Аль-Ахькъаф · 24/35
Гочдар Дешар — Сура Аль-Ахькъаф
فَلَمَّا رَأَوْهُ عَارِضًا مُّسْتَقْبِلَ أَوْدِيَتِهِمْ قَالُوا هَٰذَا عَارِضٌ مُّمْطِرُنَا ۚ بَلْ هُوَ مَا اسْتَعْجَلْتُم بِهِ ۖ رِيحٌ فِيهَا عَذَابٌ أَلِيمٌ ۝٢٤
Falammaa ra awhu `aaridam mustaqbila awdiyatihim qaaloo haazaa `aaridum mumtirunaa; bal huwa masta`jaltum bihee reehun feehaa `azaabun aleem
📖 Нохчийн маьӀна
Шайна гича иза марха шайн тогIина тIе йогIуш‚ цара элира: "ХIара марха вайна догIа дахьаш ю-кх". "ХIан-хIа! Иза аш ша сихдинарг (Iазап) ду – мох бу шена чохь лазош долу Iазап долу"‚ /элира кхечара/.

🎧 ЛадоргӀа


📜 Аят 22-26 — Сура Аль-Ахькъаф

22قَالُوا أَجِئْتَنَا لِتَأْفِكَنَا عَنْ آلِهَتِنَا فَأْتِنَا بِمَا تَعِدُنَا إِن كُنتَ مِنَ الصَّادِقِينَ
Цара элира: "Хьо веана тхуна тхо дIахьавзадан тхан делийх. Схьадаладе айхьа тхуна хир ду бохург, хьуо бакълуьйчарах хиллехь".
23قَالَ إِنَّمَا الْعِلْمُ عِندَ اللَّهِ وَأُبَلِّغُكُم مَّا أُرْسِلْتُ بِهِ وَلَٰكِنِّي أَرَاكُمْ قَوْمًا تَجْهَلُونَ
Цо (Х1уд-пайхамара) элира: "Баккъалла а, Iилма Далла гергахь ду‚ ас шуьга дIакхачадо со шеца ваийтинарг /и Iазап хIун ду/‚ хIетте а суна шу хета жехIал къам".
24فَلَمَّا رَأَوْهُ عَارِضًا مُّسْتَقْبِلَ أَوْدِيَتِهِمْ قَالُوا هَٰذَا عَارِضٌ مُّمْطِرُنَا ۚ بَلْ هُوَ مَا اسْتَعْجَلْتُم بِهِ ۖ رِيحٌ فِيهَا عَذَابٌ أَلِيمٌ
Шайна гича иза марха шайн тогIина тIе йогIуш‚ цара элира: "ХIара марха вайна догIа дахьаш ю-кх". "ХIан-хIа! Иза аш ша сихдинарг (Iазап) ду – мох бу шена чохь лазош долу Iазап долу"‚ /элира кхечара/.
25تُدَمِّرُ كُلَّ شَيْءٍ بِأَمْرِ رَبِّهَا فَأَصْبَحُوا لَا يُرَىٰ إِلَّا مَسَاكِنُهُمْ ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْقَوْمَ الْمُجْرِمِينَ
"Цо дохор ду массо а хIума шен Делан омраца"‚ /элира цхьаболчара/‚ уьш Iуьйранга бевлира церан гIишлош бен гуш хIума а доцуш (Дала хIаллакбира уьш). Иштта бекхам бо Оха къинош дечу къомана.
26وَلَقَدْ مَكَّنَّاهُمْ فِيمَا إِن مَّكَّنَّاكُمْ فِيهِ وَجَعَلْنَا لَهُمْ سَمْعًا وَأَبْصَارًا وَأَفْئِدَةً فَمَا أَغْنَىٰ عَنْهُمْ سَمْعُهُمْ وَلَا أَبْصَارُهُمْ وَلَا أَفْئِدَتُهُم مِّن شَيْءٍ إِذْ كَانُوا يَجْحَدُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَحَاقَ بِهِم مَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ
Оха чIагIбинера уьш шу (къурайшаш) шеца чIагI ца бинчуьнца‚ Оха хилийтира царна лерса а‚ б1аьрса а‚ дегнаш а. Царна цхьанна х1уманна пайдане ца хилира церан лерса а‚ церан б1аьрса а‚ церан дегнаш а (царах х1умма а кIелхьар ца даьккхира цара Делан 1азапах)‚ уьш хилира Делан аятех ца тешаш. Царах хьаьрчира уьш шех ца бешаш хилларг.
Аль-АхькъафКуръан индекс
35Аят
MeccanRevelation
24Аят

Гочдар — Аль-Ахькъаф 24

Сура Аль-Ахькъаф Аят 24 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Шайна гича иза марха шайн тогIина тIе йогIуш‚ цара элира:…

Сура Аят 24/35 — Сура Аль-Ахькъаф الأحقاف (Meccan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Сура Аль-Ахькъаф ЛадоргӀа, Сура Аль-Ахькъаф Гочдар, Сура Аль-Ахькъаф mp3, Сура Аль-Ахькъаф pdf. Аят 22–26. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, September 8, 2026

Don't forget us in your sincere prayers