Аль-Бакара · 186/286
Гочдар Дешар — Сура Аль-Бакара
وَإِذَا سَأَلَكَ عِبَادِي عَنِّي فَإِنِّي قَرِيبٌ ۖ أُجِيبُ دَعْوَةَ الدَّاعِ إِذَا دَعَانِ ۖ فَلْيَسْتَجِيبُوا لِي وَلْيُؤْمِنُوا بِي لَعَلَّهُمْ يَرْشُدُونَ ۝١٨٦
Wa izaa sa alaka `ibaadee `annnee fa innee qareebun ujeebu da`wataddaa`i izaa da`aani falyastajeeboo lee walyu minoo beela `allahum yarshudoon
📖 Нохчийн маьӀна
Сан леша хьоьга хаттахь Сох лаьцна – Со гергахь ву‚ жоп луш ву доьхучуьнан дехарна – цо дехча. Суна жоп лойла цара (Суна муьт1ахь хиларца)‚ Сох тешийла уьш - уьш хила там бара нийсачу новкъахь.

🎧 ЛадоргӀа


📜 Аят 184-188 — Сура Аль-Бакара

184أَيَّامًا مَّعْدُودَاتٍ ۚ فَمَن كَانَ مِنكُم مَّرِيضًا أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍ فَعِدَّةٌ مِّنْ أَيَّامٍ أُخَرَ ۚ وَعَلَى الَّذِينَ يُطِيقُونَهُ فِدْيَةٌ طَعَامُ مِسْكِينٍ ۖ فَمَن تَطَوَّعَ خَيْرًا فَهُوَ خَيْرٌ لَّهُ ۚ وَأَن تَصُومُوا خَيْرٌ لَّكُمْ ۖ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
/И марха кхобур ду/цхьа к1еззиг деношкахь ; шух цхьаъ цомгуш велахь я новкъахь нислахь – кхечу хенахь /марха кхобур ду цо/ дисинчу денойн метта. Марха цакхабалучарна тIехь ду мискачу стагана даар далар. Диканиг цо совдаьккхича (шен даггара сагIа совлуш) – и цунна дика ду. Аш марха кхаьбча – шуна дика ду‚ шу хууш хиллехь.
185شَهْرُ رَمَضَانَ الَّذِي أُنزِلَ فِيهِ الْقُرْآنُ هُدًى لِّلنَّاسِ وَبَيِّنَاتٍ مِّنَ الْهُدَىٰ وَالْفُرْقَانِ ۚ فَمَن شَهِدَ مِنكُمُ الشَّهْرَ فَلْيَصُمْهُ ۖ وَمَن كَانَ مَرِيضًا أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍ فَعِدَّةٌ مِّنْ أَيَّامٍ أُخَرَ ۗ يُرِيدُ اللَّهُ بِكُمُ الْيُسْرَ وَلَا يُرِيدُ بِكُمُ الْعُسْرَ وَلِتُكْمِلُوا الْعِدَّةَ وَلِتُكَبِّرُوا اللَّهَ عَلَىٰ مَا هَدَاكُمْ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
/И марха кхаба деза денош/ Рамазан бутт бу‚ шена чохь нахана нийса некъ а болу‚ нийсачу некъан а, /бакъдерг-харцдерг, хьанал-хьарам/ къасторан а билгалонаш а йолу Къуръан доссийна болу. Шух и /рамазан бутт/ леринчо марха кхобийла. Цхьаъ цомгуш велахь‚ я новкъахь велахь – кхечу денойх цхьа дакъа /кхочушдер цо/. И Дела лууш ву шуна атто хилар‚ лууш вац И шуна хало хилар. Кхочушдер аш и денош /марханаш кхобуш/‚ вазвер аш и Дела /АллахIу акбар āларца/‚ Цо шаьш нийсачу новкъа нисдарна‚ шу хилахьара баркалла олуш.
186وَإِذَا سَأَلَكَ عِبَادِي عَنِّي فَإِنِّي قَرِيبٌ ۖ أُجِيبُ دَعْوَةَ الدَّاعِ إِذَا دَعَانِ ۖ فَلْيَسْتَجِيبُوا لِي وَلْيُؤْمِنُوا بِي لَعَلَّهُمْ يَرْشُدُونَ
Сан леша хьоьга хаттахь Сох лаьцна – Со гергахь ву‚ жоп луш ву доьхучуьнан дехарна – цо дехча. Суна жоп лойла цара (Суна муьт1ахь хиларца)‚ Сох тешийла уьш - уьш хила там бара нийсачу новкъахь.
187أُحِلَّ لَكُمْ لَيْلَةَ الصِّيَامِ الرَّفَثُ إِلَىٰ نِسَائِكُمْ ۚ هُنَّ لِبَاسٌ لَّكُمْ وَأَنتُمْ لِبَاسٌ لَّهُنَّ ۗ عَلِمَ اللَّهُ أَنَّكُمْ كُنتُمْ تَخْتَانُونَ أَنفُسَكُمْ فَتَابَ عَلَيْكُمْ وَعَفَا عَنكُمْ ۖ فَالْآنَ بَاشِرُوهُنَّ وَابْتَغُوا مَا كَتَبَ اللَّهُ لَكُمْ ۚ وَكُلُوا وَاشْرَبُوا حَتَّىٰ يَتَبَيَّنَ لَكُمُ الْخَيْطُ الْأَبْيَضُ مِنَ الْخَيْطِ الْأَسْوَدِ مِنَ الْفَجْرِ ۖ ثُمَّ أَتِمُّوا الصِّيَامَ إِلَى اللَّيْلِ ۚ وَلَا تُبَاشِرُوهُنَّ وَأَنتُمْ عَاكِفُونَ فِي الْمَسَاجِدِ ۗ تِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ فَلَا تَقْرَبُوهَا ۗ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ آيَاتِهِ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ
Магош ду шуна мархийн баттахь буса шайн зударшна гергадахар – уьш шун духар ду‚ шу – церан духар ду . Далла хиира шу хилла хилар шаьш шайн Iехадеш . Шун тōба къобалдира Цо‚ шуна гечдира. ХIинца /буса/ гергаг1о шайна царна‚ лаха Дала шайна яздинарг . Даа‚ мала шайна сатасаран кIайн тай Iаьржачу тайх къастадаллалц. ТIаккха кхочушде марха кхабар буьйса т1еяллалц. Герга ма г1о царна (зударшна) шаьш маьждигаш чохь лаьтташ долуш /иIтикаф деш/. Уьш Делан дозанаш ду. Герга ма гIо царна (дозанашна – уьш дохо). Иштта билгалдоху Дала шен аяташ нахана‚ уьш хилийтархьама ларлуш /Делан дозанех/.
188وَلَا تَأْكُلُوا أَمْوَالَكُم بَيْنَكُم بِالْبَاطِلِ وَتُدْلُوا بِهَا إِلَى الْحُكَّامِ لِتَأْكُلُوا فَرِيقًا مِّنْ أَمْوَالِ النَّاسِ بِالْإِثْمِ وَأَنتُمْ تَعْلَمُونَ
Аш ма даа вовшийн даьхни харцонца хьаькамашца берта а дахана , къа дарца нехан даьхни даархьама‚ шайна хуьушехь /и шайн доцийла/.
Аль-БакараКуръан индекс
286Аят
MedinanRevelation
186Аят

Гочдар — Аль-Бакара 186

Сура Аль-Бакара Аят 186 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Сан леша хьоьга хаттахь Сох лаьцна – Со гергахь ву‚…

Сура Аят 186/286 — Сура Аль-Бакара البقرة (Medinan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Сура Аль-Бакара ЛадоргӀа, Сура Аль-Бакара Гочдар, Сура Аль-Бакара mp3, Сура Аль-Бакара pdf. Аят 184–188. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Monday, September 7, 2026

Don't forget us in your sincere prayers