Сура Аль-Хьадид
PDF —
29 Аят Medinan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Хьадид pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Хьадид pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Хьадид Гочдар. Аль-Хьадид (Medinan) 29 Аят.



Сура Аль-Хьадид
29 Аят · Medinan · Нохчийн
bismillah
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
Далла тасбихь дина стигалшкахь а‚ лаьттахь а мел долчо. Иза веза верг а ву‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
Цуьнан ду стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Цо дендо‚ Цо долуьйту. Иза массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву.
ﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Иза ву хьалхарниг а‚ тIаьхьарниг а‚ гучохь верг а‚ къайлахьверг а. Иза ву массо а хIума хууш верг а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
Иза ву Ша кхоьллинарг стигалш а‚ латта а ялх дийнахь (Шен хьикматаца, Шена уьш кхолла тарлуш хиларх цхьана дашца). ТIаккха Иза дIанисвелира Iарша тIехь . Цунна хаьа латта чу дȳлург а‚ цу чуьра арадолург а‚ стигалара охьадогIург а‚ цу чу айалург а. Иза шуьца ву (Шен хааршца, ницкъаца а), шу миччахьа хилча а. И Дела аш дийриг гуш ву.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
Цуьнан ду стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Деле дIадерзо гIуллакхаш.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
Буьйса денна чуйолуьйту Цо‚ де буьйсанна чудолуьйту. Иза ву хууш верг дегнашкахь дерг.
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ харжаш йе /Делан новкъахь – сагIа луш…/ Оха лело шайга еллачух . Шух ийман диллинарш а, /Делан новкъахь/ харжаш йинарш а – царна йоккха ял ю.
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
Шун хIун ду ца теша Делах? – Элча ма вуй шуьга кхойкхуш шайн Кхиош-Кхобучуьнга тешаре‚ Цо ("Ша вуй шун Дела", – олуш, аш: "Ву Деллара", – олуш) шуьгара чIагIо ма эцна, шу муъма нах делахь.
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
Иза ву доссош верг Шен лега билгала аяташ, шу арадахархьама боданашкара нуьре. Баккъалла а, и Дела шуна къинтIераволург а‚ къинхетаме верг а ма ву.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏ
Шун хIун ду Делан новкъахь харж ца ян? Делан ма ду стигалийн а‚ лаьттан а ирс! Цхьатерра вац шух /Делан новкъахь/ харж йинарг толам баккхале‚ тIом бинарг /цул тIаьхьа харжаш йинарг а‚ тIом бинарг а/. Царна вунō сийлахь-йоккха ял ю тIаьхьа харж йиначарначул‚ тIаьхьа тIом биначарначул. /Царна/ массарна а хазниг ваIда йина Дала. Дела аш дийриг дика хууш ву.
ﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜ
Мила ву Деле юхалург хаза декхар луш верг ? – Цо тIеттIа алсам доккхур ду Иза цунна‚ цунна хир ю сийлахь йолу ял а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
Оцу /къемат/дийнахь хьуна гур бу /хIай Мухьаммад/ и муъма божарий, и муъма зударий, шайн нур шайна хьалхахула‚ аьтту куьйган агIорхьара уьйдаш‚ /цаьрга олуш маликаша/: "Кхаъ бу шуна тахана – бошмаш шайна бухахула хиш оьхуш долу. Цу чохь /шу/ гуттар лаьттар ду. Иза бу сийлахь-боккха толам!"
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
Оцу дийнахь мунепикъ божарша а‚ мунепикъ зударша а эр ду тешаш хиллачаьрга: "Хьовсийша тхоьга! Шун нуьрах нур оьцур дара Оха". Эр ду: "Юхадерза‚ лаха шайна нур!" Царна (муъма нахана а, мунепикъ нахана а) юккъехь керт хIоттор ю, шен неI йолуш‚ цунна чоьхьахула (муъма нах болу агIо) къинхетам болуш‚ цунна арахьахула (мунепикъ нах болу агIо) Iазап долуш.
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
Цаьрга кхойкхура цара (арахь болчара – мунепикъаша): "Тхо шуьца дацара ткъа?" Цара эр ду: "ХIаъ‚ делахь а шайн догIмаш питане лецира аш‚ /тхуна вон хиларе/ ладуьйгIира аш‚ /Делан ваIда/ шеконе лецира аш‚ лаамаша Iехийра шу Делан омра (Iожалла) даллалц‚ Делаца Iехийра шу Iехочо (шайтIано).
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
Тахана оьцур бац шуьгара мах‚ ца тешаш хиллачаьргара а /оьцур бац/. Шун чугIойла жоьжахати хир ю. Иза ю шун тIетовжийла. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!"
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
Хан ца кхаьчна те ийман диллинчарна шайн дегнаш муьтIахь хила Дела хьехорна а‚ бакъдолчух доьссинчунна а‚ уьш ца хила а хьалха шайга жайна доссийначарах тера? Церан-м (жайнин ох1ланан) зама яхъелира – дегнаш /къизаллица/ чIагIделира церан. Царах дукхахберш песикъ ма бу.
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Шуна хаалаш‚ Дала латта дендо и деллачул тIаьхьа. Оха билгалдаьхна шуна аяташ‚ шу хир дац те хьекъале.
ﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋ
Баккъалла а, сагIа луш берш‚ божарий а‚ зударий а‚ Далла юхалург хаза декхар а делларш – Цо тIеттIа алсам доккхур ду царна /мела баларца/. Царна хир ю сийлахь ял а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
Делах а‚ Цуьнан элчанех а тешнарш – уьш бу бакъберш а‚ шайн Далла гергахь шахIидаш а. Царна шайн ял а ю‚ нур а ду. Ткъа цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдинарш а – уьш бу жоьжахатин дай.
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
Шуна хаалаш: дуьненан дахар – ловзар а‚ эрна хан яйар а ду‚ хазахеташ шайга хьежар ду‚ вовшашна юккъехь кураллаш яр а ду‚ хьолехь а‚ доьзалехь а вовшашна юккъехь совбийлар а ду. ДогIанах тера ду /иза/: и деача /лаьттах/ схьайолучу хIуманаша цецбоху керстанаш . ТIаккха уьш якъало‚ хьуна го уьш мажъелла‚ тIаккха хуьлу уьш кагъелла. Эхартахь нуьцкъала Iазап ду /керстанашна/‚ Делера гечдар а‚ резахилар а ду /муъма нахана/. Ма дац и дуьненан дахар /цхьа / Iехаваларан хIума бен.
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
Сихло шайн Кхиош-Кхобучуьнгара гечдаре а‚ ялсамане‚ шен шоралла стигалан а‚ лаьттан шораллах тера йолчу‚ ша кечйина йолчу Делах а‚ Цуьнан элчанех а тешаш хиллачарна. И Делан дозалла ду-кх‚ Цо ло и Шена луучунна. И Дела Шегахь сов доккха дозалла долуш ву-кх.
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
Цхьа а бохам хир ма бац лаьттахь а‚ шуьгахь шайгахь а /цамгар хиларца/, иза Оха хилийтале хьалха /Лавхь махьфуз/ жайни чохь язбелла болуш бен. Баккъалла а, иза Далла атта ду –
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
/Иза ду/ шу гIайгIане ца хилийтархьама шух дIатилинчух‚ шу даккхий ца дедайтархьама Цо шуна деллачуьнца. Далла ца веза-кх массо а кура верг а‚ ша /наха/ хеставан лууш верг а‚–
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
ша бIаьрмециг волуш‚ нахана а бIаьрмециг хила, бохуш, омра деш волу. Милла а дIаверзахь /Делан некъах/, – баккъалла а, и Дела Ша хьал долуш а ву‚ хастаме а ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
Оха бахийтира Тхайн элчанаш билгалонашца‚ доссийра цаьрца жайна а‚ терза а нах латтархьама нийсонна тIехь. Оха доссийра эчиг‚ шена чохь чIогIа ницкъ болуш‚ нахана пайданаш болуш‚ Далла хаархьама‚ мила ву Шена а‚ Шен элчанашна а гIо лоцуш верг, /и Дела/ шена гуш воццушехь. Баккъалла а, и Дела нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву.
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
Оха вахийтира Нухь а‚ ИбрахIим а‚ Оха хилийтира церан зуьрретехь пайхамаралла а‚ жайна а. Царах нисвелларг а ву‚ царах дукхаберш песикъ бу-кх.
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
ТIаккха церан лорах Оха бахийтира Тхайн элчанаш. /Церан лорах/ Оха вахийтира Марйаман кIант Iийса‚ цуьнга делира Оха Инжил‚ цунна тIаьхьахIиттинчеран дегнашкахь хилийтира Оха дегакIедалла а‚ къинхетам а. Дуьненан марзонах д1ахадар – иза цара шаьш кхоьллина ду‚ Оха и лелор царна тIе ца диллина‚ Дела резахилар лахар а бен. Иза а тергал ца дина цара тергал дан ма-дезза. Царах ийман диллинчарна шайн ял ели Оха. Царах дукхахберш песикъ бу-кх.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ Цуьнан элчанах тешалаш – Цо Шен къинхетамах ши дакъа лур ду шуна‚ Цо хуьлуьйтур ду шуна нур‚ цуьнца шу лелаш‚ Цо шуна гечдийр ду. И Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
/И хоуьйту Ас шуна / жайнин охIлана хаархьама Делан къинхетамах цхьанна а хIуманна тIехь шайна ницкъ кхочур боцийла ‚ къинхетам Делан карахь буйла: Цо ло иза Шена луучунна. И Дела Шегахь беза-боккха къинхетам болуш ву-кх.

Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers