Сура Аль-Ахьзаб
PDF —
Built right in your browser — download starts automatically
Сура Аль-Ахьзаб pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Ахьзаб pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Ахьзаб Гочдар. Аль-Ахьзаб (Medinan) 73 Аят.
Related
- Аль-Ахьзаб ГочдарНохчийн
- Аль-Ахьзаб mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Ахьзаб

ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
ХIай пайхамар! Делах кхералахь‚ хьо муьтIахь ма хилалахь керстанашна а‚ мунепикъашна а. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а.
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
Хьо тIаьхьахIотта хьайга ваьхьица хьан Кхиош-Кхобучуьнгара дог1учунна. Баккъалла а, Дела хили аш дийриг сов дика хууш.
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
Хьо Далла т1е товжа – кхачо ю /хьуна/ Дела Шегахь /ерриг/ т1етовжийла ерг хилар .
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
Ца дина Дала цхьанна а стагана ши дог цуьнан кийрахь‚ ца хилийтина Цо шун зударех‚ аш шайга шун баккъаш шайн нанойн баккъашка тера хета‚ аьлла болчу‚ шун наной ‚ аш долабаьхначу берех шуна кIентий ца хилийтина Цо. Иза шун дош ду шун баганашца /олуш долу/. Дала олу бакъдерг‚ Цо нисво нийсачу новкъа.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Шайн дайшка (дайн ц1ерашца) кхайкха цаьрга – иза ду нийсахдерг Далла гергахь. Шуна церан дай ца бовзахь, – шун вежарий а бу уьш динехь‚ шун доттагIий а бу. Шуна къа дац шу шегахь гIалатдаьллачуьнгахь‚ аш дагалаьцначуьнгахь бен. Хили Дела т1ех гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Пайхамар таме ву муъма нахана шайл а‚ цуьнан зударий церан наной бу. Гергарнаш цхьаберш вукхарал таме бу Делан жайнахь /кхечу/ муъма нахал а‚ хIижар дихкинчарал а‚ аш шайн доттагIашна диканиг деш делахь бен . Хили иза жайнахь дIаязделла.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
Оха схьаийцира пайхамарашкара весет (дуйнаца ч1аг1о а йеш)‚ хьоьгара а‚ Нухьера а‚ ИбрахIимера а‚ Мусагара а‚ Марйаман кIантера Iийсагара а. Оха схьаийцира цаьргара чIогIа весет .
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
Цо (Дала) бартхаттархьама бакълуьйчаьрга шайн бакълерах. Кечдина Цо керстанашна лазош долу Iазап.
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
ХIай ийман диллинарш! Аш дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат – шуна деара /маликийн/ эскар – Оха бахийтира царна тIе мох а‚ эскар а‚ шуна ша гуш доцу. Хилира Дела аш дийриг гуш верг.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Уьш баьхкира шуна тIе шун тIехула а‚ шун бухахула а – /шун/ бIаьргаш хьен тIе бевлира‚ дегнаш къамкъаргашка кхечира‚ шуна мотталора Делах лаьцна цхьацца /нийса доцу/ моттадаларш.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
Цигахь зийра муъма нах‚ /церан дегнаш кхераделла/ чIогIа тохаделира .
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
/Ахь дагадаийта/ мунепикъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчара а элира: "Дала а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваIда Iехор бен ма дац".
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
/Ахь хьахаде, х1ай Мухьаммад/: царах цхьана тобано элира: "ХIай Ясрибан бахархой! Шуна латта меттиг яц /тIом бан/‚ юхадерза ". Царах цхьа кхиерг (тоба) пайхамаре /ц1ахь йиса/ пурба деха йолаелира‚ олуш: "Тхан цIенош даьсса ду". Даьсса ма дац уьш – царна луург бовдар ду-кх /тIам тIера/.
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
Царна чубахкийтича цуьнан (гIалин) йистошкахула‚ тIаккха цаьрга питана дехча, – и лур ма дара хьуна цара‚ цхьа кIеззиг хьоьжуш лаьттар а ма бацара хьуна уьш.
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
Уьш хьалха а хилира Делаца ваIда йеш‚ шаьш довдур дац /тIам тIера/‚ бохуш. Хили Делан ваIда жоп доьхуш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
Ахь āла: "Пайда бийр бац шуна довдаро шу даларх я дайарх девдича, кIеззиг бен бахам хир бац шуна т1аккха а".
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
Ахь āла: "Мила ву иза ша Делах шу лардийр верг, Цунна шуна цхьа зен (хила) лиъча‚ я Цунна шуна цхьа къинхетам (хила) лиъча? Царна карор ма вац шайна Дела воцург цхьа а доладийриг а‚ цхьа а гIоьнча а".
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Бевза Далла шух новкъарло еш берш /нах гIазоте ца бохуьйтуш/‚ шайн вежаршка олуш берш: "Схьадуьйла тхо долчу /ма гIо гIазоте/!" Цхьа кIеззиг бен ца бира цара (мунепикъаша шуьца цхьаьна) тIом (гIазот),
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
/иза а/ шуна /безамций, доглазарций/ бIаьрмециг хуьлуш а бен. Кхерам беъча, хьуна гира уьш хьоьга хьоьжуш шайн бIаьргаш хьийзаш, вала хорша еанарг санна. Кхерам дIабаьлча, шух чекхдохур ду цара чIиран меттанаш дикачунна бIаьрмециг хилла. Уьш ийман диллина бац хьуна‚ Дала д1айойъу хьуна церан Iамалаш. Иза хилира Далла атта.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Царна моьтту и тобанаш дIа ца яхна. И тобанаш еъча, царна лаьа кхелхаш лелачу Iаьрбашна юккъехь дIасалеларш хила‚ шун хабарш хоьттуш. Шуна юккъехь хилча а, кIеззиг бен тIом бира бацара цара.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
Баккъалла а, шуна хилира Делан элчанехь хаза масал - /шух/ Деле а‚ тIаьхьарчу дийне а дог дохуш волчунна а‚ дуккха а Дела хьехош волчунна а .
ﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔ
Муъма наха, шайна и /т1ом бан йог1у керстанийн/ тобанаш гича‚ элира: "ХIара ю Дала а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваIда‚ бакълийна Дела а‚ Цуьнан элча а". /Цу гIуллакхо/ уьш алсам ца боху ийманца а‚ муьтIахь хиларца а бен.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
Муъма нахах цхьа божарий бу шаьш бакъйина шайн Делаца хилла йолу ваIда‚ царах шен Iожалла т1екхаьчнарг (велларг) а ву‚ царах /г1азотехь вала/ хьоьжуш верг а ву‚ цхьа а хийцам ца бина цара /шайн Делаца хиллачу ваIдин/
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
Дала ял ялархьама бакълийначарна шайн бакълерца‚ Iазап дархьама мунепикъашна, Шена лаахь‚ я гечдархьама царна. Баккъалла а, Дела хили гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
Дала юхаберзийра цатешнарш шайн оьгIазаллица‚ ца кхиира уьш дикачух. Кхачо хилийтира Дала муъма нахана тIамах . Хили Дела нуьцкъала верг а‚ веза верг а.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
/Дала/ охьабоссийра жайнин ох1лах царна гIо дина хилларш шайн чIагIонашкара‚ Цо биллира церан дегнашка кхерам‚ цхьаберш аш бойу‚ цхьаберш аш йийсаре луьйцу.
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
Цо ирсана шуна делира церан латта а‚ церан цIенош а‚ церан бахам а‚ /кхин/ аш хьешна доцу латта а. Хили Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш .
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
ХIай пайхамар! Ахь āла хьайн зударшка: "Шу делахь дуьненан дахар дезаш‚ цуьнан хазалла а /езаш/‚ схьадуьйла – ас йитинчу зудчунна дог1ург лур ду шуна‚ хазачу кепара паргIатдохур ду шу .
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Шу делахь везаш Дела а‚ Цуьнан элча а‚ тIаьхьа хир йолу хIусам а (ялсамане), – Дала кечйина шух диканиг дечарна сийлахь- йоккха ял.
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
ХIай пайхамаран зударий! Шух билгала ирчаниг деанчунна – шозза алсам хир ду цунна Iазап. Хили иза Далла атта.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
Шух Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хилларг а‚ дика Iамал а йинарг – цунна ял лур ю Оха шозза. Оха цунна кечдина сийлахь рицкъ.
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
ХIай пайхамаран зударий! Шу дац зударех цхьаннах а тера. Шу /Делах/ кхоьруш делахь, ма хила дашца кIеда /хийрачу божаршна/ – тIаккха шен дагчохь цамгар йерг тIехьийзар ву‚ аш āла дика дош .
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Шайн цIеношкахь совца‚ кеч ма ло хьалхалера жехIаллин кечдаларца. Ламаз а хIоттаде‚ закат а ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хила. Баккъалла а, Далла лаьа, /хIай пайхамаран/ цIийнан охIла, шух боьху хIума дIадаккха а, шу цIандан а цIандарца.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
Дагадаийта шайн цIеношкахь доьшуш долу Делан аяташ а‚ хьикмат а. Баккъалла а, Дела хили дика кхеташ верг а‚ сов дика хууш верг а.
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
Баккъалла а, бусалба божарий а‚ бусалба зударий а‚ муъма божарий а‚ муъма зударий а‚ /Делах/ кхоьруш болу божарий а‚ /Делах/ кхоьруш болу зударий а‚ бакълуьйш болу божарий а‚ бакълуьйш болу зударий а‚ собаре болу божарий а‚ собаре болу зударий а‚ /Далла/ муьтIахь болу божарий а‚ /Далла/ муьтIахь болу зударий а‚ сагIа луш болу божарий а‚ сагIа луш болу зударий а‚ марха кхобу божарий а‚ марха кхобу зударий а‚ шайн эвхьаза йолу меттигаш ларъеш болу божарий а‚ зударий а‚ дуккха а Дела хьехош болу божарий а‚ зударий а – кечдина Дала царна гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
Ца хилла муъма стагана‚ я муъма зудчунна, Дала а‚ Цуьнан элчано а цхьа гIуллакх кхочушдича, шайн гIуллакхах /шайн дезарг/ харжа бакъо . Далла а‚ Цуьнан элчанна а Iеса верг тилавелла билгалчу тиларца.
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
/Хьажал/ ахь ма элира Дала а‚ ахь а шен ниIмат деллачуьнга : "Хьайгахь кхаба хьайн зуда‚ Делах кхера!" Ахь хьулдийра хьайгахь Дала гучудоккхург. Хьо кхоьрура нахах‚ ткъа Дела вуно а там болуш вара хьо Шех кхера. Зайда цуьнца шен лаам кхочушбича (цо иза йитича, Iиддат чекхдаьлча)‚ Оха иза хьуна ялийра муъма нахана хало ца хилийтархьама, шаьш дай хIиттинчу кIентийн зударий бало, цара шайн цаьрца долу гIуллакх чекхдаькхича (шарIехь уьш битича). Хили Делан гIуллакх дина даьлла.
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Пайхамарна хало хила мегар дац Дала Шена тIе диллинчуьнгахь – Делан Iадат /ду иза/ хьалха баханчаьргахь а хилла. Хили Делан гIуллакх азаллехь кхочушхилла.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
Ишттанаш бу уьш (хьалхабаханарш) шаьш Делан элчаналла кхочушдина‚ Цунах кхоьруш болуш‚ Дела воцучарах цхьаннах ца кхоьруш. Делаца кхачо хилла хьесапдийриг.
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
Ца хилла Мухьаммад шун божарех цхьаннан а да‚ делахь а Делан элча а‚ пайхамарийн мухIар а ду иза . Хили Дела массо а хIума хууш верг.
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
ХIай ийман диллинарш! Хьехаве Дела дукха хьехаварца.
ﰂﰃﰄﰅ
Тасбихь де Цунна Iуьйранна а‚ суьйранна а.
ﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔ
Иза ву шух къинхетам беш верг‚ Цуьнан маликаш а /ду шуна гечдар доьхуш/‚ шу боданашкара серлонга дахархьама. Иза хили муъма нахах къинхетам беш верг.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
Церан маршалла Цунна дуьхьалкхеттачу дийнахь – салам ду. Цо кечйина царна сийлахь ял.
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
ХIай пайхамар! Баккъалла а, Оха вахийтина хьо теш хилла‚ кхаанча хилла‚ кхерамча хилла,
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
Деле кхойкхуш верг а хилла, Цуьнан пурбанца‚ нуьре чиркх а хилла /вахийтина хьо/.
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
Ахь кхаъ баккха муъма нахе, царна Делера йоккха комаьршалла ю аьлла.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
МуьтIахь ма хилалахь /Делах/ цатешачарна а‚ мунепикъашна а‚ дита церан /хьуна деш долу/ халахетарш . Далла тIе товжа. Кхачо ю /хьуна/ Дела Шегахь /ерриг/ т1етовжийла ерг хилар.
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
ХIай ийман диллинарш! Аш муъма зударий балийча‚ тIаккха уьш битича, шу царах хьакхадалале , шуна царна тIехь цхьа Iиддат дац, аш терго ян дезаш. Ло царна шайн пайда эццал хIума ‚ хазачу кепара бита уьш.
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
ХIай пайхамар! Оха хьанал бина хьуна хьан зударий‚ ахь шайна мах белла болу‚ хьан аьтту куьйга доладинарш хьуна Дала хIонсана беллачарах‚ хьан ден вешин мехкарий а‚ хьан ден йишин мехкарий а‚ хьан ненан вешин мехкарий а‚ хьан ненан йишин мехкарий а‚ шаьш хьоьца хIижар дина болу; /кхин муьлхха/ муъма зуда а /хьанал ю хьуна яло/‚ цо ша пайхамарна дIалахь‚ пайхамарна иза яло а лаахь‚ еккъа хьуна а /хIай пайхамар/ хуьлуш кхин муъма нахана йоцуш. Тхуна хии‚ хIун тIе диллина Оха царна шайн зударшкахь‚ аьтту куьйгаша доладиначаьргахь а‚ хьуна хало ца хилийтархьама. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
Ахь тIаьхьатоттур ю хьайна луург царах , хьайна тIелоцур ю хьайна луург; хьайна езахь айхьа /хьалха/ юьстах яьккхиначарах – къа дац хьуна /хьо цунна тIевахарх/. Иза гергах ду церан бIаьргаш бузарна ‚ уьш сингаттаме цахиларна /и Делера дуй хиъча/‚ уьш резахиларна а ахьа шайна деллачух – уьш массо а. Далла хаьа шун дегнашкахь дерг. Хили Дела хууш верг а‚ /массо а хIума шен-шена меттиге дIанисдеш верг а/, /къиношна дуьхьал таIзар дарехь/ сих ца луш верг а.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
Хьанал бац хьуна зударий царал сов а‚ уьш хийцар а /кхечу/ зударех‚ церан хазалло хьо цецваккхахь а‚ хьан аьтту куьйго доладинарш боцурш. Хили Дела массо а хIуманна тIехь терго йеш верг.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
ХIай ийман диллинарш! Пайхамаран цIеношна чу ма гIолаш, шайна пурба делча бен, кхача баа, /тIаккха а дукха хьалха ма гIолаш/ и /кхача/ кечбина баларе хьоьжуш ца Iан. Мухха делахь а, шайга кхайкхича, – чу гIо. Шаьш хIума йиъча, дIасадаржа‚ хабарна юкъа а ца доьлхуш. Баккъалла а, шун иштта хиларо пайхамарна новкъарло йо‚ цунна шух эхь хета /шуьга ала/. Далла эхь ца хета бакъдолчух. Аш цаьрга (элчан зударшка) цхьа хIума ехахь‚ аш еха и цаьрга кирхьана дехьахула. Иза вуно а цIена ду шун дегнашна а‚ церан дегнашна а. Шуна мегара дац Делан элчанна новкъарло ян а‚ цуьнан зударий балабан а цул тIаьхьа цкъана цкъа а. Баккъалла а, иза хили Далла гергахь деза-доккханиг (къа).
ﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
Аш гучудаккхахь а цхьа хIума‚ я хьулдахь и – баккъалла а, Дела хили массо а хIума хууш верг.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Къа дац царна (зударшна‚ кхоччуш хьул ца белча) шайн дайшна‚ шайн кIенташна‚ шайн вежаршна‚ шайн вежарийн кIенташна‚ шайн йижарийн кIенташна‚ шайн /хьалха болчу/ зударшна‚ шайн аьтту куьйгаша доладиначарна хьалхахь. Делах кхералаш /шу зударий – хийрачу божаршна гучудовларехь/. Баккъалла а, Дела хили массо а хIуманна тIехь теш.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
Баккъалла а, Дала а‚ Цуьнан маликаша а салот дуьллу пайхамарна. ХIай ийман диллинарш! Аша а дилла цунна салот‚ маршалла а хатта цуьнга /хаза/ салам даларца.
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчанна а халахоьтуьйтуш берш – Дала неIалт аьлла царна дуьненахь а‚ эхартахь а‚ кечдина царна сийсаза Iазап.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
Муъма божаршна а‚ муъма зударшна а, цаьргара даьлла х1умма а доццушехь , халахоьтуьйтуш берш – цара (шайна т1ехь) д1ахьо доккха эладита а‚ билгала къа а.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
ХIай пайхамар! Āла хьайн зударшка а‚ хьайн мехкаршка а‚ муъма нехан зударшка а, шайна тIе шайн оба (пардо) узийла цара. Иза гергах ду уьш бовзарна а‚ царна халахетар цадарна а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Мунепикъаш а‚ шайн дегнашкахь цамгар йерш а‚ Мадинатехь эладитанаш даржош берш а ца совцахь, Оха хIоттор ма ву хьо царна тIе . ТIаккха хьан лулахь уьш цигахь Iийр ма бац кIеззиг бен.
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
Шайна неIалт хилларш /бу уьш/. Миччахь хилахь а, схьалоьцур ма бу уьш‚ бойур ма бу (къиза) байарца.
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
Делан суннат ду иза‚ хьалха дIабаханчаьргахь а лелла. Хьуна каранне а карор ма бац Делан суннатана хийцам.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
Хьоьга хоьтту наха сахьтах лаьцна. Ахь āла: "Цуьнан Iилма Далла гергахь ду". Стен хоуьйту хьоьга? – и сахьт-м гергадеана хила а мега.
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
Баккъалла а, Дала неIалт аьлла цатешачарна‚ Цо кечйина царна жоьжахати.
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
Уьш лаьттар бу цу чохь гуттар. Царна карор вац цхьа а доладийриг а‚ цхьа а гIоьнча а.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
Оцу дийнахь шайн яххьаш цIерга ерзош, цара эр ма ду: "Вай хилла хиллехьара Далла муьтIахь‚ элчанна муьтIахь!"
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
Цара эр ду: "Тхо Кхиош-Кхобург‚ тхо муьтIахь хили тхан элашна а‚ тхан тхьамдашна а. Цара тилий тхо /нийсачу/ некъах.
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
Тхан Кхиош-Кхобург‚ лōлахь царна шозза Iазап‚ доккха неIалт алалахь царна".
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
ХIай ийман диллинарш! Шу ма хилалаш Мусана халахетар диначарах тера. Дала цIанвира иза цара аьллачух. Иза хилира Далла гергахь лоруш верг.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ нийса дош алалаш.
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
Цо дика хуьлуьйтур ю шун Iамалш‚ гечдийр ду шуна шун къинош. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг – цо баьккхина боккха толам.
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
Оха хьалхадиллира аманат стигалшна а‚ лаьттана а‚ лаьмнашна а – уьш дуьхьал хилира и д1адахьа‚ уьш кхийрира цунах‚ и дIадаьхьира адамо. Баккъалла а, иза хили-кх т1ех зуламе верг а‚ т1ех ца хууш верг а.
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
(И дира) Дала Iазап дархьама мунепикъ божаршна а‚ мунепикъ зударшна а‚ ширк динчу божаршна а‚ ширк динчу зударшна а‚ Дала тōба къобалдархьама муъма божарийн а‚ муъма зударийн а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







