Сура Нухь
PDF —
28 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Нухь pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Нухь pdf Нохчийн — Дахьа Сура Нухь Гочдар. Нухь (Meccan) 28 Аят.

Related



Сура Нухь
28 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
Баккъалла а, Оха вахийтира шен къомана тIе Нухь: "Кхерам таса хьайн къомана цунна тIе лазош долу Iазап дале"‚ – аьлла.
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
Цо элира: "ХIай сан къам! Баккъалла а, со шуна /ваийтина/ билгала волу кхерамча ву-кх:
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
Далла Iибадат де‚ Цунах кхера‚ суна муьтIахь хила!
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
/ТIаккха/ Цо гечдийр ду шуна шун къинош‚ тIаьхьатоттур ду шу /Iазап ца деш/ цхьана тоьхначу ханна – Iожалла т1екхаччалц. Баккъалла а, Делан Iожалла, ша еъча, тIаьхьатоттур яц‚ шу хууш хиллехь".
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Цо (Нухьас ша дукха къахьегначул тIаьхьа, наха дин тIе ца лоцуш, гаттавелча) элира: "Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, ас кхайкхийра /дин/ сайн къоме буса а‚ дийнахь а.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Амма сан кхайкхамо уьш /динах/ бовдар бен алсам ца даьккхи.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
Баккъалла а, ас уьш мел кхайкхи Хьоьга шайна гечдан‚ цара шайн пIелгаш шайн лергаш чудуьхкура /сан кхайкхар шайна ца хазийтархьама/‚ шайн бедаршца шайн кортош хьулдора /ца хазийтархьама/‚ уьш чIагIбелира /шайн къинош тIехь/‚ курабевлира курабовларца.
ﯧﯨﯩﯪﯫ
ТIаккха ас цаьрга кхайкхира чIогIа (ца кхоьруш, аз айдина).
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
ТIаккха, баккъалла а, ас цаьрга кхайкхира гучохь, ас кхайкхира цаьрга къайлаха.
ﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
Ас олура: "Гечдар деха шаьш кхиош-кхобуш волчу Деле‚ баккъалла а, Иза хилла дукха гечдийриг.
ﭑﭒﭓﭔﭕ
Цо стигал йоуьйтур ю шуна алсам /догIанца/.
ﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
Цо гIо дийр ду шуна хьолаца‚ кIенташца‚ хуьлуьйтур ю шуна бошмаш‚ хуьлуьйтур ду шуна хиш-татолаш.
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
Шуна хIун хилла? ХIунда дог ца доху аш Деле /Иза/ лерарца?
ﭧﭨﭩﭪ
Цо кхоьллина шу даржаца (хьалха тIадам‚ тIаккха цIийн улх хуьлуш‚ тIаккха – даьIахк хуьлуш‚ тIаккха цунна тIе жижиг латош…).
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
Шуна ца гина‚ муха кхоьллира Дала тIеттIа ворхI стигал?
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Цо хилийтира бутт царна чохь, нур хилла‚ Цо хилийтира малх, чиркх хилла.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
Дала шу схьадовлийтира лаьттах орамат /санна кхуьуш/. (Āдам лаьттах кхоьллира).
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
ТIаккха Цо шу юха дIадерзор ду цуьнга (лаьтте) ‚ арадохур ду /лаьтта чуьра/ арадахарца /къематдийнахь/.
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
Дала хилийтина шуна латта, /дIабаржийна/ куз санна
ﮎﮏﮐﮑﮒ
шу цунна тIехула лелийтархьама, шайна шуьйра некъаш лоьцуш".
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
Нухьас элира: "Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, цара суна Iесалла йи‚ уьш тIаьхьахIитти шен бахамо а‚ шен доьзало а шайна эшалла бен сов ца яьккхинчунна.
ﮡﮢﮣﮤ
Цара йи тIех йоккха мекарло:
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
цара элира: "Ма биталаш шайн деланаш а‚ ма виталаш Вадда а‚ СуваI а‚ ЙагIус а‚ ЙаIукъ а‚ Наср а !"
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
/Нухьас доIа дира/: "Цара тилийра дукхахберш‚ зуламхой сов ма бахалахь тиларций бен".
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Шайн гIалатех (къинойх) уьш хи чу бахийтира‚ тIаккха цIерга бахийтира‚ царна ца карийра Дела воцург гIоьнчий .
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
Нухьас элира: "Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь ма виталахь лаьтта тIехь цатешачарах цхьа а цIа чохь вехаш верг.
ﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
Баккъалла а, Ахь уьш битахь, цара Хьан леш тилор бу‚ цара дуьнена воккхур вац къинош деш верг‚ тIех ца тешаш верг бен.
ﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑ
Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь гечделахь суна а‚ сан дена-нанна а‚ ийман диллина сан цIа чу ваьллачунна а‚ муъма божаршна а‚ муъма зударшна а‚ Ахь сов ма бахалахь зуламхой, хIаллакбарций бен!"

Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers