Аль-Ахькъаф · 17/35
Гочдар Дешар — Сура Аль-Ахькъаф
وَالَّذِي قَالَ لِوَالِدَيْهِ أُفٍّ لَّكُمَا أَتَعِدَانِنِي أَنْ أُخْرَجَ وَقَدْ خَلَتِ الْقُرُونُ مِن قَبْلِي وَهُمَا يَسْتَغِيثَانِ اللَّهَ وَيْلَكَ آمِنْ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ فَيَقُولُ مَا هَٰذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ ۝١٧
Wallazee qaala liwaali daihi uffil lakumaaa ata`idanineee an ukhraja wa qad khalatil quroonu min qablee wa humaa yastagheesaanil laaha wailaka aamin inna wa`dal laahi haqq, fa yaqoolu maa haazaaa illaaa asaateerul awwaleen
📖 Нохчийн маьӀна
/Хьажал/ и аьлларг шен дега-нене: "Уьффай шу шиъ‚ аш шиммо ваIда йо суна со /веллачул тIаьхьа каш чуьра/ аравоккхур ву‚ олий‚ /дукха/ тIаьхьенаш дIа ма яхна сол хьалха /царах цхьа а ца ваьлла каш чуьра ара/. Цу шиммо гIо доьхуш Деле: "Ма вāла декъаза‚ ийман дилла. Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю". Цо олу: "ХIорш-м хьалхалерчийн туьйранаш бен дацара".

🎧 ЛадоргӀа


📜 Аят 15-19 — Сура Аль-Ахькъаф

15وَوَصَّيْنَا الْإِنسَانَ بِوَالِدَيْهِ إِحْسَانًا ۖ حَمَلَتْهُ أُمُّهُ كُرْهًا وَوَضَعَتْهُ كُرْهًا ۖ وَحَمْلُهُ وَفِصَالُهُ ثَلَاثُونَ شَهْرًا ۚ حَتَّىٰ إِذَا بَلَغَ أَشُدَّهُ وَبَلَغَ أَرْبَعِينَ سَنَةً قَالَ رَبِّ أَوْزِعْنِي أَنْ أَشْكُرَ نِعْمَتَكَ الَّتِي أَنْعَمْتَ عَلَيَّ وَعَلَىٰ وَالِدَيَّ وَأَنْ أَعْمَلَ صَالِحًا تَرْضَاهُ وَأَصْلِحْ لِي فِي ذُرِّيَّتِي ۖ إِنِّي تُبْتُ إِلَيْكَ وَإِنِّي مِنَ الْمُسْلِمِينَ
Весет дина Оха адаме шен деца-ненаца дика хилар – нанас /кийрахь/ лелийна иза халонца‚ /дуьнена/ ваьккхина иза халонца. Иза /кийрахь/ лелоран а‚ /вакхорах/ къасторан а хан ткъе итт бутт бу /6-9 бутт кийрахь, йисина хан вакхош/. Ша г1еметтах1оьттича , шовзткъа шере ваьлча, цо элира: "Везан Дела‚ аьтто белахь суна Хьан ниIматана баркалла ала‚ Ахь суна а‚ сан дена-нанна а делла долчу‚ Хьо шена реза волу дика Iамал ян а‚ тоделахь суна сан зуьрретехь /сан г1уллакхаш – нисбелахь уьш а нийсачу новкъа/ а. Баккъалла а, ас тōба ди Хьоьга‚ баккъалла а, со /Далла/ муьт1ахьболчарах (бусалбанех) ву-кх".
16أُولَٰئِكَ الَّذِينَ نَتَقَبَّلُ عَنْهُمْ أَحْسَنَ مَا عَمِلُوا وَنَتَجَاوَزُ عَن سَيِّئَاتِهِمْ فِي أَصْحَابِ الْجَنَّةِ ۖ وَعْدَ الصِّدْقِ الَّذِي كَانُوا يُوعَدُونَ
Уьш (Абу-Бакр а и саннарш а) бу Оха шайгара къобалдеш берш шаьш йинчу Iамалах уггар хазаниг‚ Оха тидаме оьцур дац церан /кегий/ къинош‚ /уьш хир бу/ ялсаманин дайшкахь‚ /Делан/ бакъ хилла ваIда ю иза царна йина хилла йолу.
17وَالَّذِي قَالَ لِوَالِدَيْهِ أُفٍّ لَّكُمَا أَتَعِدَانِنِي أَنْ أُخْرَجَ وَقَدْ خَلَتِ الْقُرُونُ مِن قَبْلِي وَهُمَا يَسْتَغِيثَانِ اللَّهَ وَيْلَكَ آمِنْ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ فَيَقُولُ مَا هَٰذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
/Хьажал/ и аьлларг шен дега-нене: "Уьффай шу шиъ‚ аш шиммо ваIда йо суна со /веллачул тIаьхьа каш чуьра/ аравоккхур ву‚ олий‚ /дукха/ тIаьхьенаш дIа ма яхна сол хьалха /царах цхьа а ца ваьлла каш чуьра ара/. Цу шиммо гIо доьхуш Деле: "Ма вāла декъаза‚ ийман дилла. Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю". Цо олу: "ХIорш-м хьалхалерчийн туьйранаш бен дацара".
18أُولَٰئِكَ الَّذِينَ حَقَّ عَلَيْهِمُ الْقَوْلُ فِي أُمَمٍ قَدْ خَلَتْ مِن قَبْلِهِم مِّنَ الْجِنِّ وَالْإِنسِ ۖ إِنَّهُمْ كَانُوا خَاسِرِينَ
Уьш бу шайна тIехь хьалха даханчу жинийн а‚ адамийн а умматашкахь аьлла долу дош бакъхилларш. Баккъалла а, уьш хилира эшнарш.
19وَلِكُلٍّ دَرَجَاتٌ مِّمَّا عَمِلُوا ۖ وَلِيُوَفِّيَهُمْ أَعْمَالَهُمْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
ХIоранна ша йинчу Iамалан дарж ю. Цо бекхам бийр бу царна цара йинчу Iамалашка /хьаьжна/‚ царна зулам дийр дац.
Аль-АхькъафКуръан индекс
35Аят
MeccanRevelation
17Аят

Гочдар — Аль-Ахькъаф 17

Сура Аль-Ахькъаф Аят 17 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : /Хьажал/ и аьлларг шен дега-нене: "Уьффай шу шиъ‚ аш шиммо…

Сура Аят 17/35 — Сура Аль-Ахькъаф الأحقاف (Meccan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Сура Аль-Ахькъаф ЛадоргӀа, Сура Аль-Ахькъаф Гочдар, Сура Аль-Ахькъаф mp3, Сура Аль-Ахькъаф pdf. Аят 15–19. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Monday, September 7, 2026

Don't forget us in your sincere prayers