Сура Аль-ДжумугӀа pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-ДжумугӀа pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-ДжумугӀа Гочдар. Сура Аль-ДжумугӀа (Medinan) 11 Аят.
Related
- Сура Аль-ДжумугӀа ГочдарНохчийн
- Сура Аль-ДжумугӀа mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-ДжумугӀа

ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
62:1
Ша паччахь волчу‚ Ша /массо а кхачамбацарех/ ц1ена волчу‚ Ша веза волчу‚ Шегахь хьикмат долчу Далла тасбихь деш ду стигалшкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
62:2
Иза ву Ша ваийтинарг йоза ца хуучу нахехь царна шайна юккъера элча‚ цо царна дуьйцуш Цуьнан аяташ‚ уьш цIанбеш‚ царна Iамадеш жайна а‚ хьикмат а‚ уьш хьалха хиллехь а ган а гуш долчу тиларчохь.
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
62:3
/Нахах/ кхечарна а /дуьйцу цо Делан аяташ/, шаьш царах (хьалха Мухьаммад-пайхамарна гонах хилла болчарах) ца кхиъна болчу. Иза веза верг а ву‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
62:4
Иза Делан дозалла (сий) ду‚ Цо ло иза Шена луучунна. Дела Шегахь сийлахь-доккха дозалла долуш ву.
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
62:5
Шайна тIе Таврат диллинчеран ‚ тIаккха иза д1а ца дихьинчеран масал ду жайнаш хьочу виран масалх тера. Вон ду-кх Делан аяташ харцдинчу къоман масал. Дала нис ца бо зуламе нах.
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
62:6
Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "ХIай жуьгтий (-н динехь) хилларш! Шу моьттуш делахь шаьш Делан доттагIий ду /кхин/ нах боцуш, – шуна дала лаал, шаьш бакълуьйш хиллехь ".
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
62:7
Иза цкъа а луур дац царна, шайн куьйгаша хьалха а даьккхина. Дела бевзаш ву зуламхой.
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
62:8
Ахь āла: "Шу шех довдуш долу и валар дуьхьалкхетар ду шуна. ТIаккха шу дIадерзор ду къайлаха дерг а‚ гучохь дерг а хууш волчуьнга (Далла тIе). ТIаккха Цо д1адуьйцур ду шуьга аш деш хилларг".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
62:9
ХIай ийман диллинарш! Шайга кхайкхича ламазе пIерасканан дийнахь, сихло Дела хьехо /рузбан ламазе/‚ йита йохка-эцар. Иза дика ду шуна, шу хууш хиллехь.
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
62:10
Ламаз кхочушхилча, – д1асадаржа лаьттахула‚ леха Делан ниIмат . Аш хьехаве Дела дуккха а - шу даккхийдедайта.
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
62:11
Шайна йохка-эцар я синкъерам гича, цунна тIе боьрзу уьш‚ хьо вуьту цара хIоьттина лаьттачохь . Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Далла гергахь дерг дика ду синкъерамал а‚ йохка-эцарал а. И Дела рицкъ лучарех уггар диканиг ву-кх".
Делера Куръан
Wednesday, September 9, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







