Сура ТӀа Хьа
PDF —
Built right in your browser — download starts automatically
Сура ТӀа Хьа pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура ТӀа Хьа pdf Нохчийн — Дахьа Сура ТӀа Хьа Гочдар. ТӀа Хьа (Meccan) 135 Аят.
Related
- ТӀа Хьа ГочдарНохчийн
- ТӀа Хьа mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура ТӀа Хьа

ﭵﭶ
ТIахIа .
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Оха ца доссийна хьоьга Къуръан хьо дакъазаваккха (хьоьга баланаш хьегийта) ,
ﭽﭾﭿﮀﮁ
хьехам хилла бен ша /Делах/ кхоьруш волчунна.
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
Ша латта а‚ лекха стигланаш а кхоьллинчуьнгара доссош долчу хьолехь /ду хIара Къуръан/.
ﮉﮊﮋﮌﮍ
Ша сов Къинхетаме верг ву И – Iарша тIехь д1анисвелла (ч1аг1велла) И .
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ цу шиннан юккъехь дерг а‚ лаьтта бухахь дерг а.
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
Ахь дош чIогIа āлахь а, – баккъалла а, Иза хууш ву къайле а‚ вуно хьуламехь дерг а.
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
/Цхьа Аллах1/ Дела ву – кхин дела вац И бен. Цуьнан ю хаза цIерш.
ﮭﮮﮯﮰﮱ
Хьоьга деаний Мусан хабар?
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
Цкъа цунна гира цIе‚ тIаккха цо элира шен доьзале: "Шу совца /хIокху меттехь/‚ суна цIе хааелла‚ со ван мега шуна цунах цхьа āлу яхьаш‚ я суна карор бу цIарна гергахь нийса некъ".
ﯦﯧﯨﯩﯪ
Иза цунна тIевеъча‚ кхайкхира: "ХIай Муса!
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
Баккъалла а, Со ву хьан Эла ‚ дIаяха хьан мачаш – хьо ву ТIува олучу езачу атагIахь (аренгахь) .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖ
Ас хьо хаьржина – ладогIа ваьхьица дуьйцучуьнга.
ﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
Баккъалла а, Со Дела ву‚ кхин Дела вац Со воцург‚ Суна Iибадат де‚ ламаз а хIоттаде Со хьехаван.
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
Баккъалла а, сахьт т1екхочур ду‚ Со воллу и хьулдеш‚ хIор синна ша тIегIерташ долчуьнца бекхам хилийта.
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
Хьо цунах (къематдийнах тешарх) юха ма воккхийла, ша цунах ца тешаш, шен дезаршна тIаьхьахIоьттинчо – (ваккхахь) тIаккха хIаллакхир ву хьо.
ﭹﭺﭻﭼﭽ
И хIун ю хьан аьтту куьйгахь ерг‚ х1ай Муса?"
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
Цо элира: "И сан Iаса ю‚ со цунна тIетевжа‚ ас цуьнца сайн жана гIаш эгадо‚ суна цу чохь кхин пайданаш а бу".
ﮌﮍﮎﮏ
Цо (Дала) элира: "Охьакхосса и‚ х1ай Муса!"
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Цо и охьакхоьссира – цунах чехка текхаш йолу текхарг хилира.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
Цо элира: "Схьаэца и‚ кхера а ма кхера!" Шен хьалхалеррачу куьце ерзор ю и Оха.
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
Хьайн куьг хьан агIонна тIетаIаде – кIайделла, схьадер ду иза, цхьа а хало йоцуш – кхин цхьа делил ду хьуна
ﮫﮬﮭﮮﮯ
Оха (и делил дали хьуна) хьуна гайтархьама Тхайн даккхийчу делилех (кхин цхьаъ).
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
Хьада ФирIавнна тIе гIо‚ – баккъалла а, и тIехваьлла /Делан дозанех/".
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
Цо элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ схьабеллахь суна сан кийра /суна т1едохку декхарш кхочушдан атта хилийта/‚
ﯝﯞﯟﯠ
Ахь дайдехь суна сан гIуллакх.
ﯡﯢﯣﯤﯥ
Ахь бастахьа сан матта т1ера шад -
ﯦﯧﯨ
(т1аккха) уьш сан къамелах кхетар бара.
ﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Вехьа суна гIоьнча сан ц1ийнан охIлах-
ﯯﯰﯱ
ХIарунах- сан ваших.
ﯲﯳﯴﯵ
Цуьнца сан ницкъ чIагIбехьа.
ﯶﯷﯸﯹ
Суна декъашхо вехьа цунах сан гIуллакхехь.
ﯺﯻﯼﯽ
Оха Хьо хеставархьама дуккха а.
ﯾﯿﰀ
Оха Хьо хьехавархьама дуккха а.
ﰁﰂﰃﰄﰅ
Баккъалла а, Хьо хилла-кх (ву-кх) тхо гуш верг".
ﰆﰇﰈﰉﰊﰋ
Цо (Дала) элира: "Хьуна делла ахь доьхург‚ х1ай Муса.
ﰌﰍﰎﰏﰐﰑ
Оха кхин /хьалха а/ ма бинера хьох къинхетам‚
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
Оха ваьхьица хаийтира хьан нене хаийта дезарг:
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
"тIорказа чу вилла и‚ тIаккха (Нил ) хи чу кхосса. Хино юьстах кхуссур ву иза – Сан а‚ цуьнан а мостагIчо схьаоьцур ву и". Ас хьуна совг1ат дира Сайгара безамца‚ хьо кхиавайта Сан бIаьргашна хьалхахь.
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Хьан йиша ма йоьду (хи йистехула, хьо чохь волу т1орказ тергал а деш)‚ тIаккха цо олу: "Ас тIехьажадей шу и кхобур волчунна?" Оха хьо юхаверзийра хьан нене, цуьнан бIаьрг бузо а‚ и гIайгIане ца йожийта а. Ахь цхьа стаг вийра – Оха хьо кIелхьарваьккхира сингаттамах. Оха зийра хьо ч1ог1ачу кепара. Хьо висира цхьана шерашкахь Мадйанан нах болчохь. ТIаккха хьо схьавеара шехеннахь /элчаналла хьуна т1едилла Дала билгалйинчу хенахь/‚ х1ай Муса.
ﮖﮗﮘ
Ас Сайна /элчалла д1адахьа/ хаьржина хьо.
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
Хьада‚ гIуо хьо а‚ хьан ваша а Сан делилашца‚ аш шиммо а ледарло ма йелаш Со хьехаварехь,
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
дIагIо ший а ФирIавнна тIе‚ баккъалла а‚ и тIехваьлла /Делан дозанел/.
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Аш шиммо āла цуьнга кIеда дош‚ ойла ян тарло цо‚ я кхеравала тарло иза.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
Цу шиммо (Мусас а‚ ХIаруна а) элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ тхо кхоьру цо тхайна вас ярна‚ я и тIехвāларна".
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
Цо (Дала) элира: "Шуьшиъ ма кхера‚ Со шуьца ву‚ хезаш ву‚ гуш ву.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
ДIагIо цунна тIе‚ аш шиммо āла: "Баккъалла а, тхо хьан Кхиош-Кхобучун элчанаш ду. ДIабахкийта тхоьца Исраилан кIентий‚ Iазап ма де царна. Тхо даьхкина хьуна тIе хьан Кхиош-Кхобучуьнгара делилаца. /Делан 1азапах/ маршо ю нийсачу новкъа т1аьхьахIоьттинчунна.
ﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈ
Тхуна ваьхьица хаийтина: Iазап хир ду‚ аьлла‚ /цIена Делан дин/ харцдинчунна а‚ /оцунах/ юхаваьллачунна а".
ﰉﰊﰋﰌﰍ
Цо (ФирIавна) элира: "Мила ву шуьшиннан Кхиош-Кхобург‚ хIай Муса?"
ﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗ
Элира /Мусас/ : "Тхан Кхиош-Кхобург ву‚ Ша массо а хIуманна сибат делларг а ‚ тIаккха /и/ нийсачу новкъа диллинарг а".
ﰘﰙﰚﰛﰜﰝ
Цо (ФирIавна) элира: "Хьалха хиллачу тIаьхьенийн гIуллакх муха (хир) ду ?"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
Элира /Мусас/: "Царах долу Iилма сан Кхиош-Кхобучунна гергахь Жайни (Лавхьул Махьфуз) чохь ду‚ тила а ца ло сан Кхиош-Кхобург‚ виц а ца ло.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
И ву Ша хилийтинарг шуна латта ага хилла‚ Цо шуна цу т1ехь некъаш дехкина‚ Цо даийтина стиглара хи". Оха схьадаьхна (кхиина) цуьнца (хица) шина кепара тайп-тайпана ораматаш.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
Даа шайна (лаьттах схьадолу рицкъ)‚ шайн даьхни а дажаде. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъал долчарна.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
Цунах Оха кхоьллина шу‚ цу чу Оха шу юхадерзор ду‚ цу чуьра Оха шу арадохур ду (дендина) кхин цкъа (къематдийнахь).
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
Оха цуьнга (ФирIавне) гайтира Тхайн дерриге а делилаш – цо харцдира‚ цо тIе ца ийцира /уьш/.
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
Цо (Фир1авна) элира: "Хьо веана тхо тхайн лаьттара(Мисран махкара) арадаха хьайн бозбуунчаллица‚ хIай Муса?
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
Оха а гойтур ма ду хьуна цунах терра бозбуунчалла. (Вовшахкхета) хан йилла тхуна а‚ хьайна а юккъехь‚ оха а, ахьа а хуьйцур йоцу‚ – нийса меттиг (массарна а тIебахка атта йолу меттиг харжа вайна къовса)".
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
Цо (Мусас) элира: "Хан ю шуна – хаздаран де а‚ Iуьйре делкъехьа йоьрзуш /я малх гIеххьа хьалабаьлча, цига/ нах схьа а гулбеш".
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
ФирIавн д1авирзира (бакъдол- чунна т1ера), шен мекарлонаш гул- йира‚ тIаккха (билгалйинчу хенахь) веара.
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
Цаьрга Мусас элира: "Ма бала бу шуна (бале лоцур ду шу)! Ма кхолла Далла тIехь харцдерг – Цо Iазап доуьйтур ду шуна. ХIаллакхилла (Далла т1ехь) харцдерг кхоьллинарг".
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
Цара къийсира шайн гIуллакх вовшашлахь‚ шаьш дуьйцуш дерг (къуьйсуш дерг) къайладаьккхира.
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
Цара элира: "ХIара шиъ бозбуунча ма ву. Цу шинна лууш ду шаьшшиннан бозбуунчаллица шу шайн лаьттара (махкара) арадаха‚ шун масалин некъ шаьш д1абахьа (аш лелош долу даккхийн бозбуанчаллаш шаьш д1адахьа).
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
Вовшахтоха шайн мекарлонаш‚ тIаккха цхьана могIара д1ах1итта . Воккхавер ву тахана тоьлларг".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
Цара элира: "ХIай Муса‚ я ахь кхуссу (хьайн 1аса)‚ я тхо хуьлу хьалха кхуьйсурш?"
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
Цо элира: "ХIан-хIа‚ кхисса аш!" ТIаккха церан машшаш а‚ церан Iасанаш а цунна тарлора церан бозбуунчаллица меттахъюьйлуш.
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Мусана шегахь кхерам хаабелира.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
Оха элира: "Ма кхера‚ баккъалла а, хьо ву вуно лакхахь верг (хьо царал тоьлур ву).
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
Кхосса хьайн аьтту куьйгахь ерг (1аса)‚ цо кхоллур ю цара йинарш. Баккъалла а, цара йина бозбуунчийн мекарло. Воккхавер вац бозбуунча, миччахьа а и веъча а".
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
Бозбуунчаш суждане ийгира. Цара элира: "Оха ийман дилли ХIарунан а‚ Мусан а Кхиош-Кхобучунга".
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Цо (ФирIавна) элира: "Аш ийман дилли Цуьнга ас шайна пурба далале хьалха? Баккъалла а, шун воккханиг ву иза (Муса) ша шуна бозбуунчалла Iамийнарг. Ас дахаза дуьтур ма дац шун куьйгаш а‚ шун когаш а дуьхь-дуьхьал (аьтту куьг, аьрру ког)‚ ас ирхъухкур ма ду шу хурманан диттийн г1аддаш тIехь‚ шуна хааза дуьсур ма дац‚ муьлханиг ву тхох (сох а, Мусан Делах а) Iазапца нуьцкъала верг а‚ и дахден верг а".
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
Цара элира: "Тхуна цкьа а хьо г1оле хетар ма вац цо (Мусас) тхуна ялийначу билгалонел а‚ тхо Кхоьллинчул а (тхан Делал а). Кхочушде айхьа сацамбинарг: ахь кхочушдийр ду-кх деккъа х1окху дуьненан дахар (-ан г1уллакх).
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Баккъалла а, Оха ийман дилли тхан Кхиош-Кхобучуьнга, Цуьнга тхайн къиношна гечдайтархьама а‚ ахь тхоьга нуьцкъала леладайтинчу бозбуунчаллина а. Дела – дика а ву‚ /хьол а, массарал а/ бухавуьсуверг а ву".
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
Баккъалла а, шен Кхиош-Кхобучунна тIе зуламаш дина вогIуш верг – цунна хир ю жоьжахати‚ лийр вац и цу чохь‚ вехар а вац.
ﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐ
Цунна (Далла) тIе ийманехь а болуш, дика Iамалш а йина баьхки- нарш – уьш бу шайна вуно лаккхара даржаш (т1ег1анаш) кечдина дерш –
ﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜﰝﰞ
Iадн (ц1е йолу ялсаманин) бошмаш‚ шайн бухахула хиш оьхуш, цу чохь уьш гуттаренна буьсур болуш. И бу бекхам шаьш (ширках а, къинойх а) цIанбеллачарна.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
Оха ваьхьица хаийтира Мусага: "Новкъа вала /Мисрара/ Сан леш эций буса ‚ билла царна /хьан 1аса тохарца / х1орда чухула бекъа некъ, хьо кхоьрур воцуш /Фир1авнан эскар хьайна/ тIекхиарх‚ хьо кхоьрур воцуш /шаьш хина бухадахарх а /.
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
Царна тIаьхьавелира ФирIавн шен эскарца – уьш д1ахьулбийра хIорда чохь ша хьулбечо(йоккхачу тулг1ено Фир1авн а, цуьнан эскар а х1орда бухабахийтира).
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
Тилар чу бахийтира ФирIавна шен нах‚ нийсачу новкъа ца бигира.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
ХIай Исраилан кIентий! Оха кIелхьардехира шу шайн мостагIах (Фир1авнах)‚ ваIда йира шуьца ломан аьтту агIоргахь‚ Оха доссийра шуна манна а‚ салва а .
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
Даа Оха шайна деллачу рицкъах цIенадерг‚ тIех ма довлалаш /дозанех/ цу тIехь (кхоаме хилалаш) – тIаккха /т1ехдовлахь/ Сан оьгIазло хьаьрчар ю шух. Шех Сан оьгIазло хьаьрчинарг – хIаллакхилла.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
Баккъалла а, Со ву тIеттIа гечдийриг ша тōба диначунна‚ ийман диллинчунна‚ дика Iамал йиначунна- тIаккха нийсачу новкъа ваьллачунна.
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
"Хьо стен сихви хьайн къомах‚ хIай Муса?" .
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
Цо элира: "Уьш бу сан лорах /суна т1аьхьа богIуш/‚ со-м сихвелира Хьуна тIекхача‚ сан Кхиош-Кхобург‚ Хьо реза хилийтархьама".
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
Цо (Дала) элира: "Баккъалла а, Оха питане лаьцна хьан къам хьол тIаьхьа (ахь иза хьайл т1аьхьадитча)‚ иза тиладина Самирийс ".
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Муса шен къомана тIе юхавирзира, оьгIаз а вахана‚ г1ел а велла. Цо элира: "ХIай сан къам! Шун Кхиош-Кхобучо шуьца хаза ваIда ца йинера ткъа? Яхъели шуна ваIда я шуна лии шайх шайн Кхиош-Кхобучун оьг1азло хьарча – аш йохий сан ваIда?!"
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
Цара элира: "Оха ца йохийра хьан ваIда тхайн лаамца‚ амма тхоьга схьабаийтира /цу Фир1авнан/ къоман хазнийн маххьаш‚ Оха уьш /ц1ерга/ кхиссира . Иштта кхоьссира Самийрийс".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
Цо царна эсан куьцехь дина сурт х1оттийра, 1аьхаш а долуш. ТIаккха цара (тилабеллачара вукхаьрга) элира: "ХIара шун а Дела ву‚ Мусан а Дела ву. Амма цо (Мусас) вицвина /и шен Дела /".
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
Царна ца го-те цо (эсо) шайна дуьхьал къамел цадар а‚ цуьнгахь (шена 1ибадат ца дича) шайна зене дерг а‚ (шена 1ибадат дича) пайде дерг а цахилар а?
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
ХIаруна а ма аьллера цаьрга хьалха (Муса вухаверзале): "ХIай сан къам‚ шу цуьнца питане лаьцна . Баккъалла а, шун Кхиош-Кхобург Ар- Рахьман ву. Суна тIаьхьахIитта‚ сан омрана муьтIахь хила".
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
Цара элира: "Тхо совцур дац цунна Iибадат дечура, тхайна тIе Муса вухаверззалц".
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
Цо(Мусас, ша юхавирзича) элира: "ХIай ХIарун‚ хьуна стен новкъарло йи, уьш тилабелла гича,
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
суна тIаьхьахIотта? Сан омрана Iеса хили хьо?"
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
Цо (ХIаруна) элира: "ХIай сан ненан кIант! Ма лаца сан маж а‚ сан корта а . Со кхийрира ахь āларна: "Исраилан кIентий бекъна ахь, сан дош а тергал ца ди ахь".
ﮩﮪﮫﮬﮭ
Цо элира: "Ткъа ахь х1ун эр ду, хIай Самирий (Хьан дайтина и хьоьга)?".
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
Цо элира: "Суна гира царна ца гинарг: ас схьаийцира элчанан лора т1ера цхьа кана /чан/‚ и кхоьссира ас /эсан суьрта т1е/‚ иштта хаздира суна /и/ сан сино".
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
Цо (Мусас Самирийчуьнга) элира: "ДIагIо! Ахь /дуьненан/ дахарехь баха дезар ду: «Хьакхавала мегар дац! ". Хьуна тоьхна хан ю ‚ йохор йоцуш. Хьажал хьайн деле‚ хьо шена Iибадат деш лаьтташ волчу‚ оха и вагаво‚ тIаккха оха и варжор ву, чим а бина, хIорда чохь".
ﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
Шун Дела АллахI ву‚ Ша воцург кхин дела а воцуш‚ массо а хIума чулаьцна Цо Iилманца".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
Иштта Оха дуьйцу хьоьга хьалха хиллачу хаамех лаьцна‚ Оха делира хьоьга Тхайгара /х1ара Къуръан кхета луучунна/ хьехам а хилла.
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
Цунах дIабирзинарш‚ муьлш белахь а‚ – баккъалла а, цара хьур ма бу къематдийнахь /къинойн/ мохь.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Гуттаренна а буьсур бу уьш цу /жоьжахати/ чохь – вон хир бу царна къематдийнахь и мохь.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Оцу дийнахь (Исрафил малико) зурма локхур ю‚ Оха гулбийр бу оцу дийнахь къинош динарш, сенбелла /шайн беснаш а, бIаьргаш а/.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
Вовшашка шабар-шибар дийр ду цара: "Аша-м ца даьккхира /дуьненан дахарехь/ итт /де/ бен" .
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Тхо дика хууш ду цара дуьйцур дерг. Царах (дахаран) некъа т1ехь леларца уггар тоьллачара эр ду: "Аша-м цхьа /де/ бен ца даьккхина" .
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
Цара хоьтту хьоьга лаьмнех лаьцна‚ ахь āла: "Дохийна (аьтта), даржор ду уьш сан Кхиош-Кхобучо ".
ﮘﮙﮚﮛ
Дуьтур ду Цо уьш шера аре а хилла.
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
Хьуна гур яц цигахь таь1на а, айаелла а меттиг.
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
Оцу дийнахь уьш тIаьхьахIуьттур бу кхайкхамбечунна ‚ шех юьстахбовлийла доцуш‚ д1атийна хир ду аьзнаш Сов Къинхетаме волчунна (Далла) муьт1ахь а хилла‚ хьуна хезар дац шабар-шибар бен .
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
Оцу дийнахь пайда бийр бац шапаIато Ша Сов Къинхетаме волчо шена пурба деллачунна бен‚ шен дашна Иза (Дела) реза хиллачунна бен.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Цунна (Далла) хаьа церан хиндерг а‚ церан хилларг а‚ уьш тIаьхьакхуьур бац Цунна (Далла) Iилманца.
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
Яххьаш муьт1ахь хир ю Ша Дийна Волчунна, Ша /Iаламийн гIуллакхашна/ Д1ахIоьттийна Волчунна (Далла), дог диллина вуьсур ву зулам динарг (Делаца накъост лаьцнарг).
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
Ша диканаш динарг‚ ша муъма а волуш – и кхоьрур вац зуламах а‚ эшамах а.
ﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑ
Иштта доссийра Оха и Iаьрбийн Дешар а дина‚ цу чохь кхерамаш билгалбехира Оха, уьш кхоьрур бацара-те‚ аьлла‚ я цо царна /шайл хьалха хилларш хIаллакхилар/ дагадойтур дацара-те‚ аьлла.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
Лекха ву Дела – Ша бакъволу паччахь! Сих ма ло /х1ай Мухьаммад/ Къуръанца (Джабраил-маликана т1аьххье доьшуш, дицдаларна кхоьруш) хьайга Цуьнан ваьхьий чекхдаллалц‚ āла: "Со Кхиош-Кхобушверг‚ совваккха со Iилманехь".
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Оха ваIда йинера хьалха Āдамца а – цо йицйира и. Тхуна ца карийра цуьнгахь чIогIалла (собар ца тоьира Делан омра кхочушдан).
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
Хьахаде! Оха аьллера маликашка: "Сужуд де Āдамна". Цара сужуд дира, Иблис доцчо – и дуьхьалделира /сужуд дан/.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
Оха элира: "ХIай Āдам‚ баккъалла а, хIара /Иблис/ мостагI ду хьан а‚ хьан зудчун а. Цо ялсамани чуьра ара ма доккхийла шуьшиъ – тIаккха (цо даккхахь) дакъазавер ву хьо.
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Баккъалла а, хьо цу /ялсамани/ чохь меца а вуьсур вац‚ верзина (беркъа) а вуьсур вац.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
Хьо цу чохь хьаглур а вац‚ /маьлхан/ йовхоно вагор а вац".
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
ШайтIа тIедирзира цунна /Адамна и тилаван/‚ цо элира: "ХIай Āдам‚ ас тIенисвей хьо гуттаренан а‚ цкъа а чекхдер доцчу паччахьаллин а дитта тIе?"
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
Цу шиммо цу (дитта) т1ера /стом/ кхаьллира – тIаккха цу шинна шаьшшиннан иэхье меттигаш гучуевлира – уьш буьйлабелира шайна тIе ялсаманин (диттан) гIаш летадан. Āдама Iесалла йира шен Кхиош-Кхобучунна – и тилавелира.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
ТIаккха шен Кхиош-Кхобучо хаьржира иза (Адам, пайхамар вира цунах)‚ тōба къоболдира цуьнан‚ нийсачу новкъа а ваьккхира и.
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
Цо (Дала) элира: "Охьадисса шу шиъ цу /ялсамани/ чуьра /Иблисаца/ цхьаьна, шун зуьрретах цхьаберш (Адаман а, Хьаван а т1аьхье а), вукхарна (Иблис а, цуьнан б1о а) мостаг1ий а хиллачу хьолехь . Шуьга кхаччане а кхачахь Соьгара нийса некъ‚ цу Сан некъана тIаьхьаваьзнарг – и тилалур вац (дуьненахь)‚ и дакъазавер вац (эхартахь).
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
Со хьехорах юхаваьлларг – сов готта бахам бу цуьнан (кошан готталла хир ю цунна). Оха г1аттор (денвийр) ву и къематдийнахь, бIаьрзе а волуш.
ﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈ
Цо эр ду: "Со Кхиош-Кхобург‚ Ахь хIунда г1атти со, бIаьрса а доцуш‚ со бIаьрса долуш ма вара-кх (дуьненахь)?"
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
Цо (Дала) эр ду: "Иштта (хьо б1аьрзе г1аттор санна) даьхкира хьоьга Тхан аяташ – ахь уьш дицдира (царах д1а а вирзина). Иштта (ахь уьш дуьненахь дицдаре терра) тахана хьо а вицвийр ву (жоьжахате а вахийтина)".
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
Иштта бекхам бо Оха тIалам ца биначунна‚ шен Кхиош-Кхобучун аятех ца тешначунна. Эхартан Iазап вуно чIогIа а ду‚ /ханна/ деха а ду.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Уьш (Маккин мушрикаш) нийсачу новкъа т1е ца баьхна -те Оха шайл хьалха мел хIаллакйинчу тIаьхьенаша? – церан х1усамашкахула д1асалелаш ма бу уьш (царна гуш ма яра уьш х1алакхиларан лараш)! Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъал долчарна.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
Дош хьалха ца даьллехьара хьан Кхиош-Кхобучуьнгара, и хиндерг дара, цIе тоьхна хан а /ца хиллехьара /.
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
(Цундела) собаре хила хьо цара дуьйцучунна тIехь‚ хьайн Кхиош-Кхобучунна тасбихь (ламаз) де малх схьакхетале а ‚ и дIабузале а . Буьйсанна а тасбихь (ламаз) де‚ дийнан дозанашкахь а ‚ – хьо реза хила там бу.
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
Хьан бIаьргаш хьежане а ма хьийжаде Оха царах (мушрикех) шайна (дуьненан) дакъа деллачаьрга– дуьненан дахаран зазадаккхар ду иза‚ уьш цуьнца Оха зерхьама. Хьан Кхиош-Кхобучун рицкъ дика а‚ вуно ханна деха а ду.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
Омра де хьайн доьзале (ох1лане) ламаз де‚ алий‚ хьо а цу тIехь (ламаз дарехь) собаре а хила. Оха ца доьху хьоьга рицкъ. Оха лур ду хьуна рицкъ. ТIаьхье – /Делах/ кхерар (долчарна) ю!
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
Цара (цатешачара) элира: "Цо (пайхамара) деънехьара вайга шен Кхиош-Кхобучуьнгара цхьа /билгала/ делил?" Цаьрга ца еана ткъа билгало хьалхалерчу жайнашкахь?
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
Оха уьш хIаллакбинехьара Iазапца цул (пайхамар ваийтале) хьалха‚ цара эр ма дара: "Тхо Кхиош-Кхобург‚ Ахь ваийтинехьара тхоьга элча, – тхо тIаьхьахIуьттур ма дара Хьан аяташна‚ тхаьш сийсаза хилале‚ тхаьш юьхьIаьржа хIиттале?"
ﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐ
Ахь āла (х1ай пайхамар, оцу цатешачаьрга): "Массо а хьоьжуш ву (хьенан хир бу толам)‚ хьоьжуш 1е шу а‚ тIаккха, тIаьхьа, хуур ду шуна‚ муьлш бу нийсачу некъан дай, муьлш бу нисбелларш".
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







