Сура Лукъман
PDF —
Built right in your browser — download starts automatically
Сура Лукъман pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Лукъман pdf Нохчийн — Дахьа Сура Лукъман Гочдар. Лукъман (Meccan) 34 Аят.
Related
- Лукъман ГочдарНохчийн
- Лукъман mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Лукъман

ﭑﭒ
Алиф-лāм-мūм .
ﭓﭔﭕﭖﭗ
ХIорш шеца хьекъалалла долу жайнин аяташ ду,
ﭘﭙﭚﭛ
шаьш нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долу диканиг дечарна.
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
Уьш бу шаьш ламаз хIоттош (шаьш дан ма деззара и деш)‚ закат луш‚ эхартах (т1аьххьарчу дахарх) уьш /шеко йоццуш/ тешаш бу.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
Уьш шайн Кхиош-Кхобучуьнгарчу нийсачу новкъахь бу. Уьш бу баккхийбийнаш.
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
Нахах ву шегахь Iилма а доцуш даьсса (пайда боцу) х1уманаш (эшарш, иллеш) оьцуш верг Делан некъах /нах/ тилорхьама. Сийсазабой схьалоцу цо и /Делан некъ/. Уьш (и саннарш) – царна сийсаза долу Iазап ду.
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Шена Тхан аяташ доьшуш, кураваьлла дIавирзи иза‚ шена уьш ца хезча санна‚ шен лергашкахь къоралла ерг санна. Ахь цунна кхаъ баккха лазош долу Iазап хирг хиларца.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – царна ни1матийн /ялсаманин/ бошмаш хир ю .
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
Уьш цу чохь гуттаренна буьсур бу. Делан бакъ хилла долу ваIда ду иза. Иза веза верг а ву‚ Шегахь хьекъалалла дерг а ву.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨ
Цо кхоьллира стигланаш шуна ган цхьа а бIогIам боцуш. Лаьттахула ч1ог1а лаьмнаш дуьйг1ира Цо и (латта) шуьца ца лестийта‚ даржийра Цо цигахь массо а дийнат (са долу хIума). Оха охьадаийтира стиглара хи (дог1а)‚ Оха кхиийра цу т1ехь (лаьттахь) хIор беркате шишша /орамат /.
ﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Иза Дала кхоьллинарг ду. ХIинца аш Соьга гайтал‚ хIун кхоьллина Иза воцчо. ХIаъ‚ зуламхой билггалчу тиларчохь бу-кх!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
Оха /хьалха/ деллера Лукъманна хьекъалалла: "Далла шукур де(баркалла ала). Шукур дечо – шена (пайденна) шукур деш ду, керстадеш верг - (шена деш ду цо иза а). Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву".
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
Хьахаде! Лукъмана элира шен кIанте‚ ша цунна хьехар деш: "ХIай сан кIанталг ‚ ахь Делаца накъост ма лацалахь. /Делаца/ накъост лацар – /инзаре/ доккха зулам ду".
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
Оха весет дина адамна, шен деца-ненаца дика хила, аьлла: шен нанас /кийрахь/ лелийна иза гIелъяларна тIе а гIеллуш‚ цуьнан (беран) /ненах дакхорах/ даккхар – ши шо дуьзча ду . Шукур де Суна а‚ хьайн дена-нанна а. Суна т1е ду /массеран а / дIадерзар.
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
Нагахь санна цу шиммо къахьегахь, ахь Соьца накъост лацарна тIехь, хьоьгахь цунах лаьцна цхьа а Iилма (хууш х1ума а) доцуш, – тIаккха ахь цу шинга ла ма догIалахь. Накъосталла де цу шинна дуьненахь дикачу хIуманна тIехь. Хьо тIаьхьаваза Суна тIевирзинчун новкъа. ТIаккха Суна тIе ду шун д1адерзар. Ас хоуьйтур ду шуна, аш /дуьненахь/ лелош хилларг.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
"ХIай сан кIанталг! И (вониг) хилахь а цхьа жимчу кIоллан буьртигал тархи (чхари) чохь, я стигланашкахь‚ я лаьттахь – иза а гучудоккхур ду Дала . Баккъалла а, Дела тIех кхетаме верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
ХIай сан кIанталг! Ламаз х1оттаде (дан ма деззара де иза)‚ диканиг де ала /нахе/‚ вочух /нах/ бухатоха‚ собаре хила хьайна т1едеанчунна . Иза чIогIалла оьшучу г1уллакхех ду.
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈ
/Куралла еш, ца вешаш/ хьайн юьхь нахах д1а ма ерзае‚ ма лела лаьттахула кураллица. Баккъалла а, Далла ца веза массо а кураллаш йеш верг а‚ дозаллаш деш верг а.
ﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕ
Юкъанаккъара хилийта хьайн болар ‚ аз а лагIде хьайн. Аьзнех уггар ирчаниг - виран 1ехар (аз) ду".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Шуна ца гина-те‚ Дала шайна муьт1ахь дар стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг‚ Цо шайна шортта делла Шен ниIматаш: гуш дерш а‚ хьуламехь дерш а? Нахах ву ша Делан хьокъехь къуьйсуш верг, шегахь цхьа а Iилма доцуш‚ нийса некъ боцуш‚ нуьре жайна доцуш.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
Шайга аьлча: "ТIаьхьахIитта Дала доссийначунна"‚ - цара эли: "ХIан-хIа‚ тхо тIаьхьахIуьтту тхуна тхайн дай шена т1ехь карийначунна". Я шайтIа хилча а шайга кхойкхуш жоьжахатин Iазапе /т1аккха а х1уьтту уьш шайн дайша лелинчу харцонашна т1аьхьа/?
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Шен юьхь Далла муьтIахь йеш верг, дика а хилла – цо схьалаьцна чIогIа уьйр . Деле ю гIуллакхийн чакхе.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
Керстаналла динарг – хьо сингаттаме ма войла цуьнан керстаналло. Тхоьга ду церан д1адерзар‚ Оха дуьйцур ду цаьрга цара динарг. Баккъалла а, Дела хууш ву дегнашкахь дерг.
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
Оха цхьа к1еззиг пайда оьцуьйтур бу цаьрга, тIаккха ирчачу 1азапе кхачор бу уьш.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ аьлла‚ цара эр ма ду: "Дала". Ахь āла: "Хастам бу Далла". Амма царах дукхахберш хууш бац.
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
Делан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Баккъалла а, Дела – Иза ву хьал долуш верг а‚ хастаме верг а.
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
Лаьттахь мел долчу диттах къоламаш хилча‚ ткъа (шекъанан) хIордана шел тIаьхьа кхин ворхI хIордо /шекъа а хилла/ г1о а дича – кхачалур ма дацара Делан дешнаш. Баккъалла а, Дела веза верг а‚ Шегахь хьекъалалла дерг а ву.
ﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖ
Шу кхоллар а‚ шу юхадендар а цхьа садаIар санна а бен дац /Далла/. Баккъалла а, Дела хезаш верг а‚ гуш верг а ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
Хьуна ца хаьа‚ Дала буьйса денна чу юьгу‚ де буьйсанна чу дуьгу (хийцайо буьсанан а, дийнан а йохалла, шеран хене хьаьжжина)‚ болх бойтуш бу малхе а‚ батте а (Ша кхоьллинчеран хьашташ кхочуш деш): /царах/ х1ор (малх а, бутт а) дIасалелаш бу шен х1оттийначу хан тIекхаччалц‚ и Дела аш дийриг дика хууш хилар а /ца хаьа шуна/?
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Иза ду И Дела Ша бакъдерг хилар‚ ткъа цара, Иза а витина, шега кхойкхург харцдерг хилар‚ Дела – Иза лекха верг а‚ воккха верг а хилар а /ду иза/.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Хьуна ца го кеманаш, дIасалелаш хIорда чухула Делан ниIматаца, Цо шуьга гайтархьама Шен аятех /цхьадолу аяташ/ . Баккъалла а, цу чохь (кеманаш леларехь) аяташ ду массо а собаре волчунна а‚ шукур деш волчунна а.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
Шаьш тулгIено, 1индаг1о санна, хьулбича‚ уьш Деле кхойкху, Цунна дин а цIандеш . Цо уьш /хи чуьра/ лаьтта т1е кIелхьарбаьхча, – царах юкъанаккъара верг а ву (керстаналлина а‚ ийманна а юккъехь)‚ /керстаналлина тIехь сеццарг а ву/. Тхан аяташ керстадийр ма дац массо а тешнабехк бечо а‚ /Делан ниIматашна/ инкарло ечо а бен.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
ХIай нах! Шу кхералаш шайн Делах‚ шу кхералаш дийнах‚ да шен доьзалхочунна пайдане хир воцчу (цунна дан цхьа а г1о доцуш), доьзалхо а шен дена цхьанна хIуманна пайдане хир воцчу (шен дена дан цхьа г1о доцуш). Баккъалла а, Делан ваIда - бакъерг ю. Шу Iеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу Iеха ма дойла Делаца Iехадаларо.
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
Баккъалла а, Далла гергахь ду сахьтан Iилма (къематде х1оттар хаар)‚ Цо доуьйту догIа‚ Цунна хаьа беран цIа чохь (ненан кийрахь) дерг а. Цхьанна а сина ца хаьа‚ хIун карадог1ур ду шена кхана‚ цхьанна а сина ца хаьа‚ муьлхачу лаьттахь ша лийр ду. Баккъалла а, Дела хууш верг а ву /къайлаха дерг‚ гучахь дерг санна/, дика девзаш верг а ву.
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







