Сура Аль-Ахькъаф
PDF —
35 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Ахькъаф pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Ахькъаф pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Ахькъаф Гочдар. Аль-Ахькъаф (Meccan) 35 Аят.



Сура Аль-Ахькъаф
35 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﮑﮒ
Хьа-мūм .
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Жайна (Къуръан) доссар ду /хIара/ Ша веза волчу‚ хьукма /нийса/ деш волчу Делера.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
Оха ца кхоьллина стигалш а‚ латта а‚ цу шинна юккъехь мел дерг а бакъонца бен‚ цIе тоьхначу ханна бен. Керста хилларш шайна тийсинчу /эхартан 1азапан/ кхерамах дIа ма боьрзу.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "Дийцал суна, Дела а витина, аш /шайга/ кхойкхучарах . ХIун кхоьллина цара латтах‚ я царна накъосталла ду /Делаца цхьаьна хIума кхолларехь/ стигалшкахь? Схьало соьга жайна хIокхул (Къуръанал) хьалха /доссийна долу/‚ я Iилманах лар, шу бакълуьйш хиллехь".
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
Мила ву вунō тилавелла ша Дела воцчуьнга кхойкхуш волчул, шена жоп ца лучуьнга къематде кхаччалц‚ уьш церан кхайкхарх (Iибадатах) гIопал а болуш? /Вац цхьа а!/
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
Нах гулбича /къематдийнахь/, уьш хили царна мостагIий‚ церан Iибадатана керста.
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
Шайна тIехь Тхан билгала долу аяташ доьшуш, керста хиллачара элира бакъдолчух (Къуръанах), и шайга деъначул тIаьхьа: "ХIара билггала долу бозбуунчалла ду".
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
Я цара олу: "Цо /шегара/ кхоьллина иза?" Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "Ас иза /Къуръан/ айса кхоьллинехьара, аш доладийр ма дац суна Делера хIумма а (шуна ницкъ кхочур бацара сох Делан Iазап духатоха, тIаккха шун дуьхьа ас хIунда кхуллу и сайгара)? Иза дика хууш ву-кх аш цунах /Къуръанах/ дуьйцург. Кхачо ю-кх Цуьнца теш хила суна а‚ шуна а юккъехь. Иза т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву".
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
Ахь āла /х1ай элча, хьайн къоман мушрикашка/: "Со хилла вац элчанех дуьххьар ваийтинарг‚ суна ца хаьа сайх хIун дийр ду а‚ шух /хIун дийр ду а/. Со тIаьхьахIутту деккъа сайга ваьхьица хаийтинчунна. Со ма вац билггала волу кхерамча (д1ахоуьйтург) бен".
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
Ахь āла: "Аш дийцал суна /шайн хьолах/ иза /Къуръан/ Делан агIорхьара хилча, аш цунна керстаналла дина‚ ткъа Исраилан кIентех цхьаммо тешалла ди и санначунна тIехь . Цо ийман диллира‚ шу курадевлира. Баккъалла а, Дāла нис ма ца до зуламе долу къам".
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
Цатешначара элира ийман диллнчарех: "/Иза‚ ислам дин/ дика хиллехьара, тхол хьалха цунна тIе кхиар ма бацара уьш". Шаьш цуьнца (Къуръанца) нийсачу новкъа нис ца белча‚ цара эр ду: "ХIара хьалхалера харцдерг ду".
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
Цул хьалха Мусан жайна /доссийра Оха/ баьчча а‚ къинхетам а хилла. ХIара жайна /ду/, бакъдеш /шел хьалха хилларш/‚ Iаьрбийн маттахь а долуш, кхерам таса зулам диначарна‚ кхаъ хилла дикачарна.
ﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑ
Баккъалла а, шаьш аьлларш: "Вайн Кхиош-Кхобург Дела ву"‚ тIаккха /Делан новкъахь/ чIагIбелларш – кхерам а хир ма бац царна /эхартахь Делан 1азапах/‚ уьш сингаттаме а хир ма бац /дуьненахь шайл бухадуьсчух/.
ﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛ
Уьш ялсаманин дай бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш – /хаза/ бекхам бу /иза/ цара йеш хиллачу /дикачу/ Iамална /дуьхьал/.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
Весет дина Оха адаме шен деца-ненаца дика хилар – нанас /кийрахь/ лелийна иза халонца‚ /дуьнена/ ваьккхина иза халонца. Иза /кийрахь/ лелоран а‚ /вакхорах/ къасторан а хан ткъе итт бутт бу /6-9 бутт кийрахь, йисина хан вакхош/. Ша г1еметтах1оьттича , шовзткъа шере ваьлча, цо элира: "Везан Дела‚ аьтто белахь суна Хьан ниIматана баркалла ала‚ Ахь суна а‚ сан дена-нанна а делла долчу‚ Хьо шена реза волу дика Iамал ян а‚ тоделахь суна сан зуьрретехь /сан г1уллакхаш – нисбелахь уьш а нийсачу новкъа/ а. Баккъалла а, ас тōба ди Хьоьга‚ баккъалла а, со /Далла/ муьт1ахьболчарах (бусалбанех) ву-кх".
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
Уьш (Абу-Бакр а и саннарш а) бу Оха шайгара къобалдеш берш шаьш йинчу Iамалах уггар хазаниг‚ Оха тидаме оьцур дац церан /кегий/ къинош‚ /уьш хир бу/ ялсаманин дайшкахь‚ /Делан/ бакъ хилла ваIда ю иза царна йина хилла йолу.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
/Хьажал/ и аьлларг шен дега-нене: "Уьффай шу шиъ‚ аш шиммо ваIда йо суна со /веллачул тIаьхьа каш чуьра/ аравоккхур ву‚ олий‚ /дукха/ тIаьхьенаш дIа ма яхна сол хьалха /царах цхьа а ца ваьлла каш чуьра ара/. Цу шиммо гIо доьхуш Деле: "Ма вāла декъаза‚ ийман дилла. Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю". Цо олу: "ХIорш-м хьалхалерчийн туьйранаш бен дацара".
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
Уьш бу шайна тIехь хьалха даханчу жинийн а‚ адамийн а умматашкахь аьлла долу дош бакъхилларш. Баккъалла а, уьш хилира эшнарш.
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
ХIоранна ша йинчу Iамалан дарж ю. Цо бекхам бийр бу царна цара йинчу Iамалашка /хьаьжна/‚ царна зулам дийр дац.
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎ
Оцу /къемат/дийнахь цатешнарш хьалхатоттур бу жоьжахатина‚ /цаьрга эр ду маликаша/: "ДIадахийтина аш шайн диканаш (ни1маташ) шайн дуьненан дахарехь‚ цуьнца /дуьненца/ зовкх а хьегна аш. Тахана шуна бекхам бо сийсазаллин Iазапаца аш куралла ярна лаьттахь, цхьа а бакъо йоцуш‚ шу песикъ хиларна".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
Хьахаве Iадийн ваша ‚ цо кхерам тесира шен къомана Ахькъафехь ‚ кхерам тосурш /элчанаш/ цул хьалха а хилира‚ тIаьхьа а хилира: "Аш Iибадат ма делаш Далла бен‚ баккъалла а, со кхоьру шуна сийлахь-доккхачу дийнан Iазапах"‚ аьлла.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
Цара элира: "Хьо веана тхуна тхо дIахьавзадан тхан делийх. Схьадаладе айхьа тхуна хир ду бохург, хьуо бакълуьйчарах хиллехь".
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
Цо (Х1уд-пайхамара) элира: "Баккъалла а, Iилма Далла гергахь ду‚ ас шуьга дIакхачадо со шеца ваийтинарг /и Iазап хIун ду/‚ хIетте а суна шу хета жехIал къам".
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
Шайна гича иза марха шайн тогIина тIе йогIуш‚ цара элира: "ХIара марха вайна догIа дахьаш ю-кх". "ХIан-хIа! Иза аш ша сихдинарг (Iазап) ду – мох бу шена чохь лазош долу Iазап долу"‚ /элира кхечара/.
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
"Цо дохор ду массо а хIума шен Делан омраца"‚ /элира цхьаболчара/‚ уьш Iуьйранга бевлира церан гIишлош бен гуш хIума а доцуш (Дала хIаллакбира уьш). Иштта бекхам бо Оха къинош дечу къомана.
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
Оха чIагIбинера уьш шу (къурайшаш) шеца чIагI ца бинчуьнца‚ Оха хилийтира царна лерса а‚ б1аьрса а‚ дегнаш а. Царна цхьанна х1уманна пайдане ца хилира церан лерса а‚ церан б1аьрса а‚ церан дегнаш а (царах х1умма а кIелхьар ца даьккхира цара Делан 1азапах)‚ уьш хилира Делан аятех ца тешаш. Царах хьаьрчира уьш шех ца бешаш хилларг.
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Оха хIаллак ма йира шун гонахьара ярташ‚ далийра делилаш‚ уьш юхабоьрзур бацара те.
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌ
ГIо динехьара царна шаьш, Дела а витина, Цунна гергахилийта цара лаьцна хиллачу дēланаша. /Ма ца дина!/ ХIетте а‚ уьш дIатилира царах. Иза церан харцдерг а дара‚ цара харц кхуллуш хилларг а дара.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
Оха хьавзира хьо волчу жинийх цхьа тоба‚ цара Къуръане ладугIу. Шаьш цигахь долуш цара /вовшашка/ элира: "Совца /ладогIа Къуръане/". И дешна даьлча, уьш дIадахара шен къомана тIе, кхерам тосуш.
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
Цара элира: "ХIай тхан къам! Тхуна хезира цхьа жайна‚ Мусал тIаьхьа доссийна долу, шел хьалха хиллачуьнца (Тавратаца а‚ Инжилаца а) нийса догIуш долу‚ ша нисвеш долу бакъдолчунна тIе а‚ нийсачу новкъа а.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
ХIай тхан къам! Жоп ло Делера кхойкхуш волчунна‚ теша цунах - Цо гечдийр ду шун къиношна‚ шу кIелхьардохур ду лазош долчу Iазапах".
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
Делера кхойкхуш волчунна жоп ца луш верг – ницкъ кхочур бац цунна лаьттахь /Делан Iазапах кІелхьаравала/. Иза воцург /цхьа а/ г1оьнчий бац цунна. Ишттанаш билгалчу тилар чохь бу-кх!
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
Царна ца гина техьа Ша стигалш а‚ латта а кхоьллина волу Дела‚ уьш кхуллуш кIад ца велла волу‚ ницкъ кхочуш вуйла белларш денбан? ХIаъ! Баккъалла а, Иза массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг ву-кх.
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Оцу /къемат/дийнахь хьалхатоттур бу цатешнарш /жоьжахатин/ цIарна /цаьрга хоттур ду/: "Бакъ дац хIара?" /олуш/. Цара эр ду: "ХIаъ‚ тхан Кхиош-Кхобучух (дуй боу оха): бакъ ду". Цо (Дāла) эр ду: "Iовша шайна Iазап шаьш ца тешаш хиларна".
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
Собаре хила /хьо, Мухьаммад, цу керстанаша хьайна бечу цатамашкахь/‚ элчанех шайгахь чIагIо хиллачара собар дарх терра‚ сих ма де царна /Iазап доссар/. Уьш тера бу‚ шайна ваIда йинарг шайна гучу дийнахь‚ дийнан цхьана сахьтехь бен /дуьненахь/ ца лаьттинчарах. /ХIара Къуръан нахе/ дIакхачор ду /хьуна тIехь/. Песикъ къам бен хIаллакдеш дуй? /Дац те!/

Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers