Аль-Бакара · 197/286
Гочдар Дешар — Аль-Бакара
الْحَجُّ أَشْهُرٌ مَّعْلُومَاتٌ ۚ فَمَن فَرَضَ فِيهِنَّ الْحَجَّ فَلَا رَفَثَ وَلَا فُسُوقَ وَلَا جِدَالَ فِي الْحَجِّ ۗ وَمَا تَفْعَلُوا مِنْ خَيْرٍ يَعْلَمْهُ اللَّهُ ۗ وَتَزَوَّدُوا فَإِنَّ خَيْرَ الزَّادِ التَّقْوَىٰ ۚ وَاتَّقُونِ يَا أُولِي الْأَلْبَابِ ۝١٩٧
Al-Hajju ashhurum ma`-loomaat; faman farada feeinnal hajja falaa rafasa wa laa fusooqa wa laa jidaala fil Hajj; wa maa taf`aloo min khairiny ya`lamhul laah; wa tazawwadoo fa inna khairaz zaadit taqwaa; wattaqooni yaaa ulil albaab
📖 Нохчийн маьӀна
Хьаьждехкаран билгалдаьхна беттанаш ду. Цу хенахь хьаьж- дихкинчунна – зудчуьнца /гергара/ юкъаметтиг хилар а‚ Iесалла а‚ къийсар а ца мега хьаьждехкарехь. Аш муьлхха а дина дика Ша хууш ма ву и Дела. Шайца сурсаташ эца некъана (хьаьждехка доьлхуш). Ткъа уггар дика сурсат – Делах кхерар ду. Сох кхера‚ хIай хьекъал дерш.
🎧 ЛадоргӀа

📜 Аят 195-199 — Аль-Бакара

195وَأَنفِقُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَلَا تُلْقُوا بِأَيْدِيكُمْ إِلَى التَّهْلُكَةِ ۛ وَأَحْسِنُوا ۛ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ
Харжаш е Делан новкъахь . Шайн куьйгашца шаьш хIаллак ма де . Диканиг де. Далла дукхабеза диканиг деш берш.
196وَأَتِمُّوا الْحَجَّ وَالْعُمْرَةَ لِلَّهِ ۚ فَإِنْ أُحْصِرْتُمْ فَمَا اسْتَيْسَرَ مِنَ الْهَدْيِ ۖ وَلَا تَحْلِقُوا رُءُوسَكُمْ حَتَّىٰ يَبْلُغَ الْهَدْيُ مَحِلَّهُ ۚ فَمَن كَانَ مِنكُم مَّرِيضًا أَوْ بِهِ أَذًى مِّن رَّأْسِهِ فَفِدْيَةٌ مِّن صِيَامٍ أَوْ صَدَقَةٍ أَوْ نُسُكٍ ۚ فَإِذَا أَمِنتُمْ فَمَن تَمَتَّعَ بِالْعُمْرَةِ إِلَى الْحَجِّ فَمَا اسْتَيْسَرَ مِنَ الْهَدْيِ ۚ فَمَن لَّمْ يَجِدْ فَصِيَامُ ثَلَاثَةِ أَيَّامٍ فِي الْحَجِّ وَسَبْعَةٍ إِذَا رَجَعْتُمْ ۗ تِلْكَ عَشَرَةٌ كَامِلَةٌ ۗ ذَٰلِكَ لِمَن لَّمْ يَكُنْ أَهْلُهُ حَاضِرِي الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
Кхочушде хьаьждехкар а‚ Iумрат а Делан дуьхьа. Шун аьтто боьхнехь /цхьана х1умано новкъарло йина/, шайн ницкъ кхочу бежана де сагIина. Шайн кортош ма даша и сагIина дийна бежана шен меттиге дIакхаччалц . Шух цхьаъ цомгуш велахь я коьртан цамгар йолуш велахь – /корта бошур бац‚ амма/ цунна дуьхьал марха кхобур ду /кхаа дийнахь/‚ сагIа лур ду /ялх мискачу стагана‚ цхьанна ах сахь луш/‚ я уьстагI буьйр бу. Шу кхерамах паргIатдевлача‚ шух цхьаммо Iумрат хьалхадаккхахь хьаьждехкарал – шена ницкъ кхочу болу бежанна урс хьакха сагIина. И ца карадахь – марха кхобур ду кхаа дийнахь хьаьждоьхкучу хенахь‚ ворхI дийнахь – цIа юхавирзича. Уьш кхоччуш итт де ду. И ду шен нах Деза Маьждигана гонахь боцчарна. Шу кхера Делах‚ шуна хаа и Дела таIзар дарехь чIогIа вуйла.
197الْحَجُّ أَشْهُرٌ مَّعْلُومَاتٌ ۚ فَمَن فَرَضَ فِيهِنَّ الْحَجَّ فَلَا رَفَثَ وَلَا فُسُوقَ وَلَا جِدَالَ فِي الْحَجِّ ۗ وَمَا تَفْعَلُوا مِنْ خَيْرٍ يَعْلَمْهُ اللَّهُ ۗ وَتَزَوَّدُوا فَإِنَّ خَيْرَ الزَّادِ التَّقْوَىٰ ۚ وَاتَّقُونِ يَا أُولِي الْأَلْبَابِ
Хьаьждехкаран билгалдаьхна беттанаш ду. Цу хенахь хьаьж- дихкинчунна – зудчуьнца /гергара/ юкъаметтиг хилар а‚ Iесалла а‚ къийсар а ца мега хьаьждехкарехь. Аш муьлхха а дина дика Ша хууш ма ву и Дела. Шайца сурсаташ эца некъана (хьаьждехка доьлхуш). Ткъа уггар дика сурсат – Делах кхерар ду. Сох кхера‚ хIай хьекъал дерш.
198لَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَن تَبْتَغُوا فَضْلًا مِّن رَّبِّكُمْ ۚ فَإِذَا أَفَضْتُم مِّنْ عَرَفَاتٍ فَاذْكُرُوا اللَّهَ عِندَ الْمَشْعَرِ الْحَرَامِ ۖ وَاذْكُرُوهُ كَمَا هَدَاكُمْ وَإِن كُنتُم مِّن قَبْلِهِ لَمِنَ الضَّالِّينَ
Шуна къа дац‚ аш шайн Делера диканаш лехча. Шаьш Iарафатера охьадаьхкича, Дела хьахаве сийдолчу машIарехь . Хьахаве И /дика/‚ Цо шу /нийсачу новкъа/ нисдаре терра‚ шу хиллехь а цул хьалха тиллабелллачарех.
199ثُمَّ أَفِيضُوا مِنْ حَيْثُ أَفَاضَ النَّاسُ وَاسْتَغْفِرُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
ТIаккха лела нах лелачухула ‚ Деле гечдар а деха. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.
Аль-БакараКуръан индекс
286Аят
MedinanRevelation
197Аят

Гочдар — Аль-Бакара 197

Сура Аль-Бакара Аят 197 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Хьаьждехкаран билгалдаьхна беттанаш ду. Цу хенахь хьаьж- дихкинчунна – зудчуьнца…

Сура Аят 197/286 — Аль-Бакара البقرة (Medinan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Аль-Бакара ЛадоргӀа, Аль-Бакара Гочдар, Аль-Бакара mp3, Аль-Бакара pdf. Аят 195–199. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers