Аль-Бакара · 214/286
Гочдар Дешар — Сура Аль-Бакара
أَمْ حَسِبْتُمْ أَن تَدْخُلُوا الْجَنَّةَ وَلَمَّا يَأْتِكُم مَّثَلُ الَّذِينَ خَلَوْا مِن قَبْلِكُم ۖ مَّسَّتْهُمُ الْبَأْسَاءُ وَالضَّرَّاءُ وَزُلْزِلُوا حَتَّىٰ يَقُولَ الرَّسُولُ وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ مَتَىٰ نَصْرُ اللَّهِ ۗ أَلَا إِنَّ نَصْرَ اللَّهِ قَرِيبٌ ۝٢١٤
Am hasibtum an tadkhulul jannata wa lammaa yaa-tikum masalul lazeena khalaw min qablikum massathumul baasaaa`u waddarraaaa`u wa zulziloo hattaa yaqoolar Rasoolu wallazeena aamanoo ma`ahoo mataa nasrul laah; alaaa inna nasral laahiqareeb
📖 Нохчийн маьӀна
Шуна моьтту шаьш ялсамане гIур ду /хIай бусалбанаш/ шул хьалха баханчарна (бусалбанашна) тIедеънарг шайна т1е а ца дог1уш? Лецна хилла уьш баланаша а‚ цамгарша а‚ дегнаш Iийжира церан‚ элчано а‚ цуьнца цхьаьна ийман диллинчара а олуш: "Маца хир ду Делера гIо?" – Х1аъ! Баккъалла а, Делера гIо герга ма ду!

🎧 ЛадоргӀа


📜 Аят 212-216 — Сура Аль-Бакара

212زُيِّنَ لِلَّذِينَ كَفَرُوا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا وَيَسْخَرُونَ مِنَ الَّذِينَ آمَنُوا ۘ وَالَّذِينَ اتَّقَوْا فَوْقَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ وَاللَّهُ يَرْزُقُ مَن يَشَاءُ بِغَيْرِ حِسَابٍ
Цатешачарна хаздина дуьненан дахар‚ уьш боьлуш бу тешачарех. Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш царна тIехь хир бу къематдийнахь. Дала рицкъ ма ло Шена луучунна, хьесап а доцуш.
213كَانَ النَّاسُ أُمَّةً وَاحِدَةً فَبَعَثَ اللَّهُ النَّبِيِّينَ مُبَشِّرِينَ وَمُنذِرِينَ وَأَنزَلَ مَعَهُمُ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ لِيَحْكُمَ بَيْنَ النَّاسِ فِيمَا اخْتَلَفُوا فِيهِ ۚ وَمَا اخْتَلَفَ فِيهِ إِلَّا الَّذِينَ أُوتُوهُ مِن بَعْدِ مَا جَاءَتْهُمُ الْبَيِّنَاتُ بَغْيًا بَيْنَهُمْ ۖ فَهَدَى اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا لِمَا اخْتَلَفُوا فِيهِ مِنَ الْحَقِّ بِإِذْنِهِ ۗ وَاللَّهُ يَهْدِي مَن يَشَاءُ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
Нах хилла цхьана умматехь ‚ тIаккха /уьш тиларчу бахча/ Дала бахкийтира, шаьш кхаъ боккхуш хилла болу‚ кхерам тосуш хилла болу пайхамарш‚ цаьрца доссийра бакъдолчуьнца жайна‚ цаьрга нахана юккъехь хьукам дайта церан хилпало хиллачохь. Цу чохь хилпало-м ца хили и /Делан жайна/ шайга деллачеран бен‚ шайга билгалонаш кхаьчначул тIаьхьа вовшашна юккъехь хьагI хиларна. Дала Шен пурбанца нисбира ийман диллинарш, уьш (жайнин ох1лах берш) шеца хилпалонехь хиллачу бакъдолчунна тIе. И Дела ма ву нисвеш Шена луург нийсачу новкъа.
214أَمْ حَسِبْتُمْ أَن تَدْخُلُوا الْجَنَّةَ وَلَمَّا يَأْتِكُم مَّثَلُ الَّذِينَ خَلَوْا مِن قَبْلِكُم ۖ مَّسَّتْهُمُ الْبَأْسَاءُ وَالضَّرَّاءُ وَزُلْزِلُوا حَتَّىٰ يَقُولَ الرَّسُولُ وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ مَتَىٰ نَصْرُ اللَّهِ ۗ أَلَا إِنَّ نَصْرَ اللَّهِ قَرِيبٌ
Шуна моьтту шаьш ялсамане гIур ду /хIай бусалбанаш/ шул хьалха баханчарна (бусалбанашна) тIедеънарг шайна т1е а ца дог1уш? Лецна хилла уьш баланаша а‚ цамгарша а‚ дегнаш Iийжира церан‚ элчано а‚ цуьнца цхьаьна ийман диллинчара а олуш: "Маца хир ду Делера гIо?" – Х1аъ! Баккъалла а, Делера гIо герга ма ду!
215يَسْأَلُونَكَ مَاذَا يُنفِقُونَ ۖ قُلْ مَا أَنفَقْتُم مِّنْ خَيْرٍ فَلِلْوَالِدَيْنِ وَالْأَقْرَبِينَ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينِ وَابْنِ السَّبِيلِ ۗ وَمَا تَفْعَلُوا مِنْ خَيْرٍ فَإِنَّ اللَّهَ بِهِ عَلِيمٌ
Цара хьоьга хоьтту: "ХIун лур ю сагIина?" Ахь āла: "Аш сагIина доккхуш долу дика х1ума - /даккха/ дена-нанна а‚ гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъахочунна а . Аш деш долу дика Дела хууш ву ".
216كُتِبَ عَلَيْكُمُ الْقِتَالُ وَهُوَ كُرْهٌ لَّكُمْ ۖ وَعَسَىٰ أَن تَكْرَهُوا شَيْئًا وَهُوَ خَيْرٌ لَّكُمْ ۖ وَعَسَىٰ أَن تُحِبُّوا شَيْئًا وَهُوَ شَرٌّ لَّكُمْ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ وَأَنتُمْ لَا تَعْلَمُونَ
Шуна тIедиллина тIом бар. Иза шуна ца деза хIума ду. Шуна ца деза тарло цхьа хIума, и шуна дика а долуш. Шуна деза тарло цхьа хIума, и шуна вон а долуш. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац.
Аль-БакараКуръан индекс
286Аят
MedinanRevelation
214Аят

Гочдар — Аль-Бакара 214

Сура Аль-Бакара Аят 214 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Шуна моьтту шаьш ялсамане гIур ду /хIай бусалбанаш/ шул хьалха…

Сура Аят 214/286 — Сура Аль-Бакара البقرة (Medinan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Сура Аль-Бакара ЛадоргӀа, Сура Аль-Бакара Гочдар, Сура Аль-Бакара mp3, Сура Аль-Бакара pdf. Аят 212–216. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Monday, September 7, 2026

Don't forget us in your sincere prayers