
34:46
Ахь āла /х1ай элча, цу цатешачаьрга/: "Ас хьоьху шуна цхьа хIума: шу д1ахIитта Далла хьалха /бакъдерг лоьхуш/ шишша а‚ цхьаьцца а‚ тIаккха аш ойла йе: шун накъост ма вац жинех. Иза ма вац кхерамча бен, чIогIа Iазап хилале хьалха /ваийтина волу/".
ﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑ
34:47
Ахь āла /цу цатешачаьрга, х1ай элча/: "Ас шуьга /дин д1акхачорна/ боьху мах – шуна шайна бу (ас ца боьху шуьга цунна дуьхьал мах). Сан мах Далла тIехь бен бац. Иза массо а хIуманна тIехь теш ма ву".
ﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙ
34:48
Ахь āла: "Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобучо дуьллу /пайхамарийн дегнашка/ бакъдерг‚ къайленаш т1ех дика хууш верг ву Иза".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙ
34:49
Ахь āла: "Деана бакъдерг. Д1адолалур дац харцдерг‚ духадоьрзур а дац ".
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
34:50
Ахь āла: "Со тилавеллехь, – со тилалуш ву сайна. Со нисвеллехь, – Сан Кхиош-Кхобучо сайга деллачу ваьхьица /нисвелла/. Баккъалла а, Иза хезаш верг а ву‚ гергахь верг а ву".
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
34:51
Хьуна гинехьара уьш кхерабелла‚ бовла меттиг йоцуш‚ схьаьлаьцна гергарчу меттигера .
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
34:52
Цара элира: "Оха ийман диллина цунах ". Мичара ду царна /ийманах/ кхиар генарчу меттигера ?
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
34:53
Цара керстадина иза хьалха. Цара дIатосура къайлаха дерг генарчу меттигера. (Цара бакъ ца лорура шайга дуьненахь дуьйцуш хилла долу къематдийнах а, юхадендарх а, ялсаманих а, жоьжахатих а лаьцна хабарш).
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
34:54
Дуьхьало хилира царна а‚ царна дезачунна а юккъехь‚ уьш санначарах хьалха дина ма-хилла. Баккъалла а, уьш хилира шеконан шеконехь.
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







