Ан-Нур · 54/64
Гочдар Дешар — Ан-Нур
قُلْ أَطِيعُوا اللَّهَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ ۖ فَإِن تَوَلَّوْا فَإِنَّمَا عَلَيْهِ مَا حُمِّلَ وَعَلَيْكُم مَّا حُمِّلْتُمْ ۖ وَإِن تُطِيعُوهُ تَهْتَدُوا ۚ وَمَا عَلَى الرَّسُولِ إِلَّا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ ۝٥٤
Qul atee`ul laaha wa atee`ur Rasoola fa in tawallaw fa innamaa `alaihi maa hummila wa `alaikum maa hummiltum wa in tutee`oohu tahtadoo; wa maa`alar Rasooli illal balaaghul mubeen
📖 Нохчийн маьӀна
Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "МуьтIахь хила Далла‚ муьтIахь хила элчанна!" Уьш дIаберзахь, цунна шена тIе диллинарг ду‚ шуна – шайна тIе диллинарг ду. Цунна /элчанна/ муьтIахь шу хилахь – шу нийсачу новкъахь ду. Элчанна-м тIехь дац билгала дIакхачор бен.
🎧 ЛадоргӀа

📜 Аят 52-56 — Ан-Нур

52وَمَن يُطِعِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَيَخْشَ اللَّهَ وَيَتَّقْهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَائِزُونَ
Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг‚ Делах кхоьруш верг‚ Цуьнца вочух ларлуш верг – уьш бу толам баьккхинарш!
53۞ وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ لَئِنْ أَمَرْتَهُمْ لَيَخْرُجُنَّ ۖ قُل لَّا تُقْسِمُوا ۖ طَاعَةٌ مَّعْرُوفَةٌ ۚ إِنَّ اللَّهَ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ
Делах биира цара шайн чIогIа дуйнаш ахь шайга омра дича, арадовлур ду шаьш‚ бохуш. Ахь āла: "Аш дуйнаш ма баа! МуьтIахь хилар дика дара /шуьгара /. Баккъалла а, Дела дика хууш ву аш дийриг".
54قُلْ أَطِيعُوا اللَّهَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ ۖ فَإِن تَوَلَّوْا فَإِنَّمَا عَلَيْهِ مَا حُمِّلَ وَعَلَيْكُم مَّا حُمِّلْتُمْ ۖ وَإِن تُطِيعُوهُ تَهْتَدُوا ۚ وَمَا عَلَى الرَّسُولِ إِلَّا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ
Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "МуьтIахь хила Далла‚ муьтIахь хила элчанна!" Уьш дIаберзахь, цунна шена тIе диллинарг ду‚ шуна – шайна тIе диллинарг ду. Цунна /элчанна/ муьтIахь шу хилахь – шу нийсачу новкъахь ду. Элчанна-м тIехь дац билгала дIакхачор бен.
55وَعَدَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا مِنكُمْ وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَيَسْتَخْلِفَنَّهُمْ فِي الْأَرْضِ كَمَا اسْتَخْلَفَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ وَلَيُمَكِّنَنَّ لَهُمْ دِينَهُمُ الَّذِي ارْتَضَىٰ لَهُمْ وَلَيُبَدِّلَنَّهُم مِّن بَعْدِ خَوْفِهِمْ أَمْنًا ۚ يَعْبُدُونَنِي لَا يُشْرِكُونَ بِي شَيْئًا ۚ وَمَن كَفَرَ بَعْدَ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ
Дала ваIда дина шух ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а Ша тIаьхье лур ю царна лаьттахь‚ аьлла‚ Ша царал хьалха хиллачарна яларах терра‚ Ша чIагIдийр ду царна шайн дин‚ Ша цунна царна реза хилла волу‚ Ша царна церан кхерамал тIаьхьа тешам лур бу (кхерамазалла лур ю)‚ аьлла. Цара Суна Iибадат дийр ду‚ цхьа а хIума хуьлуьйтур яц Суна накъосталла дан. Цул тIаьхьа керста хилларг – уьш бу песикъаш!
56وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ
Аш хIоттаде ламаз‚ ло закат‚ шу муьтIахь хила элчанна – шух къинхетам бан мегара.
Ан-НурКуръан индекс
64Аят
MedinanRevelation
54Аят

Гочдар — Ан-Нур 54

Сура Ан-Нур Аят 54 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "МуьтIахь хила Далла‚ муьтIахь хила…

Сура Аят 54/64 — Ан-Нур النور (Medinan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Ан-Нур ЛадоргӀа, Ан-Нур Гочдар, Ан-Нур mp3, Ан-Нур pdf. Аят 52–56. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers