Сура Аль-Муъминун
PDF —
118 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Муъминун pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Муъминун pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Муъминун Гочдар. Аль-Муъминун (Meccan) 118 Аят.

← Аль-ХьажжАль-Муъминун Ан-Нур →


Сура Аль-Муъминун
118 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒﭓﭔ
Баккхийбийра муъма нах.
ﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
Уьш бу шайн ламазашкахь /Делах кхоьруш, Цуьнан ваззаллина/ муьтIахь берш.
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
Уьш бу даьссачу хабарех юьстахбовлуш берш.
ﭡﭢﭣﭤﭥ
Уьш бу закат доккхуш берш.
ﭦﭧﭨﭩﭪ
Уьш бу шайн эвхье меженаш ларйеш берш,
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
шайн зударшна а‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначарна а бен /тIе ца гIерташ берш/ – тIаккха уьш бехке бац.
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
Царал дехьа кхийдинарш – уьш /Делан/ дозанех бевларш бу.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
Уьш бу шайх тешна дитина хIума а‚ шайца хилла барт а Iалашбеш берш.
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
Уьш бу шайн ламазаш лардеш берш .
ﮊﮋﮌﮍ
Уьш бу верасаш .
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
Шайна ирсана Фирдавс кхочур ерш‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар болуш.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
Оха кхоьллина адам (дуьххьара стаг Āдам) цIеначу поппарх (топпарх).
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
ТIаккха хилийтина Оха цунах тIадам чIогIачу меттигехь .
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
ТIаккха тIадамах декъа цIий кхоьллира Оха‚ декъачу цIийх кхоьллира Оха жижиган кийсак‚ жижиган кийсаках кхоьллира даьIахкаш‚ тIаккха даьIахкий тIе жижиг дуьхийра (диллира) Оха, тIаккха Оха кхиийра кхин кхоллар. Беркате хилла Дела – кхоллархойх уггар диканиг.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
ТIаккха‚ баккъалла а, шу цул тIаьхьа лийр ду.
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
ТIаккха‚ баккъалла а, шу къематдийнахь дендийр ду.
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
Оха кхоьллира шуна тIехула ворхI г1атт /стигал/ – Тхо ца хилира /массо а Тхаш кхоьллинчу/ халкъах гIопал (тидам боцуш).
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
Оха доссийра стиглара хи барамца‚ и сацийра Оха лаьттахь‚ Тхо и дIадахийта а ницкъ болуш ду.
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
Оха кхиийра шуна цуьнца (догIица) хурманан а‚ кемсийн а бошмаш‚ шуна цу чохь дуккха стоьмаш а бу‚ аш царах боу.
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
Сайнаъ ламанах схьадолуш долу зайт-дитт а /кхоьллина Оха/‚ цунах долу зайтдаьтта а‚ чамбийриг а юучарна.
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Баккъалла а, шуна бежнашкахь /кхин са долчу хIумнашкахь а/ масал ма ду: Оха шуна малайо церан кийрахь йолчух ‚ шуна цаьргахь дуккха пайданаш а бу‚ царах аш доу.
ﮉﮊﮋﮌﮍ
Царна (бежнашна) тIехь а‚ кеманна тIехь а шу д1асалеладо.
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
Оха вахийтира Нухь шен къомана тIе. Цо элира: "ХIай сан къам! Аш Iибадат де Далла‚ шуна вац И воцург кхин дела‚ шу ца кхоьру?"
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
Цуьнан къомах ца тешаш хиллачеран элаша элира: "ХIара-м адам бен дац‚ шу санна‚ иза лууш ву шуна тIехь хьалавала. Далла лиънехьара, Цо маликаш дохкуьйтур дара . Тхуна ца хезна оцунах (Нухьас дуьйцучух – цхьана Далла 1ибадат дан деза бохучух) тхан хьалхалерчу дайшкахь а.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
Иза (Нухь) жинех волу стаг бен ма вац‚ шу хьовсал цуьнга цхьа хан яллалц".
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
Цо (Нухьас, Деле доьхуш) элира: "Со Кхиош-Кхобуш волу сан Дела‚ Ахь гIо делахь суна цара со харцварна".
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎ
Оха хаам бира цуьнга ваьхьица: "Кема де Тхан бIаьргий хьалхахь , Тхан хьехамца. Тхан гIуллакх деъча‚ пеш кхехкича ‚ цу чу (кеманна тIе) лахка хIораннах шишша тайпа а ‚ хьан доьзал а‚ царах шайна тIехь дош хьалхадаьлларш боцурш . Соьга ма хьехабелахь зулам динарш. Уьш хина бухабохуьйтур бу".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
Хьо а‚ хьоьца верг а кеманна тIехь дIанисвелча‚ ахь алалахь: "Хастам бу Далла‚ тхо хьалхадаьхначу зуламечу къомах".
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
Ахь āлалахь: "Со Кхиош-Кхобуш волу сан Дела‚ охьавоссавелахь со беркатечу меттигехь‚ Хьо уггар дика охьавоссориг ву-кх."
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх‚ Тхо хилла-кх зуьйш дерш.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
ТIаккха Оха кхиийра царал тIаьхьа кхин тIаьхье.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Оха вахийтира цаьрга (1адашка) царах элча (Х1уд)‚ Iибадат де Далла‚ шуна вац Иза воцург кхин дела‚ аьлла. Шу ца кхоьру?
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
Цуьнан къоман ца тешаш хиллачу‚ эхартаца цхьаьнакхетар харцдеш хиллачу‚ Оха дуьненан дахарехь шайга зовкх хьегийтинчу (Х1удан къомах) элаша элира: "ХIара-м адам бен дац‚ шу санна‚ аш юучух юу цо‚ аш молучух молу цо.
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
Шу муьт1ахь хилахь шаьш санначу адамна‚ тIаккха‚ баккъалла а, ма эшнарш ду-кх шу.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
Цо ваIда до шуна‚ шу делча‚ шух латта а‚ даьIахкаш а хилча‚ шу арадохур ду ‚ аьлла?
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
Ма гена ду-кх‚ ма гена ду-кх шуна деш долу ваIда!
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац‚ ле вай (къанбелча, цхьаберш)‚ деха вай (вайх къона берш беха) – вай юха дендийр дац.
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
И ву веккъа Далла тIе харцдерг кхоьллина стаг‚ вай цунах тешар дац".
ﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
Цо (Х1уд-элчано) элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь суна гIо делахь цара со харцварна".
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
Цо (Дала) элира: "Цхьа кIеззигчу /хенахь/ уьш дохкобевлла хир бу хьуна".
ﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
Уьш схьалецира цIогIа тохаро‚ лаца хьакъ болуш‚ Оха нехаш йира царах. Делла дала зуламе къам!
ﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐ
ТIаккха‚ царал тIаьхьа‚ кхиийра Оха кхин тIаьхьенаш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘ
Хьалхадер дац цхьа а уммат шен Iожаллал‚ тIаьхьабуьсур а бац уьш.
ﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
ТIаккха тIеттIа бахийтира Оха Тхан элчанаш. Мацца а умматана тIе шен элча веъча – цара и харцвора‚ Оха царах цхьаберш вукхарна тIаьхьабахийтира . Оха царах хилийтира дийцарш. Делла дāла ца тешаш долу къам!
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
ТIаккха Оха вахийтира Муса а‚ цуьнан ваша ХIарун а Тхан аяташца а‚ билгалчу делилаца а
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а тIе – уьш курабевлира‚ царах хилира лакхадала гIерта къам.
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Цара элира: "Тхо тешар ду ткъа тхо санначу шина стагах‚ цу шиннан нах тхуна /леш хилла/ гIуллакх деш а болуш?"
ﮉﮊﮋﮌﮍ
Цара и шиъ харцвира‚ т1аккха шаьш хIаллакхиллачарах хилира.
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
Оха делира Мусага жайна‚ уьш нислур бацара-те‚ аьлла.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
Оха хилийтира Марйаман кIантах а‚ цуьнан ненах а делил . Оха /цхьана ханна баха/ охьаховшийра и шиъ лекхачу меттиге‚ шен чIагIо а‚ шовда а долчу.
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
ХIай элчанаш! Даа цIеначух‚ Iамал йе диканиг! Баккъалла а, Со аш деш дерг хууш ву шуна.
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Баккъалла а, хIара - шун уммат ду (х1ай элчанаш), (массо а пайхамарийн а) хилла долу цхьа уммат (цхьа дин – Ислам)‚ Со шун Кхиош-Кхобург ву‚ Сох кхералаш.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
Цара хадийра шайн гIуллакх вовший юккъехь тобанашца. Массо а тоба шегахь долчуьнца яккхийеш ю .
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨ
Бита уьш шайн кегари чохь /уьш лийр болу/ хан тIеккхаччалц .
ﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
Царна моьтту-техьа Оха шайна шеца бахам а‚ кIентий а луш хилар
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
Оха шайна диканаш сихдар ду? ХIетте а, ца хаало-кх царна .
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
Баккъалла а, шаьш шайн Кхиош-Кхобучух кхоьруш эгна берш‚
ﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
шаьш шайн Кхиош-Кхобучун аятех тешаш берш‚
ﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
шаьш шайн Кхиош-Кхобучуьнца накъостий ца луьйцуш берш‚
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
шаьш шайн Кхиош-Кхобучунна тIе д1адоьрзур дуйла а хууш, /Цунах/ шайн дегнаш кхоьруш а долуш‚ шайна /Дала/ деллачу рицкъих /сагIа/ луш берш -
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
уьш бу диканашна тIе сихбелларш - уьш царах (шайн диканех) хьалххе т1екхуьур бу!
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Оха тIе ца дуьллу синна (цхьанна адамна) цуьнан ницкъ кхочург бен. Тхоьгахь ду жайна‚ ша бакъдерг дуьйцуш долу‚ царна зулам дийр дац (нахана, цара ца дина къа царна т1еяздеш).
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
Церан (керстанийн) дегнаш оцунах (бакъдолчух) дIатилар чохь ду‚ царна уьш йоцурш а /кхин вон/ Iамалаш ю, шаьш йеш йолу.
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
Царах ниIмат делларш Оха Iазапаца схьалаьцча ‚ уьш мохь хьоькхуш бисира.
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
/Цаьрга эр ду къематдийнахь/: "Мохь ма хьекха тахана – шуна Тхоьгара гIо хир дац!"
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
Хилла Сан аяташ шуна тIехь доьшуш – хилла шу царах юхадовлуш.
ﮝﮞﮟﮠﮡ
Курадевлла цуьнца (КаIбица) ‚ буьйсанна /Къуръанах/ луьйш.
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
Цара ойла ца йо дашах‚ я цаьрга деана церан хьалхалерчу дайшка ца деънарг?
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
Я царна ца вевзира шайн элча‚ цара цунна инкарло а еш?
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
Я цара олу: "Цуьнца жинаш ду?" И веана цаьрга бакъдолчуьнца‚ царах дукхахберш бакъдерг ца дезаш бу.
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
Бакъдерг церан дезаршна тIаьхьа даьллехьара‚ стигланаш а‚ латта а‚ цу чохь мел дерг а хIаллакхир дара. Оха цаьрга белира /шена чохь/ шайна сий а, дозалла а долуш хьехам (Къуръан). Уьш шайна /бечу/ хьехамах д1абоьрзура.
ﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Я ахь цаьрга харж йоьху? Хьан Кхиош-Кхобучун харж тоьлуш ю. Иза рицкъ лучарах уггар диканиг ву.
ﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
Баккъалла а, ахь /х1ай Мухьаммад/ уьш кхойкху нийсачу новкъа.
ﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
Баккъалла а, эхартах цатешарш /нийсачу/ некъах дIатуьлуш ма бу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
Оха къинхетам бинехьара царах‚ айдинехьара царах долу зен‚ уьш кхерсташ чухьовдур ма бара шайн тиларна.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
Оха Iазапаца схьалийцира уьш‚ амма уьш мукIар ца хилира шайн Кхиош-Кхобучунна‚ /Цуьнга/ хьаста ца белира.
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
Оха шайна тIе чIогIа Iазап долу неI схьаеллалц – уьш цигахь (массо а диканах) дог диллина буьсу.
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Иза (Дела) ву кхоьллина шуна лерса а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а – ма кIезиг баркалла олу-кх аш!
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
Иза ву кхиийна шу лаьттахь – Цунна тIе шу д1агулдийр долуш а ду.
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
Иза ву дендеш верг а‚ долуьйтуш верг а‚ Цуьнан ду буьйса а‚ де а хьийзар‚ шу хьекъале ца хуьлу?
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
ХIаъ‚ цара элира хьалхалерчара аьллачух тераниг.
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
Цара элира: "Тхо делча‚ тхоьх латта а‚ даьIахкаш а хилча‚ тхо юха а дендийр ду?
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
И ваIда динера тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха‚ иза-м хьалхалерачийн туьйранаш бен дац".
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Хьенан ду латта а‚ цу чохь мел дерг а‚ шу хууш хиллехь?"
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
Цара эр ду: "Делан ду". Ахь āла: "Аш ойла ца йо?"
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Ахь āла: "Мила ву ворхI стигалан Кхиош-Кхобург‚ сийлахь-йоккхачу Iаршан Кхиош-Кхобург?"
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
Цара эр ду хьуна: "/Уьш/ Делан ю-кх". Ахь āла: "Шу ца кхоьру /Делах/?"
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
Ахь āла: "Мила ву шен карахь массо а хIуманан паччахьалла дерг‚ ша /кхиберш/ ларош верг‚ шена дуьхьал /кхечара/ ларон йиш йоцург‚ шу хууш хиллехь?"
ﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
Цара эр ду: "(И дерриг) Делан ду-кх". Ахь āла: "Ма бозбуунчалла деш ду-кх шуна!"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖ
ХIаъ‚ Оха цаьрга делира бакъдерг. Баккъалла а, уьш харцлуьйш берш ма бу.
ﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Дала ца лецира цхьа а доьзалхо‚ ца хилира цуьнца цхьа а дела. ТIаккха-м массо а делас ша кхоьллинарг дIахьур ма дара‚ царах цхьаберш (деланаш) вукхарал лакхабевр ма бара. ЦIена ву и Дела цара Шех кхуллучух .
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
Хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волу‚ лакхаваьлла Иза цара шеца накъост лоцучух.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Ахь āла: "Со Кхиош-Кхобург‚ нагахь Ахь суна гайтаза ца дитахь царна хир ду аьлларг (Iазап),
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
со Кхиош-Кхобург‚ тIаккха со ма хилийталахь зуламе нахана юккъехь" .
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
Баккъалла а, Тхо хьоьга гайта Оха царна ваIда динарг ницкъ болуш ду хьуна‚
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Ахь духатохалахь вониг ша дикох долчуьнца. Тхо дика хууш ду хьуна цара /Далла тIе/ кхуллург.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
Ахь алалахь: "Со Кхиош-Кхобург‚ со ларло Хьоьца шайтIанийн т1ех1усдечу /вочу/ х1уманех .
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
Со ларло Хьоьца‚ сан Кхиош-Кхобург‚ уьш (шайтIанаш) суна гергадахкарх".
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Царах цхьанна тIе валар деъча‚ эр ду: "Сан Кхиош-Кхобург‚ юхаверзаве-хьа со /дуьнена/:
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
Дика Iамал ян мегара ас‚ айса ца йеш йитинарг". ХIан-хIа! И дош ду цо (шайтIано‚ цатешачу стага) ша аьлла долу. Церан тIехьахь дуьхьало ю уьш юха денбийр болчу дийне кхаччалц.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
Сур (Исрафил-малико зурма) лекхча, – гергарлонаш хир дац царна юккъехь оцу дийнахь‚ вовшашка хоьттур дац цара.
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Шайн мизан-терза дазделларш – уьш хир бу баккхийбуьйраш.
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
Шен миза-терза дайделларш – уьш шаьш хIаллакбинарш бу‚ гуттар жоьжахати чохь хир бу уьш.
ﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
Шайн яххьаш цIаро ягаеш‚ шаьш цу (жоьжахати) чохь кхоьлина (юьхь хабийна) хир бу уьш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙ
/Цаьрга эр ду/ Сан аяташ ца хилира шуна тIехь доьшуш? Шу ма хилира уьш харцдеш!
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
Цара элира (эр ду къематдийнахь): "Тхан Кхиош-Кхобург‚ тхан декъазалла туьйлира тхуна тIехь‚ тхо хили-кх тиладелла къам.
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
Тхан Кхиош-Кхобург‚ арадāхахь тхо цу (жоьжахати) чуьра‚ тхо юха а тIедерзахь /къиношна/‚ – тIаккха тхо хир хьуна зуламхой".
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Цо (Дала) эр ду: "ДIасовца цу чохь‚ къамел ма де Соьга!"
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Баккъалла а, Сан лех цхьа тоба хилира олуш: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ ийман диллина оха‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхох‚ Хьо ву-кх къинхетам бечарах уггар диканиг".
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Аш царах белар дира оцо шуьга Сан хьехам бицбайтталц‚ шу хилира царах доьлуш.
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Баккъалла а, Ас ял йели царна тахана цара собар дарна‚ баккъалла а, уьш бу-кх толам баьккхинарш.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Цо (Дала) эр ду /жоьжахате бахийтинчаьрга/: "Мел лаьттира шу лаьтта тIехь шерийн барамехь?"
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
Цара элира (эр ду къематдийнахь): "Тхо лаьттира дийнахь‚ я дийнан цхьана декъехь‚ хаттал дагардечаьрга".
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
Цо элира: "Шу кIеззиг бен ца лаьттира‚ шу хиллехьара хууш".
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Шуна моьттина-те Оха шу кхоьллина эрна‚ шаьш Тхуна тIе д1адерзор а дац?
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
Лакхавели Дела – бакъволу паччахь‚ вац кхин дела Иза воцург – сийлахь йолчу Iаршан Да /ву Иза/.
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Милла велахь Делаца цхьаьна кхечу деле кхойкхуш‚ шена цуьнца цхьа а тешалла а доцуш – цуьнан хьесап шен Кхиош-Кхобучун карахь ду. Баккъалла а, баккхийбуьйр ма бац цатешнарш.
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
Ахь āла /х1ай пайхамар/: "Со Кхиош-Кхобург‚ гечдехьа‚ къинхетам бехьа‚ Хьо ву-кх къинхетам бечарах уггар диканиг".

Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers