PDF —
93 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Ан-Намль pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Ан-Намль pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ан-Намль Гочдар. Ан-Намль (Meccan) 93 Аят.



93 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘ
ТIа. Сūн . ХIорш ду Къуръанан – билгалчу жайнин аяташ,
ﭙﭚﭛﭜ
шаьш нийса некъ а‚ муъма нахана кхаъ а хилла болу.
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
Уьш бу шаьш ламаз а хIоттадеш (шаьш дан ма-деззара ламаз деш)‚ закат а луш‚ уьш эхартах /ч1ог1а/ тешаш бу.
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Баккъалла а, эхартах ца тешаш берш – Оха хазйина царна шайн Iамалш, т1аккха уьш /шайн тилар чохь/ б1аьрзе дIасауьдуш бу.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Уьш бу шайна /дуьненахь – байарца, йийсаре барца/ чIогIа та1зар хин дерш, эхартахь-м уьш хир бу вуно тIех эшаме хилларш.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
Баккъалла а, /хIай Мухьаммад/ хьоьга луш ду Къуръан Ша хьекъале а‚ хууш а волчуьнгара.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Мусас ма элира шен доьзале : "Суна хааели-кх цIе‚ со шуна тIевогIур ву цунах цхьа хабар я догуш долу хаьштиг дахьаш шу дохдалийта".
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
Иза (Муса) цига веъча‚ цуьнга кхайкхам хилира: "Декъала хили цIергахь верг а‚ цунна гонахь верг а ‚ вонах цIена ву Дела – Iаламийн Да.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
ХIай Муса! Баккъалла а, Со сийлахь-веза а, Шегахь хьекъалалла долу а Дела ву.
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
Охьакхосса хьайн Iаса". Шена иза (Iаса) гича етталуш, текхарг санна‚ и (Муса) дIаведира‚ юха а ца вирзира. "ХIай Муса! Ма кхера. Ца кхоьру Суна гергахь элчанаш
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
зулам динарш а бен. ТIаккха цо ша динчу вонан метта диканиг дахь, – тIаккха баккъалла а, Со т1ех гечдийриг а‚ къинхетам бийриг а ву-кх.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
Че дилла хьайн куьг – ахь схьадоккхур ду иза кIайделла, цхьа а лазам а боцуш‚ ФирIавне а‚ цуьнан къоме а лун долчу исс /Iаламатех/ /цхьаъ ду и/. Баккъалла а, уьш хили песикъ къам ".
ﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
Шайга къеггина гуш долу Тхан аяташ даьхкича‚ цара (Фир1авна а, цуьнан наха а) элира: "ХIара билгала бозбуунчалла ду!"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
Зулам дарца а‚ кураллица а керстадира цара (песикъаша) царна (аяташна)‚ шаьш /дагца/ тешнехь а, /уьш Делера хиларах/. Хьажал‚ муха хилла телхина х1уманаш деш болчеран чакхе?
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮ
Оха делира Давуде а‚ Сулеймане а Iилма. Цу шиммо элира: "Хастам бу Далла‚ Ша тхо даздинчу дукха болчу Шен тешаш болчу лех".
ﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
Сулеймана ийцира Давудан ирс‚ цо элира: "ХIай нах! Тхуна Iамийна олхазарийн мотт‚ тхуна делла массо а хIуманах /ниIматаш/. Баккъалла а, иза билгала дозалла ду-кх".
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
Гулдира Сулейманна т1е жинех а‚ адамех а‚ олхазарех а долу цуьнан эскар – уьш (эскарш) ч1ог1ачу низамца д1анисдира.
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
Уьш зингатийн тог1ене кхаьчча‚ нана-зингато элира: "ХIай зингаташ! Чудовлалаш шайн х1усамашка (баннашка)‚ шу хьеша ма хьешахьара Сулеймана а‚ цуьнан эскаро а‚ шайна хаа ца луш".
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
Из (Сулайман) велакъежира цуьнан (зингатан) дашах, элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь суна таро лолахь Айхьа суна а‚ сан дена - нанна а делла долчу Хьайн ни1матна хам бан а‚ Хьо шена реза волу дика Iамал ян а. Со дIатохалахь Хьайн къинхетамца Хьайн дикачу лех".
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨ
Иза волавелира олхазаршка хьēжа‚ тIаккха элира: "Суна х1ун хилла? ХIуттут ца го суна‚ я йоцучарах хили иза?"
ﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
"Ас Iазап данза дуьтур ма дац цунна, чIогIа Iазап‚ я ас урс хьокхур ма ду цунна‚ я суна /ша бехке цахиларан/ цхьа билгала делил далор ма ду цо".
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
Жимма хан яьлча, цо /еъначу хIуттуто/ элира: "Суна хиира хьуна ца хиънарг‚ ас беана хьуна Сабаъара бакъболу хаам.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
Баккъалла а, суна карийна /цхьа/ зуда‚ ша царна (цигарчу нахана) тIехь паччахьалла деш йолу‚ цунна делла массо а хIуманех (паччахьалла‚ ниIмат‚ беркат‚ хазалла…), цуьнан сийлахь-йоккха Iарш а ю.
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮ
Суна карийна иза а‚ цуьнан къам а‚ Дела а витина, малхана сужуд деш. Хазйина царна шайтIано церан Iамалш‚ цо дIатилина уьш /нийсачу/ некъах – уьш нис ца ло (уьш нийсачу новкъа ца бовлу).
ﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
(И до Иблисо) цаьрга сужуд ца дайта Ша стигланашкахь а ‚ лаьттахь а хьулделларг Iорадоккхуш волчу Далла‚ Шена хууш волчу аш къайладоккхург а‚ аш гучудоккхург а.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
АллахI (ц1е йолу цхьа) Дела ву‚ кхин дела вац‚ Иза воцург‚– сийлахь-йоккхачу Iаршан Да ву/Иза/".
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
Цо (Сулеймана) элира (х1уттуте): "Вай хьовсур ду‚ бакъ лийна-техьа хьо‚ я харцлуьйчарах хилла – те хьо?
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
Хьада‚ хIара сан кехат эций дIагIо (сабиинашна т1е)‚ царна хьалха кхосса иза‚ тIаккха царна юьстахъяла (юьстах а ялий, д1ах1отта)‚ хьажа‚ цара хIун юхадерзадо(х1ун жоп ло цара)".
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
Цо (зуда-паччахьа) элира: "ХIай элийн тоба! Баккъалла а, соьга кхоьссинера (кхаьчна) сийлахь долу кехат.
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
Баккъалла а, иза ду Сулейманера‚ цо /дуьйцу-кх/: "Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца .
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
Шу сол лакхадовла ма гIерта‚ суна тIе дуьйла, муьт1ахь а хилий (Дела цхьаъ веш)".
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
Цо (Билкъис-паччахьа) элира: "ХIай элийн тоба! Сацам бе суна сан гIуллакха тIехь. Со ца хилла-кх цхьанна а г1уллакха т1ехь (сайгара) сацам беш ‚ шу тешаш долуш бен (шух дагайолуш бен)".
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
Цара (элийн тобано, цунна жоп а луш) элира: "Вай ницкъ болуш а ду‚ чIогIа хьуьнар долуш а ду‚ ткъа гIуллакх хьоьгахь ду-кх. Хьажахь ткъа‚ хIун омра до ахь -/оха кхочушдийр ду иза/".
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Цо (Билкъиса) элира: "Баккъалла а, паччахьаша шаьш юьртана (махкана) чубаьхкича‚ йохайо иза‚ цуьнан охIлах сийлахь берш сийсазбоху цара. Иштта до цара.
ﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
Баккъалла а, ас дохьуьйту царна (СулеймангIарна) совгIат‚ тIаккха хьожур ю‚ стенца юхабоьрзу бахийтинарш (х1у дахьаш юхабог1у уьш)".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
Иза (Билкъиса ваийтинарг) Сулейман волчу веъча‚ цо (Сулеймана) элира: "Со даьхница хьал долуш во аш? Дала суна делларг тоьлуш ду Цо шуна деллачул а‚ делахь а, шу шайн совгIатаца даккхийдеш ду-кх!
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Юхаверза царна тIе‚ тхо догIур ду царна тIе эскарца‚ шеца уьш ларалур боцчу‚ Оха арабохур бу уьш цу чуьра (шайн махкара), сийсаза а хилла‚ уьш кIелбуьсур бу".
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Цо (Сулеймана) элира: "ХIай элийн тоба! Шух муьлха вогIур вара суна тIе цуьнан (Билкъисан) Iарш яхьаш, уьш суна тIе бахкале, муьт1ахь а хилла?"
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
Жинех уггар /нуьцкъала/ долчу Iифрито элира: "Со догIур ду хьуна тIе цуьнца (1арш дахьаш)‚ хьо хьайн меттигера хьалагIаттале. Со цу тIехь нуьцкъала а‚ тешаме а ду".
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘ
Шегахь жайнин Iилма долчо элира: "Со вогIур ву хьуна тIе цуьнца (1аршаца)‚ ахь бIаьрганегIар тохале". Шена иза (Билкъисан Iарш) гича‚ шена хьалхахь лаьтташ‚ цо (Сулеймана) элира: "ХIара сан Кхиош-Кхобучун дозаллах ду‚ Цо со зерхьама‚ баркалла олу ас я инкарло йо (Делан ни1матана). Баркалла олучо – цо шена (пайденна) олуш ду‚ инкарло йечо - баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург хьал долуш а ву‚ коьмарша а ву (цхьангара а х1умма а оьшуш вац)".
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
Цо (Сулаймана) элира: "Хийцам бе цунна (Билкъисана) цуьнан 1аршехь (паччахьан г1анта т1ехь)‚ вай хьовсур‚ евзий цунна иза (1арш)‚ я хир ю-те иза и ца евзачарах".
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
Иза (Билкъис) еъча, элира /цуьнга/: "Иштта юй хьан Iарш?" Цо элира: "Иза йолчух тера ю хIара". /Сулеймана элира шена Билкъисехь Iилма дуйла хиъначул тIаьхьа/: "Тхуна Iилма деллера цунчул (Билкъисначул) хьалха‚ тхо муьтIахь а хилира /Далла/".
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
Иза (Билкъис) сацийра /цхьана Далла Iибадат дечух/ цо, Иза а витина, кхечунна Iибадат даро . Баккъалла а, иза ма яра цатешачу къомах.
ﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜﰝﰞﰟﰠﰡﰢﰣﰤ
Элира цуьнга: "Чоьхьаяла гIалина!" Шена иза (г1ала) гича‚ цунна моттаделира иза алссам хи ду‚ т1аккха цо шен настарш гучуехира. Цо (Сулеймана) элира: "Баккъалла а, иза гIала ю къегинчу аьнгалех йина". Цо (Билкъиса, Сулайманан ницкъ боккха буй а хиъна) элира: "Со Кхиош-Кхобург‚ бакъалла а, ас зулам дина ма хилла сайна . /Х1инца/ муьт1ахь хили со Сулейманца цхьаьна /цунна т1аьхьаязарца цхьаъ волчу/ Далла – Iаламийн Дена".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
Оха вахийтира Самудашка церан ваша Салихь‚ Далла Iибадат де‚ аьлла – уьш‚ ши тоба а хилла‚ къийса буьйлабелира.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
Цо (Салихьа) элира: "Х1ай сан къам! Шу хIунда сихло вониг /дарца/ диканиг /дарал/ хьалха? Гечдар дехахьара аш Деле‚ шух къинхетам бан там бара".
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Цара элира: "Хьо а‚ хьоьца цхьаьна (тешаш) берш а бахьанехь тхуна вон билгалонаш хааелла". Цо (Салихьа) элира: "Шун дāкъа (диканиг я вониг) Делехь ду. ХIаъ‚ шу ду-кх (Дала диканца а, вочуьнца а) зуьйш долу къам".
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
Цу гIалахь хиллера исс стаг‚ лаьттахь боьханиг даржадеш волу‚ диканиг а ца деш .
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
Цара (цу иссаммо) элира: "Вовшашна Делах дуйнаш баа: вай буьйсана (ц1еххьана) т1елетар ду цунна (Салихьна) а‚ цуьнан доьзална а (бойъур бу уьш берриге а)‚ тIаккха эр ду вай цуьнан верасе : "Тхо дацара цуьнан доьзал хIаллакхуьлучохь ‚ тхо бакъдерг дуьйцуш ма ду".
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
Мекарло йира цара‚ Оха йира /церан мекарлонна дуьхьал/ мекарло‚ царна хаа а ца йелира (иза).
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
Хьажал‚ муха хилла церан мекарлонан тIаьхье: Оха х1аллакбира уьш (иссе) а‚ церан къам а – берриге.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
ХIорш ду церан цIенош‚ доьхна лаьтташ‚ цара зулам дина хиларна. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх шаьш хууш болчу нахана.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
Оха кIелхьарбехира ийман диллина хилларш а‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш а.
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
ЛутI а /вахийтира Оха шен къомана тIе/‚ цо шен къоме ма элира: "Боьханиг лелор ду ткъа аш, шайна гуш долушшехь? (И боьха хилар).
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
Шу оьху ткъа божарашна тIе безамца‚ зударий буьтий ? ХIаъ‚ шу ду-кх (Делан дозанаш ца девзаш) бодане (оьзда доцу) къам".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
Ца хилира цуьнан къоман дала жоп‚ шаьш āлар бен: "Арабаха ЛутIин доьзал шайн юьртара. Баккъалла а, уьш ма бу цIанбала гIерташ болу нах".
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цуьнан /цхьа/ зуда йоцург – цуьнан кхоллам /1азапехь/ бухабуьсучаьрца хилийтира Оха.
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
Оха делхира царна тIе (т1улгийн) догIа – ма вон хилира шайна кхерам тесначарна и догIа.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
Ахь āла /хIай Мухьаммад/: "Хастам бу Далла‚ салам ду Цуьнан лешна‚ Цо хаьржина хиллачарна. И (Аллах1 ц1е йолу цхьа) Дела тоьлу‚ я цара /Цуьнца/ лаьцна накъостий тоьлу?
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
Я мила ву Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг‚ шуна стиглара хи а даийтинарг ? Оха йовлийтина цуьнца (догIанца) бошмаш‚ шайца хазалла а йолуш‚ аш ма долуьйтур дацара цуьнца (цу дог1анца) цу чохь (бошмашкахь) дитташ. Тъа кхин дела вуй /цу/ АллахIаца цхьаьна ? ХIаъ‚ уьш бу нах‚ /Делаца шаьш кхоьллина болу деланаш/ нисбеш.
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Я мила ву Ша латта хилийтинарг (адмашна а, кхийолчу х1уманашна а) 1ен меттиг хилла‚ юккъехула хин татолаш дахийтинарг‚ цу тIехь лаьмнаш х1иттийнарг‚ шина хIорда юккъехь дуьхьало йинарг? Кхин дела ву АллахIаца цхьаьна? ХIаъ‚ царах дукхахберш ца хууш бу-кх.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Я мила ву Ша жоп луш верг г1орасиз волчунна, цо Шега дехча‚ и зулам дIадоккхуш верг‚ шух хуьлуьйтуш верг лаьттан дай? Кхин дела ву АллахIаца цхьаьна? Ма кIеззиг ойла йо-кх аш!
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
Я мила ву Ша шу нисдеш верг аренан а‚ хIордан а боданашкахь‚ Ша мехаш оьхуьйтуш верг кхаъ бахьаш /догIа доуьйтур ду, аьлла/ Шен къинхетамал (дог1анал) хьалха? Кхин дела ву АллахIаца цхьаьна? Лакхавели Дела цара /Шеца/ накъост лацарх.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
Я мила ву Ша (юьхьанца) кхоллар долош верг ‚ тIаккха иза карладоккхург ‚ мила ву шуна рицкъ луш верг стиглара а‚ лаьттара а? Кхин дела ву АллахIаца цхьаьна? Ахь āла: "Даладе шайн делил‚ шаьш хиллехь бакълуьйш".
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
Āла /цаьрга, х1ай элча/: "Ца хаьа стиглахь волчунна а‚ лаьттахь волчунна а къайлахь дерг, Ша Дела воцчунна". Царна хаалур дац, шаьш маца дендийр ду.
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
ТIекхиъний церан хаарш эхартана? ХIаъ‚ уьш шеконехь бу цунах. ХIаъ‚ уьш цунах бIаьрса дайна бу.
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Элира цатешначара: "Тхох а‚ тхан дайх а латта хилча‚ тхо арадохур долуш ду /кешнашкара, ден а дина/?
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
Ва1да йинера кхуьнца тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха а. Иза-м хьалхалерачеран туьйранаш бен дац".
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Д1асалела лаьттахула‚ хьовса‚ муха хилла къинош диначеран тIаьхье".
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
Ахь са ма гаттаде царна‚ ма хила халонехь цара йечу мекарлонех (цара лелочу вонех).
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
Цара олу: "Маца хир ю и ваIда, шу бакълуьйш хиллехь".
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
Ахь āла: "Шуна т1ехьахь хила тарло цхьацца аш сихдеш дерш".
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
Баккъалла а, хьо Кхиош-Кхобург Шегахь комаьршалла йолуш ма ву нахана‚ делахь а, царах дукхахболчара баркалла ца олу-кх.
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
Баккъалла а, хьо Кхиош-Кхобург Ша хууш ву-кх церан дегнаша хьулдеш дерг а‚ цара гучудоккхуш дерг а.
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
Дац цхьа а къайлаха дерг стиглахь а‚ лаьттахь а билгалчу жайни чохь /яздина/ долуш бен.
ﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑ
Баккъалла а, хIокху Къуръано дуьйцу Исраилан кIенташна шайн шена чохь хилпало йолчух дукхахдерш.
ﭑﭒﭓﭔﭕ
Баккъалла а, иза нийса некъ а‚ къинхетам а бу муъма нахана.
ﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь Шен хьукмаца. Иза веза верг а ву‚ хууш верг а ву.
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
Хьо тIетовжа Далла. Баккъалла а, хьо билггалчу бакъдолчунна тIехь ма ву.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
Баккъалла а, ахь /хIумма а/ хозуьйтур дац беллачарна‚ ахь кхайкхар хозуьйтур дац къора болчарна, уьш юхабевлича.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
Хьо ма вац бIаьрзенаш шайн тиларх нисбеш верг. Ахь хозуьйтур ду деккъа Тхан аятех тешаш болчарна – тIаккха уьш бу (Далла) муьт1ахь берш .
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
Царна дош тIедоьжча (ийман ца диллича, шайна 1азап хир ду аьлла ва1да кхочушхилча)‚ Оха лаьттан кийрара схьадоккхур ду царна цхьа дийнат‚ цо цаьрца къамел дийр ду, нах Тхан аятех тешаш ца хилла, аьлла.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
/Ахь хьахаде/: оцу (Къемат) дийнахь Оха гулйийр ю хIор умматах Тхан аяташ харцдеш хиллачарах цхьацца тоба–т1аккха уьш совцор бу(т1аьхьарнаш хьалхарчарна т1екхиъалц, т1аккха берриге а хьесап дан д1алохкур бу).
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
ТIаккха уьш /хьесап дечу меттиге/ баьхкича‚ /Дала/ эр ду: "Аш харцдира Сан аяташ? Шу ма дацара шайгахь /уьш харцдан/ Iилма долуш а. Я хIун Iамал йеш хиллера шу?"
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
ТIедуьйжира царна /Iазап бакъхиларан/ дош цара шайгара зулам далийтарна ‚ уьш бист ца хуьлуш буьсур бу .
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
Царна ца гина-те Оха кхоьллина хилар буьйса‚ шена чохь цаьрга садаIийта‚ де а серлонна ? Баккъалла а, цу чохь билгалонаш ма ю тешаш болчу нахана.
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
Оцу дийнахь зурмана чу х1уп эр ду (Исрафил-малико) – 1адор ву (кхеравелла) стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а, Далла лиънарг воцург . Берриге а Цунна тIе богIур бу, муьт1ахь а хилла.
ﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔ
Хьуна гур ду лаьмнаш‚ хьуна шаьш меттахдовлуш дац аьлла хеташ долу, дIасалелаш, мархаш санна – Делан кхолларца ду иза‚ Ша массо а хIума кхачам боллуш кхоьллинчу. Баккъалла а, Иза аш дийриг дика хууш верг ву-кх.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
Дикачуьнца веънарг – цунна цул диканиг /ша деъначух/ хир ду‚ уьш кхерамах оцу (къемат) дийнахь маьрша хир бу.
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
Вонаш дахьаш баьхкинарш – яьххьаш цIаре ерзийна хир ю церан. Шаьш йеш хиллачу Iамалашца бен бекхам хир буй шуна?
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
/Ахь ала, х1ай Мухьаммад/: «Соьга омра дина хIокха /Макка/ гIалин Дена Iибадат де аьлла‚ Ша иза хьарам йина йолчу. Цуьнан ду массо а хIума а. Соьга омра дина со муьт1ахь хиллачарах хила‚ аьлла.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Къуръан деша аьлла а». Нисвелларг /цу КIуръана тIе/ иза нислуш ву шена. Тилавелларг - ахь цуьнга āла: "Со кхерам тосучарах ву ".
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
Ахь āла: "Хастам бу Далла. Цо гойтур ду шуна Шен аяташ – тIаккха шуна уьш девзар ду. Хьан Кхиош-Кхобург ма вац аш дийриг тидаме ца оьцуш".

Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers