Сура Ан-Нур
PDF —
Built right in your browser — download starts automatically
Сура Ан-Нур pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Ан-Нур pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ан-Нур Гочдар. Ан-Нур (Medinan) 64 Аят.
Related
- Ан-Нур ГочдарНохчийн
- Ан-Нур mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Ан-Нур

ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
Сурат ду Оха ша доссийна долу‚ Оха /шен хьукамаш кхочушдар/ парз дина долу‚ Оха доссийна цу чохь билгала долу аяташ – аш ойла йийр яцара-те!
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
Кхахьпа лела зуда а‚ кхахьпа лела стаг а – тоха цу шиннах хIоранна бIе гIаж. Шун ма хуьлийла цу шиннах доглазар Делан динехь ‚ нагахь санна шу хиллехь тешаш Делах а‚ эхар /догIур долчу/ дийнах а. Церан шиннан а таIзар гойла муъма нахах цхьана тобанна .
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Кхахьпа лелачу стага ялор яц кхахьпа лела зуда я /Делаца/ накъост лоцу зуда а бен‚ кхахьпа лела зуда юьгур яц кхахьпа лелачу стага я /Делаца/ накъост лоцучу стага а бен‚ – хьарам дина иза муъма нахана.
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
Оьздачу зударшна тIе бехк кхуьссуш берш /уьш нахаца лела аьлла/‚ тIаккха цара виъ теш ца валавахь – тоха царна езтIкъа гIаж. Кхин церан тешалла къобал ма делаш цкъа а. Уьш – песакъаш бу.
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
Шаьш цул тIаьхьа тōба а дина‚ дика Iамалш йинарш боцурш – тIаккха‚ баккъалла‚ Дела т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
Шайн зударшна бехк кхуьссуш берш‚ шайна тешаш боцуш‚ шаьш бен‚ – царах цхьаммо тешалла дойла Делаца доьазза‚ баккъалла а‚ ша бакълуьйчарах ма ву‚ аьлла.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
ПхоьазлагIа Делан неIалт хуьлда шена‚ нагахь санна ша хиллехь харцлуьйчарах‚ аьлла.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
Цунах (зудчух) таIзар духатухур ду цо тешалла дарца Делаца диъ тешаллица‚ баккъалла а‚ иза (и шен мар) харцлуьйчарах ма ву‚ аьлла.
ﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
ПхоьазлагIа Делан оьгIазло хуьлийла шена тIехь‚ нагахь санна и хиллехь бакълуьйчарах‚ аьлла.
ﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
Делан комаьршалла а, Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шуна тIехь‚ И Дела тōба т1ех/дукха/ къобалдийриг а‚ хьукма /нийса/ дийриг ца хиллехьара /хIаллакхир дара шу/ .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Баккъалла а, и эладита деънарш – шух цхьа тоба ма ю. Шуна ма мотталаш и шуна вон ду. ХIаъ‚ и шуна дика ду. Царах хIор стагана къинах ша карадинарг ду. Царах шена тIе цуьнан (къинан) доккханиг лаьцнарг – цунна доккха долу Iазап хир ду.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
И шайна хезча, хIунда ца моьттура муъма божаршна а‚ муъма зударшна а шайн дегнашкахь диканиг‚ цара хIунда ца элира: "ХIара билггала эладита ду-кх?"
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
Виъ теш валийнехьара цара цунна тIехь. Цара тешаш ца балабахь, – уьш бу Далла гергахь шаьш харцлуьйш берш.
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шайна тIехь дуьненахь а‚ эхартахь а‚ шу лаьцна хир дара аш тIех дийцинчохь деза-доккхачу Iазапо.
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
Аш тIе ма лоцу и шайн маттаца‚ ма дуьйцу шайн баганашца шайна шеца цхьа а Iилма доцург‚ шуна моьтту и атта ду‚ иза Далла гергахь деза-доккха ду.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
Шайна иза хезча, аш хIунда ца элира: "Тхуна мегар дац иза дийца. Вонах цIена ву Хьо ‚ ма деза-доккха эладита ду-кх хIара".
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
Дала хьоьху шуна ишттачунна тIе шу цкъа а цадерзар‚ шу муъма нах делахь.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
Дала билгалдо шуна аяташ. Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈ
Баккъалла а, ийман диллинчаьргахь боьханиг даржа лууш берш – царна лазош долу Iазап хир ду дуьненахь а‚ эхартахь а. Далла хаьа‚ шуна хаац.
ﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒ
Делан коьмаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а шайна ца хиллехьара, и Дела диканиг лууш а‚ къинхетаме а вацахьара /хIаллакхир дара шу/.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
ХIай ийман диллинарш! ШайтIанан гIулчашна тIаьхьа ма хIитталаш. ШайтIанан гIулчашна тIаьхьахIоьттинарг – баккъалла цо хьоьху боьханиг а‚ инкарло а. Шайна тIехь Делан коьмаршалла а‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара, шух цхьа а цкъа а цIанлур ма вацара. Делахь а, Дала цIанво Шена луург. Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву.
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Дуй ма боийла шух шегахь коьмаьршалла а‚ хьал а долчо гергарчарна а‚ мискачарна а‚ Делан новкъахь дIакхелхиначарна а /сагIа/ лур дац, алий. КъинтIера болийла уьш‚ бехказбохийла цара. Шуна ца деза Дала шайна гечдар? Дела т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
Баккъалла а, оьздачу‚ /шайна боьханиг/ ца девзачу муъма зударшна бехк кхуьссуш берш – дуьненахь а‚ эхартахь а неIалт аьлла царна‚ царна деза-доккха Iазап а хир ду.
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
Оцу /къемат/дийнахь тешалла дийр ду царна тIехь церан меттанаша‚ церан куьйгаша а‚ церан когаша а цара лелош хиллачуьнца.
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
Оцу дийнахь Дала бийр бу царна хьакъ-бакъ болу бекхам. Царна хууш ду и Дела Ша вуйла билгала бакъдерг.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Боьха /лела/ зударий – боьхачу божаршна‚ боьха /лела/ божарий – боьхачу зударшна. ЦIена /лела/ зударий – цIеначу божаршна‚ цIена /лела/ божарий – цIеначу зударшна. Уьш /Iаишат и саннарш/ цIена бу цара дуьйцучух. Царна гечдар а ду‚ сийлахь рицкъ а ду.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
ХIай ийман диллинарш! Шу чу ма гIолаш шайн доцчу цIеношка бакъо а ца йоьхуш‚ церан дайшка салам ца луш. Иза шуна дика ду /шу ц1еххьана царна чу г1очул/. Аш ойла йийр яцара-те?
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
Шуна ца каравахь цу чохь (цу нехан цIеношкахь) цхьа а – чу ма гIолаш шайна пурба даллалц. Шайга "Юхадерза" алахь – юхадерзалаш /чу ца гIош/. Иза вуно а цIена ду шуна. И Дела аш дийриг хууш ву.
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
Къа дац шуна нах бēхаш боцчу, шуна оьшу хIуманаш / я пайда болчу/ цIеношна чу шу даха. И Дела хууш ву аш гучудоккхуриг а‚ аш д1ахьулдийриг а.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Ахь āла /х1ай Мухьаммад/ муъма нахе охьатухийла цара шайн хьēжар ‚ шайн эвхье меженаш ларйойла цара . Иза вунō а цIена ду царна. Баккъалла а, Дела дика девзаш ву цара дийриг.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
Ахь āла муъма зударшка охьатухийла цара шайн хьēжар‚ ларйойла цара шайн эвхье меженаш‚ ма гойтийла цара шайн хазнаш цунах гучахь ерг бен‚ цара тIе кхуссийла шайн кхоллар шайн некхийн гонахьа. Цара ма гойтийла шайн хазнаш шайн марошка‚ я шайн дайшка‚ я шайн маройн дайшка‚ я шайн кIенташка‚ я шайн маройн кIенташка /кхечу зударша бина болу/‚ я шайн вежаршка‚ я шайн вежарийн кIенташка‚ я шайн йижарийн кIенташка‚ я шайн /хьалхахь гIуллакх деш болчу/ зударшка‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначаьрга ‚ я тIехьоьжуш болу шайн шовкъ дIаялла болу божаршка‚ я зударийн эвхье меженашка ца хьоьжучу берашка а бен. Шайн когаш ма беттийла цара шаьш хьулдина шайн хазалла довзийтархьама. Тōба де Деле массара а‚ хIай муъма нах‚ шу даккхийден тарло.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
Зударий бāлабе шайх жера-божаршна а‚ шайн лēх дикачарна а‚ маре ло шайн лай-зударий . Нагахь уьш миска хилахь, – Дала хьал лур ду царна шен коьмаршаллах. Дела тIех комаьрша ву /Шен луучунна шортта рицкъ луш/‚ хууш ву.
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Юхаозалуш хуьлийла /нахаца леларх/ шайна зуда ялор /маре бахар/ ца нисбелларш Дала шайна Шен комаьршаллах хьал даллалц. Шун аьтту куьйгаша доладиначарах азат бāла язбала лууш берш – язбе уьш, нагахь санна шуна хаалахь цу чохь диканиг. ДIало царна Делан бахамах‚ Цо шуна белла болчу. Ма теIабелаш шайн мехкарий кхахьбаллина тIе‚ царна лиънехь цIена хила‚ аш дуьненан дахаран хиламаш (бахам) лоьхуш. Уьш тIетеIош верг /кхахьбаллина - цунна та1зар дийр долуш ду Дала/... Дела уьш /ницкъа/ тIетеIабиначул тIаьхьа /цу зударшна/ гечдеш а ву‚ къинхетаме а ву.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
Ōха доссина шуьга /массо х1ума/ билгалдоху аяташ а‚ шул хьалха баханчеран /дāхаран/ масал а‚ /Делах/ кхоьручарна хьехам а.
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
Дела–стигланийн а‚ лаьттан а нур ду. Цуьнан нур пенан юкъах тера ду, шена чохь чиркх болчу. Чиркх шишана чохь бу. Шиша /нур/ лепачу седах тера ду. Беркатечу зайт-диттан /даьттанах/ латабо и (чиркх). Малхбалехь а‚ малхбузехь а дац и (дитт-яьссачу арахь ду, гуттар малх кхетарца шен стоьмаш сиха а, хаза а мадлуш). Даьтта герга ду къага шех цIе хьакхаелла яцахь а. Нур тIехь а нур ду . Нисво Дала Шен нур тIе Шена луург . Дāладо Дала масалш нахана. И Дела массо а хIума хууш верг ву.
ﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐ
/И нур ду Делан/ цIеношкахь (маьждигашкахь), Дала шаьш /сийдеш/ айда а, шайна чохь Цуьнан цIе хьехаян а магийна долчу. Царна чохь Далла тасбихь (ламазаш) до Iуьйранна а‚ суьйранна а -
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
/муъма/наха, шаьш йохк-эцаро юкъахбохур боцуш Дела хьехорах а‚ ламаз хIотторах а, закат даларах а. Уьш кхоьру /къемат/дийнах‚ шен /ирчаллих нехан/ дегнаш а‚ бIаьрса а детталур долчу.
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
Дала шайна бекхам бархьама шаьш дийначух уггар хазачуьнца‚ Цо шайна совдаккхархьама Шен комаьршаллах. И Дела рицкъ луш ву Шена луучунна, хьесап а доцуш.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
Цатешнарш – церан Iамалш шерачу арахь /хIуттучу/ йилбазгIалах тера ю: хьогах волчунна и хи ду метта‚ и цунна тIевахча, – и хIумма ца карайо цунна. Цунна караво Дела шена гергахь – Цо кхочушдо цуьнан хьесап (шен Iамалашка хьожий Дала бекхам бо цунна). И Дела хьесап дарехь сиха верг ву.
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Я /Делах цатешачеран 1амалаш/ тера ю кIоргачу хIоьрда чохь болчу боданах‚ ша хьулбеш болчу толгIано. Цунна тIехула толгIа ю‚ цунна тIехула марха ю. Боданаш ду цхьадерш вукхарна тIехь‚ цо шен куьг арадеккхича, – цунна и ган ца туьгу. Дала шена нур ца диначунна цхьа а нур дац.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
Хьуна ца хиъна и Дела хилар Шена тасбихь деш стигланашкахь а‚ латтахь а мел волчо‚ могIаршца /тIама деллачу/ олхазарша а? ХIоранна хиъна шен ламаз а‚ шен тасбихь а. И Дела хууш ма ву цара дийриг.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Деле ду дIадерзар а.
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚ
Хьуна ца гина Дала д1алохку мархаш‚ тIаккха тIегулйо уьш‚ тIаккха Цо уьш хуьлуьйту тIеттIа /барз/‚ хьуна го догIа церан юккъехула схьадолуш‚ Цо доссадо стиглара /мархийн/ лаьмнаш‚ шайна чохь тIкъес йолуш. Шена луучунна туху Цо и‚ Шена луучух юха дIахьавзайо. ТIкъесан нуро /нехан/ бIаьрса дIахьош лаьтта.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
Харцайо Дала буьйса а‚ де а. Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу бIаьрса долчарна.
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
Дала кхоьллина массо а дийнат хих. Царах шен гай тIехь леларг ду‚ царах шина кога тIехь леларг а ду, царах деа кога тIехь леларг ду. Кхуллу Дала Шена луург. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочург ву.
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
Ōха доссина май билгала долу аяташ. Дала нисво Шена луург нийсачу новкъа.
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
Цара (мунепикъаша) ōлу: "Тешна тхо Делах а‚ элчанах а‚ муьтIахь а хилла тхо". ТIаккха дIайоьрзу /бакъдолчу динах/ царах цхьа тоба цул тIаьхьа – уьш муъма нах бац!
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
Шаьш Далла а‚ элчанна а тIе кхайкхича шайн юккъехь хьукма дан – царах цхьа тоба дуьхьалйолу.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
Шайна хилахь бакъо – цунна тIе богIу уьш, муьтIахь хуьлий.
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
Церан дегнашкахь цамгар ю-те‚ я шекбевла-те уьш‚ я кхоьру-те уьш Дала а‚ Цуьнан элчано а шайца нийсо ца ян? ХIаъ! Уьш зуламхой бу!
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
Баккъалла а, муъма нехан дош хили шаьш Далла а‚ Цуьнан элчанна а тIе кхайкхича шайна юккъехь хьукма дан, цара āлар: "ЛадоьгIна ōха‚ муьтIахь хилла тхо". Уьш бу баккхийбен берш!
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг‚ Делах кхоьруш верг‚ Цуьнца вочух ларлуш верг – уьш бу толам баьккхинарш!
ﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙ
Делах биира цара шайн чIогIа дуйнаш ахь шайга омра дича, арадовлур ду шаьш‚ бохуш. Ахь āла: "Аш дуйнаш ма баа! МуьтIахь хилар дика дара /шуьгара /. Баккъалла а, Дела дика хууш ву аш дийриг".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "МуьтIахь хила Далла‚ муьтIахь хила элчанна!" Уьш дIаберзахь, цунна шена тIе диллинарг ду‚ шуна – шайна тIе диллинарг ду. Цунна /элчанна/ муьтIахь шу хилахь – шу нийсачу новкъахь ду. Элчанна-м тIехь дац билгала дIакхачор бен.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
Дала ваIда дина шух ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а Ша тIаьхье лур ю царна лаьттахь‚ аьлла‚ Ша царал хьалха хиллачарна яларах терра‚ Ша чIагIдийр ду царна шайн дин‚ Ша цунна царна реза хилла волу‚ Ша царна церан кхерамал тIаьхьа тешам лур бу (кхерамазалла лур ю)‚ аьлла. Цара Суна Iибадат дийр ду‚ цхьа а хIума хуьлуьйтур яц Суна накъосталла дан. Цул тIаьхьа керста хилларг – уьш бу песикъаш!
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
Аш хIоттаде ламаз‚ ло закат‚ шу муьтIахь хила элчанна – шух къинхетам бан мегара.
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
Хьуна ма мотталахь и цатешарш /Тхан шайна т1ехь/ ницкъ боцуш бу лаьттахь (дуьненан дахарехь). Церан чугIойла – цIе ю. Ма вон дIадерзар ду-кх и!
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
ХIай ийман диллинарш! Шуьга пурба доьхийла кхузза шун аьтту куьйго доладиначара а‚ шух кхиъна ца ваьллачо а‚ сатасаран ламазал хьалха а‚ шаьш делкъахь бедар йоккхучу хенахь а‚ пхьуьйр-ламазал тIаьхьа а – шун кхо Iоврат /йолу хан ю иза/. Шуна а‚ царна а къа дац царал (цу хенал) тIаьхьа /чу бан/. ТIехьоьжуш бу шуна шух цхьаберш вуккхарна. Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ. И Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
Шун бераша кхиъна баьлча, пурба доьхийла цара шайл хьалхалерачара дехарах терра. Иштта билгалдоху Дала шуна Шен аяташ. Дела хууш верг а ву‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
Зударех къанбелларш‚ маре баха дог дохуш боцу – царна къа дац шайн /тIехула йолу/ бедарш д1аяхарах ‚ хазалла гучудоккхуш бацахь. Уьш оьзда хилча, – царна дика ду. Дела хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
БIаьрса доцчунна къа дац‚ астагI волчунна къа дац‚ цомгуш волчунна къа дац‚ шуна шайна а /къа/ дац аш /хIума/ яарах шайн цIеношкара‚ я шайн дайн цIношкара‚ я шайн нанойн цIеношкара‚ я шайн вежарийн цIеношкара‚ я шайн йижарийн цIеношкара‚ я шайн ден вежарийн цIеношкара‚ я шайн ден йижарийн цIеношкара‚ я шайн ненан вежарийн цIеношкара, я шайн ненан йижарийн цIеношкара‚ я шайн /цIенойн/ догIанашна аш доладечеран /цIеношкара/‚ я шайн доттагIчун /цIеношкара/. Дац шуна къа аш /хIума/ яарах цхьаьна‚ я шаьш-шаьш. Шаьш цIеношна чу доьдуш, салам ло вовшашка Делан гергара беркате а‚ цIена а хиллачу маршаллица. Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ – шу хила мегара кхетаме.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Баккъалла а, муъма нах бу шаьш тешнарш Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ шаьш цуьнца (Делан элчанца) долуш цхьана юкъара гIуллакхна тIехь дIа ца боьдуш берш цуьнга пурба дехна а бен. Баккъалла а, и хьоьга пурба доьхурш – уьш бу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешаш берш. Цара хьайга пурба дехча шайн цхьацца гIуллакхна‚ пурба ло царах хьайна луучунна‚ гечдар а деха царна Деле. Баккъалла Дела гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
Аш ма де элчане кхайкхар шайна юккъехь шайх цхьаболчеран вукхарга кхайкхарах тера . Далла бевзаш бу шух лачIкъа буьйлурш . Ларлойла и цуьнан (элчанан) омрана хилпало йеш берш питана (дуьненан бала) шайх хьарчарах‚ я /эхартан/ лазош долу Iазап шайх хьарчарах.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
Ткъа Делан дац стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг?! Цунна хаьа шу Шена тIехь дерг. Уьш Шена тIеберзинчу /къемат/ дийнахь Цо цаьрга дуьйцур ду цара дийнарг. И Дела массо а хIума хууш верг ву.
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







