PDF —
20 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Муззаммиль pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Муззаммиль pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Муззаммиль Гочдар. Сура Аль-Муззаммиль (Meccan) 20 Аят.

← Аль-ЖиннСура Аль-Муззаммиль Аль-Муддассир →


20 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒﭓ
73:1 ХIай /бедарх/ дIахьаьрчинарг !
ﭔﭕﭖﭗﭘ
73:2 ГIатта буса‚ цхьа кIеззиг /буьйса/ йитий /хьайна садаIа/.
ﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
73:3 Цуьнан ах /йита/‚ я цунах цхьа кIеззиг эшае.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
73:4 Я тIетоха цунна. Къуръан деша (меллаша, хазачу) дешарца.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
73:5 Оха дуьхьалтухур ду хьуна деза дош .
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
73:6 Баккъалла а, буьйсанан хан еза ю (ламаз дечунна)‚ вунō билгал ю дашца .
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
73:7 Баккъалла а, хьуна /дан/ дийнахь дехха гIуллакхаш ду (Къуръан деша мукъа ца волу хьо).
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
73:8 Хьехае хьуо Кхиош-Кхобуш волчун /Делан/ цIе. /Дуьненан гIуллакхех/ хада Цунна (Дала) Iибадат дарца, (дог цIена) хадарца.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
73:9 Малхбалин а‚ малхбузен а Кхиош-Кхобург ву Иза‚ вац кхин дела Иза воцург‚ лаца Цунах /хьайна/ векал (тIетовжа гIоьнча).
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
73:10 Собаре хила цара (Маккин керстанаша) олучунна тIехь‚ бита уьш хазачу кепара. /Дукха бехкаш ца бохуш, цатам ца беш/.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
73:11 Вита Со а‚ и шайгахь ниIматаш долу /дин/ харцдеш берш а‚ собар де цаьрца цхьа кIеззиг.
ﮜﮝﮞﮟﮠ
73:12 Баккъалла а, Тхоьгахь буржалш а ду‚ /жоьжахатин/ цIе а ю.
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
73:13 Лога чохь дуьсур долу даар а ду‚ лазош долу Iазап а ду.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
73:14 Оцу /къемат/дийнахь латта а‚ лаьмнаш а дегалур ду‚ лаьмнех хир бу Iенаш болу г1амаран барз.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
73:15 Баккъалла а, Оха ваийтина шуьга элча /Мухьаммад/ шуна тIехь теш хилла‚ Оха ФирIавне а элча /Муса/ вахийтарх терра.
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
73:16 ФирIавн Iеса хилира элчанна – тIаккха Оха иза схьалецира чIогIачу схьалацарца.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
73:17 Шу муха к1елхьардовлур ду /хIай къурайшийн тоба/, аш керстаналла дича, ша бераш къежбийр болчу (къемат) дийнах (цуьнан 1азапах)? –
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
73:18 Стигал этIар ю /оцу дийнан эрчаллах/. Цуьнан (Делан) ваIда кхочушхилла.
ﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
73:19 Баккъалла а, хIара хьехам бу. Шена луучо шен Кхиош-Кхобучуьнга некъ схьалоцур бу /цунах/.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
73:20 Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучунна хууш ду хьо буьйсанан кха дèкъан шина дèкъал кIеззиг йолчу заманчохь гIаьттина /Шена Iамал йеш/ вуйла‚ цуьнан ах заманчохь‚ кха дèкъан цхьа дáкъа заманчохь а‚ хьоьца болчарах цхьа тоба ю, /иштта буса гIаьттина, Iамал йеш – иза а хаьа Далла/. Дáла барам бина буьйсанан а‚ дийнан а. Цунна хии шуна /ерриг буьйса я цунах дукхахъерг Iибадат дарца денъян/ мегар доцийла, /хIинца/ гечдина Цо шуна – деша Къуръанах шайна атта дерг /буса/. Цунна (Далла) хии‚ шух хир ву цомгушниг‚ кхиберш лаьттахула бевлла лелаш бу Делан ниIмат лоьхуш (шайна рицкъ тардеш)‚ /цхьа/ кхиберш Делан новкъахь тIом беш бу – деша цунах (Къуръанах) шайна атта дерг. ХIоттаде ламаз‚ д1ало закат‚ аш д1ало Далла хаза декхар /юхалург/. Аш шайна хьалхадаьккхина диканиг шуна иза карор ду Далла гергахь диканиг а‚ сийлахь-еза ял а хилла. Деле гечдар дēха. Баккъалла а, Дела т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers