Сура Ат-Тахьрим
PDF —
12 Аят Medinan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Ат-Тахьрим pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Ат-Тахьрим pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ат-Тахьрим Гочдар. Ат-Тахьрим (Medinan) 12 Аят.



Сура Ат-Тахьрим
12 Аят · Medinan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
ХIай пайхамар! Ахь хIунда хьарам до Дала хьуна хьанал динарг , хьайн зударий резабан гIерташ? Дела т1ех гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву.
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
Дала тIедиллина шуна дуйнаш бастар. Дела ву шун гIоьнча. Иза ву хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг (Шегахь хьекъалалла дерг) а.
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Пайхамара шен цхьаболчу зударшка (Хьафсате) къайлах дийцира цхьа хабар . Цо (Хьафсата) иза кхечаьрга (Iаишате) дийцича‚ Дала иза цунна (элчанна) гучудаьккхича, цунах (цу хабарх) цхьадерг довзийтира цо (элчано Хьафсате), цхьадерг хьулдира. Цо цуьнга (Хьафсате) и дийцича‚ элира /Хьафсата/: "Хьан дийцина хьоьга иза?" Цо элира: "Соьга дийцина иза /нехан къайленаш/ хууш волчо‚ /массо а х1ума/ дика девзаш волчо (Дала)."
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
Аш шиммо (Хьафсата а‚ Iаишата а) тōба динехьара Деле… /И дика хир дара шуна аш цунна дуьхьал барт бечул/. Шу шиннан дог дIатевжира /Делан элчанца лело дезачу г1иллакхах/. Аш вовшашна гIо дахь цунна (пайхамарна) дуьхьал – баккъалла а, Дела – Иза ву и ларвийр верг‚ Джибрил а ду‚ муъма нахах дика мел верг а ву‚ маликаш а ду цул тIаьхьа гIоьнчий.
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
Мега иза кхиош-кхобуш волчу цуьнан Дала, цо шу дитича, цунна шул дика зударий бало : шаьш бусалба болуш‚ шайгахь ийман долуш‚ муьтIахь болуш‚ тōба деш болуш‚ Iибадат деш болуш‚ /пайхамарца/ дIасалелаш болуш‚ хьалха марехь хилларш а‚ маре бахаза болу мехкарий а.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
ХIай ийман диллинарш! Ларде шаьш а‚ шайн доьзал а /жоьжахатин/ цIерах‚ шен ягориг нах а‚ тIулгаш а болчу. Цунна тIе хIиттийна ирча‚ чIогIа маликаш ду‚ юха ца довлуш Дала шайна омра динчух, шаьш кхочушдеш шайга омра деш дерг.
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
ХIай /Делах/ цатешнарш! Шу бехказа ма дийла тахана /къематдийнахь/: шуна беш болу бекхам аш /дуьненахь/ деш хилларг /бахьанехь/ ду.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
ХIай ийман диллинарш! Шу д1адерза Деле цIена тōба дарца – тарло шу кхиош-кхобучу шун Дала шу цIандан шун къинойх‚ /тIаккха/ шу бошмашна чу дихка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ оцу дийнахь Дала сийсазвийр вац пайхамар а‚ цуьнца ийман диллинарш а. Церан нур дедда лелар ду царна хьалхахула а‚ церан аьтту куьйгаш долчу агIорхьара а‚ цара олуш: "Тхо кхиош-кхобуш волу тхан Дела‚ Ахь кхочушделахь тхан нур‚ Ахь тхуна гечделахь. Баккъалла а, Хьо ву-кх массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг".
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
ХIай пайхамар! Къийсам латтабе цатешачаьрца а‚ мунепикъашца а‚ луьра хила цаьрца. Церан чугIойла жоьжахати ю. Ма вон ду-кх /церан/ дIадерзар!
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
Дала масал далийна цатешачарна Нухьан зудчух а‚ ЛутIан зудчух а: уьш бара Тхан дикачу лех шина лена /куьйга/ кIел‚ цара шиммо а царна шинна тешнабехк бира /зина дар боцу/‚ цхьанна а хIуманца Делера шаьш шиъ кIелхьар-м ца яьккхира цара‚ элира /цаьрга/: "Шу шиъ чу гIо /жоьжахатин/ цIерга цу чу боьлхуш болчарца".
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
Дала масал далийна ийман диллинчарна ФирIавнан зудчух‚ цо ма элира : "Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь суна дēлахь Хьайна гергахь ялсамани чохь цIа‚ Ахь со кIелхьаръяккхалахь ФирIавнах а‚ цуьнан балхах а‚ Ахь со кIелхьаръяккхалахь зулам дечу къомах".
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Iимранан йоIах Марйамах а /масал далийна Дала/‚ ша лардина хиллачу шен йоIалла. Оха цуьнан дегIа чу са уьйзира Тхан Сих (Джабраил-малико)‚ цо (Марйама) бакъдира ша кхиош-кхобуш волчу шен Делан дешнаш‚ Цуьнан жайнаш а‚ иза хилира /Далла ч1ог1а/ муьтIахь болчарах.

Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers